СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Рабочая программа и КТП по литературному чтению на чеченском языке 1 класс

Нажмите, чтобы узнать подробности

Рабочая программа и КТП по литературному чтению на чеченском языке на 2019-2020 учебный год

Просмотр содержимого документа
«Рабочая программа и КТП по литературному чтению на чеченском языке 1 класс»

Нохчийн литература


ДОВЗИЙТАРАН КЕХАТ

Документан бух


Дешаран предметан «Литературни ешар» 1-4-чу классашна лерина йолу белхан программа х1оттийна хIокху документин бух тIехь:

Йоккхачу Атаг1арчу юккъерчу юкъарадешаран №1

йолчу ишколан юьхьанцарчу классашна лерина йолу программа

Юьхьанцара юкъара дешаран федеральни пачхьалкхан дешаран стандартан

Юкъарадешаран а, коьрта юкъара дешаран а пачхьалкхан программа

Э.Х.ЭдиловнНохчийн меттан, дешаран юьхьанцарчу классашна лерина герггарчу хьесапехь йолу программа,

Нохчийн Республикин дешаран а, 1илманан а министерствос магийна йолу.

Базисни дешаран планан

3-чу варианто литературни ешарна луш йолчу таронашца нисъеш


Литературное чтение на чеченском языке

Литературни ешар - юьхьанцарчу классийн предметашна юккъехь коьртачарах цхьаъ ю. Нохчийн матто санна, цо, а 1амадо бер шера, а, нийса, а яздан, аьтто бо юкъара кхиарехь, а, г1иллакх-оьздангаллин мехаллаш т1ехь кхиош а. Х1окху предметехь кхиамаш бахаро таро ло берана юьхьанцарчу школан вукху предметашца ларош деша. Юьхьанцарчу школехь х1ара предмет 1амор т1ехьажийна хир ду х1окху 1алашонашка кхачарна:

-кхетаме, нийса, шера къастош еша;

-ша йоьшучу текстан, а, цуьнан чулацамца йолу шен юкъаметтиг, а билгалйоккхуш болчу къастош ешаран коьртачу г1ирсех (соцунг1а, интонаци, маь1нин тохар, ешаран чехкалла) пайда, а оьцуш, еша;

-дешаран книгин чулацамах кхиар, шенна справочни аппаратах пайда эца хаар (т1етовжар, корта, абзацаш и д1. кх. а.);

- исбаьхьаллин -кхоллараллин, а, х1ума довзаран, а хьуьнарш шегахь кхиор, исбаьхьаллин произведенино шена бина т1е1аткъам шен синхаамашца бовзийтар; дешан исбаьхьалле йолу эстетически юкъаметтиг кхиор;

-исбаьхьаллин текстан г1ирсашца синъоьздангаллин мехаллаш юьхьанцарчу классийн дешархошкахь кхиор; дика, а, вуо а къасто хууш, кхидолчу къаьмнашка лерам болуш кхиор.

Юьхьанцарчу школехь литературни ешаран коьрта 1алашо - иза шена оьшшу книга харжа хаарца а, и кхеташ ешарца а ша-шен терго яран дешар карадерзоран хьуьнарш шегахь кхиор ю. Цу г1уллакхана ох1ла хилар билгалдолу ешначух кхеташ, дика еша хаарехь, книгаш йовзарехь а, шенна харжа хаарехь а, шен синъоьздангалла лакхаяккхарехь книга оьшуш хиларх кхетам кхиъна хиларехь а.







Предмет 1аморца доьзна долу жам1аш.

Литературни ешар 1амочаьргахь хила деза личностни

жам1аш:

Россин юкъара этнически а, граждански а цхьааллаш кхиор, вуьшта аьлча

ша муьлхачу къоман векал ву а, Россин пачхьалкхан гражданин ша хилар а кхетор; юкъара российски а, граждански а, нохчийн г1иллакх-оьздангаллин а мехаллаш шегахь кхиор;

-исбаьхьаллин произведенийн буха т1ехь шегахь адамаллин а, демократически а мехаллаш кхиор;

  • шен къоман культурех, бусулба динах а долу хаарш хилар, кхечу къаьмнех а, церан культурех, динах лаьцнарг а девзаш хилар; кхечу къаьмнийн культуре а, динца доьзначу ламасташка а ларам шегахь хилийтар;

