СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Рабочая программа по чеченскому языку 1 класс 2023-2024 уч год

Нажмите, чтобы узнать подробности

Рабочая программа по чеченскому языку 1 класс 2023-2024 уч год/

Просмотр содержимого документа
«Рабочая программа по чеченскому языку 1 класс 2023-2024 уч год»

КХЕТОРАН КЕХАТ

Лелаш долчу нормативан-бакъонан документашца догӀуш, нохчийн мотт (оьрсийн мотт а санна) Нохчийн Республикин пачхьалкхан меттанстатус йолуш бу (2007 шеран 25 апрелан N 16-РЗ йолу «Нохчийн Республикин меттанийн хьокъехь» Нохчийн Республикин закон (06.03.2020 ш. N 13-РЗ ред.). Иза нохчийн халкъан оьздангаллин коьртахьал а ду, дешаран хьукматашкахь дешаран предмет санна хьоьхуш а бу.

«Ненан (нохчийн) мотт» дешаран предметан белхан программа (кхидӀа Программа) кхолларан бухбу хӀара нормативийн-бакъонийн документаш:

  • Россин Федерацин конституци (26 статья);

  • 2012 шеран 29-чу декабран №273-Ф3 йолу «Россин Федерацин дешаран хьокъехь» Федеральни закон (5, 8, 12, 14 ст.) (02.07.2021 ш. ред.);

  • 1991 ш. 25 октябран № 1807-1 йолу «Россин Федерацин халкъийн меттанех» Федеральни закон (2, 6, 9, 10 ст.) (11.06.2021 ш. ред.);

  • Йуьхьанцарчу йукъарчу дешаран Федеральни пачхьалкхан дешаран стандарт, Россин Федерацин серлонан Министерсвос 2021 ш. 31 майхь № 286 йолу омранца чӀагӀдина долу;

  • Кхетош-кхиоран герггара программа (къобалйина йукъарчу дешаран федеральни дешаран-методикин цхьаьнакхетараллин сацамца (02. 06. 2020 ш. № 2/20 йолу протокол);

  • Россин Федерацин къаьмнийн ненан мотт хьехаран концепци (Россин Федерацин серлонан Министерсвон коллегехь чӀагӀйина 2019.10.01);

  • Йуьхьанцарчу йукъарчу дешаран коьртачу дешаран герггара программа (къобалйина йукъарчу дешаран федеральни дешаран-методикин цхьаьнакхетараллин сацамца (18.03.2022 ш. № 1/22 йолу протокол);

  • 2003 шеран 23 мартан Нохчийн Республикин конституци (09.01.2022 ш. хийцамашца);

  • 2007 шеран 25 апрелан N 16-РЗ йолу «Нохчийн Республикин меттанийн хьокъехь» Нохчийн Республикин закон (06.03.2020 ш.N 13-РЗ ред.);

  • 2014 шеран 30 октябран N 37-РЗ йолу «Нохчийн Республикин дешаран хьокъехь» Нохчийн Республикин закон (06.03.2020 N 13-РЗ ред.);

  • 2020 ш. 17 августан № 180 йолчу «Нохчийн Республикин дешар кхиор» Нохчийн Республикин пачхьалкхан программина хийцамаш йукъабалоран хьокъехь» Нохчийн Республикин Правительствон Постановлени (2022.03.17 бинчу хийцамашца);

  • Нохчийн Республикин тӀекхуьу чкъор син-оьздангаллин кхетош-кхиоран а, кхиаран а йукъара концепци (тӀечӀагӀйина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо 14.02.2013 ш.);

  • Нохчийн меттан нийсайаздаран коьртачу бакъонийн гулар тӀечӀагӀйарх №83 йолу Указ (тӀечӀагӀдина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо 2020 шеран апрелан 29-чу дийнахь)

  • Нохчийн Республикехь нохчийн мотт а, литература а хьехаран концепци (чӀагӀйина 2022.05. 12 № 3 йолчу Ӏилманан Советан кхеташонехь);

  • Нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонаш /Джамалханов З.Д., Мациев А.Г., Овхадов М.Р., Халидов А.И., и.д. кх. – Соьлжа-гӀала: АО «Издательско-полиграфический комплекс «Грозненский рабочий», 2022. – 64 а.

Программа кхочушйаран бухахь системехь-гӀуллакхдаран некъ бу.«Ненан (нохчийн) мотт» дешаран предмет Ӏамор тӀехьажийна ду гуманитарни циклан кхечу дешаранпредметашца межпредметни уьйр кхочушйарна.


«Ненан (нохчийн) мотт»дешаран предметан йукъара характеристика

«Нохчийн мотт» дешаран предметан герггара белхан Программа йуьхьанцарчу йукъарчу дешаран программаш кхочушйечу организацешна (хьукматашна) хӀоттийна йу.

Школан дешаран хӀинцалерчу тенденцешна а, Ӏаморан жигарчу методикашна а тӀехьажийна йолу «Ненан (нохчийн) мотт» дешаран предметан белхан программа хӀотторехь хьехархошна методикин гӀо лацаран Ӏалашонца кечйина йу хӀара Программа.

Белхан Программас хьехархочун аьтто бийр бу:

1)нохчийн мотт хьехаран процессехь йуьхьанцарчу йукъарчу дешаран Федеральни пачхьалкхан дешаран стандартехь кепе далийна Ӏаморан личностни, метапредметан, предметан жамӀашка кхачаран хӀинцалера некъаш кхочушдан;

2) Йуьхьанцарчу йукъарчу дешаран Федеральни пачхьалкхан дешаран стандартаца (Россин Федерацин серлонан Министерсвос 2021.05.31 № 286 йолу омранца чӀагӀдина долу); Йуьхьанцарчу йукъарчу дешаран коьртачу дешаран герггарчу программица (къобалйина йукъарчу дешаран федеральни дешаран-методикин цхьаьнакхетараллин сацамца (18 мартан 2022 ш. № 1/22 йолу протокол); Кхетош-кхиоран герггарчу программица (къобалйина йукъарчу дешаран федеральни дешаран-методикин цхьаьнакхетараллин сацамца (02. 06. 2020 ш. № 2/20 йолу протокол); Нохчийн Республикин тӀекхуьу чкъор син-оьздангаллин кхетош-кхиоран а, кхиаран а йукъара Концепцица (тӀечӀагӀйина Нохчийн Республикин куьйгалхочо 14.02.2013 ш.) цхьаьнадогӀу Ӏаморан кхочушдан лору жамӀаш а, «Нохчийн мотт» дешаран предметан чулацам а Ӏаморан шерашца къасто а, хӀоттамца дӀанисбан а; 3)билггал йолчу классан башхаллаш тидаме а оьцуш, билгалдина дакъа/тема Ӏаморна дешаран хенан магийнчу герггарчу дӀасайекъарх, ткъа иштта дакъойн/темийн Ӏаморан коьчал карайерзорхьама йалийнчу дешаран гӀуллакхдаран коьртачу кепех пайда а оьцуш, календарно-тематикин планировани кечйан.

Программин чулацам тӀехьажийна бу йуьхьанцарчу йукъарчу дешаран Федеральни пачхьалкхан дешаран стандарто «Ненан мотт а, ненан маттахь литературин йешар а» предметан областана лехамийн декъахь далийнчу йуьхьанцарчу йукъарчу дешаран коьрта дешаран программа кхиамца карайерзоран жамӀашка кхачарна.

Программа тӀехьажийна йу «Ненан мотт а, ненан маттахь литературин йешар а» предметан областана йукъайогӀучу нохчийн меттан курсана кхачо йарна а, гӀо лацарна а.

«Ненан (нохчийн) мотт» дешаран предметан герггарчу белхан Программин чулацам йуьхьанцарчу йукъарчу дешаран Федеральни пачхьалкхан дешаран стандартаца цхьаьнабогӀуш бу.

Дешаран предметан чулацам внеурочни гӀуллакхдарехула а кхочушбан тарло: экскурсеш, тематикин мероприятеш, къийсамаш (конкурсаш), и.д.кх.


«Ненан (нохчийн) мотт» дешаран предметан белхан Программин чулацаман коьрта линиш

Дешаран предметан коьчал меттаӀилманан дакъошца йогӀуш хӀоттийна йу. Нохчийн меттан систематически курс Программехь хӀокху чулацаман линишца йалийна йу: «Маттах лаьцна хаамаш», «Фонетика, орфоэпи, графика, орфографи»; «Лексика», «Морфемика», «Морфологи», «Синтаксис», «Орфографи а, пунктуаци а», «Къамел кхиор».

Программехь къаьсташ йу кхо блок: «Къамелан гӀуллакхдаран тайпанаш», «Систематически курс» (1-чу классехь хьалхарчу эха шарахь – «Йоза-дешар Ӏамор»), «Къамел кхиор».

«Къамелан гӀуллакхдаран тайпанаш» цӀе йолу хьалхара блок йоьзна йу шайн вовшашца йолчу уьйраца цхьаьна къамелан гӀуллакхдаран деа тайпанехула кхиарца, йуьхьанцарчу классийн дешархойн (тӀекеренан Ӏалашонаш къасто хаа, къамелан тӀекеренехь нийса дакъалаца) коммуникативни карадерзарш кхиорца; къамелан этикетан бакъонех пайдаэцаран практика алсамйаккхарца.

«Систематически курс» цӀе йолчу шолгӀачу блоко йукъалоцу меттан дакъойх пайдаэцарна тӀехь тергам барна кхачо йен чулацам, дешаран а, практикин а хьелашкахь меттан дакъойх пайдаэцаран бухера карадерзарш а, хаарш а кхиор; хӀинцалерчу нохчийн литературни меттан норманех болу йуьхьанцара кхетамаш кхоллар. ХӀара блок тӀехьажийна йу (Ӏамийнчун гурашкахь) хӀинцалерчу нохчийн литературни меттан норманаш практикехула карайерзорна; дахаран йерриге сферашкахь нохчийн маттах пайдаэцарехь жоьпаллин а, кхетаме а йукъаметтиг кхиорна.

«Къамел кхиор» цӀе йолу кхоалгӀа блок. Чулацаман коьртачу декъах кху блокехь тексташца бен болх бу: кхета хаар кхиор, йеллачу тексташна анализ йар, тайп-тайпанчу функциональни-маьӀнийн тайпанийн, жанрийн, стилийн шен тексташ кхоллар.

«Ненан (нохчийн) мотт» дешаран предмет ӀаморанӀалашо а, хьесапаш а

Йуьхьанцарчу йукъарчу дешаран тӀегӀанехь «Ненан (нохчийн) мотт» дешаран предмет Ӏаморан Ӏалашо – дешархойн коммуникативни хьуьнарш кхоллар (барта а, йозанан а, монологан а, диалоган а къамел кхиор), уьш къамелан гӀуллакхдарна практикехь йукъабалор; дешархошкахь нохчийн маттах а, халкъан культурица цуьнан уьйрах а билггал долу хаарш кхоллар.

