СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Рабочая программа по чеченской литературе 1 класс 2023-2024 уч год

Нажмите, чтобы узнать подробности

Рабочая программа по чеченской литературе 1 класс 2023-2024 уч год

Просмотр содержимого документа
«Рабочая программа по чеченской литературе 1 класс 2023-2024 уч год»

КХЕТОРАН КЕХАТ


«Ненан (нохчийн) маттахь литературни йешар» дешаран предметехула (предметан дакъа «Ненан мотт а, ненан маттахь йешар а») йолчу программи йукъадогӀу кхеторан йоза, Ӏаморан чулацам, дешаран предметан кхочушдан лору жамӀаш, тематически планировани.

Кхеторан йозано гойту йукъара Ӏалашонаш а, предмет Ӏаморан декхарш а, ткъа иштта чулацам къасторан некъаш а, коьртачу тематически дакъойн маххадор а, «Ненан (нохчийн) маттахь литературин йешар» дешаран предметан дешаран планехь йолу меттиг а.

Программо шерашца билгалбо дешаран предметан чулацам а, дешархой «Ненан (нохчийн) маттахь литературни йешар» дешаран предметан гӀирсашца Ӏаморан а, кхетош-кхиоран а, кхиоран а методически коьрта стратегиш а.

Хила леринчу жамӀаша йукъалоцу дешаран берриге а муьрехь хила деза личностни и, метапредметни а жамӀаш а, ткъа иштта дешаран хӀора шеран предметни жамӀаш а.

Тематически планированехь буьйцу программин чулацам билгалдаьхначу чулацаман дакъошца, гӀуллакх кхочушдаран характеристика схьайоьллу, хӀара йа важа тема Ӏаморехь лелор пайде долу некъаш а, кепаш а йовзуьйту.

Нохчийн мотт – нохчийн къоман мотт бу, оьрсийн маттаца цхьаьна Нохчийн Республикин пачхьалкхан мотт а бу, цу гӀуллакхо дика хьелаш кхуллу и мотт Ӏалашбан а, кхион а. Ӏ-4-чу классашкахь «Ненан мотт а, ненан литература» а предметан декъехь хьоьхуш йу ненан (нохчийн) маттахь литературин йешар, иза тӀехьажийна йу дешархойн кхетаман-довзаран, хьасене хиларан, исбаьхьаллин-эстетикин таронаш кхион а, гӀиллакх-оьздангаллин мехала болу хьежамаш кхолла а, бер нохчийн къоман культурина тӀеозон а.

«Ненан (нохчийн) маттахь литературин йешар» предмет – гуманитарин дешаран коьртачех цхьа предмет йу, цо адам кхиаран кхетаман а, гӀиллакх-оьздангаллин а тӀегӀа билгалдо. Литературин дешаро гӀо до йешаран а, литература талларан а мехалла а ша кхидӀа кхиарехь мел ладаме ду хууш а, шена хетачун бух балон а, барта а, йозанца а шена хетарг охьадилла хууш а волу йешархо кхион а; хӀара дуьне а, кху дуьненахь ша а вовзаран гӀирс санна, йешар оьшуш хила а, стеган а, йукъараллин а йукъаметтигаш шера хилийта а.

Программо йукъалоцу кхеторан йоза а, предмет дӀалацаран хила лерина жамӀаш а, предметан чулацам а, программин хӀора дакъа Ӏамон лерина долу сахьташ билгал а дохуш, тематикин планировани а, дарсел арахьарчу гӀуллакхийн план а.

ХӀара программа лерина йу ненан (нохчийн) меттан а, литературин а хьехархошна «Ненан (нохчийн) литература» предметана дешаран а, белхан а программаш хӀиттон бухе йилла. Авторийн а, белхан а программаш йазйечеран йиш йу дешаран материал дӀакхачорехь, хӀотторехь а, сахьташ теманашка а, дакъошка а декъарехь шайна зеделлачух пайдаэца.




«НЕНАН (НОХЧИЙН) МАТТАХЬ ЛИТЕРАТУРНИ ЙЕШАР» ДЕШАРАН ПРЕДМЕТАН ЙУКЪАРА ХАРАКТЕРИСТИКА

«Ненан (нохчийн) маттахь литературни йешар» дешаран предметан герггара белхан программа кечйина йу йуьхьанцарчу йукъарчу дешаран программа кхочушйечу хьукматашна. Программа тӀехьажийна йу дешаран хьукматашна а, хьехархошна а методически гӀо дарна, цо таро лур йу:

  1. «Ненан (нохчийн) маттахь литературин йешар» дешаран предмет хьехаран процессехь Федеральни пачхьалкхан йуьхьанцарчу йукъарчу дешаран стандарташкахь билгалдина долу адаман кхиаран, метапредметни, предметни дешаран жамӀаш кхузаманан лехамашца догӀуш кхочушдан;

  2. «Ненан (нохчийн) маттахь литературин йешар» дешаран предметан Ӏаморан хила лерина жамӀаш а, чулацам а ФГОС НОО а; йуьхьанцарчу йукъарчу дешаран герггарчу хьесапан коьртачу программица (йукъарчу дешарехула федеральни дешаран-методически цхьаьнакхетараллин 20Ӏ5-чу шеран 8-чу апрелехь № Ӏ/Ӏ5 протоколаца йинчу редакцехь) а; кхетош-кхиоран герггарчу хьесапан программица (магийна йукъарчу дешарехула федеральни дешаран-методически цхьаьнакхетараллин 2020-чу шеран 2-чу июнехь № 2/20 протоколаца бинчу сацамца) а догӀуш, дешаран шерашца билгалдан а, структура хӀоттон а;

  3. Билггалчу классан башхаллаш тидаме а оьцуш, билггала долу дакъа-тема Ӏамон лерина дешаран хан а нисйеш, ткъа иштта дешаран материалан дакъош/теманаш дӀалацарна тӀехьажийна долу дешаран гӀуллакхийн коьртачу кепех а пайда а оьцуш, календаран-тематически план хӀоттон.

Программин чулацам тӀехьажийна бу «Ненан мотт а, ненан маттахь литературин йешар а» предметан декъана йолчу йуьхьанцарчу йукъарчу дешаран коьрта программа дӀалацарна Федеральни пачхьалкхан йуьхьанцарчу йукъарчу дешаран стандарташкахь билгалдинчу тӀедахкарийн (тӀедожор) жамӀашка кхача.

«Ненан мотт а, ненан маттахь литературин йешар а» предметан декъана йолчу йуьхьанцарчу йукъарчу дешаран коьрта программа дӀалацарна ФГОС НОО тӀедахкаршца догӀуш, курс тӀехьажийна йу Россин Федерацин культурин экъанехь ненан меттан литературин меттиг а, роль а муьлха йу а, историко-культурин, оьздангаллин, эстетическин мехаллаш Ӏалашйарехь а, цхьана тӀаьхьенера вукху тӀаьхьене дӀакхачорехь а лоцучу декъах а кхеторна; Россин Федерацин субъектан культурин а, гӀиллакх-оьздангаллин а, эстетикин а йуьхь кхолларехь къоман фольклоро а, исбаьхьаллин литературо а лоцучу декъах йуьхьанцара хьежам (хаарш) кхолларна а; ненан меттан литература къоман культурин дахаран довзаран цхьа коьрта дакъа а, къоман а, Россин а культурин хилам а, оьздангаллин мехаллаш а, ламасташ а лардаран гӀирс а, дуьнене а, къоман историга а, культурига а хьежам а хиларх кхетам кхолларна а, ненан маттахь йешаран лехамаш хиларна а.



«Ненан (нохчийн) маттахь литературин йешар» курсан бухе йиллина нохчийн литературо чулоцург къоман культурин ламастийн мехаллийн кодийн система йу боху ойла йу. Нохчийн къоман культурин ламасташ Ӏалашдаран гӀирс хилла ца Ӏаш, нохчийн литература зӀе йу къоман дӀадаьлларг, карарниг, хиндерг вовшашца дузуш а, кегийчу дешархойн кхетаме и дуьллуш а.



«НЕНАН (НОХЧИЙН) МАТТАХЬ ЛИТЕРАТУРНИ ЙЕШАР» ДЕШАРАН ПРЕДМЕТ ӀАМОРАН ӀАЛАШОНАШ

«Ненан (нохчийн) маттахь литературни йешар» предмет Ӏаморан Ӏалашонаш йу:

  • Нохчийн литературе а, нохчийн матте а къоман культурин мехалчу декъе санна ойла кхолла;

  • Дешархой шайн къоман культурин-меттан экъанна йукъабалор а, уьш къоман ламасташна а, культурин тӀаьхьалонна а, кхузаманан хьелашна а йукъаозор;

  • Чкъурашна йукъарчу зӀенах кхетар, нохчийн культура Ӏалашйарна шаьш жоьпалле хиларх ойла кхиор;

  • Йешаран говзалла кхиор.

