СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

ОГЭ 7 вариант 2021 Чеченский язык

Нажмите, чтобы узнать подробности

Подготовка к ОГЭ по чеченскому языку

Просмотр содержимого документа
«ОГЭ 7 вариант 2021 Чеченский язык»


7 ВАРИАНТ


Болх кхочушбаран инструкци


Экзаменационни болх кхаа декъах лаьтташ бу, шена чохь 9 т1едиллар а долуш.

Нохчийн меттан экзаменационни болх кхочушбарна луш 3 сахьт 55 минот хан ю (235 минот).

1-чу декъана юкъадог1у цхьа т1едиллар. Иза ладоьг1начу текстан буха т1ехь билгалдаьхначу хаттаршна жоьпаш даларца кхочушбен жима йозанан болх бу. Тексте шозза ладуг1у.

И т1едиллар кхочушдо къаьстинчу кехата т1ехь.

2-г1а дакъа лаьтта 7 т1едилларх (2-8). 2-чу декъан кхо т1едиллар кхочушдо ешначу текстан буха т1ехь.

2-8-чуй т1едахкарийн жоьпаш д1аяздо дешан (дешнийн цхьаьнакхетаран), терахьан, терахьийн хьалха-т1аьхьаллин кепехь белхан текстехь жоп яздан билгалйинчу меттехь.

Нагахь 2-чу декъан т1едахкаршна нийса жоп ца яздинехь, цунна т1е сиз хьакхий, юххехь керла жоп д1аязде.

3-чу декъан т1едиллар кхочушдо 2-чу декъан 6-8-чуй т1едахкаршца айхьа болх беш ешначу текстан буха т1ехь.

3-чу декъан болх болош, далийначу кхаа т1едилларх (9.1, 9.2 я 9.3) цхьаъ харжа. Оцу т1едилларна, ялийначу клишех пайда а оьцуш, дуьззина йозанан жоп ло.

И т1едиллар кхочушдо къаьстинчу кехата т1ехь.

Экзаменехь бакъо ло орфографически луг1атах пайдаэца.

Т1едахкарш кхочушдеш, черновиках пайдаэца мегар ду. Белхан мах хадош, черновик т1ехь дина йозанаш лоруш дац.

Ахь кхочушдинчу т1едахкаршна яьхна ерриге а баллаш вовшахтуху.

Хьайн ма-хуьллу дукха т1едахкарш кхочушдан а, баллаш яха а хьажа.

Дала аьтто бойла!



1 дакъа


Тексте ла а дог1ий, къаьстинчу кехат т1ехь 1-ра т1едиллар кхочушде.

Цкъа хьалха т1едилларан лоьмар д1аязъе, цул т1аьхьа–йозанан болх.


1

Тексте ла а дог1ий, жима йозанан болх кхочушбе.

Хаалахь, хьо декхарийлахь ву, х1ора хаттарна дуьззина (1-2 предложеница) жоп дала.

Йозанан белхан барам 50 дашал к1езиг хила ца беза.

Нагахь ладоьг1начу текстан буха т1ехь билгалдаьхначу хаттаршна жоьпаш даларца кхочушбина йозанан болх ма-ярра схьаязйина ладоьг1на текст елахь, оцу белхан ноль баллаца мах хадабо.

Жоьпаш терахьашца билгалдаха.

Хаттарш къаьстинчу кехата т1е схьаяздан ца оьшу.

Йозанан болх кхочушбе ц1ена а, йоза къаьсташ а.


Хаттарш:

1.Халкъан уггаре доккха хьал х1ун ду?

2.Нохчийн къам шена т1ех1иттинчу халонех чекхдалар стенах доьзна дара?

3.Хьалха заманахь берана дуьненах, 1аламах, динах, оьздангаллех болу кхетам хьан луш хилла?

4.Вайнехан доьзалехь бераш кхетош-кхиош мила хилла?

5.Х1ун лаьттина ишттачу доьзалшкахь, цара х1ун лардина?


