СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

7 классана лерина кехаташ

Нажмите, чтобы узнать подробности

7 классана лерина кехаташ

Просмотр содержимого документа
«7 классана лерина кехаташ»

1-ра кехат

Ялх де дара Зойрбекан дин ломан йистаца 1охкучу лаьттан майданийн коьртехь лаьттачу попа к1елахь лаьтташ нахана го. Иза х1унда лаьтта а, Зойрбек цигахь х1ун деш ву а хиънера дукхахболчарна. Юьртахь хоттура цуьнга: «Шовда гучудаьккхина ца ваьлла хьо?» - олий.

Ворх1алг1ачу дийнахь делкъал т1аьхьа гучуделира шовда. Хи хьаа а хьаийтина, канаш юьззина схьа а эцна, даккхий къурдаш деш д1амелира Зойрбека шийла шовда.

Х1инца го нисбеш болх бан безаш вара Зойрбек. Цуьнан ойла еш сецира иза.

(/. Дадашев)

  • Ши дош вовшахкхетарца кхолладелла хандешнашна дешах1оттаман къастам бе.

  • Хандешнийн хенаш а, саттам а билгалбаккха.

  • Т1аьххьарчу предложенина синтаксически къас­там бе.



2-г1а кехат

Т1адамийн метта элпаш х1иттаде, къовларш схьаелла:

Хь...га хь...жуш, лекха лам,

Дагна х...лу бок...а там,

(Охьа) хьаьдда дог1у хиш

Даим лоькхуш мерза йиш. (/. Демин)

  • Билгалбаккха хандешнийн саттам.

  • Билгалдаьхначу дешнашна ялае антонимаш.

_____________________________________________________________________

3-г1а кехат

Т1адамийн метта элпаш х1иттаде, къовларш схьаелла:

Кх...л...на хьо исб...хьа,

Хьоме хета т1аьхь-т1аьхьа,

К1ай влакх ахь тил...ина

Са... дог ахь (д1а) дил...ина. (I. Демин)

  • Хандешнийн саттам билгалбаккха. Уьш дацаран, ч1аг1даран, хаттаран кепашка х1иттаде.



4-г1а кехат



Легаде йоккха керт, яккхий керташ боху дешнаш. Чаккхенаш билгалъяха.

Олу дош, дош олудешнийн цхьаьнакхетаршца предложенеш х1иттае. Дийца, муьлха къемелан дакъа я хандешан форма ю уьш?

____________________________________________________________________________

5-г1а кехат

Т1адамийн метта элпаш дахка, къовларш схьаелла:

Мацал.. .а лайначо рицк...на... хама (бийр) бу. Цамгар лайначо могашал... хама (бийр) бу.

  • Антонимаш схьаязъе. Билгалдаьккхинчу дашна бе морфологически къастам.



6-г1а кехат

Т1адамийн метта элпаш дахка.

К...онал...а ирсе ю,

К...енал...а - сийлахь,

Сирла... кханенга

Да...ийдеш хь...йсу. (А. Айдамиров)

  • Антонимаш карае. Сирлачу бохучу дашна бе морфологически къастам.



7-г1а кехат

Схьаязде хьалхарчу спряжени чудог1у хандеш­наш:

Хьажа, къага, ела, ловза, ала, хаа, тийса, кхача, далийта, лакха, лалла, хийца, лаца, лаха, хьада, даа, баха, къаста, хаза, галъяьлла, ахьа, вита, 1аржъелла, г1атта, хатта, даха, аха, дара, туса, тега, хаба, оза.

  • Яздина хандешнаш карарчу хене х1иттадай, д1аязде.





8-г1а кехат



Легаде : йоккха чоь, юткъа шаршу.

Х1окху дешнашна ялае синонимаш: говр, шовда, доттаг1, к1оршаме, хабар, сихха.







9-г1а кехат

Легаде: берийн бераш, самукъане хабар, ц1ен къолам.

Х1окху дешнашна ялае антонимаш: барт, тешнабехк, мостаг1, тахана.





10-г1а кехат

Къовларш схьаелла, т1адамийн меттана элпаш язде, оьшучохь запятойш х1иттае:

Наб (ца) кхеташ вехха 1иллира Хьусайн цу буса. Алаза а (ца) ваьлла ша, (ца) лууш шаьш ши(н,нн)а... хи(л, лл)ачу къовсамах лаьцна дуьйцуш, ше... хьомсарчу доттаг1чух лаьцна дийца дезнарг (ца) дезара Хьу­сайн, нн) а.

