СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Хамидов 1-Хь. "Д1а - коч, схьа - коч"

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Хамидов 1-Хь. "Д1а - коч, схьа - коч"»

Нохчийн литература 8 класс

Урок № 15

Терахь: 22.10-8в,г

Урокан ц1е: Хамидов 1-Хь.Х. дахар, кхолларалла. «Д1а-коч, схьа-коч» дийцар. Хьаша ларар.

1алашонаш: Хамидов 1абдул-Хьамидан дахарх а, кхоллараллех а лаьцна хаамаш балар; произведенин тема, коьрта турпалхой, идея йовзийтар; шен махкана, къомана хьанал хилар, церан дуьхьа муьлххачу халонех доьналлица чекхвалар кхиор. Ойла а, тидам а кхиор. Къинхьегаме, дешаре безам кхоллар.

Регулятивни г1уллакх:

Кхоллараллин а, лехамийн а кепехь халонах чекхваларан некъаш карадерзор


Коммуникативни г1уллакх : Тайп-тайпана хьежамаш тидаме эцар, цхьана къахьегарехь вовшийн уьйр хилийтар

Познавательни г1уллакх: Барта а, йозанан а кепехь дийцар х1оттор

Планируеми жам1аш: яздархочун дахар, кхолларалла йовзар.

Урокан тайпа:

Урокан г1ирсаш: учебник, белхан тетрадаш, Хамидовн сурт

Урок д1айахьар

I.Урокана кечам бар. Маршалла хаттар, урокана оьшу г1ирс кечбар, класса чохь верг-воцург билгал а воккхуш, журнал т1ехь болх бар.

II. Ойла т1ейерзор. Соьга хьовсий, самадовла,

Вовшашка хьовсий, къинт1ерадовла.

XIинца дикка тидам бе,

Балхе ойла йерзайе!



III.Дешархой хаарш билгалдахар Чекхдаккха чалтаран шолг1а болх. (Тобанашкахь болх)

Дошам: чалтар( решетка)

Хаттар

Тезис

Мила ву совдегаран доьзалера схьаваьлла йаздархо?


«Хьоме йурт» повестан автор мила ву?


Мамакаев Мохьмадан муьлха произведени 1амийна вай?


Даймехкан Сийлахь-Боккхачу т1амехь пхьарс баьккхинчу йаздархочун ц1е йаккха.


Муьлхачу произведени йукъахь дара олхазарх лаьцна дийцар?


Дайн халчу некъашца, халонех ваьлла, Дог дуьзна вог1у со г1айг1анца къийса. Даймехкан сурт суна лаьмнашца кхоьлли, И кхоллам сан дагна даимна бисна. - Ав­тор, стихотворенин ц1е?


Муьлш бу «Хьоме йурт»дийцаран коьрта турпалхой?


Муьлхачу произведенин турпалхой бу. Элашби, Сепият, Исрапил?


Дийца, муьлхачу произведенехь гайтина нохчийн къоман ч1ир эцаран 1адат?


2.Дешархоша йаздархочух шаьш лаьцна хаамаш бовзуьйту

IV. Керлачу хаарийн дуьххьара д1алацар.

Хъехархочун дош.

        1. Йаздархочух лаьцна доцца дийцар.

Хамидов Хьамидан к1ант 1абдул-Хьамид нохчийн къоман гоьваьлла актер, драматург хилла. Цуьнан кхолларалла а, дерриг дахар а къо­ман театраца, литературица дозаделла хилла. Театрехь г1уллакх деш кхнъна цуьнан драматургически говзалла, кхоллараллин пох1ма. Вина иза 1920-чу шеран 15 октябрехь Йоккхачу Атаг1ахь ахархочун доьзалехь. Бераллехь дукха ладийг1ина цо нохчийн туьйранашка, эшаршка, забаречу дийцаршка.

Москварчу театран искусствон институтехь ша доьшуш волуш, актеран говзалла 1аморца цхьаьна, д1адолийра драматургехь болх бар. Х1етахь нохчийн матте йаьхна классически драматургин произведенеш: Ж. Мольеран «Мещанин дворянствехь» («Мещанин во дворянстве»), А. Толстойн «Боданан 1едал» («Власть тьмы». 1939 ш.), У. Шекспиран «Отелло» (1940 ш.). Оцу произведенеш т1ехь болх бар ч1ог1а мехала хилла цунна цуьнан драматургически кхолларалла кхиарехь.

Хамидов 1абдул-Хьамидан кхолларалла, коьрта долчунна, драма­тургически произведенех лаьтташ йу, амма мехала сатирически дийцарш а ду цуьнан, мелла а поэтически произведенеш а йу.

1абдул-Хьамидан кхолларалла, цуьнан драматургически произве­денеш, сатирически дийцарш, цо театрехь дина г1уллакх 1аламат меха­ла ду къоман театр, литература, культура кхиарехь.

2.Хамидов А.-Хь. «Бож-1ела» комеди т1ехь х1оттийна спектаклан цхьа дакьа гайтар.

3. Хьехархочо ша йа йешар дика долчу дешархошка кьастош д1адоьшуьйту дийцар.

              1. Кхетарх дуьххьарлера таллам.

1) Дийцаран чулацаман хьокъехь къамел дар.

1. Муьлш бу «Д1а - коч, схьа - коч» дийцаран коьрта турпалхой? Йаздархочо шен дийцарехь билгалйаьхначу йартийн ц1ерш йовзийта.

2. Маца, хьаьнга йахна хиллера Хелисат? Муха адам ду иза?

3. Схьалаха Забуна совг1атана дала к1ади лоьхуш ша йолчу йеанчу Халисатна, шен цуьнга дала и цахиларх тешош, Жарадата далийна дешнаш. Схьайазде уьш. Билгалдаьккхинчу дешан маь1на даста. 4.Билгалдаьккха, и дийцар бахьана долуш, халкъа йукъахь кица а хилла лела дешнийн ч1аг1делла цхьаьнакхетар. Дийца, вайн къоман муьлха г1иллакх довзуьйту цо. 5.Ойла йе, вайн заманахь лелаш дуй и тайпа г1иллакх? Оьшуш дуй хьешана совг1аташ дар?

VI.Жам1аш дар.

1. Стенах лаьцна дийци вай тахана урокехь?

2. Муха д1адоладо йаздархочо шен дийцар? (йаздархочо шен дийцар жспозици т1ера а доцуш, хиламан т1ера д1адоладо.)

3. Йаздархочун меттан исбаьхьаллин башхаллаш йийца.

4. Муьлхачу аламех пайда оьцу йаздархочо дукхахьолахь: чолхечу йа цхьалхечу аламех?

5. Дийцарийн турпалхойн амалш церан къамелашкахь муха билгалйоху? Дийцарехь йолчу диалогашкахь персонажийн амалш гойтуш йолу меттигаш билгалйахий, д1айеша.

6. Нохчийн г1иллакх-оьздангаллехь хьаша ларар къоман коьртачу ламастех цхьаъ ду. Дийцарехь хьешаца лело деза г1иллакх муха гайтина йаздархочо?

7. Дийцаран турпалхошкахь нохчийн г1иллакхашца дог1уш дерг а, доцург а х1ун ду аьлла, хета шуна?

Муха дерзадо авторо шен дийцар?

«Д1а коч - схьа коч» дийцаран коьрта маь1на х1ун ду?


    1. Рефлекси.

Бовзийта шайн кхиамаш.

Суна хии ...

Су на хазахийти ...

Со ца кхийти ...













Эпиграф:

«Доттаг1чо беллачу динна бага ма хьежа». (кица)


Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!