1-ра кехат
Ялх де дара Зойрбекан дин ломан йистаца 1охкучу лаьттан майданийн коьртехь лаьттачу попа к1елахь лаьтташ нахана го. Иза х1унда лаьтта а, Зойрбек цигахь х1ун деш ву а хиънера дукхахболчарна. Юьртахь хоттура цуьнга: «Шовда гучудаьккхина ца ваьлла хьо?» - олий.
Ворх1алг1ачу дийнахь делкъал т1аьхьа гучуделира шовда. Хи хьаа а хьаийтина, канаш юьззина схьа а эцна, даккхий къурдаш деш д1амелира Зойрбека шийла шовда.
Х1инца го нисбеш болх бан безаш вара Зойрбек. Цуьнан ойла еш сецира иза.
(/. Дадашев)
Ши дош вовшахкхетарца кхолладелла хандешнашна дешах1оттаман къастам бе.
Хандешнийн хенаш а, саттам а билгалбаккха.
Т1аьххьарчу предложенина синтаксически къастам бе.
2-г1а кехат
Т1адамийн метта элпаш х1иттаде, къовларш схьаелла:
Хь...га хь...жуш, лекха лам,
Дагна х...лу бок...а там,
(Охьа) хьаьдда дог1у хиш
Даим лоькхуш мерза йиш. (/. Демин)
Билгалбаккха хандешнийн саттам.
Билгалдаьхначу дешнашна ялае антонимаш.
_____________________________________________________________________
3-г1а кехат
Т1адамийн метта элпаш х1иттаде, къовларш схьаелла:
Кх...л...на хьо исб...хьа,
Хьоме хета т1аьхь-т1аьхьа,
К1ай влакх ахь тил...ина
Са... дог ахь (д1а) дил...ина. (I. Демин)
Хандешнийн саттам билгалбаккха. Уьш дацаран, ч1аг1даран, хаттаран кепашка х1иттаде.
4-г1а кехат
Легаде йоккха керт, яккхий керташ боху дешнаш. Чаккхенаш билгалъяха.
Олу дош, дош олу — дешнийн цхьаьнакхетаршца предложенеш х1иттае. Дийца, муьлха къемелан дакъа я хандешан форма ю уьш?
____________________________________________________________________________
5-г1а кехат
Т1адамийн метта элпаш дахка, къовларш схьаелла:
Мацал.. .а лайначо рицк...на... хама (бийр) бу. Цамгар лайначо могашал... хама (бийр) бу.
6-г1а кехат
Т1адамийн метта элпаш дахка.
К...онал...а ирсе ю,
К...енал...а - сийлахь,
Сирла... кханенга
Да...ийдеш хь...йсу. (А. Айдамиров)
7-г1а кехат
Схьаязде хьалхарчу спряжени чудог1у хандешнаш:
Хьажа, къага, ела, ловза, ала, хаа, тийса, кхача, далийта, лакха, лалла, хийца, лаца, лаха, хьада, даа, баха, къаста, хаза, галъяьлла, ахьа, вита, 1аржъелла, г1атта, хатта, даха, аха, дара, туса, тега, хаба, оза.
Яздина хандешнаш карарчу хене х1иттадай, д1аязде.
8-г1а кехат
Легаде : йоккха чоь, юткъа шаршу.
Х1окху дешнашна ялае синонимаш: говр, шовда, доттаг1, к1оршаме, хабар, сихха.
9-г1а кехат
Легаде: берийн бераш, самукъане хабар, ц1ен къолам.
Х1окху дешнашна ялае антонимаш: барт, тешнабехк, мостаг1, тахана.
10-г1а кехат
Къовларш схьаелла, т1адамийн меттана элпаш язде, оьшучохь запятойш х1иттае:
Наб (ца) кхеташ вехха 1иллира Хьусайн цу буса. Алаза а (ца) ваьлла ша, (ца) лууш шаьш ши(н,нн)а... хи(л, лл)ачу къовсамах лаьцна дуьйцуш, ше... хьомсарчу доттаг1чух лаьцна дийца дезнарг (ца) дезара Хьусайн, нн) а.
