СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Рабочая программа и КТП по чеченскому языку для 1-4 классов. 2020-2021 учебный год.

Нажмите, чтобы узнать подробности

Сроки реализации программы 4 года

 

Юьханцарчу ишколан белхан программи тIехь Нохчийн мотт хьеха билгалдина 405 сахьт:

 1-чу классехь 99 сахьт, кIирнах 3 сахьт (33 белхан кIира)

2-чу классехь 102 сахьт, кIирнах 3 сахьт (34 белхан кIира)

3-чу классехь 102 сахьт, кIирнах 3 сахьт (34 белхан кIира) 

4-чу классехь 102 сахьт, кIирнах 3 сахьт (34 белхан кIира)

 

 

Просмотр содержимого документа
«Рабочая программа и КТП по чеченскому языку для 1-4 классов. 2020-2021 учебный год.»




РАБОЧАЯ ПРОГРАММА ПО КУРСУ «ЧЕЧЕНСКИЙ ЯЗЫК»


Класс: 1-4

УМК «Школа России»

Авторская программа: «Нохчийн мотт»


Авторы учебников

1 класс

Абат. Э.Х.Солтаханов,И.Э.Солтаханов,С.Э.Эдилов.

«Грозенский рабочий»2016 шо

2 класс

Нохчийн мотт. Э.Х.Солтаханов,И.Э.Солтаханов,С.Э.Эдилов.

«Грозенский рабочий»2016 шо

3 класс

Нохчийн мотт.Э.Х.Солтаханов,И.Э.Солтаханов,С.Э.Эдилов.

«Грозенский рабочий»2016 шо

4 класс

Нохчийн мотт.Э.Х.Солтаханов,И.Э.Солтаханов,С.Э.Эдилов.

«Грозенский рабочий»2017 шо































ДОВЗИЙТАРАН КЕХАТ

Дешаран предметан «Нохчийн мотт» 1-4-чу классашна лерина йолу белхан программа х1оттийна хIокху документин бух тIехь:

  • Юьхьанцара юкъарадешаран федеральни пачхьалкхан дешаран стандартан

  • Юкъара дешаран а, коьрта юкъара дешаран а пачхьалкхан программа

  • Э.Х.Эдиловн Нохчийн меттан юьхьанцарчу классашна лерина герггарчу хьесапехь йолу программа, Нохчийн Республикин дешаран а, 1илманан а министерствос магийна йолу.

  • Федеральный закон Российской Федерации от 29.12.2012 г. № 279-ФЗ «Об образовании в Российской Федерации»;

  • Федеральный государственный образовательный стандарт http://минобрнауки.рф/documents/336;

  • Приказ Минобрнауки РФ от 31.12.2015 г «О внесении изменений в федеральный государственный образовательный стандарт основного общего образования, утверждённый приказом Министерства образования и науки РФ от 17.12.2010 г № 1897» № 1577;

  • Примерная основная образовательная программа начального общего образования (одобрена решением федерального учебно-методического объединения по общему образованию (протокол от 8 апреля 2015 г. № 1/115);

  • Приказ Министерства образования и науки Российской Федерации от 31 марта 2014 г. № 253 «Об утверждении федерального перечня учебников, рекомендуемых к использованию при реализации имеющих государственную аккредитацию образовательных программ начального общего, основного общего, среднего общего образования»;

  • Учебный план образовательного учреждения на 2020/2021 учебный год.



ДЕШАРАН ПЛАНЕХЬ НОХЧИЙН МАТТО Д1АЛОЦУ МЕТТИГ:

Юьханцарчу ишколан белхан программи тIехь Нохчийн мотт хьеха билгалдина 405 сахьт:

1-чу классехь 99 сахьт, кIирнах 3 сахьт (33 белхан кIира)

2-чу классехь 102 сахьт, кIирнах 3 сахьт (34 белхан кIира)

3-чу классехь 102 сахьт, кIирнах 3 сахьт (34 белхан кIира)

4-чу классехь 102 сахьт, кIирнах 3 сахьт (34 белхан кIира)







Программа х1оттийна юьхьанцара юкъарадешаран федеральни пачхьалкхан дешаран стандартан буха т1ехь, нохчийн мотт хьехаран башхалла

билгалъяьккхина тематически планаш т1ехь:

Э.Х.Солтаханов,И.Э.Солтаханов,С.Э.Эдилов. язйинчу 1-чу классашна «Абат», 2-4 классашна «Нохчийн мотт» учебникашца нисъеш. Юьхьанцара юкъарадешаран школа - мехала, керла, жоьпаллин мур бу беран дахарехь: х1окху школехь д1адолало диллина долу дешар, кхузахь шорло цуьнан гонахарчу дахарца йолу юкъаметтигаш, хийцало юкъараллин дарж а, ша -шен вовзийта оьшуш хилар а совдолу. Т1аьхьа хиндолчу дерриге а дешаран бух кхуллу юьхьанцарчу школашкахь. Юьхьанцарчу школехь нохчийн матто, кхечу предметаша санна, меттан 1илманан декъехь шен маь1ница а йоккха меттиг д1алоцу. Цуьнан дешарца а, кхетамца кхиорехь а доккха маь1на ду. Маттах лаьцна хаарш, барта а, йозанан а къамелан хаамаш караберзорца дешархойн таро хуьлу кхийолу дешаран предметаш а кхиамца 1амо, цуьнца цхьаьна гонахарчу дахарх дозуш долу шайн хаарш шордан.