Йуьхьанцарчу йукъарчу дешаран тӀегӀанехь «Ненан (нохчийн) мотт» дешаран предмет Ӏаморанхьесапаш ду дешархошкахькхоллар а, кхиор а:

  • нохчийн меттан шатайпаналлех, къоман ламастех, шен халкъан культурех йуьхьанцара кхетам; этнически кхетам (самосознани) кхиор;

  • нохчийн матте позитиван эмоцин-мехаллин йукъаметтиг, цуьнан цӀеналла а, башхалла а ларйарехь декъах хиларан синхаам; нохчийн матте бовзаран дог дар, шен къамел кхачаме дало гӀертар;

  • тӀекеренан Ӏалашонашца, хьелашца, хьесапашца богӀу меттан гӀирсаш харжарехула, нохчийн маттахь жамӀаш дарехула а, шена хетачунна бух балорехула долу хьуьнар кхоллар а, кхиор а;

  • хьехархочун/одноклассникийн барта аларш хазарехь тӀеэца хьуьнар кхоллар а, кхиор а;

  • нийса йеша а, нийса йазйан а, урокан темехула диалогехь а, коллективан беседехь дакъалаца, чолхе доцу барта монологан аларш а, йозанан тексташ а хӀитто хаар кхоллар а, кхиор а;

  • нохчийн меттан системех а, хӀоттамах а болу йуьхьанцара кхетамаш (фонетикех, графикех, лексикех, морфемикех, морфологех, синтаксисах);

  • функциональни говзалла а, хийцалучу дуьненаца кхиаме зӀе латто а, кхин дӀа долчу кхиаме дешарна кийча хилар а кхоллар а, кхиор а.


Дешаран планехь «Ненан(нохчийн) мотт» дешаран предметан меттиг


Йуьхьанцарчу йукъарчу дешаран Федеральни пачхьалкхан дешаран стандартаца цхьаьнадогӀуш, «Ненан (нохчийн) мотт» дешаран предмет «Ненан мотт а, ненан маттахь литературин йешар а» предметан областана йукъа а йогӀу, Ӏамо тӀейожош а йу.

«Ненан (нохчийн) мотт» Ӏаморна леринчу сахьтийн йукъара терахь – 405 с.

(хӀора классехь кӀирнах 3с.): 1-чу классехь – 99 с., 2-чу классехь – 102 с., 3-чу классехь – 102 с., 4 классехь – 102 с.

Дешаран учрежденин бакъо йу дешаран предмет Ӏаморнаделлачу сахьтийн барам, дешаран йукъаметтигийн декъашхоша кхуллучу планан декъан сахьтийн чоьтахшаалсамбаккха.

























































«НЕНАН (НОХЧИЙН) МОТТ» ДЕШАРАН ПРЕДМЕТАН ЧУЛАЦАМ

1 класс

Йоза-дешар Ӏамор

Къамел кхиор

Гайтаме-васте моделийн гӀоьнца къамелах болу йуьхьанцара кхетам.

Къамел суьртийн а, схемийн а гӀоьнца маьӀнийн дакъошка (предложенешка) декъар.

Текстах болу йуьхьанцара кхетам. Хозуьйтуш ша йоьшуш а, ладугӀуш а текстах кхетар.

ХӀума а, цуьнан цӀе йоккху дош а.

(Мила?), (хӀун?) бохучу хаттаршна жоьпаш лун дешнаш. ХӀуманийн дараш гойту дешнаш. Дашах а, предложенех а йукъара кхетам.

Ӏаморан диалогехь дакъалацар. Билгалйаьхначу теманашна а, хьелашнаа йуьхьанцарадиалог хӀоттор.

Сюжетан суьртех а, шайн ловзарех а, занятех а, тергамех а дийцаран кепехь кегий дийцарш хӀиттор.

Къамелан гӀиллакхаш. Нохчийн меттан гӀиллакхе дешнаш (маршалла хаттарIуьйре дика хуьлда! Суьйре дика хуьлда! Де дика хуьлда! Ӏодика йар – Iодика йойла! благодарность – Дела реза хуьлда! Баркалла! ...).

Хаттаран предложенин интонаци (йиш).

Нохчийн маттехула йолчу тексташкахь оьрсийн маттара тӀеэцна дешнаш довзар.


Дош а, предложени а

Дешан маьӀнин тергам. Гергара а, дуьхьалара а маьӀна долу дешнаш. Уьйр лелорехь дешан меттиг а, цуьнан гӀуллакх а. Къамелехь хӀуманаш, хӀуманийн билгалонаш, дараш билгалдечу дешнех нийса пайдаэцар.

Дош а, дешнийн цхьаьнакхетар а.

ХӀума (объект) йовзар санна дош тӀеэцар. Дешан маьӀнина тӀехь тергам.

Дош а, цо билгалйо хӀума а йовзар (къастар).

Дош а, предложени а йовзар. Предложеница болх бар: дешнаш билгалдахар, церан хьалх-тӀаьхьалла (рогӀалла) хийцар. Предложенин йозанан кеп йалор. Тайп-тайпанчу эшарца (интонацица)предложенеш дӀайешар. Интонированин (иэшарца йешаран) хаарш шардар. Текстера предложенийн барам билгалбар.

Диалог.

1-на тӀера 10-на тӀекхаччалц дагардар.


Фонетика

Къамелан аьзнаш. Дешан аьзнийн хӀоттаман а, цуьнан маьӀнийн а цхьаалла. Дашехь долчу аьзнийн хьалх-тӀаьхьалла а, аьзнийн барам а къастор. Схемина тӀе а тевжаш, къамелан аьзнийн характеристика йар. Нохчийн меттан аьзнаш оьрсийн меттан аьзнашца дустар.

«К» элпаца билгалде аьзнаш.

Цхьана йа масех озаца къаьсташ долу дешнаш дуьхь-дуьхьал хӀиттор: лом,лам, кхор, кор, лу, ло. Дешан аьзнийн анализ, аьзнийн моделашца болх бар: дешан аьзнийн хӀоттаман модель йиллар, билгалйинчу моделаца догӀу дешнаш далор.

Мукъа, мукъаза аьзнаш а, зевне, къора мукъаза аьзнаш а довзар (къастар).

Нохчийн меттан ша-тайпа аьзнаш: кх, къ, кI, аь, оь, уь, юь, яь, хь, гI, пI, тI, хI, цI, чI, I.

Дешдакъа аларан уггаре жима дакъа санна. Дешнаш дешдакъошка декъар. Дашехь дешдакъойн барам. Дешнаш дешдакъошца дешар.

Графика

Аз а, элп адовзар (къастар): элп аз билгалден хьаьрк санна. Нохчийн меттан элпаш. Доккха а, могӀанан а элп. Абат (алфавит). Нохчийн алфавитан оьрсийн алфавитах къастар.

Нохчийн графикийн дешдакъойн принцип. Нохчийн меттан шина хьаьркаца билгалдо ша-тайпа мукъа (аь, уь, оь) а, мукъаза (гI, кх, къ, кI, пI, тI, хI, хь, цI, чI) а элпаш. Элп Ӏ. Дешнийн аьзнийн-элпийн анализ.

Е, ё, ю, я, й элпийн гӀуллакх.

Адамийн фамилешкахь а, цӀерашкахь а, дийнатийн а, гӀалийн, йартийн, урамийн цӀерашкахь а доккха элп е, ё, я, яь, ю, юь йаздар.

Нохчийн алфавитехь элпийн хьалх-тӀаьхьалла.


Йешар

Дешдакъошца йешар (мукъа аз билгалдечу элпе хьаьжжина). Дешдакъошца шера а, индивидуальни темпаца йогӀучу сихаллица дийнна дешнашца а йешар. Сацаран хьаьркашца йогӀучу соцунгӀашца а, интонацица (иэшарца) а йешар. Дешнаш, дешнийн цхьаьнакхетарш, предложенеш, йаккхий йоцу тексташ кхеташ йешар. Йаккхий йоцчупрозин текстийн а, стихотворенийн а исбаьхьаллин йешар. Хьехархочун хаттаршна тӀетевжаш а, шеггара а текст схьайийцар.

Нийсааларан (орфоэпин) йешар (дийнна дешнаш деша дуьйлалуш). Нийсайаздаран (орфографин) йешар (проговаривание), дӀайоьшуш йазйарехь а, схьайазйарехь а ша шен таллам (самоконтроль)баран гӀирс санна.


Йоза

Йоза Ӏамор а, каллиграфин говзалла кхоллар а. Йоза кхочушдечу хенахь, ларбан оьшу уьнахцӀоналлин лехамаш бовзийтар. Куьйган пӀелгаш лелоран жигаралла (мелкая моторика) а, паргӀат куьг лелор а кхиор.

Тетрадь тӀехь кехатан агӀонан шортонехь а, классан уьнан шортонехь а ориентаци йан хаар кхиор.

Йозанан даккхий а, могӀанан а элпаш дӀайаздар карадерзор. ЦӀена а, къаьсташ долчу а хотӀаца йаздар. ДӀадоьшуш дешнаш а, предложенеш а йазйар.

Текст нийса схьайазйаран приемаш а, хьалха-тӀаьхьалла а.

Элпийн боцу графикин гӀирсийн гӀуллакхах кхетар: дешнашна йукъарчу кӀайдарган, сехьадаккхаран хьаьркан.


Орфографи а, пунктуаци а

Нийсайаздаран бакъонаш а, царах пайдаэцар а: дешнаш къаьстина йаздар; предложенин йуьххьехь а, долахь цӀерашкахь а (адамийн цӀерашкахь, дийнатийн, гӀалийн, йартийн, урамийн а цӀерашкахь) а доккха элп йаздар; адамийн цӀерашкахь, фамилешкахь, дайн цӀерашкахь а я, яь, ю, юь, е, ё элпийн а, долахьчу цӀерашкахь а, тӀеэцначу дешнашкахь а я, ю, е, ё элпийн а нийсайаздар; нохчийн меттан шалхачу мукъазчу элпийн (хь,кх,цӀ, къ, пӀ,...) нийсайаздар; ю, ы, ф, я, щ элпашца долчу дешнийн нийсайаздар; мукъазчу аьзнийн цхьаьнакхетарш доцчу дешдакъошца долу дешнаш сехьадахар; предложенин чаккхенгахь сацаран хьаьркаш.


Систематически курс


Маттах болу йукъара хаамаш

Мотт адамийн уьйр лелоран коьрта гӀирс санна. ТӀекеренан Ӏалашонаш а, хьелаш а.


Фонетика

Къамелан аьзнаш. Мукъа, мукъаза аьзнаш а, уьш довзар а. Зевне, къора мукъаза аьзнаш а, уьш довзар а. Нохчийн меттан ша-тайпа аьзнаш.

Дешдакъа. Дашехь дешдакъойн барам. Дешнаш дешдакъошка декъар (мукъазчу аьзнийн цхьаьнакхетарш доцу атта дешнаш).


Графика

Аз а, элп а. Аьзнаш а, элпаш а довзар. Нохчийн меттан ша-тайпа (шалха) элпаш.