Цу Ӏалашонашка кхачаро хӀара декхарш цхьалхадоху:

  • Россин гражданаллин идентичностан баххаш кхоллар, шайн Даймахках а, Россин халкъах а, Россин халкъийн цхьаалехь мехкан исторех а дозалла дан Ӏамор, шаьш муьлхачу къомах ду кхетор; Россин дукхакъаьмнийн йукъараллин мехаллаш кхоллар;

  • Нохчийн къоман историко-культурин зеделлачун тӀалам бан Ӏамор, дешархочунна шен къоман культурин-меттан хьал довзийтар; йуьхьанцарчу классийн дешархочунна нохчийн литература историко-культурин, оьздангаллин, эстетикин мехаллийн хьоста санна йезайалийтар;

  • Нохчийн литературехь гайтина йолчу нохчийн синкхетамна ладаме йолчу гӀиллакз-оьздагнгаллийн мехаллех хьежам кхоллар;

  • Нохчийн литературин говзарш Ӏаморан буха тӀехь нохчийн меттан исбаьхьаллин-эстетикин таронех хаарш совдахар;

  • Адаман амал кхиарехь а, къамел шардарехь а даима йеша хьагам кхоллар;

  • Тайп-тайпанчу текстийн чулацаман а, башхаллин а мах хадоран йешаран хаарш шардар, уьш йийцаре йарехь дакъалацар;

  • Къамел даран йерриге а кепаш кхиар, йешначух лаьцна барта а, йозанца а дийца хаарш карадерзар.











«НЕНАН (НОХЧИЙН) МАТТАХЬ ЛИТЕРАТУРНИ ЙЕШАР»

ДЕШАРАН ПРЕДМЕТАН ДЕШАРАН ПЛАНЕХЬ МЕТТИГ



«Ненан (нохчийн) маттахь литературин йешар» предметана программа йуьхьанцарчу йукъарчу дешаран Федеральни пачхьалкхан дешаран стандартехь гайтинчу дешаран программа дӀалацаран жамӀийн предметни лехамийн буха тӀехь хӀоттийна а, 270 сахьтан (66 сахьт Ӏ-чу классехь а, 68 сахьташ 2—4-чу классашкахь) бараман дешаран йукъарчу тӀедилларна лерина а йу. Программин инвариантни дакъа Ӏаморна луш дешаран 233 сахьт ду. 37 дешаран сахьтах лаьтташ йолу дешаран тӀаьхьалонан хан программин вариативни декъана дӀало, цо йукъалоцу авторийн Ӏаматийн линейкина оьшу белхан программа хӀоттийнчу авторша къастийна говзарш.



«НЕНАН (НОХЧИЙН) МАТТАХЬ ЛИТЕРАТУРНИ ЙЕШАР» ДЕШАРАН ПРЕДМЕТАН ГЕРГГАРА БЕЛХАН ПРОГРАММИН ЧУЛАЦАМАН КОЬРТА ЛИНИШ

«Ненан (нохчийн) маттахь литературни йешар» дешаран предметан программехь белла чулацам бу, и теллича нохчийн литературин къоман-культурин башхалла а; нохчийн меттан а, нохчийн литературин а Нохчийн Республикин а, Россин а историца, нохчийн къоман материале а, синбахаман а культурица а йолу зӀе а йаста некъ лур бу. Курс лерина йу йуьхьанцарчу классийн дешархойн литературин а, культурин а хьежам шорбан; йуьхьанцарчу классийн дешархойн йешаран жигарчу гонна йукъайогӀучу фольклоран а, нохчийн классикийн а, нохчийн кхузаманан литературин а говзарша таро ло дешархошна адамаллин мехаллашкахь нохчийн культурин а, къоман синкхетаман а коьртачу баххех кхетам бала. Йуьхьанцарчу классийн дешархошна йеша а, талла а схьакховдийначу нохчийн литературин говзарша схьагойту нохчийн къоман культурин тайп-тайпана агӀонаш, жигарайоху даимлера мехаллаш (дикалла, доглазар, синшорто, къинхетам, эхь-бехк, бакъдерг, доьзалан мехаллаш, патриотизм, баккхийчаьрга ларам, адамалла, и. кх.дӀ.).

Кху программехь «Ненан (нохчийн) маттахь литературни йешар» курсан башхалла кхочушйина кху бахьанашца:

а) нохчийн къоман амал, Ӏадаташ, ламасташ, нохчийн культурин синбахаман мехаллаш, адамаллин мехаллаш а, эхь-бехк а гойтуш долу говзарш схьахаржарна;

б) нохчийн йаздархойн нохчийн бераллин дуьне гойтучу говзарш тӀе тидам бахийтарна: доьзалехь бер кхетош-кхиоран башхаллаш, баккхийчаьрца а, нийсархошца а цуьнан йолу йукъаметтигаш, беро шена гонахара дуьне тӀелацаран башхаллаш.

«Ненан (нохчийн) маттахь литературин йешар» Ӏаморо гӀо дийр ду дешархойн мотт хьал долуш барна а, церан къамелан культура а, хьасене бовларан хаарш шардарна а. Шена тӀехь программин проблемно-тематически блокаш хӀитточу дидактически материалана культурно-исторически тӀедалорах а пайдаоьцу. ХӀора проблемно-тематически блока йукъайогӀу нохчийн къоман синбахаман а, материале а культура гойтуш болу кхетамаш. Программехь йеллачу говзарийн чулацам йуьхьанцарчу классийн дешархочун лехамашна гонаха хӀоттийна бу, хаьржинчу говзарийн башхаллашкахь гуш а бу.




«НЕНАН (НОХЧИЙН) МАТТАХЬ ЛИТАРЕТУРНИ ЙЕШАР» ДЕШАРАН ПРЕДМЕТАН ЧУЛАЦАМ



«Ненан (нохчийн) маттахь литературни йешар» курсан чулацам билгалбечу хенахь коьртачу тидамехь ду:

  1. Къоман кхетамна мехала долу, йеххачу хенан йохалла — кхузамане кхаччалц – культурехь коьрта меттиг дӀалоцу хӀуманаш (масала, баккхийчаьрга, нене ларам, Даймахке безам, догдикалла, доглазар, нийсо йезар, эхь-бехк, сий, и.кх.дӀ.) Цу коьртачу кхетамашца болх дӀахьо йуьхьанцарчу классийн дешархоша дӀалоцур долчу кепара хаьржинчу нохчийн йаздархойн уггаре а къегинчу, нохчийн литературин а, культурин а башхаллаш кхочушйинчу говзарш тӀехь. И говзарш йовзаро гӀо до йуьхьанцарчу классийн дешархошна къоман культурин ламастех а, нохчийн культурех а кхета.

  2. Йуьхьанцарчу классийн дешархойн лехамаш: говзарийн доккхачу декъан турпалхой йуьхьанцарчу классийн дешархойн нийсархой бу, церан дуьне довзарца босту программехь билгалбина культурно-историн кхетамаш. Программи йукъайахийтина тайп-тайпанчу заманашкахь берийн дуьне гойту а, церан кхиаран некъаш а, амал йахчайалар а, оьздангаллин къилбанаш кхолладалар а гойту говзарш; говзарш харжаро дешархочунна таро ло историн тайп-тайпанчу муьрашкахь нохчийн культура шен нийсархочун бӀаьргашца ган. Программехь ладамечу барамехь йелла кхузаманан авторийн говзарш а йу, цара шайн кхоллараллехь кхидӀа хьо нохчийн литературин къоман ламасташ, и говзарш кхузаманан дешархочунна гергара йу.

3. Къоман башхаллин хиламаш искусствон кхечу гӀирсашца гайтина говзарш а хаьржина, цо таро ло дешархошна нохчийн культурехь искусствийн диалог гайта.

Цхьадолу декхарш кхочушдан лерина дешаран материал хаьржина гуманизнам, исбаьхьаллин а, довзаран а мехаллийн, кхеташ хиларан, жигараллин, поликультурин, ламасталлин классикин а, кхузаманан бараман цхьаьнадаран, тематикин, кепийн-жанран тайп-тайпаналлин критеришца йогӀуш.

Программо билгалбечу йешаран гуоно таро ло тайп-тайпанчу хенийн а, къаьмнийн а говзарийн куьзганахула беран дуьненехьежаман гураш жим-жимма шордан.

Программехь и масех бухедилларца билгалбо. Хьалхара шиъ доьзна ду йешаре ойла а, йешаран техникин хаарш кхиоран хьелаш а кхолларца. Иштта, и хаарш кхиоран йуьхьанцарчу муьрехь уггаре а хьалхарчу рогӀехь йу байтийн а, прозин а йух-йуха олуш дешнаш, дешнийн цхьаьнакхетарш предлоджениш, абзацаш йолу тексташ (йешаран техникин говзалла кхиочу хенахь мехала долчу йешаран кхиаме хилар тардалийтаран Ӏалашонца); ткъа иштта кхиаме ду забаре чулацам болу сихха хазахетар йа велар кхолладолуьйту тексташ лелор а, (хӀунда аьлча, цу хенахь забар йевзаш хиларо эстетикин синхаамаш гучубахар кхиадо) йешаран мукъам кхиоран Ӏалашонца. Дешаран хӀора шеран тексташ схьахаьржина йу цу хенан берашна тӀелаца ата хилар тидаме а оьцуш. Текст схьахаржаран кхидолу бухедахкарш доьзна ду исбаьхьаллин дешан фольклорна кепашкара авторийн литературе кхаччалц кхиаран логика ларйаран цаторийла хиларца; билггала долу оьздангаллин а, эстетикин а декхарш кхочушдан цаторийла хиларца, царах коьртаниш билггал йолчу оьздангаллин-эстетикин концепцига доьрзу, и концепци дешара деа а шарахь кхиош схьайалайо; жанрийн а, тематикин тайп-тайпаналла хилийтаран кхачойаран а, фольклоран а, авторийн говзарийн а, вайн мехкан а, дозанал арахьарчу йаздархойн говзарийн а, берийн литературин классикийн а, XX-чу бӀешеран чаккхенан – XXI-чу бӀешеран йуьхьан кхузаманан берийн йаздархойн говзаршна йукъахь а барам ларбаран а цаторийла хиларца.