«Школана хьалха лаьтта декхарш кхочушдарехь 1аламат доккха маь1на ду ненан меттан, х1унда аьлча школо болх оцу маттахь д1аболорца караерзайо беро дахарехь гулйина, а ненан маттахь билгалйолуш йолу, а хьекъалан хазна. Оцу кийчачу буха т1ехь школо д1ах1оттабо ша кхид1а, а бен болу болх, аьлча а дуьненах лаьцна болу берийн кхетам алсам а боккху, уьш г1иллакх-оьздангалла йолуш кхиорехь а царна дешар 1аморехь а дерриге а декхарш кхочуш а до.

Вайн школашкара дешархой юкъараллин пайдечу къинхьегамна а, нохчийн къоман беркате т1аьхье хинйолчу кепара а кечбаран декхарца цхьаьна царна нохчийн меттан хаамаш балар доккха маь1на долуш ду. Юьхьанцарчу муьрехь ненан мотт хьехаран коьрта декхар ду къамелан г1уллакхан цхьадолу тайпанаш 1амор (кьамелеладог1аррий, цунах кхетаррий; вистхила 1аморрий; дешаррий, йозий).

Цуьнца цхьаьна кхийолчу дешаран предметийн санна, не­нан матто юьхьанцарчу муьрехь кхочушдан деза цхьадолу мехала юкъара г1уллакхаш а:

- дешархойн 1аламах а, юкъараллих а долу хааршший, 1илманан юьхьанцара кхетаммий кхиор;

  • логически а, васт х1отторан а ойла кхиор;

  • къинхьегаме а, цуьнца цхьаьна дешаре а болу лаам кхиор;

  • лакхарчу классашкахь кхиамца деша бераш кечдар;

-гонахарчу дахарца йолу юкъаметтиг, а, нахе йолу нийса дог-ойла а кхетош-кхиор.

Х1ора урокехь берийн дистхилар алссам хила деза: хаттарш деш, царна жоьпаш луш, шайх лаьцна дуьйцуш, вовшашца къамел деш, хьехархочуьнца юкъаметтиг лелош, ешначун чулацам юхасхьабуьйцуш. Дешан маь1ни т1ехь а, аларна, нийсаяздарна а т1ехь бен болх биллина беш хилар мехала ду. Билгалйинчу темина, суьртах, бинчу тидамех, кинох лаьцна шайна еллачу кепаца а, шаьш а дийцаран, хаттаран, айдаран, т1едожоран предложенеш, тексташ, диалогаш х1итто 1амо деза бераш.


ЮЬХЬАНЦАРЧУ ШКОЛЕХЬ НОХЧИЙН МОТТ 1АМОРАН 1АЛАШОНАШ:

  • т1екаре хила дезаран, йоза-дешар кхид1а а 1амо дезаран 1алашонца нохчийн мотт караберзор;

  • къамелдаран хьуьнарш кхиор, нохчийн маттахь вовшашца т1екаре лело хаар;

  • нохчийн меттан лексикех, фонетикех, грамматикех болу т1еххулара хаамаш караберзор;

- ладог1а, вистхила, шен маттахь еша, яздан хаар карадерзор;

- Нохчийн Республикин пачхьалкхан нохчийн матте шовкъ кхоллар, шен къоман культурин дакъа иза хиларе терра.


ДЕШАРАН ПРЕДМЕТ 1АМОРАН ЖАМ1АШ

Юьхьанцара школа чекхъяьккхинчу дешархочуьнгахь нохчийн меттан программа караерзоран декъехь хила деза хаарш:

-нохчийн мотт пачхьалкхан мотт а, иза уьйран а, гонахара дахар довзаран а г1ирс хиларх кхеташ хилар;

-школан а, юкъараллин а дахарехь нохчийн меттан хаарех пайда эца хьуьнар хилар;

- нохчийн мотт къоман культурин а, синъоьздангаллин а мехаллийн цхьа т1ег1а лара дезарх кхеташ хилар;

-тайп-тайпанчу хьелашкахь шен нийсархошца а, баккхийчаьрца а юкъаметтигаш лело хаар карадерзор, мехалчу х1умнашка а, синъоьздангаллин мехаллашка а экаме хила везарх кхеташ хилар.


