СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

ОГЭ 10 вариант 2021 Чеченский язык

Нажмите, чтобы узнать подробности

Подготовка к ОГЭ

Просмотр содержимого документа
«ОГЭ 10 вариант 2021 Чеченский язык»


10 ВАРИАНТ


Болх кхочушбаран инструкци


Экзаменационни болх кхаа декъах лаьтташ бу, шена чохь 9 т1едиллар а долуш.

Нохчийн меттан экзаменационни болх кхочушбарна луш 3 сахьт 55 минот хан ю (235 минот).

1-чу декъана юкъадог1у цхьа т1едиллар. Иза ладоьг1начу текстан буха т1ехь билгалдаьхначу хаттаршна жоьпаш даларца кхочушбен жима йозанан болх бу. Тексте шозза ладуг1у.

И т1едиллар кхочушдо къаьстинчу кехата т1ехь.

2-г1а дакъа лаьтта 7 т1едилларх (2-8). 2-чу декъан кхо т1едиллар кхочушдо ешначу текстан буха т1ехь.

2-8-чуй т1едахкарийн жоьпаш д1аяздо дешан (дешнийн цхьаьнакхетаран), терахьан, терахьийн хьалха-т1аьхьаллин кепехь белхан текстехь жоп яздан билгалйинчу меттехь.

Нагахь 2-чу декъан т1едахкаршна нийса жоп ца яздинехь, цунна т1е сиз хьакхий, юххехь керла жоп д1аязде.

3-чу декъан т1едиллар кхочушдо 2-чу декъан 6-8-чуй т1едахкаршца айхьа болх беш ешначу текстан буха т1ехь.

3-чу декъан болх болош, далийначу кхаа т1едилларх (9.1, 9.2 я 9.3) цхьаъ харжа. Оцу т1едилларна, ялийначу клишех пайда а оьцуш, дуьззина йозанан жоп ло.

И т1едиллар кхочушдо къаьстинчу кехата т1ехь.

Экзаменехь бакъо ло орфографически луг1атах пайдаэца.

Т1едахкарш кхочушдеш, черновиках пайдаэца мегар ду. Белхан мах хадош, черновик т1ехь дина йозанаш лоруш дац.

Ахь кхочушдинчу т1едахкаршна яьхна ерриге а баллаш вовшахтуху.

Хьайн ма-хуьллу дукха т1едахкарш кхочушдан а, баллаш яха а хьажа.

Дала аьтто бойла!




1 дакъа


Тексте ла а дог1ий, къаьстинчу кехат т1ехь 1-ра т1едиллар кхочушде.

Цкъа хьалха т1едилларан лоьмар д1аязъе, цул т1аьхьа–йозанан болх.


1

Тексте ла а дог1ий, жима йозанан болх кхочушбе.

Хаалахь, хьо декхарийлахь ву, х1ора хаттарна дуьззина (1-2 предложеница) жоп дала.

Йозанан белхан барам 50 дашал к1езиг хила ца беза.

Нагахь ладоьг1начу текстан буха т1ехь билгалдаьхначу хаттаршна жоьпаш даларца кхочушбина йозанан болх ма-ярра схьаязйина ладоьг1на текст елахь, оцу белхан ноль баллаца мах хадабо.

Жоьпаш терахьашца билгалдаха.

Хаттарш къаьстинчу кехата т1е схьаяздан ца оьшу.

Йозанан болх кхочушбе ц1ена а, йоза къаьсташ а.


Хаттарш:

1.Исс шо кхаьчна 1ела муха ойла йолуш вара?

2.Муха яра цуьнан берашца йолу уьйр-марзо а, балхаца шовкъ а?

3.Хьенан пурба доцуш цхьана а метте ца воьдура к1ант?

4.Стенна т1ехь г1о дора нанна цо?

5.Х1ун говзалла караерзийнера 1елас?



2 дакъа




2-8 т1едахкарийн жоьпаш хуьлу белхан текстехь жоьпана билгалйинчу меттехь д1аяздан дезаш долу терахь, терахьийн хьалха-т1аьхьалла я дош (дешнийн цхьаьнакхетар). кхочушде.


2


Синтаксически анализ.

Д1аеша текст.