2 дакъа


2-8 т1едахкарийн жоьпаш хуьлу белхан текстехь жоьпана билгалйинчу меттехь д1аяздан дезаш долу терахь, терахьийн хьалха-т1аьхьалла я дош (дешнийн цхьаьнакхетар). кхочушде.


2


Синтаксически анализ.

Д1аеша текст.


(1)Ламанца некъаш ч1ог1а готта а, ирхнехьа а ду. (2)И некъ ларбан со ч1ог1а кхоьрура, ткъа бераш, шайн хазачу, эсалчу, цхьана а х1уманна т1аьхьа ца кхуьучу б1аьргашца гонахарчу исбаьхьачу 1аламе хьоьжура. (3)Церан самукъадолура, машен т1ехйолучу хенахь цхьайолчу меттигашка кхаьчча, шаьш лаьмнийн бердех 1уьттучу куьйгех. (4)Берийн самукъадалар алсамдаьккхира цхьана жимачу беречо, шен маса дин машенна т1аьхьа а кхиийна, цаьрга куьйгаш хьоькхуьйтуш дин хьастийтарца.


Нийса грамматически бух къастийначу жоьпан вариант билгалъяккха. Д1аязъе цуьнан лоьмар.


1) некъаш ирхнехьа ду (1-ра предложени)

2) 1аламе хьоьжура (2-г1а предложени)

3) машен кхаьчча (3-г1а предложени)

4) алсамдаьккхира цхьана беречо (4-г1а предложени)

Жоп _______________________________________________________________________


3


Пунктуационни анализ.

Оьшу сацаран хьаьркаш х1иттаде. Айхьа х1иттийначу ц1оьмалгийн терахьаш схьаязде.

Екхаелла хьоьжура Тамара (1) Лоьмас дийриг хазахетта. Х1инццалц ша (2) дукха ойланаш йинера цо (3) цхьа дика х1ума (4) х1ун дийр дара-техьа бохуш. Тамара хит1а яхара (5) ткъа Лоьма дечиг даккха волавелира.

Дукха а (6) ца оьшура йоккхачу стагана-м дечиг. Хьастаг1а Лоьмас даьккхинарг а (7) кхачоза дара.

Жоп ________________________________________________________________________


4


Синтаксически анализ.

Предложенера юкъадало дош схьаязде.


Уллохь хьекъал, оьздангалла, собар, къинхетам а боцу майралла – иза сонталла ю, ткъа и сонта майралла, шеко йоццуш, оцу стагана шена а, адамашна а бале, зуламе йолу.


Жоп ________________________________________________________________________


5


Орфографически анализ.

Билгалдаьккхина дош яхдаран нийса т1еч1аг1дар далийначу жоьпан вариант билгалъяккха. Оцу жоьпан лоьмар д1аязъе.

1)ДА-РЦ – дош сехьадоккхуш, цхьана дешдекъах лаьтта дош декъа мегар ду.

2)ЦХЬАБОССА – ЦХЬА боху дош т1екхетарца кхолладелла чолхе куцдешнаш цхьаьна яздо.

3)ТКЪЕВОРХ1 – х1оттаман терахьдешнаш цхьаьна яздо.

4)ДИКЧУ – шина дешдекъах лаьттачу лаамазчу мухаллин билгалдешнийн чаккхенгара «А» лач дожаршкахь ца яздо.


Жоп _________________________________________________________________________



Текст д1а а еший, 6-9 т1едахкарш кхочушде.


(1)Мусан да кхузткъе итт шо хенара къена стаг ву. (2)Иштта къена ю десте а. (3)Оцу кхааннан кхин гергара а, юьртара а стаг вац кху аг1ор. (4)Схьадалийначу хьалхарчу шина-кхаа баттахь шаьш ц1ера еанчу ши гали хьаьжк1ех г1етакх деш 1ийра. (5)Т1аккха, кхаш т1ера к1ен, мекхан кан лехьош, акха стоьмаш дууш, к1ел ца диса г1иртира. (6)1а т1едеъча, ялтех буьртиг боцуш дисира.