  • шен къоман г1иллакхаш а девзаш, кхечу къаьмнашца а г1иллакхашца а, динца а ийоьзна йолу юкъаметтигаш ларъян хаар;

-доьзалан ламасташка тергаме хила везар шегахь кхиор,

1алам лардан а, шен а, нехан а могушалла ларъян езарх кхеташ хилар;

-таханлерчу дуьненахь вахаран 1алашонца шен амал кхиор; шен нийсархошца а, баккхийчаьрца а девне ца вуьйлуш, машаре ваха болу лаам шегахь кхиор;

  • дешархочун социальни декхарш карадерзор; дешаре лаам кхиор; дешар шена оьшуш хиларх кхетар;

  • къоман а, кхийолу а литература ешарца синъоьзданагаллин мехаллаш а, эстетически синхаамаш шегахь кхиор.

Литературни ешар 1амочаьргахь хила деза метапредметни жам1аш:

-дешаран 1алашонех а, декхарех а кхеташ хилар, кхоллараллин кепара хьесапаш кхочушдар;

-шена хьалха х1оттийнчу декхаре хьаьжжина, дешаран декъехула билгалдан леринарг къасто а, цуьнан мах хадо а, и кхочушдархьама эвсаре некъ харжа а хаар;

- ша баьхначу кхиамийн бахьанех кхеташ хилар шегахь кхиор (ткъа иштта цададаларан бахьанех а, иза лазаме ца долуьйтуш т1еэца хууш а хилар;

-коммуникативни а, х1ума довзаран а декхарш кхочушдаран 1алашонца меттан г1ирсех пайда эцар;

-дечун логически кепаш (дустар, анализ, юкъара маь1на дар) караерзор;

- кхечу къаьмнийн нийсархошца цхьаьна дечу г1уллакхашкахь юкъара 1алашонаш билгалъяр, хьан, х1ун дийрду къастор, цаьрца цхьаьна тергам латтор, ша а, вукхара а дечун цхьанакепара мах хадор; девне ца дерзош, 1оттаме дерш д1адерзор, ларамца т1еэцар кхечу къомах волчун амалехь дерг;

- базови предметийн кхетамаш, кхечу предметашца боьзна кхетамаш а караберзор, шен предметца уьш буозар.

Литературни ешар 1амочаьргахь хила деза предметаца доьзна долу жам1аш:

- къоман а, дуьненан а, культурийн хилам а, синъоьздангаллин мехаллаш, ламасташ лардаран а, кхид1а а д1акховдоран г1ирс санна литературех кхетар;

-ша-шен кхиарехь ешаран мах лакхара хиларх кхетар; виллина йоьшуш хила везаш хилар болу лаам шегахь кхиор; дуьненах а, къоман исторех а, культурех а болу кхетамаш кхиор; юьхьанцара г1иллакх-оьздангалла кхиорехь литературо д1алоцу меттиг къасто а, дика а, вуо а х1ун ду хууш хилар;

- х1унда еша еза бохучух кхеташ хилар, цу декъехь тайп-тайпанчу ешарх пайда эцар;

-дешаран а, 1илманан кхетаме, исбаьхьаллин тексташ ладог1арца т1еэца а, кхеташ еша а, цхьанатайпана царах кхета а хууш хилар; стихотворенин кепехь йолу тексташ къастош ешаран юьхьанцара хаарш карадерзор;

-прозаически исбаьхьаллин произведенеш юхасхьайийца а, церан чулацамах долчу хаттаршна жоьпаш дала а, ешначу дешаран, 1илманан кхетаме, исбаьхьаллин текстийн бахьанин-т1аьхьалонийн з1енаш къасто а хаар карадерзор;

-меттан бакъонаш а ларъеш, йозанехь а, барта а доцца дийцарш х1итто хаар карадерзор;

-хьайца къамел деш волчуьнга а ладог1а а, цо дуьйцучуьнца реза вацахь а, делил далорца айхьа бохург т1еч1аг1дан а, г1иллакхехь вистхила а, диалог д1аяхьа а хаар карадерзор;

-исбаьхьаллин текстийн башхаллийн дуьхе а кхуьуш, дешаран, 1илманан, исбаьхьаллин тексташ вовшех къасто хаар;

-ешначу исбаьхьаллин, 1илманан, дешаран текстийн теманах, коьртачу маь1нах кхеташ хилар; исбаьхьаллин текстехь балийна меттан исбаьхьаллин г1ирсаш ган а, яздархочо мича 1алашонца уьш юкъа балийна а хаар;