ТӀеэцначу дешнашкахь бен пайда ца оьцу е, ё, ю, я элпаш. Адамийн цӀерашкахь, фамилешкахь, дайн цӀерашкахь а, дийнатийн цӀерашкахь а доккха элп.

Нохчийн абат (алфавит): элпийн цӀераш, церан хьалх-тӀаьхьалла. Дешнийн къепйоза рогӀаллехь нисдархьама, абатах пайдаэцар.

Элпийн боцу графикин гӀирсаш: дешнашна йукъара кӀайдарг, сехьадаккхаран хьаьрк.


Орфоэпи

Аьзнаш а, аьзнийн цхьаьнакхетарш а алар: шала мукъаза [кхкх], [тт], [лл], и.д.кх.


Лексика

Дош меттан дакъа санна (довзийтар).

Дош хӀуманан, хӀуманан билгалонан, хӀуманан даран цӀе санна (довзийтар).

Синонимаш а, антонимаш а (йукъара кхетам, терминаш а ца йалош).


Синтаксис

Дешнийн цхьаьнакхетар (довзийтар). Предложени меттан дакъа санна (довзийтар).

Предложенехь дешнийн къепе. Предложени дӀайазйаран бакъонаш. МаьӀнийн хаттарийн гӀоьнца предложенехь дешнийн уьйр билгалйаккхар. Кепах йохийна предложенеш йухаметтахӀиттор. Цхьаьнатоьхначу дешнийн кепех предложенеш хӀиттор. Предложенин схема. Предложенин схема йешар. Предложени а, цуьнан схема а йустар (соотнесение). Схемехула а, билгалдинчу дешнашкахула а предложенеш хӀиттор.

Текст. Текстан билгалонаш. Текстан тема а, цӀе а.


Орфографи а, пунктуаци а

Нийсайазйаран бакъонаш а, царах пайдаэцар а: предложенехь дешнаш къаьстина йаздар; предложенин йуьххьехь а, долахь цӀерашкахь а доккха элп йаздар: адамийн цӀерашкахь а, фамилешкахь а, дийнатийн цӀерашкахь а;адамийн цӀерашкахь, фамилешкахь, ден цӀерашкахь, дийнатийн цӀерашкахья, яь, ю, юь, е, ёэлпийн нийсайаздар, тӀеэцначу дешнашкахья, ю, е, ёэлпийн нийсайаздар; нохчийн меттан мукъазчу элпийн(хь, хӀ, кх, чӀ, и.д.кх.)нийсайаздар;щ, ь, ы, фэлпашца долчу дешнийн нийсайаздар; дешнаш сехьадахар; предложенин чаккхенгахь сацаран хьаьркаш: тӀадам, хаттаран а, айдаран а хьаьркаш.

Текст схьайазйаран алгоритм.


Къамел кхиор

Къамел адамашна йукъахь тӀекере лелоран коьрта кеп санна. Барта а, йозанан а къамел: коьрта башхаллаш (отличия). Дош къамелан дакъа санна. Къамелехь дешан маьӀна (роль). Предложени а, текст а къамелан дакъош санна (довзийтар). Текстан цӀе. Шен(собственный) текст хӀоттор.

ТӀекеренан хьелаш: тӀекеренан Ӏалашо, хьаьнца, мичахь кхочушхуьлу тӀекере.Барта тӀекеренан хьелаш (диалогаш ролашца йешар, видоматериалашка хьажар, аудиозаписе ладогӀар).

Дешаран а, Ӏер-дахаран а хьелашкахь къамелан этикетан норманаш (маршалла хаттар, Ӏодикайар, бехк цабиллар дехар, баркалла алар, дехар дар).


2 КЛАСС


Маттах лаьцна йукъара хаамаш

Мотт адамийн тӀекеренан коьрта гӀирс а, къоман культурин хилама санна. Россин а, дуьненан а меттан шортенан тайп-тайпаналлех йуьхьанцара кхетамаш. Мотт бовзаран некъаш: тергам, анализ.


Фонетика, графика, орфоэпи

Аьзнийн маьӀна къасторан гӀуллакх; аьзнаш а, элпаш а; зевне, къора мукъаза аьзнашдовзар. Озан башхаллин характеристика: мукъа – мукъаза; зевне – къора мукъазнаш. Нохчийн меттан ша-тайпа мукъа фонемаш(аь – аь, оь – оь, уь – уьй) а,уьш элпашца билгалйар а(аь, оь, уь, яь, юь).Я, яь, ю, юь, е(ё)элпашца дешнаш.Э, еэлпашца дешнаш. Деха а, доца а мукъанаш. Й элпаца долу дешнаш. Нохчийн меттан ша-тайпа мукъаза фонемаш (гӀ, кӀ, къ, кх, пӀ, тӀ, хӀ, хь, цӀ, чӀ, Ӏ) а, уьш элпашца билгалйар а.Щ, ь, ы, ф элпашца долу дешнаш. Шеконца[оьв], [ой], [эв]хеза дешнаш нийсайаздар.

Дешнаш дешдакъошка декъар (мукъаза элпийн цхьаьнакхетаршдерш а цхьаьна).

Дошамашца болх беш алфавитах болчу кхетамах пайдаэцар.

Элпийн боцу графикин гӀирсаш: дешнашна йуккъехь кӀайдарг, сехьадаккхаран хьаьрк, абзац (цӀен могӀа), сацаран хьаьркаш (Ӏамийнчун барамехь).


Лексика

Дош декаран а, маьӀнин а цхьаалла санна. Дешан лексикин маьӀна (йукъара кхетам). Текстехула дешан маьӀна билгалдаккхар йа дошаман гӀоьнца маьӀна нисдар.

ЦхьанамаьӀнийн а, дукхамаьӀнийн а дешнаш (атта дешнаш, тергам).

Къамелехь синонимех а, антонимех а пайдаэцарна тӀехь тергам.


Дешан хӀоттам (морфемика)

Орам дешан ца хилча ца долу дакъа санна. Цхьанаораман (гергара) дешнаш. Цхьанаораман (гергарчу) дешнийн билгалонаш. Дешнашкахь орам къастор (аттачу меттигашкахь).


Морфологи


Къамелан дакъош

ЦӀердош (довзийтар): йукъара маьӀна, хаттарш («мила?», «хӀун?»), къамелехь пайдаэцар. Йукъара а, долахь а цӀердешнаш (фамилеш, цӀераш, дайн цӀераш, дийнатийн цӀераш, меттигийн цӀераш).

Хандош (довзийтар): йукъара маьӀна, хаттарш («хӀун до?», «хӀун дина?», «хӀун дийр ду?»), къамелехь пайдаэцар.

Билгалдош (довзийтар): йукъара маьӀна, хаттарш («муха?», «хьенан?» «стенан?»), къамелехь пайдаэцар.

ДештӀаьхье. Уггар йаьржина дештӀаьхьенаш: тӀе, тӀера, чу, чуьра, кӀел, и.д.кх.


Синтаксис

Предложенехь дешнийн къепе; предложенехь дешнийн уьйр(карладаккхар).

Предложениметтан дакъа санна. Предложени а, дош а. Предложенин дашах къастар.

Аларан Ӏалашоне хьаьжжина, предложенийн тайпанаш: дийцаран, хаттаран, тӀедожоран предложенеш.

Синхаамийн иэшаре (эмоцин окраске) хьаьжжина, предложенийн тайпанаш (интонацехула(иэшарехула): айдаран а, айдаран йоцу а предложенеш.


Орфографи а, пунктуаци а.

1-чу классехь Ӏамийна нийсайаздаран бакъонаш карлайахар. Предложенин йуьххьехь а, долахь цӀерашкахь а доккха элп (цӀераш, фамилеш, дийнатийн цӀераш); предложенин чаккхенгахь сацаран хьаьркаш; дош цхьана могӀарера вукху могӀаре сехьадаккхар (дешан морфемин декъадалар тидаме а ца оьцуш);

Нийсайаздаран син иралла нийсайаздаран гӀалат дан тарлун меттигах кхетар санна. Дешан йаздар къасторхьама (нисдархьама), Ӏаматан тӀерачу нийсайаздаран дошамах пайдаэцар.

Нийсайаздаран бакъонаш а, царах пайдаэцар а: долахь цӀерашкахь доккха элп: цӀераш, фамилеш, дайн цӀераш, дийнатийн цӀераш, меттигийн цӀераш; йукъарчу цӀерашкахь а, кхечу къамелан дакъошкахь а (нохчийн меттан дешнашкахь )я, яь, ю, юь, е (ё)элпийн нийсайаздар, тӀеэцначу (йукъарчу) дешнашкахья, ю, е (ё)элпийннийсайаздар; долахь цӀерашкахь: цӀерашкахь, фамилешкахь, дайн цӀерашкахь, дийнатийн цӀерашкахь, меттигийн цӀерашкахь (нохчийн меттан дешнашкахь) я, яь, ю, юь, е (ё)элпийн нийсайаздар, тӀеэцначу дешнашкахь (долахь цӀерашкахь) я, ю, е (ё) элпийн нийсайаздар; нохчийн меттан мукъазчу элпийн(къ, кӀ, кх, гӀ, и.д.кх.)нийсайаздар;шеконца[оьв], [ой], [эв]хезачу дешнийн нийсайаздар(-эв,-аьв,-ев); щ, ь, ы, фэлпашца долчу дешнийн нийсайаздар; деха мукъаи, уьхезачохь й элп йаздар; дештӀаьхьенаш цӀердешнашца къаьстина йазйар.


Къамел кхиор

Коммуникативни хьесап эвсараллица кхочушдархьама, барта тӀекеренан Ӏалашонашца а, хьелашца а цхьаьнабогӀу меттан гӀирсаш харжар (деллачу хаттарна жоп далархьама,шена хетарг алархьама). Къамел дан хаар (дӀадоло, къамелехь дакъалаца, къамел чекхдаккха, тидам тӀеберзо, и. д.кх.). Къамелан диалоган кеп практикехь карайерзор. Дешаран а, Ӏер-дахаран а тӀекеренан хьелашкахь къамелан этикетан норманаш а, орфоэпин (нийсааларан) норманаш а ларйар. Цхьаьна гӀуллакхдарехь шимма цхьаьна а, тобанашкахь а болх дӀахьуш, бартбан а, йукъарчу сацаме ван а хаар.

Суьртан репродукцихула барта дийцар хӀоттор. Ша бинчу тергамашкахула а, хаттаршкахула а барта дийцар хӀоттор.

Текст. Текстан билгалонаш: текстера предложенийн маьӀнийн цхьаалла; текстера предложенийн хьалх-тӀаьхьалла; текстехь кхочушхилла йаьлла ойла гайтар. Текстан тема. Коьрта ойла. Текстан цӀе. Билгалйинчу тексташна цӀе харжар. Текстан дакъойн (абзацийн) хьалх-тӀаьхьалла. Предложенийн а, абзацийн а рогӀалла талхийна тексташ нисйар.

Текстийн тайпанаш: суртхӀоттор, дийцар, ойлайар, церан башхаллаш (йуьхьанцара довзийтар).

