СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

ОГЭ 1 вариант 2021 Чеченский язык

Нажмите, чтобы узнать подробности

Чеченский язык. ОГЭ 2021 - 1 вариант

Просмотр содержимого документа
«ОГЭ 1 вариант 2021 Чеченский язык»


1 ВАРИАНТ


Болх кхочушбаран инструкци


Экзаменационни болх кхаа декъах лаьтташ бу, шена чохь 9 т1едиллар а долуш.

Нохчийн меттан экзаменационни болх кхочушбарна луш 3 сахьт 55 минот хан ю (235 минот).

1-чу декъана юкъадог1у цхьа т1едиллар. Иза ладоьг1начу текстан буха т1ехь билгалдаьхначу хаттаршна жоьпаш даларца кхочушбен жима йозанан болх бу. Тексте шозза ладуг1у.

И т1едиллар кхочушдо къаьстинчу кехата т1ехь.

2-г1а дакъа лаьтта 7 т1едилларх (2-8). 2-чу декъан кхо т1едиллар кхочушдо ешначу текстан буха т1ехь.

2-8-чуй т1едахкарийн жоьпаш д1аяздо дешан (дешнийн цхьаьнакхетаран), терахьан, терахьийн хьалха-т1аьхьаллин кепехь белхан текстехь жоп яздан билгалйинчу меттехь.

Нагахь 2-чу декъан т1едахкаршна нийса жоп ца яздинехь, цунна т1е сиз хьакхий, юххехь керла жоп д1аязде.

3-чу декъан т1едиллар кхочушдо 2-чу декъан 6-8-чуй т1едахкаршца айхьа болх беш ешначу текстан буха т1ехь.

3-чу декъан болх болош, далийначу кхаа т1едилларх (9.1, 9.2 я 9.3) цхьаъ харжа. Оцу т1едилларна, ялийначу клишех пайда а оьцуш, дуьззина йозанан жоп ло.

И т1едиллар кхочушдо къаьстинчу кехата т1ехь.

Экзаменехь бакъо ло орфографически луг1атах пайдаэца.

Т1едахкарш кхочушдеш, черновиках пайдаэца мегар ду. Белхан мах хадош, черновик т1ехь дина йозанаш лоруш дац.

Ахь кхочушдинчу т1едахкаршна яьхна ерриге а баллаш вовшахтуху.

Хьайн ма-хуьллу дукха т1едахкарш кхочушдан а, баллаш яха а хьажа.

Дала аьтто бойла!



1 дакъа


Тексте ла а дог1ий, къаьстинчу кехат т1ехь 1-ра т1едиллар кхочушде.

Цкъа хьалха т1едилларан лоьмар д1аязъе, цул т1аьхьа–йозанан болх.


1

Тексте ла а дог1ий, жима йозанан болх кхочушбе.

Хаалахь, хьо декхарийлахь ву, х1ора хаттарна дуьззина (1-2 предложеница) жоп дала.

Йозанан белхан барам 50 дашал к1езиг хила ца беза.

Нагахь ладоьг1начу текстан буха т1ехь билгалдаьхначу хаттаршна жоьпаш даларца кхочушбина йозанан болх ма-ярра схьаязйина ладоьг1на текст елахь, оцу белхан ноль баллаца мах хадабо.

Жоьпаш терахьашца билгалдаха.

Хаттарш къаьстинчу кехата т1е схьаяздан ца оьшу.

Йозанан болх кхочушбе ц1ена а, йоза къаьсташ а.


Хаттарш:

1.Дайн орамашкара дуьйна схьадог1уш муха г1иллакх ду вайн?

2.Далла а, нахана а гергахь деза, сийлахь х1ун ду?

3.Маца 1ама веза стаг оьзда мотт бийца?

4.Х1ун ю оьзда мотт?

5.Стенах ларвала г1о до оьздачу матто?



2 дакъа


2-8 т1едахкарийн жоьпаш хуьлу белхан текстехь жоьпана билгалйинчу меттехь д1аяздан дезаш долу терахь, терахьийн хьалха-т1аьхьалла я дош (дешнийн цхьаьнакхетар). кхочушде.