(7)Х1инца болх бийр бу бохург хьехочохь а дацара. (8)1а ма дара. (9)Дохнан фермехь ца бича, кхин болх а ма бацара 1ай. (10)Т1аьхь-т1аьхьа г1еллуш, мажлуш, к1елвуьсуш лаьтта шен къена да гича, дог дешара цуьнан.

(11)«Х1ан-х1а, к1елхьаравала некъ лаха беза, – сацам бира цо т1аьххьара а, – х1ара мацалла а валийтина, мацца а цкъа кхуьнан, сайн вежаршна т1екхаьчча, ас х1ун ала деза?»

(12)Х1инца, къола ца дича, кхин некъ бацара к1елхьаравала.

– (13)Дада, вай иштта мацалла дала 1ийна девр дуй те? – элира цо цхьана суьйранна.

– (14)Ца 1ийна х1ун дийр ду вай? (15)Со къена ву, хьо жима ву. (16)Болх Далла т1е а биллина, совцур вай. (17)Рицкъанаш Делехь ду, – суьлхьанаш хьийзочуьра юкъах а ца волуш, жоп делира цо.

– (18)Наха, къола дой а, шайна рицкъа лоху. (19)Изза дийр ду ас а…

(20)Ден карара суьлхьанаш охьаийгира.

– (21)Х1ун элира ахь? – тевжина 1ачуьра охьахиира иза. – (22)Къола? (23)Хьанна дан воллура хьо къола? (24)Хьо хьера-м ца ваьлла?

(25) Дена т1ееана моха сихха д1аелира, к1ант шена дуьхьал вист ца хилча: – (26) Варийлахь, Муса, кхин цкъа а дага ма даийталахь иза. (27)Къола дар дика г1уллакх дац. (28)Бусалба динехь дихкина иза, нохчийн г1иллакхехь оьзда дац иза. (29)Хьо хьенан х1ун лачкъо воллура? (30)Кхузара бахархой а ма бу, шайна дита а, вайна дала а доцуш.

– (31)Ас неханиг лачкъор яц, ткъа колхозаниг лачкъор ю, – халла вистхилира Муса.

– (32)Цуьнан х1ун башхо ю? (33)Колхоз а, пачхьалкх а адамийн ю. (34)Дерриге а ду адамийн къинхьегамца 1а1ийна. (35)Т1ехула т1е, колхозо а, пачхьалкхо а до вайна г1о. (36)Варийлахь, мегар дац хьуна! (37)Иэхь ду хьуна иза.

(38)Да, ойлане а ваьлла, цхьана ханна вист ца хуьлуш сецира.

– (39)Гой хьуна, Муса, цхьа де цхьаьнгахь ца лаьтта. (40)Х1ара пачхьалкх вайн ц1а ду, ткъа х1окхунна чохь деха къаьмнаш цхьа нана-доьзал бу. (41)Йиша-вешех цхьанна цхьа бохам, цхьа халахетар хилча, биснарш цунна г1оьнна, цуьнан догъэца г1урту. (42)Иштта шайн ницкъ ма-кхоччу вайна г1о дан г1ерташ, вайн лазамна дарба лоьхуш лела кху мехкан къаьмнаш а. (43)Царна ямарт хилча, нийса хир дуй? (44)Иэхь ма ду иза. (45)Далла а, 1едална а хьалха г1иллакх доцург ма ду ахь дагалаьцнарг. (46)Сатоха деза, собаре хила веза, Муса.

(Айдамиров А.1.)


6


Текстан чулацаман анализ.

«Х1ун бахьана дара Мусана къола дан дагадаран?» бохучу хаттарна нийса т1еч1аг1даран хаам жоьпийн муьлхачу вариантехь бу?


1) Муса къола дан 1емина вара.

2)Дас 1амийнера Муса къола дан.

3)Да мацалла ца валийта г1ертара Муса.

4)Мусана ца хаьара хьарам, хьанал къасто.


Жоп _______________________________________________________________________



  1. 7


Меттан суртх1отторан г1ирсийн анализ.

Меттан суртх1отторан г1ирс–метафора шеца йолу предложени билгалъяккха.


1)Х1инца болх бийр бу бохург хьехочохь а дацара.