Декъалдар а, декъалдаран открытка (диллина кехат) а.

Текстах кхетар: текстехь болчу хааман буха тӀехь цхьалха жамӀаш кепе далоран хаар кхиор. Нийсачу интонацица (иэшарца) текстан хозуьйтуш исбаьхьаллин йешар.

Хаттаршна тӀе а тевжаш, 25-35 дешан барамехь йолу дийцаран текст ма-йарра схьайийцар.



3 КЛАСС


Нохчийн маттах болу хаамаш

Нохчийн мотт тӀекеренан мотт санна. Мотт бовзаран некъаш: тергам, анализ, лингвистикин эксперимент.


Фонетика, графика, орфоэпи

Нохчийн меттан аьзнаш: мукъа/мукъаза, къора/зевне мукъазнаш. Деха а, доца а мукъа аьзнаш.

Йеха а, йоца а дифтонгаш иэ, уо, уьш йазйар. Нохчийн маттахь ъ гӀуллакх. ъ, ь долчу дешнашкахь(айъа,тетрадь...)аьзнийн а, элпийн а хӀоттаман базар (соотношение).

Дошамашца, справочникашца, каталогашца болх беш,алфавитах пайдаэцар.

Аьзнийн а, аьзнийн цхьаьнакхетарийн а аларан норманаш; дешнашкахь мукъачу аьзнийн дохалла (нохчийн маттахь жигара пайдаоьцучу дешнийн масалшца).


Лексика

Дешан лексикин маьӀна.

Дешан нийса а, тӀедеана а маьӀна (довзийтар).


Дешан хӀоттам (морфемика)

Орам дешан ца хилча ца долу дакъа санна; цхьанаораман (гергара) дешнаш; цхьанаораман (гергарчу) дешнийн билгалонаш; цхьанаораман дешнаш а, синонимаш а довзар; дешнашкахь орам къастор (аттачу дешнашкахь); чаккхе, дешан хийцалуш долу дакъа санна.

Цхьанаораман дешнаш а, цхьана дешан кепаш а. Орам, дешхьалхе, суффикс – дешан маьӀне дакъош. -р, - хо, -часуффиксашца долу дешнаш. Хьастаран-жимдаран суффиксашца дешнаш кхоллар (цӀа-цӀелиг, кема-кемалг...).


Морфологи

ЦӀердош: йукъара маьӀна, хаттарш, къамелехь пайдаэцар.

Долахь (фамили, цӀе, ден цӀе, дийнатийн цӀераш, меттигийн цӀераш, говзарийн, газетийн, журналийн цӀераш…)а, йукъара а цӀердешнаш.ЦӀердешнийн терахьашца хийцадалар. Цхьаллин терахьан а, дукхаллин терахьан а бен кеп йоцу цӀердешнаш. ЦӀердешнийн классаш. ЦӀердешнийн классийн гайтамаш. ЦӀердешандожар. ЦӀердешан дожар билгалдаккхар. ЦӀердешнийн дожаршца а, терахьашца а хийцадалар.

Билгалдош: йукъара маьӀна, хаттарш (муха? хьенан? стенан? муханиг?), къамелехь пайдаэцар. Лаамаза а, лааме а билгалдешнаш. Билгалдешнийн классашца а, терахьашца а, дожаршца а хийцадалар.

ЦӀерметдош (йукъара кхетам). Йаххьийн цӀерметдешнаш а, къамелехь царах пайдаэцар а. Текстехь цхьана дешан ца оьшу йух-йуха далор дӀадаккхархьама, йаххьийн цӀерметдешнех пайдаэцар.

Хандош: йукъара маьӀна, хаттарш, къамелехь пайдаэцар. Хандешан билгалза кеп.Хандешан карара, йахана, йогӀу хан.

ДештӀаьхье (карладаккхар). ДештӀаьхьенаштӀе, чу, церандешхьалхенех (тӀе-, чу-) къастар.

Ца, ма дакъалгаш а, церан маьӀна а.


Синтаксис

Предложени. Дешнийн цхьаьнакхетар. МаьӀнийн (синтаксисан) хаттарийн гӀоьнца предложенехь дешнашна йукъара уьйр билгалйаккхар.

Предложенин коьрта меженаш: подлежащи, сказуеми. Предложенин коьртаза меженаш (тайпанашка а ца йоькуш). Йаьржина а, йаржазаа предложенеш.

Хуттург йоцчу а, а хуттургаца йолчу а предложенин цхьанатайпанчу меженашна тӀехь тергам.




Орфографи а, пунктуаци а

Орфографин син иралла нийсайаздаран гӀалат дан тарлун меттигах кхетар санна; ша хӀоттийна а, билгалйаьхна а тексташ талларехь таллам а,ша шена таллам а (карладаккхар а, нийсайаздаран керлачу коьчалехь пайдаэцар а).

Нийсайаздаран (орфографин) дошамах дешан нийсайаздар къастош (нисдеш) пайдаэцар.

Нийсайаздаран бакъонаш а, царах пайдаэцар а: долахь цӀерашкахь(фамилеш,цӀераш, дайн цӀераш, дийнатийн цӀераш, меттигийн цӀераш, говзарийн, журналийн, газетийн… цӀераш) а, йукъарчу цӀерашкахь я, яь, ю, юь, еэлпийн нийсайаздар (карладаккхар а, тӀечӀагдар а); йеха а, йоца аиэ, уо дифтонгийн нийсайазйар; чаккхенгахь -г, -к элпаш долчуцӀердешнашкахь а йаиэлп йаздар; дешан чаккхенгахь шала мукъаза элпаш йаздар(дитт, мотт, балл…); нохчийн меттан шатайпа мукъаза элпаш нийсайаздар (ккх, ккъ, чкӀ,..); дешан чаккхенгахь н элп йаздар; дештӀаьхьенаш йаххьийн цӀерметдешнашца къаьстина йазйар; дакъалгаш ца, ма хандешнашца къаьстина йаздар; й, ъ, ьэлпашца долу дешнаш сехьадахар; шала мукъазчу элпашца (лл, тт, сс…) долу дешнаш сехьадахар; шалхачу шала мукъазчу элпашца (ккх, ткъ, чкъ…) долу дешнаш сехьадахар; цӀердешнийн дукхаллин терахьан чаккхе; дештӀаьхьенийн нийсайазйар; ца, ма, дакъалгашца дешхьалхенийн цхьаьна а, къаьстина а йазйар.


Къамел кхиор

Къамелан этикетан норманаш: барта а,йозанан а кхайкхар, дехар дар, бехк цабиллар дехар, баркалла алар, духатохар, и.д.кх. Дешаран а, Ӏер-дахаран а тӀекеренан хьелашкахь къамелан этикетан норманаш а, нийсааларан (орфоэпин) норманаш а ларйар. Диалогехь а, дискуссехь а шена хетарг кепе дало, тӀечӀагӀдан; барт бан а, цхьаьна гӀуллакхдарехь йукъарчу сацамна тӀетан а; шимма цхьаьна, тобанашца болх кхочушбеш, дарашнатӀехь таллам (контроль)бан (барта уьйр йан) гӀо ден къамелан гӀирсаш.

Нохчийн мотт ца хуучу нахаца тӀекере лелоран хьелашкахь къамелан этикетан башхаллаш.

Текстан план. Текстан план хӀоттор, йеллачу планаца текст йазйар. Йаххьийн цӀерметдешнийн, синонимийн, хуттургийн гӀоьнца текстехь предложенийн уьйр. Текстехь коьрта дешнаш.

Текстийн тайпанаш (дийцар, суртхӀоттор, ойлайар) къастор а, билгалйинчу кепан шен тексташ кхоллар а.

Кехатан, дӀакхайкхоран (объявленин) жанр.

Массара цхьаьна йа ша хӀоттийнчу планаца текст схьайийцар.

Талламан, довзийтаран йешар.



4 КЛАСС


Нохчийн маттах болу хаамаш

Нохчийн мотт Нохчийн Республикин пачхьалкхан мотт санна.Мотт – халкъан синъоьздангаллин коьртачу мехаллех цхьаъ санна.

Мотт бовзаран тайп-тайпана некъаш: тергам, анализ, лингвистикин эксперимент, мини-таллам, проект.


Фонетика, графика, орфоэпи

Йеллачу параметрашца дашехь а, дашехь доцуш а аьзнийн характеристика, дустар, классификаци йар. Дешан аьзнийн-элпийн таллам.

Къамел даран (говорение) а, йешарана процессехь нийса интонаци (иэшар). Аьзнийн, аьзнийн цхьаьнакхетарийн аларан норманаш; дешнашкахь, хӀинцалерчу нохчийн литературни меттан норманашца йогӀу, йохалла (Ӏаматехь Ӏамочу дешнийн кӀеззиг масалшна тӀехь).


Лексика

Къамелехь синонимех, антонимех, омонимех пайдаэцарна тӀехь тергам.

Къамелехь дешнийн чӀагӀделлачу цхьаьнакхетарех (фразеологизмех) пайдаэцарна тӀехь тергам (довзийтар).



Дешан хӀоттам (морфемика)

Хийцалучу дешнийн хӀоттам, морфемаш атта къасталучу дешнашкахь орамаш, дешхьалхенаш, суффиксаш, чаккхенаш билгалйахар (Ӏамийнарг карладаккхар).

Дешан лард. Чолхе дешнаш (довзийтар).


Морфологи

Коьрта а, гӀуллакхан а къамелан дакъош (йуьхьанцара довзийтар).

ЦӀердош. ЦӀердешнийн легар. 1, 2, 3, 4­чу легарийн цӀердешнаш. Долахь цӀердешнийн легар (цӀераш, фамилеш).

Билгалдош. Лаамаза а, лааме а билгалдешнаш. Билгалдешнийн легар.1,2-чу легаран билгалдешнаш. Легалуш доцу билгалдешнаш (хьенан? стенан? хаттаршна жоп лун билгалдешнаш).

Терахьдош. Масаллин а, рогӀаллин а терахьдешнаш.

ЦӀерметдош. Йаххьийн цӀерметдешнаш (карладаккхар). Цхьаллин а, дукхаллин а терахьан йаххьийн цӀерметдешнийн дожаршца хийцадалар.

Хандош. Хандешан билгалза кеп. Хандешнийн карара, йахана, йогӀу хан. Хандешнаш хенашца хийцадалар.

Куцдош (йукъара кхетам). МаьӀна, хаттарш, къамелехь пайдаэцар.

ДештӀаьхье.

Хуттург. Цхьалхе а, чолхе а предложенешкахь хуттургаш.

Дакъалгашца, ма, церан маьӀна.


Синтаксис

Дош а, дешнийн цхьаьнакхетар а, предложени а, церан тераллех а, башхаллех а кхетар; аларан Ӏалашоне хьаьжжина, предложенийн тайпанаш (дийцаран, хаттаран, тӀедожоран); синхаамийн иэшаре (айдаран а, айдаран йоцу а) хьаьжжина, предложенийн тайпанаш; йаьржина а, йаржаза а (Ӏамийнарг карладаккхар). Цхьалхечу предложенин синтаксически таллам.