-ша ешначу исбаьхьаллин произведенин мах хадо а, цунах лаьцна шена хетарг ала а хаар;

-ешначу текстехь йолу синъоьздангаллин мехаллаш йовзийта а, уьш шегахь кхио а хаар;

- оьрсийн а, нохчийн а исбаьхьаллин произведенийн персонажаш (дакъалацархой) вовшашца буста а, церан амалехь, г1уллакхашкахь цхьаьна дог1ург схьа а лохуш, царна харакатеристика яла а, цаьрга шен болу хьежам гайта а хаар;

- шена хаза хета книга шенна схьахаржа а, т1ебузучу хаамийн справочни хьостанех пайда эца а хаар.























Курсан чулацам

1 класс

Абатан хьалхара мур

Вайн школа. Школе воьдуш. Вайнц1а.Ц1ахь Стоьмаш.Хасстоьмаш.

Дешархочун г1ирс. Урамнекъ

Ц1ера дийнаташ , з1акардаьхни, олхазарш. Дош .Дешдакъа.

Акхарой,сагалма-таш. Дош. Дешдакъа.

Аьзнаш Аз [а], элпАа.Мукъа аз [у] , элпУуМукъа аз [о], элпОоМукъа аз [и], элп Ии


Абатан мур


Мукъаза зевне аз [л], элпЛл Мукъаза зевне аз [м], элп Мм

Мукъаза къора аз [с], элп Сс. Мукъаза зевне аз[р], элпРр

Мукъаза къора аз [х], элп Хх Мукъаза зевне аз [б], , элпБб

Мукъаза аз [д], элпДд. Мукъа элп Ее, аьзнаш [й], [э].

Мукъаза зевне аз [н], элпНн. Мукъаза къора аз [т], элп Тт.

Мукъаза зевне аз [в], элп Вв. Мукъаза зевне аз [з], элпЗз.

Мукъаза зевне аз [й], элп Йй Мукъаза къора аз [к], элпКк.

Мукъаза къора аз [п] ,элп Пп Мукъа аз [э] , элпЭэ.

Мукъаза къора аз [ш] ,элп Шш. Мукъаза къора аз [ц] ,элпЦц.

Мукъаза зевне аз [І], элпI I.ЭлпьЭлп Ъ

Мукъаза къорааз , [хь] элп Хьхь. Мукъаза къора аз [кх] ,элпКхкх.

Мукъазакъора аз [къ], элпКъкъ. Мукъазазевне аз [г], элп Гг.

Мукъазазевне аз [гІ] ,элп Г1г1. Мукъа аз [аь] , элпАьаь.

Мукъа аз [оь] ,элпОьоь. Мукъа аз [уь], элпУьуь.

Мукъаза къора аз [ч], элпЧч.Мукъаза къора аз [чІ], элп Ч1ч1.

Мукъаза къора аз [тІ], элп Т1т1.Мукъаза зевне аз [ж], элпЖж.

Мукъаза къора аз [хІ], элп Х1х1.Мукъаза къора аз [кІ], элп К1к1.

Мукъа элпЮю, аьзнаш [й], [у] Мукъа элп Юьюь, аьзнаш [й], [уь]

Мукъаэ лпЯя, аьзнаш [й], [а] Мукъа элп Яьяь, аьзнаш [й], [аь].

Мукъаза къора аз [цІ], элп Ц1ц1.Мукъаза къора аз [пІ], элп П1п1.

Мукъаза къора аз [ф] , элпФф. Мукъа аьзнаш [й], [о] , элпЁё .

Мукъаза къора аз [щ] , элпЩщ. Мукъа аз [ы], элп ы.

Алфавит.1амийнарг т1еч1аг1дар


Абатал т1аьхьара мур


Вайн турпалхой:

Вайн яздархой:С.Абузар Айдамиров.

Дийцар «ВайнДаймохк» «Дей, буьйсий.» «Дайна де.»

Бераш вайн хинйолу т1аьхье ю.

Дуьло, бераш, делийвай. 1амийнарг карладаккхар





Нохчийн литературан тематически планировани 1 классехь

2019-2020 дешаран шеран.



№ п\п

Тема раздела

Количество часов

1 класс

1.

Абатал хьалхара мур

5

2.

