СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Подготовка к ОГЭ по чеченскому языку

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Подготовка к ОГЭ по чеченскому языку»

Экзаменационни белхан 1 дакъа кхочушдар. Жима йозанан болх кхочушбаран методически хьехамаш.



Тексте ла а дог1ий, къаьстинчу кехат т1ехь 1-ра т1едиллар кхочушде.

Цкъа хьалха т1едилларан лоьмар д1аязъе, цул т1аьхьа–йозанан болх.



1-чу декъехь ладоьг1начу текстан буха т1ехь билгалдаьхначу хаттаршна жоьпаш даларца жима йозанан болх язбо.цу белхан барам 50 дашал к1езиг хила ца беза.

Жима йозанан болх язбеш, дешархо декхарийлахь ву билгалдаьхначу хаттарийн рог1алла а ца йохош, нийса, дуьззина жоьпаш дала.

И болх кхиамца кхочушбархьама хила деза хьелаш:

- дешархочунна, хаттарна жоп дала оьшу хаам а къастош, тексте ладог1а хаар;

- ладоьг1начу текстера т1еэцна хаамаш йозанехь билгалбаха хаар.

Доцца аьлча, жима йозанан болх юьхьанцарчу текстан коьрта чулацам боцца схьабийцаран кеп ю. Йозанан болх хила беза чулацаме а, жоьпаш шайн маь1ница вовшех дозуш а. Иза 5 жоьпах лаьтта. Кхочушбинчу балха т1ехь жоьпийн рог1алла, хаттарийн рог1алле хьаьжжина, ларйина хила еза.

Жима йозанан болх кхочушбеш, дешархой 1ема текстера коьртаниг схьакъасто а, х1ора хаттарна нийса жоп дала а.

Хаттаршна жоьпаш луш, хаа деза авторна хетарг нийса гайта а, хиламийн маь1нин хьалха-т1аьхьалла ларъян а.



Жимачу йозанан балхана кечам бар

1.Леррина деша шайна хьалха х1иттийна (шайн ТЛК т1ера) хаттарш.

2.Юьхьанцарчу тексте ладог1а.

3.Текстан коьрта хаамаш тидаме эца.

4.Хиламийн, ойлаяран хьалха-т1аьхьалла билгалъяккха.

5.Х1ора хаттарна жоп дала оьшу хаамаш билгалбаха.

6.Юьхьанцарчу тексте ладог1а шозлаг1а.

7.Тидаме эцначу хаамех пайда а оьцуш, х1ора хаттарна нийса а, дуьззина а жоп ло.

8.Черновик т1ехь кхочушбе йозанан болх.

9.Йозанан болх д1а а беший, дешнаш дагарде (уьш 50 дашал к1езиг хила ца деза). Нагахь барам к1езиг хилахь, т1едуза йиш йолу жоп къастаде.

10.Йозанан белхан чулацаме дакъа теллича, текстан (жоьпийн) грамматически, орфографически, пунктуационни, къамелан г1алаташ леррина талла.

11. №2 йолчу бланка т1ехь ц1ена а, къаьсташ а д1аязбе йозанан болх.



Кхочушбинчу балхо (жимачу йозанан балхо) жоп дала деза методически лехамашна:

-хиламийн кхиаран хьалха-т1аьхьалла ларъяр;

-х1ора хаттарна жоп луш йолу предложенеш хилар;

-предложенеш юкъахь маь1нин а, грамматически а уьйр д1ах1оттор.



Дуьххьарлера хьехархо (ТЛК №16, 17, 18)

Тхешан куьпарчу берашца ишколе йигира со а. Мел хаза хетара суна!

Моьттура, дерриге дуьне оцу сайн жимчу т1оьрмиг чохь ду, цу чуьрчу абато со цхьана тамашийначу ирсе кхачор ю.

Лулахойн бераша хьехархочуьнга д1аелира со. Тхан йишин Элитин хенара йо1 яра иза. Х1етахь дуьйна дуккха а шераш д1адевлла. Амма суна цкъа а диц ца ло и де а, сайн дуьххьарлерчу хьехархочун сурт а.

Х1инца а гуш санна хета цуьнан эсала, екхна, к1айн горга юьхь, къинхетаме б1аьргаш, букъ буьззина ловзу стомма 1аьржа ши ч1аба, д1аса т1емаш тесна даьржина 1аьржа ц1оцкъамаш, к1еда аз. Суна а, тхуна массарна а Белител дагна хьоме адам дацара. Цо т1еюьйхина муьлхха коч, тиллина йовлакх, лергех оьхкина ч1агарш, когара мачаш – уьш механа мел йорах хиллехь а, тхуна исбаьхьа хетара. Тхо дерриш а цунах тардала г1ертара.

Тхуна юккъехь тасаделла доттаг1алла милла а хьоьгур волуш, довха, безаме дара.

Массанхьа а тхоьца яра Белита. Х1инца а ойла йо ас: цо ешаза книга, цунна ца хууш х1ума хила а хиллий техьа? Муьлхха хаттар шега даларх, эсала ела а къежий, нийса жоп лора цо. Дуьйцура муьлххачу а книгах лоций. Ткъа туьйранаш! Цкъа а к1ордор дацара цаьрга ладог1а.



Айдамиров А.А. (183 дош)



Хаттарш:

1.Муьлха де а, хьенан сурт а ца дицло суна цкъа а?

2.Массарел а хьоме мила хетара тхуна?

3.Мила вара Белитех тарвала г1ерташ?

4.Муха дара тхуна юккъера доттаг1алла?

5.Муха жоп лора Белитас шега деллачу хаттарна?



Жоьпаш:

1.Суна цкъа а диц ца ло со школе яхана де а, сайн дуьххьарлерчу хьехархочун

сурт а.

2.Тхуна массарна а Белител дагна хьоме адам дацара.

3.Тхо дерриш а цунах тардала г1ертара.

4.Тхуна юккъехь тасаделла доттаг1алла, милла а хьоьгур волуш, довха, безаме

дара. Массанхьа а тхоьца яра Белита.

5.Муьлхха хаттар шега даларх, эсала ела а къежаш, нийса жоп лора цо.










Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!