Цхьанатайпанчу меженашца йолу предложенеш: хуттургаш йоцу а, хуттургашца йолу а. Цхьанатайпанчу меженашца йолчу предложенешкахь дагардаран интонаци (иэшар).

Цхьалхе, чолхе предложени (йовзийтар).

Орфографи а, пунктуаци а

Орфографин син иралла нийсайаздаран гӀалат дан тарлун меттигах кхетар санна; ша хӀоттийна а, схьакховдийна а тексташ талларехь таллам а, ша шена таллам а (карладаккхар а, нийсайаздаран керлачу коьчалехь пайдаэцар а).

Нийсайаздаран (орфографин) дошамах, дешан нийсайаздар къастош (нисдеш), пайдаэцар.

Нийсайаздаран бакъонаш а, царах пайдаэцар а: дешхьалхенийн цхьаьна а, къаьстина а йазйар; хуттургаш йоцуш а, хуттургашца а цхьаьнатоьхначу предложенешкахь сацаран хьаьркаш.

Шина цхьалхечу предложенех лаьттачу чолхечу предложенехь сацаран хьаьркаш (тергам).


Къамел кхиор

Барта а, йозанан а тӀекеренан хьелаш (кехат, декъалваран открытка, дӀакхайкхор (объявлени), и.д.кх.); диалог; монолог; текстан цӀарехь текстан тема йа коьрта ойла гайтар.

Йозанан къамелан нийса хилар, хьал долуш хилар, исбаьхьалла атидаме аоьцуш, тексташ (йелларш а, шен а) нисйар.

Схьайийцар, дӀайазйар (текстан барта а,йозанан кепехь а ма-йарра схьайийцар, текстан барта хоржуш схьайийцар).

Сочинени йозанан белхан тайпа санна.

Талламан, йовзийтаран йешар. Текстехь гучу кепехь балийна хаам лахар. Текстехьболчу хааман буха тӀехь цхьалхачу жамӀийн кепаш йалор. Текстехь болчу хааман интерпретаци а, жамӀдар а.













ЙУЬХЬАНЦАРЧУ ЙУККЪЕРЧУ ДЕШАРАН ТӀЕГӀАНЕХЬ «НЕНАН (НОХЧИЙН) МОТТ» ДЕШАРАН ПРЕДМЕТАН ПРОГРАММА КАРАЙЕРЗОРАН КХОЧУШДАН ЛОРУ ЖАМӀАШ


ЛИЧНОСТНИ ЖАМӀАШ

Йуьхьанцарчу школехь «Ненан (нохчийн) мотт» предмет Ӏаморан жамӀехь кхетош-кхиоран гӀуллакхдаран коьрта некъашкхочушдечу хенахь дешархочун кхоллалур ду хӀараличностни жамӀаш:


гражданско-патриотически кхетош-кхиоран:

  • шен Даймахкаца мехалаллин йукъаметтиг кхоллайалар, цу йукъахь республикин истори а, культура а гойту, ненан мотт Ӏаморехула а;

  • шен этнокультурин а, россин а граждански идентичностах кхетар, Нохчийн Республикин пачхьалкхан маттах санна, ненан (нохчийн) меттан маьӀналлех кхетар;

  • шен мехкан а, даймехкан а дӀадаханчун, таханенан, хиндолчун декъахь хилар, цу йукъахь исбаьхьаллин говзаршца болх барехь, хьелаш дийцаре дарехула а;

  • шен а, кхечу а халкъашка ларам, цу йукъахь исбаьхьаллин говзаршкара масалийн бухатӀехь кхуллуш берг а;

  • йукъараллин декъашхочух санна, адамах болу дуьххьарлера кхетам, адаман бакъонех а, жоьпаллех а, ларамах а, адаман сийлаллех а, леларан гӀиллакх-оьздангаллин норманех а, адамашна йукъарчу йукъаметтигийн бакъонех а, цу йукъахь исбаьхьаллин говзаршкахь гайтинарш а;


син-оьздангаллин кхетош-кхиоран:

  • шен дахарехь а, йешарехь а зеделлачунна тӀе а тевжаш, хӀора адаман индивидуальность ларар;

  • догъэцар а, ларам а, диканиг лаар а гучудаккхар, царна йукъахь шегара хьал а, синхаамаш а бовзийтархьама, нийса меттан гӀирсах пайдаэцар а;

  • кхечу адамашна куьйган (физически) а, моральни (оьздангаллин) а зен дарна тӀехьажийнчу леларан муьлхха а кепаш цайезар (пайдаэца цатарлучу меттан гӀирсех йоьзнарш а цхьаьна);



эстетикин кхетош-кхиоран:

  • исбаьхьаллин культурица лараме йукъаметтиг а, шовкъ а, искусстван тайпанашна а, шен а, кхечу а халкъийн ламасташна а, кхоллараллина а экамалла;

  • исбаьхьаллин гӀуллакхдаран тайп-тайпанчу кепашкахь ша гайта гӀертар, меттан говзаллехь а цхьаьна; тӀекеренан а, ша гайтаран агӀирсах санна, ненан меттан мехалаллех кхетар;


физически кхетош-кхиоран, могашаллин культура а, эмоцинхьал а кхолларан:

  • меттан дешаран процессехь кхин тӀе(тӀетоьхна) хаам лохуш, гонахехь (цу йуккъехь хаамийн а) могашаллин а, кхерамзаллин (шена а, кхечу адамашна а) а дахаран кепан бакъонаш ларйар;

  • къамелехь ша гайта тарлун некъаш харжарехь а, къамелан этикетан а, тӀекеренан бакъонийн а норманаш ларйарехь а гучудолу дегӀан а, синӀаткъаман а могашаллинтӀалам бар;



къинхьегаман кхетош-кхиоран:

  • адаман а, йукъараллин а дахарехь къинхьегаман маьӀнах кхетар, къинхьегаман жамӀаш жоьпаллин хьаште хьажор а, лардаран йукъаметтигаш а, къинхьегаман гӀуллакхдаран тайп-тайпанчу кепашкахь дакъалацаран говзаллаш, исбаьхьаллин говзаршкара масалш дийцаре деш, тайп-тайпанчу корматаллашка кхоллалун шовкъ;


экологин кхетош-кхиоран:

  • тексташца болх баран процессехь кхуллу Ӏалам Ӏалашдаран йукъаметтиг;

  • цунна зен ден дараш цадезар;


Ӏилманан хаарийн мехаллаш:

  • дуьненан Ӏилманехула долчу суьртах йуьхьанцара кхетамаш (цу йукъахь меттан системех, дийнна дуьненан Ӏилманехула долчу суьртан цхьана декъах санна, йуьхьанцара кхетамаш);

  • довзаран хьашташ, жигаралла, дӀадолорна тӀера хилар, довзарехь хаа лаар а, шен лаамалла а, цуьнца цхьаьна ненан (нохчийн) мотт Ӏаморехь бовзаран хьашто а, и бовзарехь жигаралла а, шен лаамалла а.

МЕТАПРЕДМЕТАН ЖАМӀАШ


Йуьхьанцарчу школехь «Ненан (нохчийн мотт)» предмет Ӏаморан жамӀехь дешархочун кхоллалур ду хӀарадешаран универсальни довзаран дараш.


Коьрта маьӀнийн дараш:

  • тайп-тайпана меттан дакъош дуста (аьзнаш, дешнаш, предложенеш, тексташ), меттан дакъош дустархьама баххаш билгалдаха (къамелан дакъа хилар, грамматикин билгало, лексикин маьӀна, и.д.кх.);

  • меттан дакъойн тераллаш къасто;

  • къастийнчу билгалонца объекташ (меттан дакъош) цхьаьнатоха;

  • меттан дакъойн (аьзнийн, къамелан дакъойн, предложенийн, текстийн) классификаци йархьама ладаме билгало къасто; меттан дакъошна классификаци йан;

  • хьехархочо йеллачу тергаман алгоритмаца меттан коьчалехь закономерносташ а, бӀостаналла а каро (схьалаха); меттан дакъошца болх беш, дарийн алгоритмана анализ йан, меттан дакъойн анализ йарехь ша дешаран (Ӏамаран) гӀуллакхаш къасто;

  • билгалйинчу алгоритман буха тӀехь дешаран а, практикин а хьесап кхочушдан оьшучу хааман тоаме цахилар гучудаккха, кхин тӀе оьшучу хааман хьашт кепе дало;

  • меттан коьчална тӀехь тергамбаран хьелашкахь бахьанийн-тӀаьхьалонийн уьйраш билгалйаха, жамӀаш дан.


Коьрта талламан дараш:

  • хьехархочун гӀоьнца Ӏалашо кепе йало, меттан объектан, къамелан хьолан хийцамийн план хӀотто;

  • тӀедиллар кхочушдаран масех кеп йуста, уггар йогӀуш йерг харжа (йалийнчу критерийн буха тӀехь);

  • схьакховдийнчу планаца чолхе боцу лингвистикин мини-таллам дӀабахьа, схьакховдийнчу планаца проектан тӀедиллар кхочушдан;

  • жамӀаш кепе дало а, меттан коьчална тӀехь бинчу тергаман (классификацин, дустаран, талламан) жамӀийн бухатӀехь уьш тешаллашца тӀечӀагӀдан а; билгалйинчу меттан коьчалан анализан процессехь хьехархочун гӀоьнца хаттарийн кепаш йало;

  • процессийн а, хиламийн а, церан тӀаьхьалонийн а и санначу йа терачу хьелашкахь хила тарлучу кхиаран прогноз йан.

Хаамца болх бар:

  • хаам схьаэцаран хьоста харжа: боьху хаам схьаэцархьама, нисбархьама оьшу дошам;

  • билгалдинчу хьостанехь (дошам тӀехь, справочник тӀехь) йеллачу алгоритмаца гучу кепахь балийна болу хаам схьалаха (каро);

  • шенна йа хьехархочо и талла (дошамашна, справочникашна, Ӏаматашна тӀе о хьожуш) схьакховдийначу некъаца бакъ болу а, бакъ боцу а хаам бовза;

  • Интернет машанехь хаам (дешан йаздарх, аларх, дешан маьӀнах, дешан схьадаларх, дешан синонимех) лохуш, баккхийчеран (хьехаран белхахойн, дайн-нанойн, законехь векалш болчеран) гӀоьнца информационни кхерамзаллин бакъонаш ларйан;

  • дешаран хьесапе хаьжжина, анализ йан а, кхолла а текстан, видеон-, графикин, озан хаам;

  • таблицийн, схемийн кепахь билгалбинчу лингвистикин хаамах кхета; лингвистикин хаам бовзийтархьама ша схемаш, таблицаш кхолла.


Йуьхьанцарчу школехь «Ненан (нохчийн) мотт» предмет Ӏаморан жамӀехь дешархочун кхоллалур ду хӀарадешаран универсальни коммуникативни дараш.

