СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Урокан ц1е: Стихотворени «Ло догlуш» Эдилов Х.Э. 4 класс

Нажмите, чтобы узнать подробности

1алашонаш: Эдилов Эдалан Хасмохьмадан дахарх, кхоллараллех лаьцна хаам балар; шен махкана, къомана хьанал хилар, церан дуьхьа муьлххачу халонех доьналлица чекхвалар кхиор. Ойла а, тидам а кхи­ор. Къинхьегаме, дешаре безам кхоллар.

Кхочушдан лору жам1аш: дешархошна хаа деза ешначух кхет хиндолчу г1уллакхан прогноз ян; шайн белхан план xIotto, вовшашца, хьехархочуьнца къамеле бовла, къамел д1адахьа, 1ама беза шайн кхиамаш, кхачамбацарш довза, царах пайда эца.

Гlирс: учебник, презентаци, кицанаш.

Урокан девиз: Ненан мотт цахаар

Шен кхерч цаларар ду.

Кхерчан да цахилар

Маьттаза вахар ду. (Саидов Б.)

Урок дlаяхьар.

  1. Урокана кечам бар.

II. Цlахь бина болх таллар.

а) М. Мамакаевн стихотворении « Даймохк» къастош ешар;

аь) Даймахках лаьцна кицанаш;

III. Керла тема: «Ло дог1уш» Х.Эдилов

а) Эдилов Хасмохьмад Эдиловичан кхолларалах лаьцна хьехархочо дийцар.

Эдилов Хасмохьмад вина 1922 шарахь (1991) Валаргт1ехь ахархочун доьзалехь. Юьхьанцара дешар ц1ахь 1амийна цо. 1936 шарахь Серноводскерчу педучилище деша а вахна, иза чекхъяьккхина Эдилов Хасмохьмада. Дешарца цхьаьна школийн инспекторан болх а бо цо. Цигахь дешна велира 1941 шарахь. Цул т1аьхьа Эдиловс белхаш бо Республикански халкъан кхоллараллин ц1ийнан инструктор волуш а, Ачхой-Мартанехь суьдан исполнителан даржехь а.

1

Дуккха а т1аьхьа чекхъяьккхина Эдилов Хасмохьмада Нохч-Г1алг1айн педагогически институтан историко- филологически факультетан оьрсийн меттан, литературин, нохчийн меттан, литературин отделени.

Нохчийн халкъан барта кхолларалле ч1ог1а шовкъ йолуш вара хинволу яздархо.

Эдилов Хасмохьмад яздан волавелла 1937 шарахь, Серноводски педучилищехь доьшуш волчу хенахь. Дуьххьара цуьнан стихотворени зорбатуьйхира 1941 шарахь.

Сийлахь-боккха Даймехкан т1ом болабелча, Нохчийчоьнан яздархоша арахийцира «Фашисташна дуьхьал стихаш» ц1е йолу книга. Оцу книги т1ехь кхечу поэтийн стихотворенешца цхьаьна зорба тоьхна яра Эдилов

Хасмохьмохьмадан масех стихотворени а. Уьш яра х1етта язйина йолу, «Тlемало- хьоьга!», «Б1аьрзе стаг», «Кавказан аьрзу», «Сурте». Шен лаамца т1аме а вахана, эзар гергга мостаг1 вожийначу нохчийн к1ентан Нурадилов Х. хьуьнарех лаьцна ю «Кав­казан аьрзу», «Сурте» ц1ерш йолу стихотворенеш. Хьоме Даймохк аьшнаш бечу мостаг1чуьнга болчу цабезамах догуш дара къоначу Ханпашин майра дог, иза х1алаквеш д1аделира цо шен са.

аь) дешнашца болх (слайд 4)

басе- склон горы

беснеш- щеки

гиччош - вески

сира бос – серый

б) хьехархочо стихотворени «Ло дог1уш» ешар.

в) слайдаш гойту (слайд 5-12)

г) Х1етал-метал

Хlара маца хуьлу?

Арахь шийла ю. Лаьттахь ло ду. Чохь цlе ягайо.

Бераша салазаш хохку, лайн мижаргех ловзу. (Iай)

- Вайга тахана хьошалг1а деана 1а

(Цо еана шуна заданеш.)

Вовшах хотта кицанаш :

Аьхка - мало, 1аьнан бутт кхобу

Аьхкенан дийно, 1ай - ворда.

Аьхка кечъе салазаш, Iай - хало.

Х1етал-металш:

Хиш лаьттинчохь – буто ша,

Гуьйре елхош йог1у хан? (1а)

Т1ома хьийза хьозарчий дац,

Шийла хуьлу, амма буто ша бац. (лайн чимаш)

2

IV. 1амийнарг тlечlагlдар.

гl) дешархоша стихотворени «Ло дог1уш» къастош ешар

V. Сада1аран минот «Дехкий»

Кийсакаш ешар :

1.Муха ду боху поэто ло?

2.Стен гойту берийн самукъадаьлла хилар?

3. Х1окху стихотворених пайда а оьцуш, х1ун сурт дуьллур дара ахьа?

4. Муха кхета шу т1аьххьарра мог1анех?

VI.

(Задани: бераш 1аьнан х1уманийн ц1ераш язъйо ненан маттахь)

VII. Урокан жам1 дар.

- Стенах лаьцна дийци вай тахана урокехь?

- Мила ву «Ло дог1уш» стихотворенин автор?

- Стихотворенин коьрта маь1на х1ун ду аьлла, хета шуна?

VIII. Ц1ахь кхочушдан дезарг. Стихотворени дагахь 1амор.

IX. Рефлекси. Хаарийн мах хадор.

3

06.02.2023 10:13


Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!