СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

ОГЭ 13 вариант 2021 Чеченский язык

Нажмите, чтобы узнать подробности

Подготовка к ОГЭ

Просмотр содержимого документа
«ОГЭ 13 вариант 2021 Чеченский язык»


13 ВАРИАНТ


Болх кхочушбаран инструкци


Экзаменационни болх кхаа декъах лаьтташ бу, шена чохь 9 т1едиллар а долуш.

Нохчийн меттан экзаменационни болх кхочушбарна луш 3 сахьт 55 минот хан ю (235 минот).

1-чу декъана юкъадог1у цхьа т1едиллар. Иза ладоьг1начу текстан буха т1ехь билгалдаьхначу хаттаршна жоьпаш даларца кхочушбен жима йозанан болх бу. Тексте шозза ладуг1у.

И т1едиллар кхочушдо къаьстинчу кехата т1ехь.

2-г1а дакъа лаьтта 7 т1едилларх (2-8). 2-чу декъан кхо т1едиллар кхочушдо ешначу текстан буха т1ехь.

2-8-чуй т1едахкарийн жоьпаш д1аяздо дешан (дешнийн цхьаьнакхетаран), терахьан, терахьийн хьалха-т1аьхьаллин кепехь белхан текстехь жоп яздан билгалйинчу меттехь.

Нагахь 2-чу декъан т1едахкаршна нийса жоп ца яздинехь, цунна т1е сиз хьакхий, юххехь керла жоп д1аязде.

3-чу декъан т1едиллар кхочушдо 2-чу декъан 6-8-чуй т1едахкаршца айхьа болх беш ешначу текстан буха т1ехь.

3-чу декъан болх болош, далийначу кхаа т1едилларх (9.1, 9.2 я 9.3) цхьаъ харжа. Оцу т1едилларна, ялийначу клишех пайда а оьцуш, дуьззина йозанан жоп ло.

И т1едиллар кхочушдо къаьстинчу кехата т1ехь.

Экзаменехь бакъо ло орфографически луг1атах пайдаэца.

Т1едахкарш кхочушдеш, черновиках пайдаэца мегар ду. Белхан мах хадош, черновик т1ехь дина йозанаш лоруш дац.

Ахь кхочушдинчу т1едахкаршна яьхна ерриге а баллаш вовшахтуху.

Хьайн ма-хуьллу дукха т1едахкарш кхочушдан а, баллаш яха а хьажа.

Дала аьтто бойла!




1 дакъа


Тексте ла а дог1ий, къаьстинчу кехат т1ехь 1-ра т1едиллар кхочушде.

Цкъа хьалха т1едилларан лоьмар д1аязъе, цул т1аьхьа–йозанан болх.


1

Тексте ла а дог1ий, жима йозанан болх кхочушбе.

Хаалахь, хьо декхарийлахь ву, х1ора хаттарна дуьззина (1-2 предложеница) жоп дала.

Йозанан белхан барам 50 дашал к1езиг хила ца беза.

Нагахь ладоьг1начу текстан буха т1ехь билгалдаьхначу хаттаршна жоьпаш даларца кхочушбина йозанан болх ма-ярра схьаязйина ладоьг1на текст елахь, оцу белхан ноль баллаца мах хадабо.

Жоьпаш терахьашца билгалдаха.

Хаттарш къаьстинчу кехата т1е схьаяздан ца оьшу.

Йозанан болх кхочушбе ц1ена а, йоза къаьсташ а.


Хаттарш:

1.Цхьана хазачу б1аьстенан дийнахь Шовда стенга яханера?

2.Х1ун г1уллакхаш дора Шовдас бабина?

3.Бабас шега масех шекаран б1елиг кховдийча, муха хетара йо1ана?

4.Шовдина даима а х1ун хазахетара?

5.Йо1ана х1ун моьттура?



2 дакъа




2-8 т1едахкарийн жоьпаш хуьлу белхан текстехь жоьпана билгалйинчу меттехь д1аяздан дезаш долу терахь, терахьийн хьалха-т1аьхьалла я дош (дешнийн цхьаьнакхетар). кхочушде.


2


Синтаксически анализ.

Д1аеша текст.