  • Хьалхарчу предложенина бе синтаксически къастам.



11- г1а кехат

Оьшучохь запятойш х1иттае, предложенина син­таксически къастам бе.

Даьржинчу баьццарчу хи т1е а х1оьттина лерина м1еран асанна т1е тесначу ахкарге а хьоьжуш лаьттара Апти.





12-г1а кехат

Д1аязде дешнаш, къамелан дакъошка а доькъуш.

К1ант, сирланиг, иза, дуьра, пхьагал, пондар, лекханиг, хорсам, шуьйтталг1аниг, дика, кхоъ, ойла, уьш, оццул, талла, стигал, ворх1алг1аниг, хехо, элира, кхоьлина, синтар, серладолу, лоьху, дийцархо, хьех, мерза, вита, уьссалг1а, атаг1хо.





13-г1а кехат

XIapa хандешнаш билгалзачу кепе х1иттаде.

Юьйхина, вовшахтуьйхира, 1амийна, х1иттийнера,дитира, яздора, саттийна, лиъна, ваханера, гора, яйина, вог1ура, зоьра, дотту, кхосса, доьхура, т1елеци.

Яйина бохучу дашна бе фонетически къастам.





14-г1а кехат

Диалогехь, оьшучохь, сацаран хьаьркаш х1иттаде, элпаш а язде.

Х1ун ди...р ду ас Х1у... ду са... да... а(ца) да... а йоьлхура Мелимат.

Айхьа лелочу... ойла я... еза ахь - ле... велира ше.... нене 1аба.

Х1у... ди...р ду ас Г1аддайна-кх са... Са... елхар а, ел ар а елхар ду шуна. (Ш. Окуев)





15-г1а кехат

Схьаелла къовларш. Масдарш юкъа а далош, ши предложени х1оттае, д1аязъе уьш. Цхьанна бе синтак­сически къастам.

(Ца) вашар, т1ех(ца) дийцар, схьа (ца) ваийтар, юха (ца) далар, д1а (ца) эцар, (ца) дар.



16-г1а кехат

Оьшучохь элпаш а, запятойш а х1иттае, къовларш схьаелла:

Хаьий хьуна доттаг1 вона... хьалхарчу буь...санехь мел боккха ницкъ бу? Оцу цхьана буьйсанна дахчадо (т1е) деанчу во... ла... ницкъ болчий... дегнаш. (Ш. Окуев)

Билгалдаьккхинчу дашна бе морфологически къастам.





17-г1а кехат

Т1адамийн метта элпаш х1иттаде, къовларш схьа­елла, оыпучохь запятойш яхка:

Кавказа... дукхах долу къаьмнаш шай... ма(т, тт) аца а, г1и(л, лл)акхца а, культураца а вовший... гергара ду. (К. Чокаев)

Мотт бохучу дашна ялае омонимаш.

Шайн бохучу дашна бе морфологически къастам.



18-г1а кехат

1.XIapa хуттургаш юкъахь а йолуш, х1иттае предложенеш:

амма, бакъду, х1унда аьлча.



2.Легаде дешнаш: стаг, нах, гали.





19-г1а кехат

1.Схьаелла къовларш:

ца(эшар), ца(безам), диллина кор. (мар) да, (малх) бузе, (ког)корта.

2.Синтаксически къас­там бе предложенина.

Арахъ ч1ог1а шийла яра, амма бераш ц1а дахка дагахъ а дацара.





20-г1а кехат

      1. XIapa хуттургаш юкъа а ялош, х1иттае пред­ложенеш: ткъа, делахь, цхьабакъду.

      2. Схьаелла къовларш: (ца) лаар, (ца)тешам, (ца)веъна, (ца) оыпуш, (ца) луъушехь, (ца) хеташ, (ца) эцна книга, (стун) ваша, (дега)баам, (малх) бале, (буо) бер, (оза) безам, (тешна) бехк, (кад) 1айг.

      3. Синтаксически къас­там бе предложенина:

Ворх1алг1ачу дийнахь делкъал т1аьхьа гучуделира шовда.










Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!