2


Синтаксически анализ.

Д1аеша текст.


(1)Корта т1улга т1е а биллина, хина дуьхьал вирзина, вехха 1иллира со. (2)Аьхкенан довхачу дийнахь г1еххьа малделлачу, шовда санна, ц1еначу хин кегийчу тулг1еша эсала хьоьстура дег1. (3)Бер дижочу эшаран мукъамехь декачу хиэ набаран тар туьйсуьйтура. (4)Меллаша хи чуьра хьала а шершина, гомхачу берда йистехь, б1аран 1индаг1е корта а буьллуш, аркъалнехьа бай т1е д1анисвелира со.


Нийса грамматически бух къастийначу жоьпан вариант билгалъяккха. Д1аязъе цуьнан лоьмар.


1) корта т1е а биллина (1-ра предложени)

2) хьоьстура дег1 (2-г1а предложени)

3) тар туьйсуьйтура (3-г1а предложени)

4) д1анисвелира со (4-г1а предложени)

Жоп _______________________________________________________________________


3


Пунктуационни анализ.

Оьшу сацаран хьаьркаш х1иттаде. Айхьа х1иттийначу ц1оьмалгийн терахьаш схьаязде.

Готтачу новкъа (1) г1али чу схьадалийра йийсарш. Зударша а (2) бераша а уьйт1е юьзира. Барза (3) тхов т1ера охьа а воьссина (4) парг1атчу боларахь (5) йийсаршна т1евахара. Нажина вевзира иза. Ч1ог1а хийцавелла (6) воккха стаг. Схьахетарехь (7) дог а хийцаделла.

Жоп ________________________________________________________________________


4


Синтаксически анализ.

Предложенера кхачам схьаязбе.


Шелонах экама хебачу ангалин корех сиха дог1учу дог1анан т1адамаш деттало.


Жоп ________________________________________________________________________


5


Орфографически анализ.

Билгалдаьккхина дош яхдаран нийса т1еч1аг1дар далийначу жоьпан вариант билгалъяккха. Оцу жоьпан лоьмар д1аязъе.

1)ЦА ДЕШАР – «ЦА» дакъалг масдарца къаьстина яздо.

2)Х1АЙТ-АЬЛЛА – АЬЛЛА боху дош т1екхетарца кхолладелла чолхе куцдешнаш дефисцаяздо.

3)ХЬОСТА – хьалхарчу спряжени чудог1учу карарчу хенан хандешан чаккхенгахь «А» яздо.

4)ВЕДАНА – долахь ц1ердешнаш жимачу элпаца яздо.


Жоп _________________________________________________________________________



Текст д1а а еший, 6-9 т1едахкарш кхочушде.


(1)Тхан лулахь 1аш яра, к1ант эскаре вигначу шарахь т1ера ц1ийнда а велла, йисина йоккха стаг Кхокха. (2)XIopa баттахь кехат кхочура Кхокхига шен к1антера.

(3)К1анте хаийтина дацара да кхалхар. (4)Ткъа цуънгара кхочуш долу кехаташ ден а, ненан а ц1арах хуьлура. (5)Къеначу цу шиннан догъэца г1ерташ санна, къонахаллех дуьзна а, самукъане а хуьлура к1ентан Аюбан xlopa кехат. (6)Шен т1аьххьарчу кехат т1ехь Аюба яздинера, мостаг1ий вайн махкара д1а а лаьхкина, накха буьззина орденаш а, мидалш а яхьаш, ц1авоьрзур ву ша бохуш. (7)И дешнаш шена хезча, коьртарчу йовлакхан т1ам б1аьргех а хьоькхуш, г1ийла елакъежара йоккха стаг.