ЮЬХЬАНЦАРЧУ ШКОЛЕХЬ НОХЧИЙН МОТТ 1АМОРАН ПРЕДМЕТНИ ЖАМ1АШ:

-ладог1а хууш хилар: дуьйцучун чулацамах а кхеташ, къамел хазаран хьесапехь т1елацар;

- нохчийн меттан фонетически система евзаш хила езар: мукъа а, мукъаза а элпаш а, аьзнаш а къасто, дешнаш дакъошка декъа а, аьзнаш ала а хууш хилар;

-шен меттан доцу (т1еэцначу дешнашкахь бен ца лела) аьзнаш а, аьзнийн цхьаьнакхетарш а довза а, нийса схьаала а хууш хилар;

- дешнаш, церан грамматически форманаш а евзаш, уьш муха кхоллаелла а, царах предложенеш вовшахтаса а, къамелехь пайда эца а хууш хилар;

-нийсаяздаран бакъонаш евзаш хилар: доккха элп, дешдакъошца дош сехьадаккхар, сацаран хьаьркаш;

-карадирзинчу хаарех дешаран а, вовшашца йолчу юкъаметтигашкахь а пайда эца хууш хила везар: диалог д1аяхьа, хаттаршна жоьпаш дала, евзаш йолчу лексикин бараме хьаьжжина, шегара хаттарш х1итто, текст юхасхьайийца, суьрташка хьовсуш предложенеш, тайп-тайпанчу теманашна билгалйинчу тематически кепашца йоцца монологически тексташ х1итто хууш хилар (чолхе доцу суртх1оттор, дийцар, ойлаяр);

-хезаш а, шен дагахь а, къастош а еша къаьстина предложенеш а, тексташ а цхьаьна, хууш хилар;

-текст дакъошка екъа а, царна ц1ерш тахка а, план х1отто а, т1едахкарш т1едуза а, т1еяздан а, х1уманийн, суьртан куц-кеп довзийта а хууш хилар;

-мотт къоман культурин цхьа дакъа а, уьйран г1ирс а, пачхьалкхан мотт а хиларх кхеташ хилар.


ЮКЪАРАДЕШАРАН ЮЬХЬАНЦАРЧУ ДЕШАРАН НОХЧИЙН МЕТТАН ПРЕДМЕТАН ЧУЛАЦАМ

Программехь «Нохчийн мотт» предметан чулацам билгалбина дешаран декъан т1ег1анашка хьаьжжина. 2-4 -чуй классашкахь цхьаьнадог1уш (комплексно) къамел кхиор, грамматикин а, орфографин а пропедевтически курс.


































Нохчийн меттан тематически планировани 1 классехь

2020-2021 дешаран шеран.



№ п/п

Меттан декъехула йолу теманаш

Сахьт

1

Абатал хьалхара мур

7

2

Абатан мур (йоза 1амор)