ТӀекере:

  • хетарг тӀеэца а, кепе дало а, бевзачарна йукъахь Ӏалашонашца а, тӀекеренан хьелашца а цхьаьнайогӀу эмоцеш гайта а;

  • къамелхочуьнца лараме йукъаметтиг лело, диалог а, дискусси а дӀайахьаран бакъонаш ларйан;

  • хетарг тайп-тайпана хила тарлуш хиларх кхета;

  • оьзда а, аргументаш йалош а шена хетарг дӀаала;

  • хӀоттийнчу хьесапе хьаьжжина, къамелан алар хӀотто;

  • къамелан хьоле хьаьжжина, барта а, йозанан кепахь а тексташ (суртхӀоттор, ойлайар, дийцар) кхолла;

  • тергаман, мини-талламан, проектан тӀедахкарийн жамӀех а, шимма цхьаьна а, тобанашца а бинчу белхан жамӀех а нахана гуш-хезаш дӀадийца доцца къамел дар кечдан;

  • къамел даран (выступленин) текстана иллюстрацин коьчал (дехкина суьрташ, даьхна суьрташ (фото), плакаташ) харжа.


Йуьхьанцарчу школехь Ӏаморан чаккхенгахь «Нохчийн мотт» предмет Ӏаморан жамӀехь дешархочункхуьур духӀара дешаран универсальни регулятивни дараш.


Самоорганизаци:

  • жамӀе кхачархьама, дешаран хьесап кхочушдарехула дарийнплан хӀотто;

  • хьаьржинчу дарийн хьалх-тӀаьхьалла (рогӀалла) хӀотто.



Самоконтроль:

  • дешаран гӀуллакхдаран кхиаман/аьтто цабаларан бахьанаш къасто;

  • къамелан а, нийсайаздаран а гӀалаташ иэшорхьама, шен дешаран дараш нисдан;

  • меттан дакъойхпайдаэцархьама, къасторхьама, характеристика йархьама хӀоттийнчу дешаран (Ӏаморан) хьесапца гӀуллакхдаран жамӀ цхьаьнадало;

  • маттехула йолчу коьчалца болх беш дина гӀалат схьалаха, нийсайаздаран(орфографин) а, пунктуацин а гӀалатсхьалаха (каро);

  • одноклассникийн гӀуллакхдаран а, шен гӀуллакхдаран а жамӀаш дуста, йалийнчу критерешца церан нийса (объективно) мах хадо.


Цхьаьна гӀуллакхдар:

  • хьехархочо йеллачу планированин кепан, йукъан гӀулчийн а, хенийн а дӀанисйаран буха тӀехь, стандартни (типовой) хьолехь, йоццачу хенан а, йеххачу хенан а Ӏалошонаш (йукъара хьесапашкахь дакъалацар тидаме о оьцуш, индивидуальни) кепе йало;

  • цхьаьна гӀуллакхдаран Ӏалашо тӀеэца, цуьнга кхачаран дараш цхьаьна хӀитто: ролаш дӀасайекъа, бартбан, цхьаьна бечу белхан процесс а, жамӀаш а дийцаре дан;

  • куьйгалла дан, тӀедиллинарг кхочушдан, аьллачун тӀехь хила а кийча хилар гайта;

  • белхан шен дакъа жоьпаллица кхочушдан;

  • йукъарчу жамӀехь ша лаьцначу декъан мах хадо;

  • йеллачу (схьакховдийнчу) кепашна тӀе а тевжаш, цхьаьна ден проектан тӀедахкарш кхочушдан.

ПРЕДМЕТАН ЖАМӀАШ

1-4 классашкахь «Ненан (нохчийн) мотт» дешаран предмет Ӏаморо аьтто бо:

  • адамийн тӀекеренан коьртачу гӀирсах санна нохчийн маттах кхета, нохчийн мотт нохчийн халкъан синъоьздангаллин коьрта мехалла санна тӀеэца;

  • халкъан ламасташ а, культура а карайерзорехь а, чӀагӀйарехь а нохчийн меттан маьӀнахкхета;

  • ненан мотт бовзаран шовкъ а, и Ӏамо лаам а гайта;

  • Россин Федерацин меттан а, культурин а цхьааллин а, тайп-тайпаналлин а шортенах, Россин халкъийн кхечу меттанашна йукъахь нохчийн меттан меттигах а йуьхьанцара кхетамаш кхолла;

  • нохчийн меттан фонетикех, лексикех, грамматикех, орфографех, пунктуацех йуьхьанцара хаамаш кхолла;

  • къамелан гӀуллакхдарехь карадерзийнчу хаарех пайдаэца хаар кхолла, къамелехь Ӏамийнчу лексикех пайдаэца, карайерзийнчу лексикех а, маттах долчу хаарех а пайда а оьцуш, барта аларш хӀитто;

  • къамелан этикетехула Ӏамийнчу кепех пайда а оьцуш, къамелан тӀекеренехь дакъалаца;

  • нохчийн маттахь къамелан гӀуллакхдаран массо а тайпанаш (ладогӀар, къамел дар, йешар, йоза) вовшахтоха а, кхио а, билгалйинчу темехула даккхий доцу дийцарш хӀитто хаар кхолла.

КЛАССАШКАХУЛА ПРЕДМЕТАН ЖАМӀАШ

1 КЛАСС

Дешархо Ӏемар ву:

  • дош а, предложени а йовза (къасто); предложенешкара дешнаш схьакъасто;

  • суьртийн а, схемийн а гӀоьнца къамел маьӀнин дакъошка (предложенешка) декъа;

  • къамелехь нохчийн меттан гӀиллакхе дешнех пайдаэца (маршалла хаттар– Iуьйре дика хуьлда! Суьйре дика хуьлда! Де дика хуьлда! Ӏодика йар – Iодика йойла! благодарность – Дела реза хуьлда! Баркалла! ...).

  • нохчийн алфавитан оьрсийн алфавитаца йолу башхалла къасто;

  • мукъа а, мукъаза а аьзнаш довза (къасто);

  • зевне а, къора а мукъазнаш довза (къасто);

  • «аз» а, «элп» а кхетамаш бовза (къасто);

  • цхьана йа масех озаца къаьсташ долу дешнаш дуьхь-дуьхьал хӀиттор: лом, лам, кхор, кор, лу, ло;

  • ккх, тт, лл, и.д.кх. шала мукъазнаш деха цхьа аз санна схьаала;

  • схемина тӀе а тевжаш, къамелан аьзнашна характеристика йан;

  • Ӏамош долу нохчийн меттан аьзнаш оьрсийн меттан аьзнашца дуста (соотносить);

  • дашехь дешдакъойн барам билгалбаккха (къасто); дешнаш дешдакъошка декъа (атта дешнаш: мукъазчеран цхьаьнакхетарш доцу дешнаш);

  • нохчийн абатан (алфавитан) элпийн цӀераш нийса йаха; нохчийн абатан (алфавитан) элпийн рогӀаллех долчу хаарех, кӀеззигчу дешнийн къепйоза нисдеш, пайдаэца;

  • талхор доцучу цӀена къаьстачу хотӀаца даккхий а, могӀанан а элпаш, элпийн, дешнийн цхьаьнатохарш йаздан;

  • Ӏамийнчу нийсайаздаран бакъонех пайдаэца: нохчийн меттан шатайпанчу элпийн (аь, оь, уь, юь, яь, гӀ, кӀ, къ, кх, пӀ, тӀ, хӀ, хь, цӀ, чӀ, Ӏ) йаздар. щ, ь, ы, ф, ё, е элпашца долчу дешнийн йаздар;

  • е, ё, ю, я, й элпийн гӀуллакх (функциш) къастор;

  • предложенехь дешнийн къаьстина йаздар; предложенин чаккхенгахь сацаран хьаьркаш: тӀадам, хаттаран а, айдаран а хьаьркаш; предложенин йуьххьехь а, долахь цӀерашкахь (цӀерашкахь, фамилешкахь, дийнатийн цӀерашкахь) а доккха элп; дош дешдакъошца (атта меттигаш: кху кепарчу дешдакъойх лаьтта дешнаш «мукъаза + мукъа») сехьадаккхар;

  • дешнаш а, предложенеш а, 25 дашал сов барам боцу тексташ а нийса схьайазйан (йукъахдитарш а доцуш, элпаш а ца талхош);

  • нийсайаздар аларца ца къаьсташ долу дешнаш а, 3-5 дашах лаьтта предложенеш а, 20 дашал сов барам боцу тексташ а олуш дӀайазйан (йукъахдитарш а доцуш, элпаш а ца талхош);

  • элпийн боцу графикин гӀирсийн гӀуллакхах кхетар: дешнашна йукъарчу кӀайдарган, сехьадаккхаран хьаьркан;

  • Ӏамийнчу бакъонашна долу гӀалаташ, опискаш каро (схьалаха) а, нисйан а;

  • йешначу текстах кхета;

  • интонаци (иэшар) а, предложенин чаккхенгара сацаран хьаьркашца йогӀу соцунгӀаш а ларйеш, йоца тексташ хозуьйтуш а, дагахь а йеша (кхета а кхеташ);

  • текстехь, маьӀна нисдан оьшу дешнаш схьалаха;

  • дешнийн кепийн гуламах предложени хӀотто;

  • кеп йохийна предложенеш меттахӀитто;

  • предложенин схемаш йеша, предложени а, цуьнан схема а йуста (соотносить), схемица а, билгалдинчу дешнашца а предложенеш хӀитто;

  • сюжетан суьрташкахула а, тергамашкахула а барта 3-5 предложенех лаьтта текст хӀотто;

  • нохчийн маттехула йолчу тексташкахь оьрсийн маттара тӀеэцна дешнаш довза;

  • дешаран хьесапаш кхочушдеш, Ӏамийнчу кхетамех пайдаэца.