(1)Цу аьхкенан дийнахь бовхачу малхо дохдина латта а, х1аваъ а кхарзлуш дара. (2)Дийнахь сарралц малхо бохбинчу асфальтан некъа т1ера, йогучу пешах санна, схьаетталора йовхо. (3)Новкъа вог1ург 1индаг1 долчухьа те1аш вог1уш тосалора. (4)Кхидолчу деношкахь санна доцуш, мелла а човхийнера йовхоно адамаш, дуькъа дацара урамаш.


Нийса грамматически бух къастийначу жоьпан вариант билгалъяккха. Д1аязъе цуьнан лоьмар.


1) малхо дохдина (1-ра предложени)

2) схьаетталора йовхо (2-г1а предложени)

3) вог1уш тосалора (3-г1а предложени)

4) дацара урамаш (4-г1а предложени)


Жоп _______________________________________________________________________


3


Пунктуационни анализ.

Оьшу сацаран хьаьркаш х1иттаде. Айхьа х1иттийначу ц1оьмалгийн терахьаш схьаязде.

Иза х1инца кхийтира шегарчу хьолан чолхаллех. Цуьнан ша-шех тешарх (1) кураллех (2) цхьа зирх а ца бисинера. Цунна сов ч1ог1а ийшира х1инца (3) масех сахьт хьалха новкъа хилла долу адам. Сохьтехь гергга мохь хьийкхира цо (4) амма хезехь стаг вацара. Эххар а (5) йиш хаьлла (6) д1атийра иза.


Жоп ________________________________________________________________________


4


Синтаксически анализ.

Предложенера нийса кхачам схьаязде.


Диллинчу доккхачу корехь хиъна 1аш волчу к1ентан коьртара месаш ловзайора махо.


Жоп ________________________________________________________________________


5


Орфографически анализ.

Билгалдаьккхина дош яздаран нийса т1еч1аг1дар далийначу жоьпан вариант билгалъяккха. Оцу жоьпан лоьмар д1аязъе.

1)1АРЖ-ЪЕЛЛА – дош сехьадоккхуш, «Ъ» шайна хьалхарчу элпех (дешдекъах) къасто мега.

2)МА-ХУЬЛЛУ –дакъалг «МА» дефисца яздо, шеца лелачу дешан орамера мукъаза аз шалхадолуш делахь.

3 КХОБ1ЕДИЪ– х1оттаман терахьдешнаш цхьаьна яздо.

4)ЭША-Ц– дацаран дакъалг «ЦА» хандешан чаккхенгахь дефисца яздо.


Жоп _________________________________________________________________________



Текст д1а а еший, 6-9 т1едахкарш кхочушде.


(1)Йоьалг1ачу классехь доьшуш вара Мурад. (2)Шайн классехь дикачу дешархойх цхьаъ вара иза: дика доьшуш а, эсала а, аьлларг деш а. (3)Цкъа, занятеш чекхъевлла, школера ц1а вог1ура иза. (4)Новкъахь 1уьллуш к1айн ахсом гира цунна. (5)Цхьаммо а ша тергалвой техьа бохучу ойланца д1асахьаьжна, схьаэцна ахча кисана а диллина, болар сихдира цо. (6)Амма дукха гена валале, цхьа яйна х1ума лоьхучу хьесапехь новкъахула д1аса а хьоьжуш, щена дуьхьал йог1учу йоккхачу стагах б1аьрг кхийтира цуьнан.

– (7)Деллахь, к1ант, новкъахь ахсом ахча ца карийра хьуна?–элира цо. – (8)Кхаллар эцна йог1уш, охьадоьжна, дайна сан иза.

– (9)Суна-м ца карийра, – аьлла, юьхь т1ера ц1ий а луш, сихха жоп делира Мурада. (10)Амма дог, цхьа кхеравелла, детталора. (11)Де суьйренгахьа лестачу хенахь ураме велира Мурад. (12)Туькана а вахана, печенеш а, конфеташ а юуш, урамехула сакъоьруш а лелла, сарахь чувеара иза. (13)Амма цхьа ойла йоьхна, г1айг1ане вара. (14)Хаддаза коьрта чу оьхучу ойланаша сахьийзадора цуьнан. (15)Цунна дагаоьхура шайн хьехархочо Хамидов 1елас шайна деш долу хьехарш:«Дешархо декхарийлахь ву оьзда, г1иллакхе, тешаме, цхьана а тайпа ямартло йоцуш, шен накъосташца а, нахаца а догц1ена, хьанала хила. (16)Баккхийчеран сийдар,харццалер, нахана шега далун диканиг дар – иза х1ора дешархочун а декхар ду», – бохуш.