Йешаран гӀуллакх кхиоран процессан чоьхьарчу логикица доьзна, «Литературни йешар» курс шинатӀегӀанехь хӀоттийна йу.

Хьалхарчу тӀегӀанехь хьалхадаккха дезарг йешаран корматалла шарйар ду, шолгӀачу тӀегӀанехь – дешархошна литературин говзалла карайерзор. Ӏ-2-чу классашкахь йеша Ӏамадо; кхетар тӀехь, нийса йешарна, сиха а, къаьсташ а йешарна тӀехь болх; йешначун кхоллараллин маьӀна дан тайп-тайпана некъаш кхиор (графикин, дешан а, музыкин а иллюстрировани, драматизаци, ма-йарра а, йукъ-йукъара а, кхоллараллин йухасхьайийцар). Цуьнца цхьаьна йуьхьанцарчу классашкахь дӀаболабо йуьхьанцарчу классийн дешархойн литературин дешара тӀехь болх.

«Литературни йешар» предмет Ӏаморан шолгӀа тӀегӀа 3-4 классашна кхочу, цигахь йеша хааро зазадоккху, эстетикин йешаре а, талламан йешаре а декъа а луш.

«Литературин йешар» программа хӀотточу хенахь тидаме эцна школал хьалхьалхарчу педогогикин а, йукъарчу йукъардешаран школашна леринчу «Нохчийн литературехула герггарчу белхан программин» зӀейалорах а.

Программо таро ло йалийнчу спискера говзарш дешархойн кечаман тӀегӀанца догӀуш харжа, ткъа иштта курсан чулацаман вариативни компонент харжа а, белхан программашкахь и кечйаро могуьйту тематикица а, проблематикица а герга йолчу говзаршкахь къоман башхаллаш а, йукъара дерг а къасторан Ӏалашонца Россин халкъийн литературе кховдар. Ткъа иштта программо таро ло Ӏаматийн авторшна йа дешаран цхьаьнакхетараллашна вариативни декъехь Ӏамон говзарш харжа.





1 класс (66 с)

Вайна гонахара дуьне – 15 с.

Пачхьалкахан а, къоман а билгалонаш (шатлакхан илли, хӀост).

Беснаш. Светофор.

Ишколехь.

Ӏаламан дуьне (цӀера дийнаташ а, акхарой а, олхазарш, сагалматаш, олхазарш, дитташ, хасстоьмаш, стоьмаш).

КӀиранан денош.

Байташ, дагардарш, нохчийн абатан элпех хӀетал-металш.

Вайн Даймохк

Вайн Даймохк

Соьлжа-ГӀала

Вайн турпалхой

Халкъан хазна

Махмаев Ж. «Бераш – вайн хиндерг» йа

Арсалиева Люба «Соьлжа-ГӀала» (вариативни дакъа).

Турпалхойх лаьцна тексташ: Кадыров Ахьмад-Хьаьжа; Нурадилов Ханпаша; Шерипов Асланбек; Висаитов Мовлид.

Вайн йаздархой – 6 с.

Айдамиров Абузар – байт «Нана-мохк»

Сулейманов Ахьмад – «Дахаран генаш» поэми йукъара кийсак.

Муса Ахмадов – туьйра «Писулиг»

Гацаев СаӀид – байт «Борз»

Халикова Асет – байт «Зингат»

Хатуев Ӏ-Хь.

Халкъан барта кхолларалла – 10 с.

Аганан иллеш

Чехкааларш

Дагардарш

Кицанаш

ХӀетал-металш

Нохчийн халкъан туьйранаш. «Тамашийна йоӀ». «Жоьра-Баба». «Хьекъале Ӏу» йа «Борззий, цхьогаллий, ломмий», «Цхьогаллий, пхьагаллий» (вариативни дакъа)

ГӀиллакх-оьздангаллин дакъа (вариативни дакъа) – 10 с.

ДоттагӀалла

Де, буьйса

Дайна де

Беркат

Махмаев Ж. Делалой вай

Хатуев Ӏ. Зингат

Демеев Ӏ. Малонче

Эдилов С. ГӀан

Деза дешнаш

КХЕЧУ КЪАЬМНИЙН ЛИТЕРАТУРА – 3 с.

Осеева В. – дийцарш «Цхьаьна», «Иштта дӀа»; Сутеев В. – туьйра «Ӏаж».

Резерв – 7 с.


2 класс

3 класс

4 класс



Классашка бекъначу Ӏаморан чулацамна улле тоьхна Ӏаморан процессан гӀуллакхаллийн хӀара тӀедузарш ду.

ЛадогӀар

Нохчийн меттан хьоле хилар а, къоман культурин мехаллаш а гойтуш йолу исбаьхьаллин говзарш лерсица схьалацар а, царах кхетар а; лерсино схьалаьцначу текстах лаьцна деллачу хаттаршна жоьпаш дала хаар а, лерсино схьалаьцначу текстан чулацамца хаттарш дан хаар а.

Йешар

Хезаш йешар. Дешдакъошца йешарна тӀера жим-жимма довлуш дийнна дешнаш шера а, кхеташ а деша хаарна тӀедовлар (текстах кхета таро лучу йешаран индивидуальни боларца догӀуш йешаран чехкалла (масалла). Йешаран орфоэпически барамаш ларбар. Кепана а, тайпанна а цхьатера йоцучу текстийн маьӀнийн башхаллаш аз айдеш хийцарца схьагайтар.

Дагахь йешар. Барамца а, жанраца а тӀелаца аттачу говзарийн маьӀнех дагахь йоьшучу хенахь кхетар. Йешаран тайп-тайпанчу кепийн башхаллех кхетар.

Халкъан барта кхоллараллин говзарш йешар: нохчийн фольклоран текст къоман ламастийн а, мехаллийн а хьоста санна.

Исбаьхьаллин говзарийн тексташ йешар, шайна чохь бӀеннаш шерашкахь схьайеана йолу къоман синкхетамна ладаме йолу гӀиллакх-оьздангаллин мехаллаш а гойтуш йолу: Даймахке безам, тешам, нийсо, сий, къинхетам, догдикалла, догцӀеналла, къинхегамна тӀера хилар, бакъо, майралла, и. кх.дӀ. Нохчийн къоман ламасташ: цхьаалла, вовшийн гӀо дар, хьаша-да тӀелацар, и. кх.дӀ. Доьзалан мехаллаш: баккхийнаш ларар, «нана», «да», «дада», «баба», «йиша», «ваша» бохучу дешнийн мехалла, вовшийн ларар, безам, вовшех кхетар, терго, собар, да-нана ларар. Нохчийн литературехь халкъан ламасташ а, Ӏадаташ а гайтар.

Нохчийн бераллин дуьне: кхиар, гонахарчу дуьненаца, баккхийчаьрца, нийсархошца йолчу йукъаметтигийн башхалла; ша нохчийн Ӏадаташ дӀакхоьхьург а, орамашца зӀе а хиларх кхетар. Турпалхойн леларийн синхаамийн-оьздангалилн мах хадор.

Нохчин литерурин башхаллех кхетар: турпалхочун чоьхьара дуьне деллар, цуьнан лазамаш бовзар; оьздангаллин проблемашка кховдар. Ӏаламан дуьненах болу нохчийн къоман поэтически хьежам (малхе, арене, хьуьне, хига, ломе, дитте, дийнатийн дуьнене, и.кх.дӀ.) нохчийн поэзехь а, прозехь а. Гонахарчу дуьненан хьал адаман синхаамашца дустар.

Хаамийн тексташ йешар: говзаршна историко-культурин комментарий, Ӏамочу говзарийн авторийн биографех къаьстина хаамаш.

Къамел дар (къамел даран культура)

Диалоган а, монологан а къамел. Йешна тексташ коллективехь йийцаре йарехь дакъалацар, текстана тӀе а тийжаш, шен хьежам тӀечӀагӀбар; нохчийн исбаьхьаллин литературин специфика гойтуш долу аларш. Дешнийн тӀаьхьало йузар (дешнаш хаар тӀедузар). Хезна йа йешна йолу текст коьртачу дешнашна а, текстана йолчу иллюстрацишна а тӀе а тийжаш, схьайийца (текст ма-йарра, йоцца, харжамца схьайийцар).

Дешаран хьелашкахь къоман къамелан культурин бухехь йолу гӀиллакхан кепаш а, чӀагӀйелла формулаш а, хьасене хиларан принципаш а ларйар.

Дешархойн харжамца байташ дагахь йийцар.

Йоза (йозанан къамелан культура)

Ӏамочу говзаршкахь хӀиттийнчу проблемашкахула доцца йозанан аларш кхоллар (кечдар).

Библиографин культура

Йийцаре йечу проблематикица йогӀу киншкаш харжар, цу йукъайогӀу Ӏаматехь йалийна йолу шаьш йеша билгалйина говзарш. Нохчийн культурех хаамаш болу дешархойн хенаца йогӀучу дошамех а, энциклопедих а пайдаэцар.

Литературоведенина йукъадалор

Текстан анализ йечу хенахь Ӏамийнчу литературин кхетамех пайдаэцар.

Ӏамочу говзарийн жанрийн тайп-тайпаналла: фольклоран кегий а, йаккхий а кепаш; литературин туьйра; дийцар, притча, байт. Прозин а, поэзин а къамел; исбаьхьаллин кхоллар; сюжет; тема; говзаран турпалхо; портрет; пейзаж; ритм; рифма. Дустарийн а, метафорийн а къоман шатайпаналла; исбаьхьалин къамелехь церан маьӀна.