(8)К1антера кехат мосазза деа а, соьга и дешийта йог1ура Кхокха. (9)Ши бутт сов хан д1аелира, Аюбера кехат ца кхочуш. (10)Г1айг1ане юьйжира йоккха стаг. (11)Шайн кет1арчу т1улга т1е а хоий, сарралц 1ара иза, к1ентан кехате сатуьйсуш. (12)Ткъа луларчу Пет1амата х1оразза а к1ант ц1а вог1у, иза могаш а, парг1ат а ву олий, пал тосура цунна.

(13)Цхьана дийнахь, 1уьйранна, пхийттара яьлча санна, каде йог1учу Кхокхех б1аьрг кхийтира сан. (14)Кертарчу г1антахь хиъна 1аш Къосум гира суна. (15)Цунна т1е яхара йоккха стаг.

(16)Шен кучан шуьйрачу пхьуьйшара кехат д1акховдийра Кхокхас хьалаг1аьттинчу Къосуме. (17)Кхо маь1иг йолу т1амера салташа кхоьхьуьйту конверт яцара цо д1акховдийнарг. (18)Конверт яста воьлча, хаа а луш, дего долийра цуьнан куьйгаш. (19)Къосума конверт чуьра схьаяьккхинчу кехатан цуьргах б1аьрг ма-кхийтти, хиира суна, суо г1алат ца ваьллийла: «Вайн Даймохк ларбечу т1амехь... шун к1ант майрачеран 1ожаллех воьжна...»

(20)Хийла нене кхаьчна и шийла кхаъ. (21)Соьга б1аьца йира Къосума, стоьла т1ера шен куьзганаш схьада а олуш. (22)Оьрсийн маттахь соьга вистцахилар а дехна, кехат деша вуьйлира иза.

(23)Шен дега а, нене а кехат хьедаларна бехк цабиллар доьхура к1анта. (24)Ша могаш а, парг1ат а ву, шена сагатдан оьшуш дац, бохура кхид1а а цо.

(25)Цецваьлла хьоьжучу суна гира цуьнан ши б1аьрг т1унлуш. (26)Хала садетташ, кьийлалуш, легашка къурдаш х1уьттуш, воллура Къосум, ненан дог ца дохо г1ерташ.

(27)К1ентан ц1ерш йохуш, йоккха стаг елха х1оьттира.

(28)Сан легашка шад х1оьттира, б1аьргаш чуьра цхьа ларамаза хи хьаьдира...

(29)Юха со т1евеъча, Къосум йоккхачу стагана хьехарш деш воллура, сагатдан ца оьшу, т1амехь ма аьлла ца хуьлу, хан яларх дийна вац аьлла, дагадаийта а мегар дац бохуш. (30)Т1аьххьара а т1ера адрес схьаяздан и кехат шегахь дитар дийхира цо, Аюбе шен к1ант ца хаавелла те аьлла, кехат яздан дагахь ву ша, олуш. (31)Йоккха стаг дукха сиха реза хилира. (32)Къосумна баркаллаш а баьхна, д1аяхара Кхокха.

(33)Оцу деношкахь дикка букар яханчу цуьнан дег1 хаъал хьаланисделлера. (34)Болар а дайделлера.

(35)Дикка хан яьлла х1етахь дуьйна. (36)Шен к1анте сатуьйсуш, кхелхира йоккха стаг. (37)Дийна вац Къосум а. (38)Амма х1инца а дагара ца долу суна Къосума дешна кехат.

(Саракаев Х.Б.)




6


Текстан чулацаман анализ.

«Х1ун бахьана дара Къосума кехатан чулацам хийцаран?» бохучу хаттарна нийса т1еч1аг1даран хаам жоьпийн муьлхачу вариантехь бу?


1)Къосумна шерра деша ца хаьара.

2)Къосуман б1аьрса дика дацара.

3)Кехат т1ехь яздинчух Къосум ца тешара.

4)Къосум ненан дог ца дохо г1ертара.


Жоп _______________________________________________________________________



  1. 7


Меттан суртх1отторан г1ирсийн анализ.

Меттан суртх1отторан г1ирс–метафора шеца йолу предложени билгалъяккха.