(17)Ша дина х1ума дага а оьхуш, даг чохь ша-шега хоьттура цо: «Ткъа мичахь ду сан тешаме хилар? (18)Мичахь ду сан г1иллакх, оьздангалла, харц ца луьйш хилар? (19)Ас муха жоп делира шен дайна ахча лоьхуш, лелачу йоккхачу стаге?» (20)Цу г1уллакхо ша-шех эхь хоьтуьйтуш, дагна халахетар дора цунна, хорам бечу т1е кхачош, цхьа шеддаш х1уьттуьйтура легашка: «Стенна дира ас иштта? (21)Х1унда ялийтира ас сайгара и к1езгалла?»

(22)Иштта г1айг1ане Мурад лелаш, цхьа-ши де а делира. (23)Цуьнан г1айг1ане лелар нанна а хааделира. (24)Цунна хилларг а, цуьнан дагара а хаа г1ерташ, нанас хеттарш дора. (25)Ткъа Мурада, могаш вац ша бохуш, цу т1е ерзайора ненан ойла.

(26)Кхин а цхьа к1ира хан елира. (27)Цхьана сарахь нанна улло охьахиира Мурад.

(28)Шена ахча карор а, ша цунах динарг а, х1етахь дуьйна шен деган ойланан латтам а, х1умма а къайла ца доккхуш, дерриг а ма-дарра д1адийцира цо нене.

(29)Нанас элира:

– (30)И г1уллакх ма-дарра ахь схьадийцар-м нийса ду. (31)Ткъа хьайна ахча карийча, ахь и долчунна д1ацадалар – иза оьзда доцуш г1иллакх ду. (32)Гой хьуна, Мурад, и йоккха стаг Забу, доьзал а боцуш, ша цхьа йисна ю, цуьнца и санна г1уллакх мегар дац. (33)Цуьнца-м хаац суна, и санна г1уллакх цхьаьнцца а мегар дац. (34)И стагехь тешам а, оьздангалла а цахилар ду. (35)Т1аккхахула ма делахь и санна дерг. (36)Ткъа х1инца, къинт1ераяларан меттана, ас ахсом лур ду хьоьга. (37)Иза а эций, Забун ц1а а г1ой, х1умма а лачкъа а ца деш, ма-дарра цуьнга г1уллакх д1а а дийций, ахча д1ало. (38)Т1аккха цуьнга деха ахь къинт1ераялар. (39)И ялахь, со а ер ю хьуна къинт1ера.

(40)Нанас ма-баххара, ахсом а эцна, вахара Мурад Забу йолчу. (41)Ма-дарра цуьнга г1уллакх д1а а дийцина, ц1ий а велла, ахча йоккхачу стаге д1акховдийра Мурада. (42)Шена къинт1ераялар дийхира цо цуьнга.

– (43)Со къинт1ерайолу хьуна, – элира йоккхачу стага. – (44)Амма т1аккхахула и санна дерг кхин ма делахь. (45)Мел доккхачу рицкъанал а тоьлу тешаммий, оьздангаллий.

(46)Йоккхачу стагана баркалла а аьлла, сапарг1атдаьлла, г1адвахана ц1а веара Мурад. (47)Т1ера цхьа беза бала д1абаьлла, сапарг1атделира Мурадан. (48)И санна долу г1алат ша кхин цкъа а шегара долуьйтург цахиларх йолу ч1аг1о шен даг чохь саца а йира цо.


(Чантиев 1.)




6


Текстан чулацаман анализ.

«Х1ун бахьана дара Мурад г1айг1ане хиларан?» бохучу хаттарна нийса т1еч1аг1даран хаам жоьпийн муьлхачу вариантехь бу?


  1. Мурад могуш вацара.

  2. Мурада ахча къайладаккхар гучуделира нанна.

  3. Йоккха стаг Забу шайга ярна кхоьрура Мурад.

  4. Ша динчу г1уллакхо, ша-шен эхь хоьтуьйтуш, дагна халахетар дора Мурадана.