Дешархойн кхоллараллин гӀуллакх (Ӏамийнчу литературин говзарийн буха тӀехь)

Дешархойн кхоллараллин гӀуллакхехь литературин говзаран маьӀна дар: ролашца йешар, инсценировка йар; хьасене хиларан декхарш тидаме а оьцуш (тайп-тайпанчу адресаташна) исбаьхьаллин говзаран буха тӀехь шен барта йа йозанан текст кхоллар; говзарна йолчу иллюстрацишна, нохчийн художникийн суьртийн репродукцишна тӀе а тийжаш.

«Ненан (нохчийн маттахь) литературни йешар» дешаран предметан программа карайерзоран кхочушдан лору жамӀаш

«Ненан (нохчийн) маттахь литературни йешар» предмет «Ненан мотт а, ненан маттахь литературни йешар а» предметан декъехь Ӏаморан жамӀаш цхьаьнадогӀуш ду йуьхьанцарчу йукъарчу дешаран Федеральни пачхьалкхан стандартехь билгалйинчу дешаран предметан программа карайерзоран кхочушдан лоручу жамӀийн лехамашца.

ЛИЧНОСТНИ ЖАМӀАШ

«Ненан (нохчийн) маттахь литературни йешар» предмет Ӏаморан жамӀаца дешархо кхочур ву кхетош-кхиоран гӀуллакхан кху дакъошкахь хила дезачу хӀокух жамӀашка:

гражданско-патриотикин кхетош-кхиорехь:
  • Шен Даймахке – Россига а – шен жимчу Даймахке – Нохчийн Республике (Нохчийчоьне) а безам кхоллабаларе, цу йукъадогӀу и безам мехкан а, Даймехкан а культура а, истори а йовзуьйтуш йолу исбаьхьаллин говзаршкахула кхоллар;

  • Шен этнокультурин а, Россин гражданаллин а идентичностах кхетар а, нохчийн мотт Нохчийн Республикин пачхьалкхан мотт а, шен ненан мотт а хиларх кхетар;

  • Шен мехкан а, Даймехкан а дӀадаханчун а, карарчун а, хиндолчун а ша дакъа хиларх кхета, цу йукъадогӀу исбаьхьаллин говзаршца болх бечу хенахь и хьелаш дийцаре дар;

  • Шен а, кхечу а къоме ларам хилар, цу йукъадогӀу и ларам исбаьхьаллин говзарийн а, фольлоран а масалш тӀехь кхоллар;

  • адамах йукъараллин цхьана декъашхочух санна болу а, бакъонех а, жоьпаллех а, стаг ларарх а, ларамах а, гӀиллакх-оьздангаллин барамех а, йукъаметтигех болу а йуьхьанцара хьежам, цуьнца цхьаьна иза фольклоран а, исбаьхьаллин а говзаршкахь гайтар а;

ийманехь кхетош-кхиоран:
  • хӀора стеган шатайпаналла, шен дахаран а, йешаран а зеделлачунна тӀе а тийжаш, тӀелацар;

  • къинхетам, ларам, диканиг лаар гайтар, цуьнца цхьаьна шена хетарг а, синхаамаш а бовзийта меттан гӀирсех пайдаэцар; кхечу адамийн синхаамашна сема хилар, царах кхетар, церан гӀо лаца кийча хилар;

  • кхечу адамашна дегӀана а, сина а зен дан тӀехьажийна долу цхьа а хӀума тӀецалацар (цу йукъахь ду маттаца деш долу зен а);

  • нийсархошца болх бар, девне ца хила хаар а, Ӏоттабаккхаме меттиг нисйелча, и листа хаар а, цу йукъахь ду исбаьхьаллин говзарех масал эцар а;

  • эстетикин кхетош-кхиорехь:

  • исбаьхьаллин культурин ларам бар а, и йовза лаар а, шен къоман а, кхечу къаьмнийн а искусствон тайп-тайпана кепаш тӀелацар а, цаьрга ларам хилар а;

  • исбаьхьаллин гӀуллакхан тайп-тайпанчу кепашкахь ша гайта лаар, цу йукъахь йу дешан говзалла а;

  • физически кхетош-кхиорехь, могашаллин а, синкхетаман а культура кхолларехь а:

  • тӀетоьхна хаамаш лохучу хенахь могаш а, кхерамза а (шена а, кхечарна а) долчу дахаран бакъонаш (цу йукъайогӀу хаамийн кхерамазалла) ларйар;

  • къамел дечу хенахь дегӀан а, синкхетаман а могашаллица кхоаме хилар, къамелан культура а, тӀекаренан бакъонаш а ларйар;

къинхьегаман кхетош-кхиор:
  • стеган а, йукъараллин а дахарехь къинхьегам мехала хилар кхетар (цу йукъахь ду исбаьхьаллин говзарех масал эцар а), къинхьегаман стоьмийн тӀалам бар, болх баран тайп-тайпанчу кепашкахь дакъалацар, исбаьхьаллин говзаршкара масалш дийцаре дечу хенахь тайп-тайпана говзаллаш карайерзон лаар;

экологин декъехь кхетош-кхиор:
  • тексташца болх бечу хенахь кхоллалуш долу Ӏаламаца кхоаме хилар;

  • цунна зен деш долу хӀума тӀецалацадалар;

Ӏилманан хаарийн мехалла:
  • дуьненах болу Ӏилманан хьежам кхоллабалар (сурт хӀоттар), цуьнан цхьа дакъа ду литературоведчески кхетамаш Ӏаморан процессехь а;

— хӀума довза лаар, жигаралла, хӀума дагадар, хааршна сутара хилар, хӀума довза лаарехь шен ойла хилар, цу йукъахь ду исбаьхаьллин говзарш йеша лаар а, шен йешаран гуо хоржучохь жигара хилар а, ша и харжар а.

МЕТАПРЕДМЕТНИ ЖАМӀАШ

«Ненан (нохчийн) маттахь литературин йешар» предмет Ӏаморан жамӀаца дешархойн кхоллалур ду дешаран довзаран хӀара хаарш.



Коьрта маьӀнийн дараш:
  • тайп-тайпана тексташ вовшашца йуста, тесташ йустарна бухе дахкарш билгалдан, тера йолу тексташ билгалйан;

  • билггалчу цхьана башхаллашца тексташ цхьаьнатоха;

  • кицанийн, аларийн, фразеологизмийн классификаци йархьама кхачаме хир йолу билгало билгалйан;

  • хьехархочо шайна хьехначу тидам баран алгоритмаца тексташкахь цхьаьнадар а, цхьанацадар (бӀостаналла) а карон; текстан анализ йарехь кхочушдарийн алгортиман анализ йан, текстан анализ йарехь шаьш кхочушйийр йолу дешаран операци харжа;

  • хьехначу алгоритман буха тӀехь декхар кхочушдан оьшу хаамаш кхачо йолуш цахилар билгалдан, тӀетоьхна хаамаш лахар билгалдан;

  • текстан анализ йечу хенахь бахьанийн-тӀаьхьалонан зӀенаш билгалйан, жамӀаш дан.


Коьрта талламан дараш:
  • педогогикин белхахочун гӀоьнца Ӏалашо билгалйан, къамелан хьоле хьаьжжина, шен вистхилар хийцаран план хӀоттон;

  • тӀедиллар кхочушдаран масех кеп вовшашца йуста, мелла а йогӀуш йерг (схьайеллачу критерийн буха тӀехь) харжа;

  • схьайеллачу планаца чолхе боцу жима таллам дӀабахьа, схьайеллачу планаца проектан тӀедиллар кхочушдан;

  • жамӀаш дан а, текстан маьӀнийн анализ йаран буха тӀехь долчу тоьшаллашца уьш тӀечӀагӀдан а;

  • схьайелла йолчу текстан материалан анализ йаран процессехь хьехархочун гӀоьнца хаттарш хӀиттон;

  • цхьатерачу йа цхьатера догӀучу хьелашкахь процесс дӀайахаран а, хиламийн а, церан тӀаьхьалонан а хила тарлуш долчун сурт хӀоттон.


Хаамашца болх:

  • Хаамаш схьаэцаран хьоста харжа: оьшу дошам, лохуш болу хаам карорхьама оьшу куьйгалла, тӀечӀагӀдархьама;

  • Схьайеллачу алгоритмаца догӀуш, даррехь схьабелла хаамаш билгалдинчу хьостанехь карон: дошамашкахь, куьйгаллашкахь;

  • Хаамаш бакъ йа харц хилар шайна гучудала йа хьехархочо билгалдинчу хьостанан буха (дошамашкахь, куьйгаллашкахь, Ӏаматехь) тӀехь карон;

  • Баккхийчийн (педагогикин белхахойн, дай-нанойн, бакъо йолчу векалийн) гӀоьнца Интернетехь хаамаш лахаран кхерамзаллин бакъонаш ларйан;

  • Дешаран декхаршца догӀуш, текстан, графикин, видео, озан хаамаш кечбан;

  • Таблицийн а, схемийн а кепехь балийнчу хаамех кхета; тексташца бинчу белхан жамӀаш гайтархьама шаьш таблицаш а, схемаш а хӀиттон.



Йуьхьанцарчу школехь дешар чекхдолучу хенахь дешархочун кхоллало коммуникативни дешаран дараш.