76

3

Абатал т1аьхьара мур

16



99











































Нохчийн меттан тематически планировани 2 классехь


Название раздела

Количество часов

1

1амийнарг карладаккхар

4

2

Къамел

5

3

Аьзнаш а, элпаш а

7

4

ЭЛПАШ Э,Е,Я,ЯЬ,Ю,ЮЬ юкъадог1у дешнаш

8

5

Мукъа аьзнаш а,уьш элпашца билгалдар а

3

6

Мукъаза аз а, элп а Й

3

7

Нохчийн абат

3

8

Дош а, дешдакъа а.Дешнаш сехьадахар

11

9

Предложени а, текст а

9

10

Шалха элпашца билгалдеш долу мукъа аьзнаш а,

уьш йозанехь билгалдахар а

5

11

Шалха элпашца билгалдеш долу мукъаза аьзнаш а,

уьш йозанехь билгалдахар а

10

12

Дехий, доций мукъа аьзнаш а, уьш йозанехь билгалдахар а

4

13

ЕВ, ОВ, АЬВ, юкъадог1у дешнаш нийсаяздар

1

14

Зевне а, къора а мукъаза аьзнаш а, уьш йозанехь билгалдахар а

3

15

Элпаш Ь,Ё,Ф, Щ юкъадог1у дешнаш

2

16

Мукъаза аз а, элп а Ъ

4

17

Дош а, предложении а

2

18

Х1уманаш билгалъен дешнаш

5

19

Доккха элп

4

20

Дешт1аьхьенаш

2

21

Х1уманийн дар билгалден дешнаш

4

22

Х1уманийн билгало гойту дешнаш

6

23

Гергара дешнаш

5

24

Предложени

2

25

1амийнарг карладаккхар

2

Итого

102











Нохчийн меттан тематически планировани 3 классехь


Название раздела

Количество часов

1

1амийнарг карладаккхар

8

2

Аьзнаш а, элпаш а

12

3

Дош.Дешдакъа.Дош сехьадахар

14

4

Предложени

11

5

Текст

8

6

Дешан х1оттам

16

7

Къамелан дакъош

22

8

1амийнарг карладаккхар

11

Итого

102






























Нохчийн меттан тематически планировани 4 классехь


Название раздела

Количество часов

1

1амийнарг карладаккхар

8

2

Аьзнаш а, элпаш а.Дешдакъа

5

3

Дешан х1оттам

5

4

Дешхьалхенийн нийсаязъяр

6

5

Къасторан хьаьркаш

2

6

Къамелан дакъош

7

7

Предложенин цхьанатайпанара меженаш

5

8

Текст

5

9

Ц1ердош

7

10

Карладаккхар

8

11

Билгалдош

9

12

Терахьдош

6

13

Ц1ерметдош

6

14

Хандош

10

15

Чолхе предложенеш

4

16

Т1едерзар

2

17

1амийнарг карладаккхар

7

Итого

102




















Нохчийн меттан йозанан календарно- тематически планаш 1-чу классан

2020-2021 д. ш


п/п

Тема урока

Кол-во

часов

Дата проведения

план

факт

1

Хьалхара сентябрь –Хаарийн Де

1



2

Мог1анаш, мог1анийнн яккъаш.

1



3

Дехий, доций нийса сизаш

1



4

Дехий, доций лахахь маь1иг йолу сизаш.

1



5

Дехий, доций лакхахь маь1иг йолу сизаш.

1



6

Лакхахь хьаьвзина сизаш.

1



7

Лахахь хьаьвзина сизаш

1



8

Жима а, доккха а элпаш а, А яздар.

1



9

Жима а, доккха а элпаш у, У яздар.

1



10

Жима а, доккха а элпаш у, У яздар.

1



11

Жима а, доккха а элпаш о, О яздар.

1



12

Жима а, доккха а элп и, И яздар.

1



13

Жима а, доккха а элп л, Л яздар

1



14

Жима а, доккха а элп м, М яздар.

1



15

Жима а, доккха а элпаш с, С яздар.

1



16

Жима а, доккха а элпаш р, Р яздар.

1



17

Жима а, доккха а элпаш х, Х яздар.

1



18

Жима а, доккха а элпаш б, Б яздар.

1



19

Жима а, доккха а элпаш б, Б яздар.

1



20

Жима а, доккха а элпаш д, Д яздар.

1



21

1амийнарг т1еч1аг1дар.

1



22

Жима а, доккха а элпаш е, Е яздар..

1



23

Жима а, доккха а элпаш н, Н яздар

1



24

Жима а, доккха а элпаш н, Н яздар

1



25

Жима а, доккха а элпаш т, Т яздар.

1



26

Жима а, доккха а элпаш в, В яздар.

1



27

Жима а, доккха а элпаш з, З яздар.

1



28

Жима а, доккха а элпаш з, З яздар.

1



29

Жима а, доккха а элпаш й, Й яздар.

1



30

Жима а, доккха а элпаш к, К яздар.

1



31

Жима а, доккха а элпаш к, К яздар.

1



32

Жима а, доккха а элпаш п, П яздар.

1



33

Жима а, доккха а элпаш э, Э яздар

1



34

Жима а, доккха а элпаш ш, Ш яздар

1



35

Жима а, доккха а элпаш ц, Ц яздар

1



36

Жима а, доккха а элпаш I, I яздар.

1



37

Элп ь яздар

1



38

Элп ъ яздар

1



39

1амийнарг т1еч1аг1дар

1



40

Жима а, доккха а элпаш хь, Хь.

1



41

Жима а, доккха а элпаш хь, Хь.

1



42

Жима а, доккха а элпаш кх, Кх.

1



43

Жима а, доккха а элпаш кх, Кх.

1



44

Жима а, доккха а элпаш къ, Къ

1



45

Жима а, доккха а элпаш къ, Къ

1



46

Жима а, доккха а элпаш г, Г яздар.

1



47

Жима а, доккха а элпаш г, Г1 яздар.

1



48

Жима а, доккха а элпаш г, Г1 яздар.

1



49

Жима а, доккха а элпаш аь, Аь яздар.

1



50

Жима а, доккха а элпаш аь, Аь яздар.

1



51

Жима а, доккха а элпаш оь, Оь яздар

1



52

Жима а, доккха а элпаш оь, Оь яздар

1



53

Жима а, доккха а элпаш уь, Уь яздар.

1



54

Жима а, доккха а элпаш уь, Уь яздар.

1



55

Жима а, доккха а элпаш ч, Ч яздар

1



56

Жима а, доккха а элпаш ч1, Ч1 яздар.

1



57

Жима а, доккха а элпаш ч1, Ч1 яздар.

1



58

Жима а, доккха а элпаш т1, Т1 яздар.

