СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Дош фонетически къастор

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Дош фонетически къастор»

Урок 20

Терахь-14.10-5а,б; 17.10-5в,г

Урокан чулацам: Дош фонетически къастор

Урокан тайна: хаарех пайдаэцар.

Урокан 1алашо:

1) фонетически талларан кепах кхетор;


2) фонетикех 1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар;


3) ненан матте безам кхиор.


Планируеми результаташ (урокан 1алашо ):Фонетиках 1амийнарг карладаккхар. Дош фонетически къасторан некъаш довзийтар. Дозуш долу къамел кхиор.

Метапредметни результаташ:

Регулятивни г1уллакх: шен кхиаман нийса мах хадор, халонах чекхваларан некъаш карадерзор;

Коммуникативни г1уллакх : коммуникативни хьесапаш кхочушдеш хаттарш далар, нийса пайда эца хаар барта къамел даран г1ирсах

Познавательни г1уллакх: хуьлушдерг тайпанашка д1асадекъа кхетам кхиор

Урокан г1ирс: учебник,белхан тетрадь, карточкаш.

Урок д1аяхьар.

1.Ойла т1еерзор (мотиваци)

Хьехархочун хьалхара дош.

Де дика хуьлда шун! Шун б1аьра ма-хьаьжжинехь, шун лепа б1аьргаш гича, керла хаарш довза , керлачу серлоне кхача даьхкина аьлла, хета суна, шу тахана уроке.

Урок-иза малх бу, вайна серло луш болу. Тахана вайна массарна а хазахетар лур ду цо аьлла, тешна ю со.Амма малх цкъацкъа мархаша къайлабоккху. Мархаш-шун кхерам бу, шун халонаш ю, уьш тахана урокехь шуна дуьхьала 1иттаяла тарло. Ткъа вай уьш эшо, царна т1ехь толам баккха хьовса деза. Цу т1ехь вайна стен г1о дийр ду аьлла, хета шуна?

Суна ч1ог1а лаьа, урок чекхйолуш, шун и массо кхерам д1а а баьлла, сатийсам кхочушхуьлийла. Мархаша вайн малх къайла ца боккхийла а.

Ткъа шуьгара суна дезарг: тидаме хилар, жигаралла, тайна бертахь болх бар, беркате цхьаьна къахьегар.

1. Ц1ера болх таллар эксперташа шайн тобанашкахь д1ахьо.

I. Дешархой балхана йукъабалор

Х1етал-металш деша, дахказа диена элпаш дахка.

1. Ди...нахь - х1оз, буь...санна - лаьхьа. И х1ун ю? (Доьхка.)

2. Ши га... а ду, ди... лерг а ду. Хаал хьуна, и х1ун ю? (г1айба.) - Шуна хаьий х1етал-металш?


II. Долчу хаарийн актуализаци.

2. Элпаца долалуш долу пхиппа дош даладе:

Д - (да, дама, дуьрста, дог, дийцар);

А - (аре, аша, ала, arlo, ахк);

Й - (йома, йола, Йисама, йиша, йис);

М - (мама, май, мох, маьнга, муьрг);

О - (олхазар, оти, оза, онда, ойла);

X - (хазалла, хан, хенак1ур, хатт, херх);

К - (кан, куьрк, корта, ког, куьг).


III. Керланиг довзар.

ДАЙМОХК

- Вай далийнчу xlopa дашехь маса ду элп, аз, мукъа, мукъаза эл- паш, къастадай вай?


- Ткъа вай бечу белхан ц1е муха йоккхур яра вай?


- Т1аккха вайн урокан тема х1ун ю?

Сада1аран минот.

Бераш хьалаг1овтту.

Когаш меттах дохур ду,

Куьйгаш вовшах тухур ду,

Аьтто аг1ор доьрзур ду,

Аьрро аг1ор доьрзур ду.

Голаш т1е вай лахлур ду,

Меллаша хьаланислур ду.

IV. Т1еч1аг1дар.

1. Интерактивни уьн т1ехь дош фонетически талларан кеп ю гайти- 1ш. Цуьнга а хьожуш, тобанашкахь болх д1абахьар.

Шардар № 176.

2. Самукьане минот.

3. Шардар № 178. Дешнашкара элпийн меттигаш а хуьйцуш, керла дешнаш кхолла.

Г1опаста. (Паста. По. Пап. Астаг1а. Пат. Тас.)

Хенак1ур. (Хан. Klyp. Хар. Kla. Hex. Ун.) Д

агардо. (Дагар. Дог. Гар. До. Дага.)


V. Урокан жам1 дар.

1аматан 99-rIa arlo. Хаттаршца болх.

VI. Ц1ахь: карлаяха бакъонаш §§ 25-35; шардар № 175.

1'ефлекси.








1.Маса элп, маса аз?

2.Мукъа элпаш(аьзнаш)

3.Мукъаза элпаш, цара билгалден аьзнаш:

А) зевненаш

Б) къоранаш


Ди...нахь - х1оз, буь...санна - лаьхьа. И х1ун ю?

Ши га... а ду, ди... лерг а ду. Хаал хьуна, и х1ун ю?


ДАЙМОХК



Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!