ТӀекаре:
  • Бевзачарна йукъахь тӀекаре хиларан Ӏалошонашца а, билламашца а догӀуш, синхаамаш бовзийта а, хетарг тӀелаца а, и цхьана кепе дерзон а;

  • Шеца къамел дечуьнца лараме хила а, диалог а, дийцаре дар а дӀадахьаран бакъонаш ларйан;

  • Тайп-тайпана хьежамаш хила йиш йолуш хилар тӀелаца;

  • Шена хетарг нийса а, бух балош а довзийта;

  • ХӀоттийнчу Ӏалашонца догӀуш шен къамел дӀахӀоттор;

  • Къамелан хьолаца догӀуш барта а, йозанан а тексташ кхолла (довзийтар, ойлайар, дийцар);

  • Шимма цхьаьна а, тобанца а бинчу белхан а, тидаман а, кхочушбинчу жимчу талламан а, проектан тӀедилларан а жамӀех лаьцна доцца къамел кечдан;

  • вистхиларан (къамелан) текстана гайтаман материал (дехкина суьрташ, даьхна суьрташ, плакаташ) кечйан (къастон).

Цхьаьна кхочушден гӀуллакхаш:
  • йоццачу а, йехачу а ханна лерина Ӏалашонаш (цхьаьна кхочушдаран декхаршкахь дакъалацар тидаме оьцуш индивидуале) хьехархочо йалийнчу план хӀотторан кепан буха тӀехь стандартан хьолехь, йукъара гӀулчаш а, хенаш а дӀасайекъар;

  • цхьаьна болх баран Ӏалашо тӀелаца, и кхочушйарехь дан дезарг цхьаьна вовшахтоха: ролаш дӀасайекъа, цхьаьна беш болчу белхан процесс а, жамӀ а дийцаре дан;

  • куьйгалла дан, тӀедиллар кхочушдан, ладогӀа, хӀоьттина хьал ша листа кийча хилар;

  • шен белхан дакъа жоьпалле кхочушдан;

  • йукъарчу жамӀе ша диллинчу декъан мах хадон;

  • схьаделлачу масалшна тӀе а тийжаш, цхьаьна вовшахтоьхна проектийн тӀедахкарш кхочушдан.



Йуьхьанцарчу школехь дешар чекхдолучу хенахь дешархочун кхоллало регулятивни дешаран дараш.

Шен низам хилар:
  • жамӀ хилийтархьама дешаран декхарш кхочушдарехь шен гӀуллакхийн план хӀоттон;

  • ша билгалдинчу кхочушдарийн рогӀалла хӀоттон.

Шаталлар:
  • дешаран гӀуллакхан кхиаман/эшаман бахьанаш билгалдан;

  • къамелан гӀалаташ а, текстан анализ йарца доьзна гӀалаташ а дӀадахархьама шен дешаран кхочушдарш нисдан;

  • текстийн анализ йарехь хӀоттинйчу декхарца жамӀ дуста;

  • тексташца болх бечу хенахь далийтина гӀалат карон;

  • шен а, шеца цхьаьна доьшучеран а кхочушдарийн жамӀаш дуста, схьайеллачу критеришца церан богӀу мах хадон.



ПРЕДМЕТАН ЖАМӀАШ

«Ненан (нохчийн) маттахь литературни йешар» дешаран предмет деа шарахь Ӏаморо кхочушдан дан деза:

Ӏамочу маттахь йолчу литературин Россин Федерацин цхьаъйолчу культурин шораллехь а, Россин Федерацин халкъийн литератураш йукъахь а, в сохранении и передаче от поколения к поколению историко-культурин, оьздангаллин, эстетекин мехаллаш Ӏалашйарехь а, цхьана тӀаьхьенера вукху тӀаьхьене йаларехь а йолчу меттигах а, ролах а кхетар:

  • Исбаьхьаллин литература искусствон (дешан искусствон) цхьа башха дакъа санна, тӀелаца;

  • Дешан кхоллараллин говзарш искусствон кхечу кепашца (суртдиллар, музыка, суртдаккхар, кино) цхьаьнайуста;

  • Тайп-тайпанчу къаьмнийн литератураша вовшашца цхьаьна болх барх а, вовшашна тӀеӀаткъам барх а, Россин Федерацин субъектан культурин а, гӀиллакх-оьздангаллин а, эстетикин а йуьхь кхолларехь къоман фольклоро а, исбаьхьаллин литературо а лоцучу декъах йуьхьанцара хьежам (хаарш) хила;

  • Россин Федарийн къаьмнийн а, дуьненан къаьмнийн а исбаьхьаллин говзарш йустучу хенахь йукъара дерг а, башха дерг а карон;

  1. МаьӀна даран йешар карадерзор а, литературин теорин коьртачу элементийн маьӀнех а, ойланех а кхетар:

  • МаьӀна даран хезаш йешаран техника карайерзор (дешаран тайп-тайпана декхарш а, киншкица хьан-сан хиларан хьогамах садузоран а Ӏалашонца тайп-тайпанчу кепийн, жанрийн, тӀехьажорийн текстийн маьӀнех кхета а, тӀелаца а, маьӀна дан а тар луш долу нийса шера йешар, йешар ладогӀархоша кхеташ тӀелацар);

  • МаьӀна даран дагахь йешаран техника карайерзор (йешначун маьӀнех а, чулацамах а кхетар, хаамийн мах хадор, текстан маьӀна нийсад даран а, и тӀелацаран а кхачаме хиларна тӀехь тергам латтор);

  • Фольклоран говзарийн кегий жанраш вовшах къастон (фольклоран кегий жанраш, туьйранаш, легендаш, мифаш);

  • Шен къоман фольклоран говзарийн коьртачу маьӀнех а, тӀехьажорах а кхета (хазахетар дан, Ӏамон, ловзарехь пайдаэца), шен къоман (кхечу къаьмнийн) туьйранийн, хӀетал-металийн, кицанийн, аганан иллийн масалш далон;

  • Гергарчу меттанийн фольклоран говзарш вовшашца йуста (тема, коьрта тема, турпалхой);

  • Говзаран цӀе цуьнан темица (Ӏаламах, историх, берех, диканах, вонах) цхьаьнайалон (йуста);

  • Шен къоман (кхечу къаьмнийн) берийн литературин исбаьхьаллин йоца жанраш вовшех къастон – байт, дийцар, басня;

  • йешначу литературин говзаран анализ йан: тема, коьрта Ӏалашо, хиламийн рогӀалла, исбаьхьаллин вастийн гӀирсаш билгалбан;

  • текстан чулацамехула хаттаршна жоьпаш дала;

  • текстехь ненан меттан суртхӀотторна а, вастийн а гӀирсаш карон (эпитеташ, дустарш, олицетворениш);

  1. тестехь беллачу хаамах кхетарна а, тӀелацарна а Ӏамор, дешархойн йешаран а, эстетикин а чам кхоллар:

  • тайп-тайпана (исбаьхьаллин, Ӏилманан, куьйгаллин) тексташ йешаран Ӏалашо билгалйан;

  • йешаран хьагам йухатоха (кхочушбан), хаамаш карон, хаарийн гуо шорбан;

  • Ӏаморан а, практикин а декхарш кхочушдархьама, йешаран тайп-тайпана кепаш (довзаран, талларан, къастийна, лахаран) карон;

  • Текстана хаттарш хӀиттон, и схьайийцаран а, изложени йазйаран а план хӀоттон;

  • Шаьш йеша лаам гайтар, авторан цӀарна, говзаран жанрана, киншкина йолчу иллюстрацина тӀе а тийжаш, шайн йешаран сатийсар билгалдар;

  • Фольклоран говзарш ролашца йеша, уьш драме йерзорехь дакъалаца;

  • Нийсархошца долчу литературин темина дийцаре даршкахь дакъалаца, шайн хьежамийн бух балон;

  • фольклоран материала тӀехь тӀехь кхоллараллин белхан кхочушбан (туьйранан чаккхе, хӀетал-метал кхоллар, дакъалоцуш верг (турпалхо) хийца а хуьйцуш, схьайийцар).





Предметан жамӀаш дешаран шерашца

1-чу классехь дешар чекхдолучу хенахь дешархочунна Ӏемар ду:

  • ша а, дуьне а, къоман истори а, культура а йовзарехь нохчийн литературин мехаллех кхета;

  • нохчийн литературин говзарийн мьӀна даран цхьайолу корматалла карайерза;

  • нохчийн литературин говзарш йешаран зеделлачух къамел шардарехь пайдаэца: ладоьгӀна/йешна текст йийцаре йарехь дакъалаца;

  • дешан маьӀнех совнаха хаамаш бовзархьама Ӏаматан дошамах пайдаэца;

  • шайн харжамцца байтийн говзарш дагахь йийца.

«Къамелан а, йешаран а гӀуллакхан кепаш» дакъа:

аудировани,

хезаш а, дагахь а йешар,

текстан тайп-тайпанчу кепашца болх,

библиографин культура,

исбаьхьаллин говзаран текстаца болх,

къамелан культура.


Дешархошна Ӏемар ду:

• йешаран индивидуале болар тидаме а оьцуш, дешдакъошца а, дийнна дешнаш а шера деша;

• лерсица тӀелаьцна йолчу йолчу, ткъа иштта классехь йешначу а говзарийн чулацамах кхета, царна тӀехь маьӀнин коьрта дакъош билгалдаха;

• йешначун маьӀнех а кхеташ, текстехь билгалйина меттигаш дагахь йеша;

• тайп-тайпанчу авторийн 3–4 байт дагахь йийца;

Дешархойн шаьш бечу, шимма цхьаьна бечу белхан процессехь Ӏама таро хир йу:

• киншки тӀехь «Чулацам» йа «Корта» агӀо карон; «Чулацамна» тӀе а тийжаш, киншки тӀехь оьшу говзар карон;

• говзаран текстехула хаттарш дан а, текстах пайда а оьцуш, жоьпаш дала а.