1



59

Жима а, доккха а элпаш т1, Т1 яздар.

1



60

Жима а, доккха а элпаш ж, Ж яздар..

1



61

Жима а, доккха а элпаш ж, Ж яздар..

1



62

Жима а, доккха а элпаш х1, Х1 яздар

1



63

Жима а, доккха а элпаш х1, Х1 яздар

1



64

Жима а, доккха а элпаш к1, К1 яздар.

1



65

Жима а, доккха а элпаш к1, К1 яздар.

1



66

Жима а, доккха а элпаш ю, Ю яздар.

1



67

Жима а, доккха а элпаш юь, Юь яздар

1



68

Жима а, доккха а элпаш юь, Юь яздар

1



69

Жима, доккха а элпаш я, Я яздар.

1



70

Жима, доккха а элпаш яь, Яь яздар.

1



71

Жима, доккха а элпаш яь, Яь яздар.

1



72

Жима а, доккха а элпаш ц1, Ц1 яздар.

1



73

Жима а, доккха а элпаш ц1, Ц1 яздар.

1



74

Жима а, доккха а элпаш п1, П1 яздар.

1



75

Жима а, доккха а элпаш п1, П1 яздар

1



76

Жима а, доккха а элпаш ф, Ф яздар.

1



77

Жима а, доккха а элпаш ф, Ф яздар.

1



78

Жима а, доккха а элпаш ё, Ё яздар.

1



79

Жима а, доккха а элпаш ё, Ё яздар.

1



80

Жима а, доккха а элпаш щ, Щ яздар.

1



81

Жима а, доккха а элпаш щ, Щ яздар.

1



82

Йозанан элп ы яздар.

1



83

Алфавит.

1



84

Дешнийн диктант

1



85

1амийнарг т1еч1аг1дар.

1



86

Т1ера схьаязъяр «Лом»

1



87

ГІалаташ тІехь болх бар. Шала элпаш.

1



88

Мукъа элпаш а, аьзнаш а

1



89

Мукъаза элпаш а, аьзнаш а

1



90

Дош.

1



91

Дешдакъа.

1



92

Дешнаш дешдакъошна декъар

1



93

Талламан диктант «Дешархо»

1



94

Г1алаташ т1ехь болх бар. Предложени.

1



95

Предложени доккхачу элпаца йолор.

1



96

Доккхачу элпаца язден дешнаш.

1



97

Доккхачу элпаца язден дешнаш.

1



98

Контрольни схьаяздар

1



99

Жам1 даран урок

1






















Нохчийн меттан йозанан календарно- тематически планаш 2-чу классан

2020-2021 д. ш


п/п

Тема урока

Кол-во

часов

Дата

Проведения

план

факт

1

Предложени бохург х1ун ду?

1



2

Дош бохург х1ун ду?

1



3

Доларчу ц1ерашкахь доккха элп яздар

1



4

Доларчу ц1ерашкахь доккха элп яздар

1



5

Стенна оьшу къамел?

1



6

Барта а,йозанан а къамел

1



7

Къамел стенах лаьтта? Предложени

1



8

Предложенин чакхенгахь хьаьркаш

1



9

Входной талламан диктант № 1 «

Машар»

1



10

Г1алаташ т1ехь болх

1



11

Аьзнаш а, элпаш а.Йозанехь уьш билгалдахар

1



12

Аьзнаш а, элпаш а.Йозанехь уьш билгалдахар

1



13

Муха къасто тарло мукъа аз мукъазчух?

1



14-15

Мукъа аьзнаш.

2



16

Талламан диктант № 2 «Дешархо»

1



17

Г1алаташ т1ехь болх

1



18

Элпаш Э, Е юкъадог1у дешнаш

1



19-20

Элпаш Я, ЯЬ, Ю, ЮЬ юкъадог1у дешнаш

2



21-22

Элпаш Я, ЯЬ, Ю, ЮЬ юкъадог1у дешнаш

2



23

Сочинени № 1 «Гуьйре»дешнаш

1



24

Г1алаташ т1ехь болх

1



25

Муха олу мукъаза аьзнаш?

1



26

Муха олу мукъаза аьзнаш?

1



27

Муха олу мукъаза аьзнаш?

1



28

Мукъаза аз а, элп а Й

1



29-30

Мукъаза алп Й нийсаяздар

2



31

Абат бохург х1ун ду?

1



30-33

Алфавит бохург х1ун ду?

2



34

Дешдакъа бохург х1ун ду?

1



35

Муха хаа тарло дашехь маса дешдакъа ду?

1



36

Талламан диктант № 3 «Дог1а»

1



37

Г1алаташ т1ехь болх

1



38

Муха кхоллало дешдакъа?

1



39

Сочинени № 2 «Совг1ат»

1



40

Г1алаташ т1ехь болх

1



41-42

Муха сехьадаха деза дешнаш?