2)Т1аьхь-т1аьхьа г1еллуш, мажлуш, к1елвуьсуш лаьтта шен къена да гича, дог дешара цуьнан.

3) Х1инца къола ца дича, кхин некъ бацара к1елхьарвала.

4) Со къена ву, хьо жима ву.


Жоп ________________________________________________________________________


8


Лексически анализ.

35-чу предложенера «г1о» бохучу дашна синоним ялае. Д1аязъе иза.


Жоп ________________________________________________________________________



3 дакъа


2-чу декъера ешначу текстах пайда а оьцуш, къаьстинчу кехата т1ехь 9.1, 9.2 я 9.3 т1едахкарех кхочушде ЦХЬАЪ. Сочинени язъян йолаяле, д1аязъе хаьржинчу т1едилларан лоьмар:9.1, 9.2 я 9.3.



9.1


Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, сочинени–ойлаяр язъе, халкъан хьехархочун Ш.И.Абдуразаковн «Нохчийн мотт башхачу жовх1арех юьзна йоккха хазна ю. оцу жовх1арех бу ойланан муьлхха а аг1о гайта таро хуьлуьйту меттан суртх1отторан г1ирсаш» бохучу дешнийн маь1на а достуш.

Хьайн жоп т1еч1аг1деш, ешначу текста т1ера ши масал даладе.

Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.

Лингвистически материал т1ехь тема схьайоьллуш, 1илманан я публицистически стилехь болх язбан таро ю хьан.

Сочинени д1айоло мегар ду Ш.И.Абдуразаковн дешнашца.

Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.

Ешначу текстана (ялийначу текстана) т1е а ца тевжаш язбинчу белхан мах хадош бац. Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.

Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.


Клишеш:

1.Авторан дешнашца реза ца хила хала ду …

2.Х1ара тезис т1еч1аг1ъеш, ешначу текстера … предложенера … масал далор ду.

3.Текстан … предложенехь … кхин цхьаъ …

4.Вайн таро ю жам1 дан …

Магадо: ялийна клишеш хийца.


9.2

Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, язъе сочинени-ойлаяр.

Дийца, муха кхета хьо х1окху предложенин маь1нах: «Х1ара пачхьалкх вайн ц1а ду, ткъа х1окхунна чохь деха къаьмнаш цхьа нана-доьзал бу».

Сочиненехь айхьа ешначу текстера хьайн ойлаяр нийса хилар гойтуш долу ши т1еч1аг1дар (аргумент) даладе.

Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.

Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.

Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.

Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.


Клишеш:

1.Суна хетарехь, х1окху кийсакан коьрта ойла иштта ю …

2.Текстан авторна хетарехь, х1окху кхетамо духе кхиаво …

3.Лакхахь ялийна ойла т1еч1аг1ъеш, ала лаьа …

4.Текстера далийначу масалша т1еч1аг1до …

Магадо: ялийна клишеш хийца.



9.3

Муха кхета хьо ХЬАРАМЛО бохучу дешан маь1нах? Кепе а далош, комментари е айхьа цунах билгалдаьккхинчунна.

Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, язъе «Дахарехь хьарамлонах ларвалар» темина сочинени-ойлаяр айхьа билгалдаьккхинчун буха т1ехь. Хьарамлонах лаьцна айхьа билгалдаьккхинарг т1еч1аг1деш, ши масал-т1еч1аг1дар даладе: цхьа масал-т1еч1аг1дар даладе ешначу текстера, шолг1аниг - хьайн дахарехь зеделлачух.

Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.

Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.

Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.


Клишеш:

1.Хьарамло – иза … Сан кхетамехь, …

2.Автора (авторан ц1е) вайна … предложенешкахь гойту …

3.Сайн дахарехь зеделлачуьнга а хьаьжна, айса ялийна ойла т1еч1аг1ъян лаьа …

4.Вайна ма-гарра, …

Магадо: ялийна клишеш хийца.




«Кхолламан цхьа де»

Терахь

Жоп

2

4

3

135

4

шеко йоццуш

5

2

6

3

7

2

8

накъосталла



Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!