11- г1а кехат
Оьшучохь запятойш х1иттае, предложенина синтаксически къастам бе.
Даьржинчу баьццарчу хи т1е а х1оьттина лерина м1еран асанна т1е тесначу ахкарге а хьоьжуш лаьттара Апти.
12-г1а кехат
Д1аязде дешнаш, къамелан дакъошка а доькъуш.
К1ант, сирланиг, иза, дуьра, пхьагал, пондар, лекханиг, хорсам, шуьйтталг1аниг, дика, кхоъ, ойла, уьш, оццул, талла, стигал, ворх1алг1аниг, хехо, элира, кхоьлина, синтар, серладолу, лоьху, дийцархо, хьех, мерза, вита, уьссалг1а, атаг1хо.
13-г1а кехат
XIapa хандешнаш билгалзачу кепе х1иттаде.
Юьйхина, вовшахтуьйхира, 1амийна, х1иттийнера,дитира, яздора, саттийна, лиъна, ваханера, гора, яйина, вог1ура, зоьра, дотту, кхосса, доьхура, т1елеци.
Яйина бохучу дашна бе фонетически къастам.
14-г1а кехат
Диалогехь, оьшучохь, сацаран хьаьркаш х1иттаде, элпаш а язде.
Х1ун ди...р ду ас Х1у... ду са... да... а(ца) да... а йоьлхура Мелимат.
Айхьа лелочу... ойла я... еза ахь - ле... велира ше.... нене 1аба.
Х1у... ди...р ду ас Г1аддайна-кх са... Са... елхар а, ел ар а елхар ду шуна. (Ш. Окуев)
15-г1а кехат
Схьаелла къовларш. Масдарш юкъа а далош, ши предложени х1оттае, д1аязъе уьш. Цхьанна бе синтаксически къастам.
(Ца) вашар, т1ех(ца) дийцар, схьа (ца) ваийтар, юха (ца) далар, д1а (ца) эцар, (ца) дар.
16-г1а кехат
Оьшучохь элпаш а, запятойш а х1иттае, къовларш схьаелла:
Хаьий хьуна доттаг1 вона... хьалхарчу буь...санехь мел боккха ницкъ бу? Оцу цхьана буьйсанна дахчадо (т1е) деанчу во... ла... ницкъ болчий... дегнаш. (Ш. Окуев)
Билгалдаьккхинчу дашна бе морфологически къастам.
17-г1а кехат
Т1адамийн метта элпаш х1иттаде, къовларш схьаелла, оыпучохь запятойш яхка:
Кавказа... дукхах долу къаьмнаш шай... ма(т, тт) аца а, г1и(л, лл)акхца а, культураца а вовший... гергара ду. (К. Чокаев)
Мотт бохучу дашна ялае омонимаш.
Шайн бохучу дашна бе морфологически къастам.
18-г1а кехат
1.XIapa хуттургаш юкъахь а йолуш, х1иттае предложенеш:
амма, бакъду, х1унда аьлча.
2.Легаде дешнаш: стаг, нах, гали.
19-г1а кехат
1.Схьаелла къовларш:
ца(эшар), ца(безам), диллина кор. (мар) да, (малх) бузе, (ког)корта.
2.Синтаксически къастам бе предложенина.
Арахъ ч1ог1а шийла яра, амма бераш ц1а дахка дагахъ а дацара.
20-г1а кехат
XIapa хуттургаш юкъа а ялош, х1иттае предложенеш: ткъа, делахь, цхьабакъду.
Схьаелла къовларш: (ца) лаар, (ца)тешам, (ца)веъна, (ца) оыпуш, (ца) луъушехь, (ца) хеташ, (ца) эцна книга, (стун) ваша, (дега)баам, (малх) бале, (буо) бер, (оза) безам, (тешна) бехк, (кад) 1айг.
Синтаксически къастам бе предложенина:
Ворх1алг1ачу дийнахь делкъал т1аьхьа гучуделира шовда.