2



43-44

Предложени бохург х1ун ду?

2



45-46

Предоженин чаккхенгахь йуьллу хьаркаш

2



47

Текст бохург х1ун ду?

1



48-49

Текстан тайпанаш

2



50-51

Элпаш «АЬ», «ОЬ», «УЬ» юкъадог1у дешнаш

2



52-53

Элпаш «АЬ», «ОЬ», «УЬ» юкъадог1у дешнаш

2



54

Мукъаза аьзнаш «Г1, кх, къ, к1, п1, т1, хь, х1, ц1, ч1» юкъадог1у дешнаш

1



55

Мукъаза аьзнаш «Г1, кх, къ, к1, п1, т1, хь, х1, ц1, ч1» юкъадог1у дешнаш нийсаяздар

1



56

Мукъаза аьзнаш «Г1, кх, къ, к1, п1, т1, хь, х1, ц1, ч1» юкъадог1у дешнаш нийсаяздар

1



57-58

Дехий, доций мукъа аьзнаш

2



59-60

Дехий, доций мукъа аьзнаш, церан нийсаяздар

2



61

ЕВ, ОВ, АЬВ, юкъадог1у дешнаш нийсаяздар

1



62-63

Зевне а, къора а мукъаза аьзнаш

2



64-65

Зевне а, къора а мукъаза аьзнаш

2



66-67

Элпаш Ь,Ё,Ф, Щ юкъадог1у дешнаш

2



68-69

Маца дуьллу дашехь Ъ?

2



70-71

Ъ хьаьрк юкъадог1у дешнаш нийсаяздар

2



72

Талламан диктант № 4 «Пису»

1



73

Г1алаташ т1ехь болх

1



74

Дош а, предложении а вовшех муха къаьста?

1



75-76

Х1уманаш билгалъен дешнаш

2



77

Мила? Муьлш? Х1ун? хаттаршна жоьпаш ло дешнаш

1



78

Мила? Муьлш? Х1ун? хаттаршна жоьпаш ло дешнаш

1



79-80

Адамийн ц1ерашкахь, фамилешкахь а доккха элп

2



81-82

Дийнаташна техкийначу ц1ерашкахь доккха элп

2



83-84

Дешт1аьхьенаш

2



85-86

Дешт1аьхьенаш нийсаяздар

2



87

Х1уманийн дар билгалден дешнаш

1



88-89

Х1уманийн дар билгалден дешнаш

2



90-91

Х1уманийн билгало гойту дешнаш

2



92

Х1уманийн билгало гойту дешнаш

1



93

Талламан диктант № 5 «Хьоза»

1



94

Г1алаташ т1ехь болх

1



95-

96

Муьлха дешнаш ду гергара?

2



97-

98

Гергара дешнаш

2



99

Предложени

1



100

Предложени

1



101

1амийнарг карладаккхар

1



102

1амийнарг карладаккхар

1















Нохчийн меттан йозанан календарно- тематически планаш 3-чу классан

п/п

Тема урока

Кол-во

часов

Дата

проведения

план

факт

1

Къамел. Предложени. Дош.

1



2

Предложенех долу хаарийн жам1дар

1



3

Текст-меттан а, къамелан а дакъа

1



4

Х1уманаш билгалъен,х1уманийн билгало гойту, х1уманийн дар гойту дешнаш

1



5

Хаттаршца дешнаш довзар, предложенехь царех пайда эцар.

1



6

Доларчу ц1ерашкахь доккха элп

1



7

Талламан болх "1уьйре"

1



8

Г1алаташ т1ехь болх бар. Цхьанаораман дешнаш

1



9

Аьзнаш а, элпаш а

1



10

Нохчийн алфавит.

1



11

Дош а , дешдакъа а. Дош сехьадаккхар

1



12

Деха а, доца а мукъа аьзнаш

1



13

Шалхачу элпашца билгал деш долу аьзнаш.

1



14

Шалха элпаш

1



15

Къасторан хьаьркаш

1



16

Изложени «Бух1анан к1орни»

1



17

Доца шеконан мукъа аьзнаш.

1



18

Дешан чаккхенгахь –Н яздар

1



19

Талламан болх "Синтарш"

1



20

Г1алаташ т1ехь болх

1



21

Предложени. Дийцаран, хаттаран предложенеш.

1



22

Айдаран предложенеш.

1



23

Предложенеш а,сацаран хьаьркаш а х1итто хаар шардар.

1



24

Предложенин коьрта а, коьртаза а меженаш

1



25

Подлежащи а, сказуеми а.

1



26

Сочинени язъян кечам бар

1



27

Сочинени "Парке гуьйре еана"

1



28

Предложенин коьрта а, коьртаза а меженаш

1



29

Предложенехь дешнийн уьйр

1



30

Предложени а, дешнийн цхьаьнакхетар а

1



31

Сочинени язъян кечам бар

1



32

Сочинени "Школа"

1



33

Текст.Текстан тема

1



34

Текстан коьрта ойла а, ц1е а.