(1)Урокаш д1аюьйлаялар хоуьйтуш, горгали бийкира. (2)Массо а бер шайн-шайн классаш чу дахара. (3)Х1етталц йолчу ханна дешар т1ехь кхиамаш бохуш схьавог1уш, самукъадолуш волу 1ийса тахана-м урокана генахь вара. (4)Цуьнан ерриге ойла д1алаьцнера нанас, кхоьрура цунна цхьа х1ума хиларна.


Нийса грамматически бух къастийначу жоьпан вариант билгалъяккха. Д1аязъе цуьнан лоьмар.


1) урокаш д1аюьйлаялар (1-ра предложени)

2) классаш чу дахара (2-г1а предложени)

3) 1ийса генахь вара (3-г1а предложени)

4) ерриге ойла д1алаьцнера (4-г1а предложени)

Жоп _______________________________________________________________________


3


Пунктуационни анализ.

Оьшу сацаран хьаьркаш х1иттаде. Айхьа х1иттийначу ц1оьмалгийн терахьаш схьаязде.

Йоккхачу стеган (1) 1одика а йина (2) араделира Лоьмий (3) Тамарий. Самукъане б1аьргаш а те1ош (4) хьоьжура цу шинга (5) стиглара седарчий. Гонаха дерриге а (6) тийна дара. Наггахь (7) цхьанхьа (8) дог ца дог1уш санна (9) ж1аьла летара. Юха а д1атоьра.

Жоп ________________________________________________________________________


4


Синтаксически анализ.

Предложенера къастам схьаязде.


Иза дуьнен чу а веанера сирлачу 1алашонца – махкана, халкъана хьанала ваца.


Жоп ________________________________________________________________________


5


Орфографически анализ.

Билгалдаьккхина дош яздаран нийса т1еч1аг1дар далийначу жоьпан вариант билгалъяккха. Оцу жоьпан лоьмар д1аязъе.

1)ЯЗДИНАКХ – ч1аг1даран дакъалг «КХ» дешнашца цхьаьна яздо.

2)К1АЙНКЪОРЗА –мухаллин билгалдешнийн лардех лаьтташ долу чолхе билгалдешнаш цхьаьна яздо.

3 ЦА ХЕЗНА ДОШ– «ЦА» дакъалг лаамазчу причастица къаьстина яздо.

4)РОГ1Г1АНА – дашехь мукъаза шалха ши элп юх-юххехь нислахь, и ши элп дуьззина д1аяздо.


Жоп _________________________________________________________________________



Текст д1а а еший, 6-9 т1едахкарш кхочушде.


(1)Автобус д1асацийча, боккха аьтто баьлла хьийзара долахь машенаш ерш. (2)Х1ора дийнахь санна, т1етухура цара мах.

(3) Цхьана шийлачу дийнахь суьйренца ц1а ван дагахь ваьлла со а ву, со санна, дуккха а нах бу. (4)Эццахь еана схьаиккхин, хьуна, цхьа къона зуда. (5)Т1едуьйхина, шелонга хьаьжча, ледаро барзакъ а ду кхуьнан.

– (6) Шуьйта воьдуш цхьа а вац шух? – хаьттира цо долахь машенаш йолчаьрга.

–(7)Ву со-м, х1ун бохура ахь?- вистхилира царех цхьаъ, хенаро стаг, дукха варстарна даьтта т1е а даьлла йолчу шен юьхьах куьг а хьокхуш.

–(8)Деллахь, ма ц1а кхача езаш яра со.

–(9) Юьгур ю-кх, ахча лахь.

–(10) Мел дала деза?

–(11) Мел ца мел хаац суна, тхан мах цхьанна т1ера 5 сом бу. (12)Хьайца кхин кхо накъост а лахий, схьайола.

– (13)Пхи сом ? (14) Соьгахь-м кхо сом бен дан а дац. (15) Ц1ерачарна а ца хоуьйтуш, тахана больницера араяьлла со, – г1ийло эли зудчо.

–(16) Пхи сом дац?.. (17)Пхи сом доцуш, хьо х1унда яьлла Шуьйта яха, дуй? (18)Пхи сом дацахь, хьайн больнице д1а а яхана, д1айижча тоьла хьуна, дуй, т1ехьаьжча а, ю хьо беса, вахь-хьа-хьа, – велавелла, ша аьллачух ч1ог1а там хилла, ирх хьийзина мекхаш кхин т1е а хьовзийра вукхо.