2 КЛАСС

Дешархо Ӏемар ву:

  • тӀекеренан коьрта гӀирс санна, мотт тӀеэца;

  • тергамах а, анализах а мотт бовзаран некъах санна пайдаэца;

  • дашехь дешдакъойн барам билгалбаккха (къасто) (мукъазчеран цхьаьнакхетарш долчу дешнашкахь а цхьаьна); дош дешдакъошка декъа;

  • е, ё, ю, я элпийн гӀуллакхтидаме а оьцуш, аьзнийн а, элпийн а хӀоттаман цхьаьнабар къасто;

  • цхьанаораман дешнаш лаха (каро);

  • дашехь орам билгалбаккха (атта меттигаш);

  • текстехь дукха маьӀнийн дешнех пайдаэцна меттигаш гучуйаха а, церан маьӀнех кхета а, дешаран дошамашкахула маьӀна нисдан а; синонимех а, антонимех (кхетамийн цӀераш а ца йохуш) пайдаэцна меттигаш гучуйаха;

  • долахь а, йукъара а цӀердешнаш боху кхетамаш къасто (определять);

  • «мила?», «хӀун?» бохучу хаттаршна жоп лун дешнаш довза;

  • «хӀун до?», «хӀун дина?», «хӀун дийр ду?» бохучу хаттаршна жоп лун дешнаш довза;

  • «муха?», «хьенан?», «стенан?» бохучу хаттаршна жоп лун дешнаш довза;

  • Ӏаларан Ӏалашоне, эмоцин иэшаре хьаьжжина, предложенин тайпа къасто;

  • Ӏамийнчу нийсайаздаран бакъонех пайдаэца, царна йукъахь: адамийн цӀерашкахь, дайн цӀерашкахь, фамилешкахь, дийнатийн цӀерашкахь, меттигийн цӀерашкахь доккха элп; дештӀаьхенийн цӀердешнашца къаьстина йазйар;

  • дешнаш а, предложенеш а, 45 дашал сов барам боцу тексташ а нийса схьайазйан (йукъахдитарш а доцуш, элпаш а ца талхош);

  • Ӏамийна нийсайаздаран бакъонаш тидаме а оьцуш, дешнаш, предложенеш, 40 дашал сов барам боцу тексташ а олуш дӀайазйан (йукъахдитарш а доцуш, элпаш а ца талхош);

  • опискаш, Ӏамийнчу бакъонашна долу гӀалаташ схьалаха а, нисдан а;

  • Ӏаматан дошамех пайдаэца;

  • нийсааларан (орфоэпин) норманаш, нийса интонаци (эшар) лар а йеш, барта диалоган а, монологан а аларш (билгалйинчу темина, тергамийн бух тӀехь 2-4 предложени) хӀитто;

  • суьртан репродукцихула барта дийцар хӀотто;

  • йешначун (хезначун) буха тӀехь барта а, йозанан кепахь а (1-2 предложени) цхьалхечу жамӀийн кеп кхолла;

  • хаттаршца царна йукъара маьӀнийн уьйр а къастош, дешнех предложенеш хӀитто;

  • декъалдарийн билгалдинчу масалийн анализ дӀайахьарехь декъалваран жанран башхаллаш йийцаре йан, текстийн-декъалдарийн хӀоттаман анализйан;

  • текстан тема билгалйаккха а, текстана цуьнан тема гойту цӀе тилла а;

  • уьйр йоцчу предложенех, текстан дакъойх текст хӀотто;

  • хаттаршна тӀе а тевжаш, 30-45 дешнийн барамехь дийцаран текстан ма-йарра схьайийцар дӀайаздан;

  • шен дешнашца Ӏамийнчу кхетамийн маьӀнех кхето; Ӏамийнчу кхетамех пайдаэца.


3 КЛАСС

Дешархо Ӏемар ву:

  • къоман тӀекеренан мотт санна нохчийн меттан маьӀнах кхето;

  • лингвистикин экспериментах мотт бовзаран некъах санна пайдаэца;

  • билгалйинчу параметрашца дашехь а, дашехь доцуш а аьзнийн характеристика йан, дустар кхочушдан, классификаци йан.

  • дешан аьзнийн-элпийн анализ йан (транскрипци ца йеш);

  • цхьанаораман дешнаш а, цхьана дешан кепаш а къасто; цхьанаораман дешнаш а, синонимаш а къасто;

  • билггал къасталучу морфемашца долчу дешнашкахь чаккхе, орам, дешхьалхе, суффикс схьалаха (каро);

  • синонимех а, антонимех а пайдаэцна меттигаш гучуйаха; тайп-тайпанчу къамелан дакъойн дешнашна синонимаша, антонимаш а йало;

  • нийсачу а, тӀедеанчу а маьӀнехь далийна дешнаш (атта дешнаш) довза;

  • текстехь дешан маьӀна къасто;

  • къамелехь а, йозанехь а -р, -хо, -ча суффиксашца долчу дешнех пайдаэца;

  • хьастаран-жимдаран суффиксийн гӀоьнца дешнаш кхолла(цӀа-цӀелиг, кема-кемалг…);

  • цӀердешнаш довза; цӀердешнийн грамматикин билгалонаш къасто: класс, терахь, дожар;

  • билгалдешнаш довза; билгалдешнийн грамматикин билгалонаш къасто: класс, терахь, дожар;

  • лааме а, лаамаза а билгалдешнаш къасто;

  • цхьаллин йа дукхаллин терахьан бен кеп йоцу цӀердешнаш къасто (довза);

  • хандешнаш довза; «хӀун дан?» бохучу хаттарна жоп лунхандешнаш къасто; хандешнийн хан билгалйаккха;

  • йаххьийн цӀерметдешнаш (йуьхьанцарчу кепехь) довза; йаххьийн цӀерметдешнех, текстехь ца оьшу йух-йуха аларш дӀадахархьама, пайдаэца;

  • дештӀаьхьенаш а, дешхьалхенаш а къасто;

  • аларан Ӏалашоне а, эмоцин иэшаре а хьаьжжина, предложенин тайпа къасто;

  • предложенин коьрта а, коьртаза (тайпанашка а ца йоькъуш) меженаш лаха;

  • йаьржина а, йаьржаза а предложенеш йовза;

  • дешнаш, предложенеш, 60 дашал сов барам боцу тексташ нийса схьайазйан;

  • Ӏамийна нийсайаздаран бакъонаш тидаме а оьцуш, 55 дашал сов барам боцу тексташ олуш дӀайазйан;

  • опискаш а, Ӏамийнчу бакъонашна долу гӀалаташ а лаха, нисдан;

  • тайп-тайпанчу тайпанийн текстех кхета, текстехь балийна (белла) хаам схьалаха;

  • бешначу (хезначу) хааман буха тӀехь барта а, йозанехь а (1-2 предложени) цхьалхечу жамӀийн кеп кхолла;

  • нийсааларан (орфоэпин) норманаш, нийса интонаци (иэшар) лар а йеш, барта диалоган а, монологан а аларш (билгалйинчу темина, тергамийн буха тӀехь 3-5 предложенех) хӀитто; къамелан этикетан норманех пайда а оьцуш, шайца кхайкхар, дехар, бехк цабиллар, баркалла алар, духатохар долу йаккхий йоцу барта а, йозанан а тексташ (2-4 предложени) кхолла;

  • текстехь предложенийн уьйр къасто (а хуттурган гӀоьнца);

  • текстехь коьрта дешнаш къасто;

  • текстан тема а, текстан коьрта ойлаа билгалйаккха;

  • текстан дакъош (абзацаш) билгалдаха а, коьртачу дешнийн йа предложенийн гӀоьнца церан маьӀнийн чулацам гайта а;

  • текстан план хӀотто, цунна тӀоьхула текст кхолла а, текст нисйан а;

  • йеллачу, массара цхьаьна йа ша хӀоттийнчу планаца ма-дарра схьадийцар дӀайаздан;

  • шен дешнашца Ӏамийнчу кхетамийн маьӀнех кхето; Ӏамийнчу кхетамех пайдаэца;

  • дошаман гӀоьнца дешан маьӀна нисдан;

  • мини-таллам дӀабахьа, проектан гӀуллакхдарехь дакъалаца.



4 КЛАСС

Дешархо Ӏемар ву:

  • Россин Федерацин махкахь меттан а, культурин а тайп-тайпаналлех кхета, мотт халкъан син-оьздангаллин коьртачу мехаллех цхьаъ хилар тӀеэца;

  • тӀекеренан коьртачу гӀирсах санна, меттан маьӀнахкхета; Нохчийн республикин пачхьалкхан а, къоман тӀекеренан а мотт санна, нохчийн меттан меттигах кхета;

  • нийса барта а, йозанан а къамел адаман оьздангаллин йукъара гайтам санна тӀеэца;

  • деллачу дешнашна синонимаш йало; деллачу дешнашна антонимаш йало;

  • къамелехь маьӀна нисдан оьшу дешнаш гучудаха, контекстехула дешан маьӀна къасто;

  • атта схьакъасталучу морфемашца долчу дешнийн хӀоттамехула таллам бан; дешан хӀоттаман схема хӀотто; дешан хӀоттам йеллачу схемица цхьаьнабало;

  • карайерзийнчу грамматикин билгалонийн комплексца (Ӏамийнчун барамехь), дош билггалчу къамелан декъан хилар къасто;

  • цӀердешнийн грамматикин билгалонаш къасто: легар, класс, терахь, дожар;

  • билгалдешнийн грамматикин билгалонаш къасто: терахь, дожар, кеп (лааме, лаамаза);

  • билгалдешнаш дожарца лего;

  • терахьдешнаш довза а, царах пайдаэца а, масаллин а, рогӀаллин а терахьдешнаш къасто;

  • хандешан билгалза кеп къасто(схьалаха); хандешан хан къасто;

  • йуьхьан цӀерметдешан йуьхьанцарчу кепан грамматикин билгалонаш къасто: йуьхь, терахь; йаххьийн цӀерметдешнех, текстехь ца оьшу йух-йуха аларш дӀадахархьама, пайдаэца;

  • дош, дешнийн цхьаьнакхетар, предложени къасто (йовза);

  • аларан Ӏалашоне а, эмоцин иэшаре а хьаьжжина а, предложенийн классификаци йан;

  • йаьржина а, йаьржаза а предложенеш йовза;

  • цхьанатайпанчу меженашца йолу предложенеш йовза; цхьанатайпанчу меженашца йолу предложенеш хӀитто; цхьанатайпанчу меженашца йолчу предложенех къамелехь пайдаэца;

  • цхьалхе йаьржина предложенеш а, шина цхьалхечу предложенех лаьтта чолхепредложенеш а дӀасакъасто; цхьалхечу предложенина синтаксисан таллам бан;

  • Ӏамийнчу нийсайаздаран бакъонех пайдаэца, царна йукъахь: долахь цӀерашкахь доккха элп; йукъарчу цӀерашкахь а, кхечу къамелан дакъошкахь а (нохчийн меттан дешнашкахь) я, яь, ю, юь, е (ё) элпаш; тӀеэцначу (йукъарчу) дешнашкахь а, кхечу къамелан дакъошкахь а я, ю, е (ё) элпаш; долахь цӀерашкахь я, яь, ю, юь, е (ё), тӀеэцначу (долахь цӀерашкахь) я, ю, е (ё) элпаш; мукъаза элпаш (къ, кӀ, кх, гӀ и т.д.); -эв,-аьв,-ев йаздаран бакъонаш; оьрсийн маттера а, оьрсийн маттехула а тӀеэцначу дешнашкахь щ, ь, ы, ф элпаш йаздар; мукъа аьзнаш [и], [уь] деха хилар гойтуш, й элп йаздар; йеха а, йоца дифтонгаш иэ, уо; чаккхенгахь -г, -к элпаш долчу цӀердешнашкахьа и и элпаш; дешан чаккхенгахь шала мукъаза элпаш; нохчийн меттан шалха мукъаза элпаш; дешан чаккхенгахь н; цӀердешнашца а, йаххьийн цӀерметдешнашца а дештӀаьхьенийн къаьстина йазйар; ца, ма дакъалгийн хандешнашца къаьстина йаздар; й, ъ, ь долчу дешнийн сехьадаккхар; шала мукъазчу элпашца долчу дешнийн сехьадаккхар; шалхачу мукъазчу элпашца долчу дешнийн сехьадаккхар; дукхаллин терахьан цӀердешнийн чаккхенаш; дешхьалхенийн цхьаьна а, къаьстина а (ца, ма, а) йазйар; а хуттурго а, хуттургаш йоцуш а цхьаьнатоьхначу цхьанатайпанара меженашца йолчу предложенешкахь сацаран хьаьркаш; шина цхьалхечу предложенех лаьттачу чолхечу предложенехь сацаран хьаьркаш;