«Литературоведенина йукъадалор» дакъа: байташкахь йазйинчу говзаран башхаллаш йовзар (ритм, рифма и. кх. дӀ.), говзарийн башхаллаш вовшах къастор (халкъан а, авторан а туьйра, и. кх.дӀ.), литературин приемаш йовзар (дустар, олицетворени, контраст, и. кх. дӀ.).

Дешархошна Ӏемар ду

• прозехь йазйина говзар байтах къастон;

• фольклоран кегий жанраш къастон: хӀетал-метал, дагардар, чехкаалар;

• текстехь исбаьхьаллин сурткъагоран гӀирсаш (йух-йуха алар; дешнийн хьастаран-жимдаран кеп, айдаран а, хаттаран а хьаьркаш, рифмаш) карон;

Дешархойн таро хир йу Ӏама:

• туьйранийн сюжетан-композицин башхаллаш къастон;

• литературин а, фольклоран а жанраш йукъара дозанаш лелаш хилар карон (забара йукъа тӀехтоман байташ йогӀу; аганан илли йукъа — кхайкхаргаш; дийцара йукъа — туьйра, и кх. дӀ.)

«Дешархойн кхоллараллин гӀуллакхан элементаш» дакъа: ролашца йешар, инсценировка, драматизаци, барта дешнашца суртдиллар, репродукцишца болх, шаьш тексташ кхоллар.

Дешархошна Ӏемар ду:

• йешначун чулацамах кхета; текстан башхаллаца догӀуш ма-хиллара оьшуш долу болар а, соцунгӀаш а, азайдар а кхета а кхеташ, харжа;

• исбаьхьаллин говзар (цуьнан фрагмент) ролашца а, кар-кара луш а йеша;

• иллюстрацишка хьовса а, текстан цхьаьнайогӀучу фрагментаца йа коьртачу ойланца (синхаамца, сагатдарца) уьш йуста а;

Дешархойн таро хир йу Ӏама:

• фольклоран кегий жанраш (хӀетал-метал, дагардар, аганан илли) практикехь карайерзон а, суртхӀотторан гӀирсийн (йиш-маӀаш, уьшарш, интонаци) гӀоьнца церан инсценировка йан а;

• билггалчу тексташна йогӀу иллюстрациш карон, тексташ а, иллюстрациш а вовшашца йуста.

Йукъарчу дешаран дарийн декъехь дешархошна Ӏемар ду:

• дешаран Ӏаматах паргӀат пайдаэца, аьлча а, билламийн билгалонийн мотт беша; агӀонехь билгалдаьхна могӀанаш а, дешнаш а сихха карон; оьшу иллюстраци карон;

• хаамийн шина хьостанца (дешаран Ӏаматца а, ша болх бан леринчу тептарца а; дешаран Ӏаматца а, хрестоматица а) болх бан, аьлча а, Ӏаматан а, белхан тептаран а, хрестоматин а билламан билгалонаш дуьхь-дуьхьал хӀиттон; ша болх бан леринчу тептаран а, хрестоматин а оьшу дакъош карон.

Коммуникативни дешаран дарашкахь дешархошна Ӏемар ду:

а) цхьаьна болх бар санна, хьасене хиларан гурашкахь:

• парти тӀехь цхьаьна волчу лулахочуьнца болх бан, вовшашна йукъахь болх бекъа, шен болх кхочушбан а, вовшаша бина болх талла;

• кар-кара луш болх бан;

б) цхьаьна болх бар санна, хьасене хиларан гурашкахь:

• шина хьежамна а, шина агӀонна а йукъара башхаллаш ган;


Дешархойн шаьш бечу, шимма цхьаьна бечу, тобанца йа массара цхьаьна бечу белхан процессехь Ӏама таро хир йу:

• хаттаршна жоьпаш тайп-тайпанчу кепехь дала мегаш хиларх кхета;

• ша тӀетовш волу жоп тӀечӀагӀдархьама тексте кховда.


2-чу классехь дешар чекхдолучу хенахь дешархочунна Ӏемар ду:

  • йешначун оьздангаллин чулацамах кхета, турпалхойн леларш оьздангаллин барамашца дуста;

  • метофорийн, олицетворенийн, эпитетийн къоман шатайпаналлех кхета а, текстехь исбаьхьаллин сурткъагоран и гӀирсаш ган а;

  • нохчийн литературин говзарш йешаран процессехь йешаран хаарш шардар: хезаш а, дагахь а йеша, исбаьхьаллин а, дешаран а текстийн маьӀна даран приемех кхета;

  • нохчийн литературин говзарш йешаран зеделлачух къамел шардарехь пайдаэца: ладоьгӀна/йешна текст йийцаре йарехь дакъалаца, текстана тӀе а тийжаш, шена хетарг тӀечӀагӀдан;

  • шен йешаран гуо шорбан;

  • йешначу а, ладоьгӀначу а говзарех хетарг искусствон кхечу кепех хиллачу синӀаткъамца дуста.

«Къамелан а, йешаран а гӀуллакхан кепаш» дакъа:

аудировани,

хезаш а, дагахь а йешар,

текстан тайп-тайпанчу кепашца болх,

библиографин культура,

исбаьхьаллин говзаран текстаца болх,

къамелан культура.


Дешархошна Ӏемар ду:

• дийнна дешнаш хезаш деша, индивидуале таронашка хьаьжжина, йешаран чехкалла жим-жимма алсам а йоккхуш;

• довзаран а, бӀаьргтохаран а, хаьржинчу а, талламан а йешаран процесссехь дагахь йеша;

• доцца монологан алар хӀоттон: хьехархочун хаттарна доца а, даьржина а жоп;

• шеца къамел дечуьнга ладогӀа (хьехархочуьнга а, классехь цхьаьна доьшучаьрга а): цхьамма делла жоп тӀаьххье ца дала, кхечо делла жоп керлачу чулацамца тӀедуза;

• нохчийн литературин 2–3 классикан цӀе йаккха,

• кхузаманан 2–3 йаздархочун (поэтан) цӀе йаккха;

• говзарийн цӀерш йаха а, церан чулацам боцца схьабийца а;

• дукхавезачу авторнан говзарийн цӀерш йаха а, церан чулацам боцца схьабийца а;

• говзаран тема а, коьрта маьӀна а билгалдан (хьехархочун гӀоьнца);

• говзарийн турпалхойн амалийн (церан цӀерш, портреташ, къамел) а, церан леларийн а мах хадон а, характеристика йала а;

• Дешнийн маьӀнех кхетархьама МаьӀнийн дошамах пайдаэца.

Дешархойн шаьш бечу, шимма цхьаьна бечу, тобанца йа массара цхьаьна бечу белхан процессехь Ӏама таро хир йу:

• хьехархочо йоьшуш йолу текст Ӏалашонна тӀехьажийна тӀелацаран буха тӀехь аудированин корматалла кхиор;

• йешначун чулацамах болу шен хьежам барта бовзийта;

• тайп-тайпанчу авторийн 6–8 байт дагахь схьайийца (харжамца);

• жимачу бараман текст йуха схьайийца;

• ишколин билблиотекехь киншкаш а, берийн муьран журналаш а хоржучу хенахь мужалтан чулацамах а, ткъа иштта «Чулацам» йа «Корта» агӀонах а пайдаэца;

• дарсашкахь бечу балха йукъа хрестоматин а, ткъа иштта цӀерчу а, школин а библиотекийн киншкара тексташ йалон;

• говзаран текстана хаттарш дан а, хаттаршна жоьпаш дала а.

«Литературоведенина йукъадалор» дакъа: байташкахь йазйинчу говзаран башхаллаш йовзар (ритм, рифма и. кх. дӀ.), говзарийн башхаллаш вовшах къастор (халкъан а, авторан а туьйра, и. кх.дӀ.), литературин приемаш йовзар (дустар, олицетворени, контраст, и. кх. дӀ.).

Дешархошна Ӏемар ду:

• дийнатех лаьцна а, инзаре-тамашийна а туьйранаш вовшех къастон;

• инзаре-тамашийначу туьйранан башхаллаш къастон;

• дийцар а, туьйра а вовшех къастон;

• говзарехь литературин меттан суртхӀотторан вастийн гӀирсаш карон (дустар, олицетворени, гипербола (хӀума дестор олу вай), контраст; фигураш: йух-йуха алар).


Дешархойн Ӏама таро хир йу:

• авторийн берийн поэзехь фольклоран жанрийн башхаллаш карон: туьйранан, дагардаран, чехкааларан, аганан иллин сюжетни-композицин башхаллаш;

• литературин а, фольклоран а жанраш йукъара дозанаш лелаш хилар карон (дийцара йукъахь туьйранан элементаш хила йиш йу, инзаре-тамашийначу туьйранехь – дийнатех лаьцначу туьйранан башхаллаш, и. кх. дӀ.);

• дуьнене поэтически хьежам хиларан башхалла стенца йу кхета;

• дуьнене поэтически хьежам байташкахь гайтина ца Ӏаш, прозехь а гойтуш хилар гучудала.

«Дешархойн кхоллараллин гӀуллакхан элементаш» дакъа: ролашца йешар, инсценировка, драматизаци, барта дешнашца суртдиллар, репродукцишца болх, шаьш тексташ кхоллар.

