СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Предложенин коьртаза меженеш карлайахар

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Предложенин коьртаза меженеш карлайахар»

Нохчийн мотт. 8 класс.

Урок № 50.

Терахь: 9.01.2023 8в,г

Урокан тема: Предложенин коьртаза меженаш карлайахар.

Урокан 1алашонаш: коьртаза меженаш карлайахар, цунах кхетам балар. дозуш долу къамел кхиор; дешнийн хазна шорйан хьелаш лахар.


Личностни: Дешархочун ша-шен кхиарна кечаман а, хьуьнаран а чулацам, дешарна а, довзарна а шовкъ кхоллар

Регулятивни: 1аморан г1уллакх дарехь кхиам хиларан , цахиларан а бахьанех кхетаран хаарш кхоллар

Познавательни: Буххера предметни, предметни йукъара кхетамаш караберзор

Коммуникативни: Шена хетарг д1аалар, кхечо дуьйцург хазар, ладог1ар, дагайалар, цхьаьна дечу г1уллакхехь цхьа сацам хилар


Урокан тайпа: довзийтаран.

Урокан г1ирсаш: интерактивни у,белхан тетрадаш,учебникаш,кехаташ.

Урок д1айахьар.

I. Урокан кечам бар. Маршалла хаттар.

Ц1ера болх таллар.

Шардар толлу.

Предложенин коьрта меженаш карлайахар.


II. Дешархой балхана йукъабалор:




1. 2.







Т1едиллар. Вовшашка хаттарш а луш, йузу таблица.

/Нийса хаттар деллачунна, нийса жоп деллачунна санна оценка йуьллу./


III. Предложенеш синтаксически, морфологически къастор.

Аса дира малхбузу ламаз. Нанас шеца Селима а йигира. Седа автобусе хьоьжуш 1ара. Йуьртара хьеший баьхкира тхоьга. Селхана Ахьмад г1ала деша вахара.


V.Шайга болх байтар .

1. Кхочушдо 91 шардар.


2.Хаарш-зер. Нийсаниг харжар.

1.Маса коьртаза меже йу нохчийн маттахь?

а) 2

б) 3

2.Кхачам маса тайпана бу?

а) 4

б) 2

3.Муьлхачу дожаран хаттаршна жоп ло нийсачу кхачамо?

а) х1ун? мила? муьлш?

б) хьанна?стенна? хьаьнца?стенца? хьанах?стенах? хьаьнга?стенга? хьанал?стенал?

4.Муьлхачу хаттаршна жоп ло лач кхачамо?

а) х1ун? мила? муьлш?

б) хьанна?стенна? хьаьнца?стенца? хьанах?стенах? хьаьнга?стенга? хьанал?стенал?

5.Х1ун гойту къастамо?

а) х1уманан билгало.

б) х1уманан дар йа хилар.

6.Х1ун гойту латтамо?

а) х1уманан билгало.

б) х1уманан дар йа хилар муьлхачу хьолехь кхочушхуьлу.

7. Муьлхачу хаттаршна жоп ло латтамо?

а) маца? мичахь? муха? мел? мича 1алашонца? х1унда?

б) хьанна?стенна? хьаьнца?стенца? хьанах?стенах? хьаьнга?стенга? хьанал?стенал?

VII. Жам1 дар.

VIII. Ц1ахь бан болх балар.

Шайггара 5 предложени х1отто,коьртаза меженаш билгалйаха.

Рефлекси: шаьш бинчу балхана мах хадор

ПРЕДЛОЖЕНИН МЕЖЕНАШ:


1. 2.










Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!