Абатан мур

24

3.

Абатал т1аьхьара мур

4



33










































НОХЧИЙН ЛИТЕРАТУРА ХЬЕХАРАН ШЕРАН ПЛАН 1-РА КЛАСС.



п/п

Тема урока

Кол-во

часов

Дата

Проведения

Дата план

Дата факт


1 четверть(9 сахьт)

Абатал хьалхара мур(5 сахьт)




1

Вайн школа. Школе воьдуш.Стоьмаш, хасстоьмаш.

1

05.09


2

Дешархочун г1ирс. Урамнекъ. Ц1ера дийнаташ , з1акардаьхни,

олхазарш.

1

12.09


3

Акхарой,сагалматаш. Дош.Дешдакъа.Аьзнаш

1

19.09


4

Аз [а], элпАа.

Мукъа аз [у] , элп У у

1

26.09


5

Мукъа аз [о], элп О о

Мукъа аз [и], элп И и

1

03.09



Абатанмур(24 сахьт)




6

Мукъаза зевне аз [л], элп Л л

Мукъаза зевне аз [м], элп М м

1

10.10


7

Мукъаза къора аз [с], элп С с

Мукъаза зевне аз[р], элп Р р

1

17.10


8

Мукъаза къора аз [х], элп Х х Мукъаза зевне аз [б], , элп Б б

1

24.10


9

Мукъаза аз [д], элп Д д

Мукъаэлп Ее, аьзнаш [йэ]

1

31.10



2 четверть(8 сахьт)




10

Мукъаза зевне аз [н], элп Н нМукъаза къора аз [т], элп Т т

1

14.11


11

Мукъазазевне аз [в], элпВв

Мукъаза зевне аз [з], элп З з

1

21.11


12

Мукъаза зевне аз [й], элп Й йМукъаза къора аз [к], элп К к

1

28.11


13

Мукъаза къора аз [п] ,элп П п

Мукъа аз [э] , элп Э э

1

05.12


14

Мукъаза къора аз [ш], элп Ш шМукъаза къора аз [ц] , элп Ц ц

1

12.12


15

Мукъаза зевне аз [І], элпII

Элп ь

1

19.12


16

Элп Ъ

1амийнарг т1еч1аг1дар

1

26.12.



3 четверть(9 сахьт)




17

Мукъаза къора аз,[хь]элпХьхь

Мукъаза къора аз [кх] элпКхкх

1

16.01


18

Мукъаза къора аз [къ]элпКъкъ

Мукъаза зевне аз [г], элп Г г

1

23.01


19

Мукъаза зевне аз [гІ] элп Г1 г1

Мукъа аз [аь] , элпАьаь

1

30.01


20

Мукъа аз [оь] ,элпОьоь

Мукъа аз [уь], элпУьуь

1

06.02


21

Мукъаза къора аз [ч], элп Ч ч

Мукъаза къора аз [чІ],элп Ч1 ч1

1

20.02


22

Мукъаза къора аз [тІ], элп Т1 т1

Мукъаза зевне аз [ж], элп Ж ж

1

27.02


23

Мукъаза къора аз [хІ], элп Х1 х1

Мукъаза къора аз [кІ], элп К1к1

1

05.03


24

Мукъа элп Юю, аьзнаш [й], [у]

Мукъа элп Юьюь, аьзнаш [йуь]

1

12.03


25

МукъаэлпЯя, аьзнаш [йа] Мукъа элп Яьяь, аьзнаш [йаь]

1

19.03



4 четверть(8 сахьт)




26

Мукъаза къора аз [цІ]элп Ц1ц1.1амийнарг тIечIагIдар

1

02.04


27

Мукъаза къора аз [пІ], элп П1 п1

Мукъаза къора аз [ф] , элп Ф ф

1

09.04


28

Мукъа аьзнаш [йо] , элп Ё ё

Мукъаза къора аз [щ] , элп Щ щ

1

16.04


29

Мукъа аз [ы], элп ы

Алфавит т1еч1аг1дар

1

23.04



Абатал т1аьхьара мур(4сахьт)




30

Вайн турпалхой.Вайн яздархой

Абузар Айдамиров.

1

30.04


31

Российн яздархоЛ.Н.Толстой

1

07.05


32

Дийцар «ВайнДаймохк»

Дей, буьйсий.Дайна де.

1

14.05


33

Жам1 дар.

1

21.05



























Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!