1



35

Орам

1



36

Цхьа орам болу дешнаш.

1



37

Талламан болх «Салазаш хехкар»

1



38

Орамехь шала мукъазнаш яздар

1



39

Чаккхе

1



40

Чаккхе

1



41

Дешан чаккхенгахь шала мукъаза элпаш яздар

1



42

Дешан чаккхенгахь шала мукъаза элпаш яздар

1



43

Дешхьалхе.

1



44

Талламан болх "1а долар"

1



45

Г1алаташ т1ехь болх бар

1



46

Дешхьалхе.

1



47

Дешхьалхе, дешт1аьхье.

1



48

Дешхьалхе орамца цхьаьна а, къаьстина а язъяр

1



49

Изложени «Ши газа»

1



50

Суффикс

1



51

Суффикс

1



52

Суффикс

1



53

Текст - дийцар (юкъара кхетам)

1



54

Къамелан дакъош

1



55

Къамелан дакъош

1



56

Къамелан дакъойх болу хаамаш т1еч1аг1бар.

1



57

Суьрте а хьожуш текст х1оттор

1



58

Ц1ердош

1



59

Ц1ердош

1



60

Доларчу ц1ерашкахь доккха элп

1



61

Ц1ердешан цхьаллин а, дукхаллин а терахь

1



62

Ц1ердешан цхьаллин а, дукхаллин а терахь

1



63

Ц1ердешнийн классаш.

1



64

Ц1ердешнийн дожаршца хийцадалар.

1



65

Ц1ердешнийн дожаршца хийцадалар.

1



66

Талламан болх "Хаза книжка"

1



67

Г1алаташ т1ехь болх бар

1



68

Ц1ердешнийн дожаршца хийцадалар.

1



69

Билгалдош.

1



70

Билгалдешнийн ц1ердешнийн йолу уьйр

1



71

Дуьхьал маь1на долу билгалдешнаш

1



72

Текст - суртх1оттор

1



73

Лааме а, лаамаза а билгалдешнаш.

1



74

Лааме а, лаамаза а билгалдешнаш.

1



75

Талламан болх «Дог1а дале хьалха»

1



76

Г1алаташ т1ехь болх бар

1



77

Хандош.

1



78

Хандашах болу кхетам т1еч1аг1бар

1



79

Талламан болх "Хасбешахь"

1



80

Г1алаташ т1ехь болх бар.Предложенехь хандашо кхочушден г1уллакх.

1



81

Текст - ойлаяр

1



82

Хандешнийн хенашца хийца далар.

1



83

Хандешнийн хенаш йовзар

1



84

Хандешан карара хан

1



85

Хандешнийн яхана хан.

1



86

Хандешнийн яхана хан.

1



87

Хандешан йог1у хан

1



88

Хьалха 1амийнарг т1еч1аг1дар

1



89

Хандешан билгалаза кеп.

1



90

Хандешан билгалаза кеп.

1



91

Хандешнашца ЦА, МА нийсаяздар

1



92

Хандешнашца ЦА, МА нийсаяздар

1



93

Хандешнех долу хаарш т1еч1аг1дар

1



94

Талламан болх "Олхазаршна баннаш"

1



95

Г1алаташ т1ехь болх бар

1



96

Дош бохург х1ун ду?

1



97

Предложени. Дош.

1



98

Изложени «Цициган к1орни».

1



99

Аьзнаш, элпаш.

1



100

Талламан болх «Можа хьоза»

1



101

Сочинени «Аьхке» (Аг1о 178, ш. №392).

1



102

Жам1 даран урок

1

















Нохчийн меттан йозанан календарно- тематически планаш 4-чу классан

арахь 102сахьт

п/п

Тема урока

Кол-во

часов

Дата

проведения

план

факт

1

1амийнарг карладаккхар

Дош. Предложени. Текст.

1



2

Аьзнаш а, элпаш а.

1



3

Дешдакъа

1



4

Талламан диктант «Тхан школа»

1



5

Г1алаташна т1ехь болх бар.Дешан х1оттам

1



6

Дешан х1оттам

1



7

Чолхе дешнаш

1



8

Чолхе дешнаш

1



9

Дешхьалхенийн нийсаязъяр.

1



10

Талламан тIера схьаяздар.

1



11

Къасторан Ь, Ъ хьаьркаш.

1



12

Къамелан дакъош

1



13

Къамелан дакъош

1



14

«Хи т1ехь» изложении язъяр. (Уч. аг1о 30)

1



15

Предложенин цхьанатайпанара меженаш

1



16

Предложенин цхьанатайпанара меженаш

1



17

1амийнарг т1еч1аг1дар.