Дешархошна Ӏемар ду:

• йешначун чулацамах кхета;

• текстан башхаллаца догӀуш ма-хиллара оьшуш долу болар а, соцунгӀаш а, азъайдар а кхета а кхеташ, харжа;

• исбаьхьаллин говзарш ролашца а, кар-кара луш а йеша;

• программехь билгалйина исбаьхьаллин говзарш лерсица синхааме тӀеэца.

Дешархойн шаьш бечу, шимма цхьаьна бечу, тобанца йа массара цхьаьна бечу белхан процессехь Ӏама таро хир йу:

• поэзин а, прозин говзарш къегина (къаьсташ) йеша;

• Ӏамат тӀерачу иллюстрацишка хьовса а, исбаьхьаллин тексташца уьш йуста а;

• шайна хетарг а, тидам бинарг а барта довзийта.

Довзаран йукъарчу дешаран дарашкахь дешархошна Ӏемар ду:

• дешаран Ӏаматах паргӀат пайдаэца: билламийн билгалонийн мотт бешалур бу (маттах кхетар бу); «Чулацам» а, «Корта» а агӀонашца оьшу текст карон а;

• текстан билгалйаьккхина фрагмент, агӀонехь билгалдаьхна могӀанаш а, дешнаш а сихха карон;

• хаамийн масех хьостанца (дешаран Ӏаматца, ша бечу белхан тептарца, хрестоматица; дешаран Ӏаматца а, дешаран дошамашца а; тексташца а, тексташна иллюстрацишца а) болх бан.

Коммуникативни дешаран дарашкахь дешархошна Ӏемар ду

а) цхьаьна болх бар санна, хьасене хиларан гурашкахь:

• парти тӀехь цхьаьна волчу лулахочуьнца болх бан, вовшашна йукъахь болх бекъа, шен болх кхочушбан а, вовшаша бина болх талла;

• кар-кара луш болх бан;

б) цхьаьна болх бар санна, хьасене хиларан гурашкахь:

• шина хьежамна а, шина агӀонна а йукъара башхаллаш ган, ша тӀетовжаран бух а балош, цхьахйолу агӀо йалон а;

• текстехь турпалхоша бовзийтина хьежамаш карон (лаха).

Талларан а, шаталларан а дешаран дарашкахь дешархочун Ӏама таро хир йу:

• схьабовзийтина хьежам тесктерчу могӀанашца тӀечӀагӀбан;

• тайп-тайпанчу хьежамийн тайп-тайпана баххаш хилар кхета.



3-чу классехь дешар чекхдолучу хенахь дешархочунна Ӏемар ду:

  • нохчийн литерутурин говзарш Ӏаморан буха тӀехь нохчийн меттан хьасене-эстетикин таронех кхета;

  • ненан меттан литературех къоман эхь-бехк а, ламасташ лардаран а, схьакховдоран а къоман-культурин гӀирс санна мехаллех кхетар;

  • турпалхойн леларийн оьздангаллин мах хадон а, цуьнан бух балон а;

  • нохчийн литературин говзарш йешаран процессехь йешаран корматталла шарйан: хезаш а, дагахь а йеша, исбаьхьаллин а, Ӏилманан а, дешаран а текстийн анализ йаран а, маьӀна даран а зеделларг хила;

  • нохчийн литературин говзарш йешаран зеделлачух къамел шардарехь пайдаэца: ладоьгӀна/йешна текст йийцаре йарехь дакъалаца, текстана тӀе а тийжаш, шена хетарг тӀечӀагӀдан; йешначу йа ладоьгӀначу текстан кепе хьаьжжина, и схьайийца (йерриге йа йоцца), дакъалоцучу турпалхойн цӀарах литаретурин говзар схьайийца;

  • текстах кхетархьама а, кхин совнаха хаамаш бовзархьама а куьйгаллин хьостанех пайдаэца.

  • «Къамелан а, йешаран а гӀуллакхан кепаш» дакъа:

аудировани,

хезаш а, дагахь а йешар,

текстан тайп-тайпанчу кепашца болх,

библиографин культура,

исбаьхьаллин говзаран текстаца болх,

къамелан культура.

Дешархошна Ӏемар ду:

• йешаран индивидуале болар тидаме а оьцуш, нийса а, къаьсташ а дийнна дешнаш хезаш деша;

• хьалха довзаран йешарехь а, йуха бӀаьртохаран йешарехь а, харжаман а, йуха талларан йешарехь а дагахь йешар;

• Ӏамочу говзарийн авторийн – йаздархойн а, поэтийн а цӀерш йаха, церан говзарийн цӀерш йаха а, классехь йешначу текстийн чулацам боцца схьабийца а;

• дукха везачу литературин турпалхочух дийца;

• турпалхочуьнга йолу авторна ойла билгалйан;

• говзарийн турпалхойн мах хадон; тайп-тайпанчу говзарийн турпалхойн амалш вовшашца йуста;

• тайп-тайпанчу авторийн 6–8 байт дагахь йеша (харжамца);

• элементашца киншка йовза (автор, цӀе, «Чулацам» агӀо, иллюстрациш).

Дешархойн шаьш бечу, шимма цхьаьна бечу, тобанца йа массара цхьаьна бечу белхан процессехь Ӏама таро хир йу:

• шаьш киншка харжа а, цуьнан элементашца киншкин чулацам бовза а;

• билгалйина киншкаш шаьш йеша;

• йешначу говзарийн турпалхойх мах хадоран ойла йовзийта;

• дошамашца шаьш болх бан.

«Литературоведенина йукъадалор» дакъа: байташкахь йазйинчу говзаран башхаллаш йовзар (ритм, рифма и. кх. дӀ.), говзарийн башхаллаш вовшах къастор (туьйра а, дийцар а; дийнатех туьйра а, инзаре-тамашийна туьйра а, и. кх.дӀ.), литературин приемаш йовзар (дустар, олицетворени, контраст, и. кх. дӀ.).

Дешархошна Ӏемар ду:

• дийнатех лаьцна, инзаре-тамашийна, Ӏер-дахаран хьокъехь долу туьйранаш вовшех къастон;

• дийцар а, туьйра а вовшех къастон;

• авторийн литературехь исбаьхьаллин вастийн гӀирсаш карон а, вовшех къастон а (приемаш: дустар, олицетворени, гипербола (хӀума дестор олу вай), контраст; фигураш: йух-йуха алар).

Дешархойн таро хир йу Ӏама:

• дийнатех лаьцначу туьйранан кхиарх кхета;


• дуьненан тайп-тайпанчу халкъийн туьйранашкахь «лелаш йолу» сюжеташ («лелаш долу туьйранийн дийцарш») карон.

«Дешархойн кхоллараллин гӀуллакхан элементаш» дакъа: ролашца йешар, инсценировка, драматизаци, барта дешнашца суртдиллар, репродукцишца болх, шаьш тексташ кхоллар.

Дешархошна Ӏемар ду:

• йешначун чулацамах кхета; йешаран башхаллашца йогӀуш йолу соцунгӀа йан, азъайдар а, йешаран болар а харжа;

• программица билгалйина йолу исбаьхьаллин говзарш лерсица тӀелаца а, шайна хетарг барта схьадийца а;

• литературин текстан а, суртдилларн а, музыкин а говзарийн маьӀна дан, (гиначух, йешначух, хезначух шайн ойла а, синхаамаш а бовзийта);

• литературин текстийн диалогийн йаккхийчу фрагментийн инсценировкашкахь (ролашца ловзорехь) дакъалаца.

Дешархошна шаьш бечу, шимма цхьаьна бечу, тобанца йа массара цхьаьна бечу белхан процессехь Ӏама таро хир йу:

• байтийн а, прозин а текст хезаш йеша:

• Ӏамат тӀерачу иллюстрацишка хьовса, музыкин говзаршка ладогӀа, исбаьхьаллин тексташца а, суртдилларан говзаршца а царна тӀехь гайтинчу ойланийн, синхаамийн, сагатдарийн хьежамца уьш йуста;

• барта а, йозанца а (аларца а/йа йоццачу сочиненица) литературин а, суртдилларан а, музыкин а говзарш йийцаре йечу хенахь шайн хилла ойланаш а, тидамаш а бовзийта.


Довзаран дешаран дарийн декъехь дешархошна Ӏемар ду

• дешаран дошамийн корпусах паргӀат пайдаэца, оьшу йолу дошаман статья сихха карон;

• дешаран Ӏаматах паргӀат пайдаэца: билламийн билгалонийн мотт бешалур бу (маттах кхетар бу); «Чулацам» а, «Корта» а агӀонашца оьшу текст карон а;

• текстаца болх бан: цуьнан тема а, коьрта ойла (идея, сагатдар) а, дахаран тайп-тайпана агӀонаш (хьежам, дӀахӀоттамаш, кхетаман латтам) а къастон;

• хаамийн масех хьостанца (дешаран Ӏаматца, ша бечу белхан тептарца, хрестоматица; дешаран Ӏаматца а, дешаран дошамашца а; дешаран Ӏаматца а, хаамийн тӀетоьхначу хьостанашца а (дешаран кхечу гуларшца, библиотекин киншкашца, Интернетерчу хаамашца); тексташца а, тексташна иллюстрацишца а болх бан.


Дешархойн Ӏама таро хир йу:

• гуларш хӀитторан алгоритм карайерзон: монографийн, жанрийн а, тематически а (шаьш терминаш – гуларийн къастамаш – лелош).