Жоп _______________________________________________________________________



  1. 7


Меттан суртх1отторан г1ирсийн анализ.

Меттан суртх1отторан г1ирс–дустар шеца йолу предложени билгалъяккха.


  1. Цуьнан г1айг1ане лелар нанна а хааделира.

  2. Амма цхьа ойла йоьхна, г1айг1ане вара.

  3. Иштта г1айг1ане Мурад лелаш, цхьа-ши де а делира.

  4. Кхин а цхьа к1ира хан елира.



Жоп ________________________________________________________________________


8


Лексически анализ.

8-чу предложенера «кхаллар» бохучу дашна синоним ялае. Д1аязъе иза.


Жоп ________________________________________________________________________



3 дакъа


2-чу декъера ешначу текстах пайда а оьцуш, къаьстинчу кехата т1ехь 9.1, 9.2 я 9.3 т1едахкарех кхочушде ЦХЬАЪ. Сочинени язъян йолаяле, д1аязъе хаьржинчу т1едилларан лоьмар:9.1, 9.2 я 9.3.



9.1



Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, сочинени–ойлаяр язъе, П.К.Усларан «Нохчийн мотт ч1ог1а къен хетар даржош берш цунах цхьана а кепара кхеташ боцу нах бу. Мелхо а, и мотт, шен г1оьнца адаман ойланан уггаре к1оргера аг1онаш а йийцалур йолуш, ч1ог1а хьалдолуш бу» бохучу дешнийн маь1на а достуш.

Хьайн жоп т1еч1аг1деш, ешначу текста т1ера ши масал даладе.

Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.

Лингвистически материал т1ехь тема схьайоьллуш, 1илманан я публицистически стилехь болх язбан таро ю хьан.

Сочинени д1айоло мегар ду Л.Н.Толстойн дешнашца.

Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.

Ешначу текстана (ялийначу текстана) т1е а ца тевжаш язбинчу белхан мах хадош бац. Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.

Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.


Клишеш:

1.Суна хетарехь, …Тезис т1еч1аг1ъеш, хъовсур вай …

2.Авторо меттан суртх1отторан г1ирс гойтучу … предложенин масалца т1еч1аг1дан йиш ю и ойла нийса хилар.

3.Ткъа … предложенехь …

4.Текстера масалшка хьаьжча, …


Магадо: ялийна клишеш хийца.


9.2

Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, язъе сочинени-ойлаяр.

Дийца, муха кхета хьо х1окху предложенийн маь1нах: «Долчуьнгахь ду хьуна г1иллакх а, хьекъал а, эхь – има а, доцчуьнгахь – дац…».

Сочиненехь айхьа ешначу текстера хьайн ойлаяр нийса хилар гойтуш долу ши т1еч1аг1дар (аргумент) даладе.

Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.

Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.

Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.

Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.


Клишеш:

1.Текстан т1аьххьарчу мог1анех со иштта кхета …

2.Шен текстехь авторан (авторан ц1е) 1алашо ю …

3.Х1окху тезисан нийса хилар текстера … предложеница (-ешца) т1еч1аг1до вай.

4.Вайна ма-гарра, …


Магадо: ялийна клишеш хийца.



9.3

Муха кхета хьо Г1ИЛЛАКХ бохучу дешан маь1нах? Кепе а далош, комментари е айхьа цунах билгалдаьккхинчунна.

Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, язъе «Муха хила веза г1иллакхе стаг» темина сочинени-ойлаяр айхьа билгалдаьккхинчун буха т1ехь. Г1иллакхах лаьцна айхьа билгалдаьккхинарг т1еч1аг1деш, ши масал-т1еч1аг1дар даладе: цхьа масал-т1еч1аг1дар даладе ешначу текстера, шолг1аниг - хьайн дахарехь зеделлачух.

Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.

Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.

Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.


Клишеш:

1.Г1иллакх – иза … Сан кхетамехь, …

2.Текстан авторна хетарехь, …

3.Х1окху кхетамах лаьцна сайна хетарг олуш, билгалдаккха лаьа …

4.Лакхахь аьллачун т1ера билгалдолу …


Магадо: ялийна клишеш хийца.





Терахь

Жоп

2

3

3

23489

4

сирлачу

5

3

6

4

7

2

8

жима



Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!