  • 80 дашал сов барам боцу тексташ нийса схьайазйан;

  • Ӏамийна нийсайаздаран бакъонаш тидаме а оьцуш, 75 дашал сов барам боцу тексташ олуш дӀайазйан;

  • опискаш, Ӏамийнчу бакъонашна орфографин а, пунктуацин а гӀалаташ схьалаха а, нисдан а;

  • тӀекеренан хьолах кхета (муьлхачу Ӏалашонца, хьаьнца, мичахь хуьлуш йу тӀекере); тӀекеренан хьолахь нийса (адекватни) меттан гӀирсаш харжа;

  • нийса интонаци, къамелан зӀе хиларан норманаш, орфоэпин норманаш ларйеш, барта диалоган а, монологан а аларш (4-6 предложени) хӀитто;

  • барта а, йозанан кепахь (йозанан тӀекеренан билгалчу хьолана лерина (кехаташ, декъалваран открыткаш, дӀакхайкхорш (объявленеш), и.д.кх.) а, йаккхий йоцу тексташ (3-5 предложенех) кхолла;

  • текстан тема а, коьрта ойла а къасто; темина йа коьртачу ойланна тӀе а тевжаш, текстана ша цӀе тилла;

  • предложенийн а, текстан дакъойн а къеп нисйан;

  • йеллачу тексташна план хӀотто;

  • текст ма-йарра схьайийцар кхочушдан (барта а, йозанан кепахь а);

  • текст хоржуш (йукъ-йукъара) схьайийцар кхочушдан (барта);

  • билгалйинчу теманашца сочиненеш йазйан (хьалххе кечам биначул тӀаьхьа);

  • довзийтаран, талламан йешар, хаам лахар кхочушдан; бешначу (хезначу) хааман буха тӀехь барта а, йозанан кепехь ацхьалхечу жамӀийн кепаш йало; текстехь йолчу хааман интерпретаци йан а, жамӀаш дан а;

  • шен дешнашца Ӏамийнчу кхетамийн маьӀна даста; Ӏамийнчу кхетамех пайдаэца;

  • дошаман (кехатан а, электронан а носитель тӀехь) гӀоьнца, тӀаьхьа хьожучу чуваларан хьелашкахь Интернет чохь дешан маьӀна нисдан.







НОХЧИЙН МЕТТАН ТЕМАТИКИН ПЛАНИРОВАНИ


1КЛАСС


 


п/п

Программин дакъойн а, темийн а цӀераш

Сахьтийн барам

Электронни дешаран ресурс.



Разделан сахьташ

Талламан белхаш

Кхоллараллин белхаш


1.1

Абатал хьалхара мур

8

0

0

https://desharkho.ru/

https://urok95.ru

ps95.ru/dikdosham/

Дерриге:

8

0

0


2.1.

Деша а, яздан а 1амош болу абатал мур

49

0

0

https://desharkho.ru/

https://urok95.ru/

ps95.ru/dikdosham/

Дерриге:

49

0

0


3.1.

Деша а, йаздан а 1амош болу абатал т1аьхьара мур

9

1

0

https://desharkho.ru/

https://urok95.ru/

ps95.ru/dikdosham/

Дерриге:

9

1

0


ПРОГРАММИЦА САХЬТИЙН БАРАМ

66

0

0



НОХЧИЙН МЕТТАН ПОУРОЧНИ ПЛАНИРОВАНИ

1 класс


п/п

Урокан тема

Сахьтийн барам

Терахь

Электронни дешаран ресурс

Сахьт

Талламан белхаш

Кхоллараллин белхаш

Абатал хьалхара мур-8 сахьт

1

Йоза йаздаран кеп а, цуьнан аг1онаш т1ера сизаш довзийтар.

1

0

0

05.09

https://urok95.ru/


2

Мог1анаш а, мог1анийн йаккъаш а.

1

0

0

07.09

https://desharkho.ru/


3

Нийса сизаш хьекхар.

1

0

0

12.09

https://urok95.ru/

4

Деха а, доца а сизаш хьекхар.

1

0

0

14.09

https://desharkho.ru/

5

Доца сизнаш йукъахь т1адам

1

0

0

19.09

https://urok95.ru/

6

Лахахь хьаьвзина сизаш

1

0

0

21.09

https://urok95.ru/

7

Лакхахь хьаьвзина сизаш

1

0

0

26.09

https://desharkho.ru/

8

Элпийн меженаш йазъяр

1

0

0

28.09

https://urok95.ru/

Деша а, яздан а 1амош болу абатал мур - 49 сахьт

9

Мог1анан а,доккха а элп «Аа».

1

0

0

03.10

https://desharkho.ru/

10

Мог1анан а,доккха а элп «Уу».

1

0

0

05.10

https://urok95.ru/

11

Мог1анан а,доккха а элп «Оо».

1

0

0

10.10

https://urok95.ru/

12

Мог1анан а,доккха а элп «Ии».

1

0

0

12.10

https://urok95.ru/

13

Мог1анан а, доккха а элп «Лл».

1

0

0

17.10

https://desharkho.ru/

14

Мог1анан а,доккха а элп «Мм».

1

0

0

19.10

https://urok95.ru/

15

Мог1анан а,доккха а элп «Сс».

1

0

0

24.10

https://urok95.ru/

16

Мог1анан а,доккха а элп «Рр».


1

0

0

26.10

https://desharkho.ru/

17

Мог1анан а,доккха а элп «Хх».

1

0

0

07.11

https://desharkho.ru/

18

Мог1анан а,доккха а элп «Бб».

1

0

0

09.11

https://urok95.ru/

19

Мог1анан а,доккха а элп «Дд».

1

0

0

14.11

https://desharkho.ru/

20

Мог1анан а,доккха а элп «Ее».

1

0

0

16.11

https://urok95.ru/

21

Мог1анан а,доккха а элп «Нн».

1

0

0

21.11

https://desharkho.ru/

22

Мог1анан а,доккха а элп «Тт».

1

0

0

23.11

https://urok95.ru/

23

Мог1анан а,доккха а элп «Вв».

1

0

0

28.11

https://desharkho.ru/

24

Мог1анан а,доккха а элп «Зз».

1

0

0

30.11

https://urok95.ru/

25

Мог1анан а,доккха а элп «Йй».

1

0

0

05.12

https://urok95.ru/

26

Мог1анан а,доккха а элп «Кк».

1

0

0

07.12

https://desharkho.ru/

27

Мог1анан а,доккха а элп «Пп».

1

0

0

12.12

https://urok95.ru/

28

Мог1анан а,доккха а элп «Ээ».

1

0

0

14.12

https://desharkho.ru/

29

Мог1анан а,доккха а элп»Шш»

1

0

0

19.12

https://desharkho.ru/

30

Мог1анан а,доккха а элп «Цц».

1

0

0

21.12

https://urok95.ru/

31

Мог1анан а,доккха а элп «1».

1

0

0

26.12

https://desharkho.ru/

32

К1еда хьаьрк «Ь» йаздар.

1

0

0

28.12

https://urok95.ru/

33

Ч1ог1а хьаьрк «Ъ» йаздар.

1

0

0

09.01

https://urok95.ru/

34

Мог1анан а,доккха а элп «ХЬ хь».

1

0

0

11.01

https://desharkho.ru/

35

Мог1анан а,доккха а элп «КХ кх».

1

0

0

16.01

https://desharkho.ru/

36

Мог1анан а,доккха а элп «КЪ къ».

1

0

0

18.01

https://urok95.ru/

37

Мог1анан а,доккха а элп «Гг».

1

0

0

23.01

https://urok95.ru/

38

Мог1анан а, доккха а элп «Г1г1».

1

0

0

25.01

https://desharkho.ru/

39

Мог1анан а, доккха а элп Аь аь».

1

0

0

30.01

https://desharkho.ru/

40

Мог1анан а,доккха а элп «ОЬоь».

1

0

0

01.02

https://desharkho.ru/

41

Мог1анан а,доккха а элп «УЬуь».

1

0

0

06.02

https://urok95.ru/

42

Мог1анан а,доккха а элп «Чч».

1

0

0

08.02

https://desharkho.ru/

43

Мог1анан а,доккха а элп «Ч1ч1».

1

0

0

13.02

https://urok95.ru/

44

Мог1анан а,доккха а элп «Т1т1».

1

0

0

15.02

https://urok95.ru/

45

Мог1анан а,доккха а элп «Жж».

1

0

0

27.02

https://desharkho.ru/

46

Мог1анан а,доккха а элп «Х1х1».

1

0

0

29.02

https://desharkho.ru/

47

Мог1анан а,доккха а элп «К1к1».

1

0

0

05.03

https://desharkho.ru/

48

Мог1анан а, доккха а элп «Юю».

1

0

0

15.03

https://urok95.ru/

49

Мог1анан а, доккха а элп «ЮЬ юь».

1

0

0

07.03

https://desharkho.ru/

50

Мог1анан а, доккха а элп «Яя».

1

0

0

12.03

https://urok95.ru/

51

Мог1анан а, доккха а элп «ЯЬяь».

1

0

0

14.03

https://desharkho.ru/

52

Мог1анан а,доккха а элп «Ц1ц1».

1

0

0

19.03

https://urok95.ru/

53

Мог1анан а,доккха а элп «П1п1».

1

0

0

21.03

https://urok95.ru/

54

Мог1анан а,доккха а элп «Фф».


1

0

0

02.04

https://urok95.ru/

55

Мог1анан а,доккха а элп «Ёё».

1

0

0

04.04

https://urok95.ru/

56

Мог1анан а,доккха а элп «Щщ».

1

0

0

09.04

https://desharkho.ru/

57

Элп «Ы».

1

0

0

18.04

https://urok95.ru/

Деша а, йаздан а 1амош болу абатал т1аьхьара мур-9 сахьт

58

Нохчийн алфавит.

1

0

0

23.04

https://desharkho.ru/

59

Дешнаш, предлож-ш йазйар.

1

0

0

25.04

https://urok95.ru/

60

Дош дехьадаккхар

1

0

0

30.04

https://urok95.ru/

61

Текст. Предложени

1

0

0

02.05

https://desharkho.ru/

62

Уьн т1ера текст схьаязйар

1

0

0

07.05

https://desharkho.ru/

63

Талламан болх.

1

1

0

14.05

Талламан болх.

64

Г1алаташ т1ехь болх


1

0

0

16.05

https://urok95.ru/


65

Шен школах лаьцна муха дийца деза.

1

0

0

21.05

https://desharkho.ru/


66

Т1еч1аг1дар

1

0

0

23.05


ПРОГРАММИЦА САХЬТИЙН БАРАМ

66

1

 0





Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!