1)Тхан лулахь 1аш яра, к1ант эскаре вигначу шарахь т1ера ц1ийнда а велла, йисина йоккха стаг Кхокха.

2)Ткъа цуънгара кхочуш долу кехаташ ден а, ненан а ц1арах хуълура.

3)Хийла нене кхаьчна и шийла кхаъ.

4)Амма х1инца а дагара ца долу суна Къосума дешна кехат.


Жоп ________________________________________________________________________


8


Лексически анализ.

3-чу предложенера «кхалхар» бохучу дашна синоним ялае. Д1аязъе иза.


Жоп ________________________________________________________________________



3 дакъа


2-чу декъера ешначу текстах пайда а оьцуш, къаьстинчу кехата т1ехь 9.1, 9.2 я 9.3 т1едахкарех кхочушде ЦХЬАЪ. Сочинени язъян йолаяле, д1аязъе хаьржинчу т1едилларан лоьмар:9.1, 9.2 я 9.3.






9.1



Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, сочинени–ойлаяр язъе, халкъан хьехархочун Ш.И.Абдуразаковн «Нохчийн мотт башхачу жовх1арех юьзна йоккха хазна ю. оцу жовх1арех бу ойланан муьлхха а аг1о гайта таро хуьлуьйту меттан суртх1отторан г1ирсаш» бохучу дешнийн маь1на а достуш.

Хьайн жоп т1еч1аг1деш, ешначу текста т1ера ши масал даладе.

Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.

Лингвистически материал т1ехь тема схьайоьллуш, 1илманан я публицистически стилехь болх язбан таро ю хьан.

Сочинени д1айоло мегар ду Ш.И.Абдуразаковн дешнашца.

Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.

Ешначу текстана (ялийначу текстана) т1е а ца тевжаш язбинчу белхан мах хадош бац. Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.

Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.


Клишеш:

1.Иза иштта хилар шеко йоцуш ду …

2.Масала, текстера … предложенера …

3.Текстан … предложени ешча, …

4…. вайн таро хуьлу т1еч1аг1дан …

Магадо: ялийна клишеш хийца.


9.2

Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, язъе сочинени-ойлаяр.

Дийца, муха кхета хьо х1окху предложенийн маь1нах: «Оцу деношкахь дикка букар яханчу цуьнан дег1 хаъал хьаланисделлера. Болар а дайделлера».

Сочиненехь айхьа ешначу текстера хьайн ойлаяр нийса хилар гойтуш долу ши т1еч1аг1дар (аргумент) даладе.

Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.

Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.

Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.

Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.


Клишеш:

1.Еллачу кийсакан маь1нах со иштта кхета …

2.Сайн жам1 т1еч1аг1деш, … предложенера (-шкара) масал далор ду ас.

3…. предложенино (-еша) т1еч1аг1йо ойла…

4.Дерзорехь билгалдоккху …

Магадо: ялийна клишеш хийца.



9.3

Муха кхета хьо ДЕГАЙОВХО бохучу дешан маь1нах? Кепе а далош, комментари е айхьа цунах билгалдаьккхинчунна.

Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, язъе «Ненан дегайовхо» темина сочинени-ойлаяр айхьа билгалдаьккхинчун буха т1ехь. Дегайовхонах лаьцна айхьа билгалдаьккхинарг т1еч1аг1деш, ши масал-т1еч1аг1дар даладе: цхьа масал-т1еч1аг1дар даладе ешначу текстера, шолг1аниг - хьайн дахарехь зеделлачух.

Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.

Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.

Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.


Клишеш:

1.Дегайовхо – иза … Суна хетарехь, …

2.Текстан авторо вайга ойла йойту …

3.Сайн дахарехь зеделлачуьнга а хьаьжна, айса ялийна ойла т1еч1аг1ъян лаьа …

4.цу т1ера цхьа жам1 дан таро ю… …

Магадо: ялийна клишеш хийца.




«Кхолламан цхьа де»

Терахь

Жоп

2

4

3

2347

4

корех

5

2

6

4

7

3

8

валар



Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!