(19)Деллахь, къонах, хьо Шуьйта хьалакхаьчча, аса итт туьма а лур дара хьуна. (20)Ц1ахь кегий бераш дара сан, царна сагатделла йоьдура со.

–(21)Э, д1аяла,цунах г1уллакх хир дац, – машенан багажник хьала а йиллина, цу чу корта а боьллина, цхьаъ леха х1оьттира важа. – (22) Бераш, дуй, хилар дика ду. (23) Сан а ду бераш. (24) Берашна, дуй, са ма гатде ахь, майра вац хьан ц1ахь, цо 1алашдийр ду хьуна.

(25) Уллорчу нахах цхьаберш шайна ца хезачуха лаьттара; вуьйш, кху зудчух къахеташ, делахь а вукхуьнга х1ума ала ца х1уттуш, лаьттара. (26) Дуьххьара дуьйна и зуда тергалъеш лаьтташ со а вара, иштта, оцу шопарна т1ера б1аьрг д1а ца боккхуш, лаьттара Сайд-Хьамидан к1ант Леча. (27)Цуьнан кхохкийначу юьхье хьаьжча, хаьара иза ч1ог1а оьг1азвахана хилар.

(28) Т1аьххьара а – кхин сатохаделла хир дацара цуьнга – т1е а вахана, багажник чу охьатаь1на волу шопар хьала а та1ийна:

– (29)Кху машенан мах х1ун бу хьан? – хаьттира цо.

(30)Ши туьма доккху- кх веанна т1ера, дуй, – мекхех куьг хьаькхира шопаро.

– (31)Делахь, х1ара ши туьма ду хьуна, и зуда ц1а кхетаехьа, – кисана куьг а дахийтина, шина туьманан ц1ен ши кехат кховдийра Лечас. (32) Лечас шега оццул эвхьаза аларна, ла ца делла:

–(33) Ца кхетайо ас, – элира цо.

–(34) Х1унда ца кхетайо ахь?

–(35) Иштта, аса ца кхетийча, х1ун дан воллура хьо? – шен иштта а т1едаьлла ге кхин т1е а даьккхина, вусавелла, борг1ал санна, д1ах1оьттира важа.

–(36)Хьуна дан х1ума а дац, амма, ахьа дуу х1ара дуьне ца дууш, саг1а дехар г1оли ю хьуна, ге хиларх ца хуьлу къонах.

–(37) Деллахь, къонах, соьга хьалайигийтахьа и зуда, аса юьгур ю иза Шуьйта, – элира цхьаммо.

–(38) Аса кхетор ю иза Шуьйта д1а, – элира кхин цхьамма а.

–(39)Деллахь, кхетор яц, х1ара ши туьма д1а а ца оьцуш-м.

–(40) Х1ан-х1а, ца оьшу, – дуьхьалвелира шопар.

–(41) Аса дуй биъний, д1аэцал.

– (42)Валлах1, ца оьцу-кх, д1авала. (43) Х1ара-м доккха х1ума дацара, схьаяло, зуда, чухаа, кхин а даккхий х1уманаш делара аса дан дезаш…

–(44) Деллахь, к1ант, суна эхь хетийти ахь. (45) Дела реза хуьлда хьуна, баркалла. (46) Хьо мичхьара ву а, хьайн ц1е х1ун ю а, схьадийцахьа суна, – элира зудчо Лечига.

–(47) Сан ц1арах дан х1ума дац ахь. (48)Хьан некъ дика хуьлда, – аьлла, иза хьала а хьажийна, д1авахара хьуна и к1ант.

(49) Долчуьнгахь ду хьуна г1иллакх а, хьекъал а, эхь – има а, доцчуьнгахь – дац…


(Ахмадов М.М.)


6


Текстан чулацаман анализ.

«Кхоалг1а волчу шопаро зуда Шуьйта д1акхеторан х1ун бахьана дара?» бохучу хаттарна нийса т1еч1аг1даран хаам жоьпийн муьлхачу вариантехь бу?


  1. Шопаро шена ахча даларе сатуьйсура.

  2. И зуда евзаш яра шопарна.

  3. Шех тамаша байта г1ертара шопар.

  4. Шопаран оьздангалла яра иза.


Жоп _______________________________________________________________________



  1. 7


Меттан суртх1отторан г1ирсийн анализ.