1



18

Текст

1



19

Текст. Тестан тема а.

1



20

Талламан диктант «Дог1а дар» (1 чийрик)

1



21

Г1алаташ т1ехь болх бар. Текстан коьрта ойла.

1



22

Текстан ц1е тиллар. Текстан план х1оттор.

1



23

«Шеран заманаш» изложении язъяр. ( уч. аг1о 43)

1



24

Г1алаташ т1ехь болх бар.Т1еч1аг1дар.

1



25

Ц1ердош.

1



26

Ц1ерниг дожар.

1



27

Доланиг дожар.

1



28

Лург дожар.

1



29

Дийриг дожар.

1



30

Дийриг дожар.

1



31

Коьчалниг дожар.

1



32

Хотталург а, меттигниг а дожарш.

1



33

Дустург а дожар.

1



34

Карладаккхар.Ц1ердешнийн дожарш.

1



35

Ц1ердешнийн легарш.

1



36

Ц1ердешнийн легарш.

1



37

Т1ера схьаязъяр «Ши пхид» (учебн.аг1о 65).

1



38

Ц1ердешнийн дукхаллин терахь.

1



39

Ц1ердешнийн дукхаллин терахь.

1



40

Талламан диктант «Ши доттаг1» (2 чийрик)

1



41

Галаташ т1ехь болх бар.Дукхаллин терахьера ц1ердешнийн чаккхенаш.

1



42

Дукхаллин терахьера ц1ердешнийн чаккхенаш.

1



43

Суьрта т1ехь дийцар х1оттор. (Уч. аг1о 73)

1



44

Галаташ т1ехь болх бар.Ц1ердешан классаш.

1



45

Билгалдош

1



46

Сочинени «1а» аг1о73

1



47

Г1алаташна т1ехь болх бар. Лааме, лаамаза а билгалдешнаш

1



48

Лааме а, лаамаза а билгалдешнаш.

1



49

Талламан диктант «Дика доттаг1ий»

1



50

Г1алаташна т1ехь болх бар.

1



51

Билгалдешнийн дожаршца хийцадалар (легар)

1



52

Билгалдешнийн хьалхара легар.

1



53

Билгалдешнийн хьалхара легар.

1



54

Билгалдешнийн шолг1а легар.

1



55

Билгалдешнийн шолг1а легар.

1



56

Карладаккхар.Ц1ердош а, билгалдош а.

1



57

Терахьдош

1



58

Масаллин а, рог1аллин а терахьдешнаш.

1



59

Ц1ерметдош. Юкъаракхетам

1



60

Яххьийн ц1ерметдешнаш

1



61

Изложени «Ши накъост»

1



62

Г1алаташна т1ехь болх бар

1



63

Ц1ерметдош. Юкъара кхетам.

1



64

Хандош. Юкъаракхетам.

1



65

Хандешнийн хенашца хийцадалар.

1



66

Сочинени «Дог1анах дойдда дог1у бераш». Суьрта т1ехь текст язъяр.

1



67

Г1алаташ т1ехь болх бар. Хандош.

Хандешан билгалза кеп.

1



68

Хандешан чаккхенга Н яздар.

1



69

Хандешан чаккхенга Н яздар.

1



70

Хандешан яхана хан.

1



71

Хандешан карара хан.

1



72

Хандешан йог1у хан.

1



73

Хандешнийн хенаш карлаяхар

1



74

Талламан диктант «Школан кертахь»

(3 чийрик)

1



75

Г1алаташна т1ехь болх бар.

Хандешнашца ца, ма нийсаяздар

1



76

Чолхе предложени

1



77

Т1едерзар

1



78

1амийнарг карладаккхар.Предложени.

1



79

Изложени «Синтар»

1



80

Г1алаташ т1ехь болх бар. Дешан х1оттам.

1



81

Дешан х1оттам.

1



82

Къамелан дакъош.

1



83

Къамелан дакъош

1



84

Ц1ердош.

1



85

Ц1ердош.

1



86

Билгалдош.

1



87

Билгалдош.

1



88

Талламан диктант «Г1оьнча»

1



89

Г1алаташна т1ехь болх бар. Терахьдош

1



90

Терахьдош.

1



91

Терахьдош.

1



92

Ц1ерметдош.

1



93

Ц1ерметдош

1



94

Хандош.

1



95

Талламан диктант «Ч1ерий дохуш» (4 чийрик)

1



96

Г1алаташ т1ехь болх бар. Хандош

1



97

Хандош

1



98

Хандешан карарчу хенан чаккхенаш.

1



99

Изложени язъяр. (уч. аг1о 161)

1



100

Г1алаташ т1ехь болх бар.

Хандешан карарчу хенан чаккхенаш.

1



101

Т1еч1агдар.

1



102

«Суна девза нохчийн метан къамелан дакъош». Проект.

1











Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!