Меттан суртх1отторан г1ирс–дустар шеца йолу предложени билгалъяккха.


  1. Эццахь еана схьаиккхин, хьуна, цхьа къона зуда.

  2. Иштта, аса ца кхетийча, х1ун дан воллура хьо? – шен иштта а т1едаьлла ге кхин т1е а даьккхина, вусавелла, борг1ал санна, д1ах1оьттира важа.

  3. Ц1ахь кегий бераш дара сан, царна сагатделла йоьдура со.

  4. Хьо мичхьара ву а, хьайн ц1е х1ун ю а, схьадийцахьа суна, – элира зудчо Лечига.



Жоп ________________________________________________________________________


8


Лексически анализ.

4-чу предложенера «къона» бохучу дашна синоним ялае. Д1аязъе иза.


Жоп ________________________________________________________________________



3 дакъа


2-чу декъера ешначу текстах пайда а оьцуш, къаьстинчу кехата т1ехь 9.1, 9.2 я 9.3 т1едахкарех кхочушде ЦХЬАЪ. Сочинени язъян йолаяле, д1аязъе хаьржинчу т1едилларан лоьмар:9.1, 9.2 я 9.3.



9.1



Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, сочинени–ойлаяр язъе, П.К.Усларан «Нохчийн мотт ч1ог1а къен хетар даржош берш цунах цхьана а кепара кхеташ боцу нах бу. Мелхо а, и мотт, шен г1оьнца адаман ойланан уггаре к1оргера аг1онаш а йийцалур йолуш, ч1ог1а хьалдолуш бу» бохучу дешнийн маь1на а достуш.

Хьайн жоп т1еч1аг1деш, ешначу текста т1ера ши масал даладе.

Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.

Лингвистически материал т1ехь тема схьайоьллуш, 1илманан я публицистически стилехь болх язбан таро ю хьан.

Сочинени д1айоло мегар ду Л.Н.Толстойн дешнашца.

Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.

Ешначу текстана (ялийначу текстана) т1е а ца тевжаш язбинчу белхан мах хадош бац. Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.

Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.


Клишеш:

1.Суна хетарехь, …Тезис т1еч1аг1ъеш, хъовсур вай …

2.Авторо меттан суртх1отторан г1ирс гойтучу … предложенин масалца т1еч1аг1дан йиш ю и ойла нийса хилар.

3.Ткъа … предложенехь …

4.Текстера масалшка хьаьжча, …


Магадо: ялийна клишеш хийца.


9.2

Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, язъе сочинени-ойлаяр.

Дийца, муха кхета хьо х1окху предложенийн маь1нах: «Долчуьнгахь ду хьуна г1иллакх а, хьекъал а, эхь – има а, доцчуьнгахь – дац…».

Сочиненехь айхьа ешначу текстера хьайн ойлаяр нийса хилар гойтуш долу ши т1еч1аг1дар (аргумент) даладе.

Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.

Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.

Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.

Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.


Клишеш:

1.Текстан т1аьххьарчу мог1анех со иштта кхета …

2.Шен текстехь авторан (авторан ц1е) 1алашо ю …

3.Х1окху тезисан нийса хилар текстера … предложеница (-ешца) т1еч1аг1до вай.

4.Вайна ма-гарра, …


Магадо: ялийна клишеш хийца.



9.3

Муха кхета хьо Г1ИЛЛАКХ бохучу дешан маь1нах? Кепе а далош, комментари е айхьа цунах билгалдаьккхинчунна.

Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, язъе «Муха хила веза г1иллакхе стаг» темина сочинени-ойлаяр айхьа билгалдаьккхинчун буха т1ехь. Г1иллакхах лаьцна айхьа билгалдаьккхинарг т1еч1аг1деш, ши масал-т1еч1аг1дар даладе: цхьа масал-т1еч1аг1дар даладе ешначу текстера, шолг1аниг - хьайн дахарехь зеделлачух.

Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.

Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.

Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.


Клишеш:

1.Г1иллакх – иза … Сан кхетамехь, …

2.Текстан авторна хетарехь, …

3.Х1окху кхетамах лаьцна сайна хетарг олуш, билгалдаккха лаьа …

4.Лакхахь аьллачун т1ера билгалдолу …


Магадо: ялийна клишеш хийца.





Терахь

Жоп

2

3

3

23489

4

сирлачу

5

3

6

4

7

2

8

жима



Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!