Коммуникативни дешаран дарашкахь дешархошна Ӏемар ду:

а) цхьаьна болх бар санна, хьасене хиларан гурашкахь:

• парти тӀехь цхьаьна волчу лулахочуьнца болх бан, жимачу тобанехь, йоккхачу тобанехь: вовшашна йукъахь болх а, ролаш а йекъа, шен болх кхочушбан а, йукъарчу балха йукъа и дӀатарбан а;

б) зӀе хиларан гурашкахь хьасене хилар санна:

• схьабовзийтинчу хьежамийн а, агӀонийн башхаллийн бухе дилларх кхета а, царах цхьахдолчунна тӀетан а, йа шен хьежам дӀабовзийта а хаа.


Цхьана къепене дерзийнчу дешаран кхочушдарийн декъехь дешна волучунна Ӏемар ду:

• ша-шен тидам бан а, болх дӀабахьарна а, кхочушхиллачу жамӀана а тӀехь тидам бан а.



4-чу классехь дешар чекхдолучу хенахь дешархочунна Ӏемар ду:

  • амал кхиарехь а, шен культура билгалйаларехь а нохчийн литературин мехаллех кхета;

  • исбаьхьаллин текстан турпалхойн позицеш билгалйан, исбаьхьаллин текстан авторан позицеш билгалйан;

  • нохчийн литературин говзарш йешаран процессехь йешаран говзалла лакхайаккха: хезаш а, дагахь а йеша, исбаьхьаллин а, Ӏилманан а, дешаран а текстийн маьӀна даран а, анализан а, хийцаран а коьрта кепаш карайерза а;

  • къамел шардархьама нохчийн литературин говзарш йешаран зеделлачух пайдаэца: ладоьгӀна/йешна текст йийцаре йарехь дакъа, цу текстана тӀе а тийжаш, шена хетарг тӀечӀагдӀан а, бух балон а; йешначун йа ладоьгӀначун чулацам текстан кепе хьаьжжина, схьайийцаран (йерриге йа йоцца) кепехь бовзийта; йешначу говзарийн буха тӀехь барта дийцар хӀоттон, хьасене хиларан декхарш тидаме а оьцуш (тайп-тайпанчу ладогӀархошна);

  • оьшуш йолу литература ша харжа, шен йешаран гуо кхолла а, шорбан а;

  • текстах кхетархьама а, кхин сов хаамаш бовзархьама а куьйгаллин хьостанех пайдаэца.


«Къамелан а, йешаран а гӀуллакхан кепаш» дакъа: аудировани, хезаш а, дагахь а йешар, текстан тайп-тайпанчу кепашца болх бар, библиографически культура, исбаьхьаллин говзаран текстаца болх бар, къамелан тӀекаренан культура.

Дешна волучунна хуур ду:

• довзаран а, бӀаьргтохаран а, хаьржинчу а, талламан а йешаран процесссехь дагахь йеша;

• говзаран тема а, коьрта ойла а билгалйан; текст маьӀнийн дакъошка йекъа, текстан план хӀоттон а, йухасхьайийцарехь цунах пайдаэца а; текст йоцца а, ма-йарра а йухайийца;

• классехь Ӏамийнчу литературин коьртачу говзарийн чулацам бовзийта а, церан авторш а, цӀерш а билгалйан а;

• «СтелаIад» цӀе йолчу берийн журналан коьрта чулацам бийца (рубрикийн тӀегӀанехь);

• говзарийн турпалхойн амалийн мах хадон; цхьана а, тайп-тайпанчу а говзарийн турпалхойн амалш вовшашца йуста; авторна турплахочуьнга болу хьежам билгалбан;

• байтин говзарш йа цу йукъара кийсакаш (харжамца) дагахь йеша, йешаран хотӀах лаьцна классерчара олург паргӀат тӀелаца;

• литературин говзарх йа турпалхочух ша аьллачунна бух балор, говзара йуккъерчу фрагменташца йа къаьстинчу могӀанашца и тӀечӀагӀдан;

• элементашца киншка йовза (автор, цӀе, титульни агӀо, «Чулацам» агӀо, аннотаци, иллюстрациш);

• къаьстинчу говзарна а, говзарийн гуларна а аннотаци хӀоттон;

• тайп-тайпан декхарш кхочушдаран Ӏалашонца библиотекехь ша киншка харжа (магийнчу спискаца йешар; билггалчу темина барта хаам кечбар);

• йешначу говзарийн турпалхойн мах хадор довзийта, классерчарна хетарг гӀиллакхехь тӀелаца;

• хааман тайп-тайпанчу хьостанашца ша болх бан (дошамаш а, тайп-тайпана справочникаш а йукъалоцуш).

«Литературоведина йукъавигар» дакъа: рифмийн кепаш къастор, халкъан кхоллараллин а, авторийн литературин а говзарийн жанрийн башхаллаш къастор, текстехь литературин приемаш (дустар, олицетворени, контраст, гипербола, и. кх. дӀ.) йовзар а, царах пайдаэцаран бахьанех кхетар а.

Дешна волучунна Ӏемар ду:

• исбаьхьаллин культурин кхиаран коьрта некъ ган: халкъан кхолларалли тӀера авторийн кепашка кхаччалц;

• халкъан говзарш авторийнчарах къастон;

• авторийн литературехь исбаьхьаллин вастийн гӀирсаш карон а, вовшах къастон (дустар, олицетворени, гипербола («даздар» олу), контраст, йух-йуха алар, рифмин тайп-тайпана кепаш) а.

Дешна волучун ша бечу, шимма цхьаьна бечу, тобанца йа массара цхьаьна бечу белхан процессехь Ӏама таро хир йу:

• дуьненан халкъийн, нохчийн а, оьрсийн а туьйранашкахь мифашкахула дуьне дуьне довзаран башхаллаш;

• байтан маьӀнин а, поэта хаьржинчу байт кхолларан кепан а зӀе карон (классикин а, кхузаманан а поэзин масалш тӀехь);

• исбаьхьаллин говзар кхолларехь йаздархочун (поэтан, художникан) кхоллараллин биографин ролах кхета;

• исбаьхьаллин тайп-тайпанчу кепашна (литературин, музыкин, суртдилларан) йукъайогӀу говзарш церан тематически цхьаьнайарца йуьстина ца Ӏаш, церан авторийн дуьнене хьежаман буха тӀехь (говзарехь гайтина йолу ойланаш) а йуста йиш йолуш хилар.

«Дешархойн кхоллараллин гӀуллакхан элементаш» дакъа: ролашца йешар, барта дешнашца суртдиллар, репродукцишца болх, шаьш тексташ кхоллар (йазйар).

Дешна волучун шаьш бечу, шимма цхьаьна бечу, тобанца йа массара цхьаьна бечу белхан процессехь Ӏама таро хир йу:

• байтийн а, прозин а текст хезаш йеша:

• классерчаьрца литературин а, суртдилларан а, музыкин а говзарш царна тӀехь гайтинчу ойланийн, синхаамийн, сагатдарийн хьежамца йийцаре йар;

• барта а, йозанца а (аларца а/йа йоццачу сочиненица) литерутурин а, суртдилларан а, музыкин а говзарш йийцйаре йечу хенахь шайн хилла ойланаш а, тидамаш а бовзийта.

Довзаран дешаран дарийн декъехь дешна волучунна Ӏемар ду:

• текстаца паргӀат болх бан: талла билгалйинчу аспектах хаамаш билгалбан хаа, билгалйина аспект сацон; талламан аспект сихха хийца хаа;

•карарчу дешаран киншки тӀехь а, коплектан кхечу киншкахь тӀехь а паргӀат хӀума лаха; дешаран дошаман корпусех пайдаэца, школин библиотекин фондехь лаха; оьшу хаамаш лаха а, дешаран тайп-тайпанчу Ӏалашонашкахь цунах пайдаэца а;

• хаамийн тайп-тайпанчу хьостанашца паргӀат болх бан (текстан кепехь, суртдилларан я музыкин говзаллехь санна схьагайтинчу).

Коммуникативни дешаран дарашкахь дешна волучунна Ӏемар ду:

а) цхьаьна болх бар санна, хьасене хиларан гурашкахь:

• дешаран кооперацин тайп-тайпанчу кепаш (шимма цхьаьна бен болх, жимачу тобанехь болх, йоккхачу тобанехь болх) а, социалан тайп-тайпана ролаш (дӀахьошверг а, кхочушдийриг а) а;

б) зӀе хиларан гурашкахь хьасене хилар санна:

• схьабовзийтинчу хьежамийн а, агӀонийн башхаллийн бухе дилларх кхета а, царах цхьахдолчунна тӀетан а, йа шен хьежам дӀабовзийта а хаа.

Цхьана къепене дерзийнчу дешаран кхочушдарийн декъехь дешна волучунна Ӏемар ду:

• ша-шен тидам бан а, болх дӀабахьарна а, кхочушхиллачу жамӀана а тӀехь тидам бан а.

Амал кхиаран дешаран кхочушдарийн декъехь дешна ваьллачун Ӏама таро хир йу:

• шен леларан культура а, дуьненах кхетар а кхолладаралехь литературин йешаран мехаллах кхета;

• шен оьздангаллин-этически къилба цхьана хорша дерзон (говзарийн анализ йаран новкъахь а, церан хьокъехь къамел дечохь а эхь-бехкан мах хадон а, харжам бан а зеделарг гулдан).



















НОХЧИЙН ЛИТЕРАТУРИН ТЕМАТИКИН ПЛАНИРОВАНИ


1 КЛАСС (66 сахьт)

 


п/п

Программин дакъойн а, темийн а цӀераш

Сахьтийн барам

Электронни дешаран ресурс.

Разделан сахьташ

Талламан белхаш

Кхоллараллин белхаш

1.1.

Къамел кхиор

Пачхьалкахан а, къоман а билгалонаш (шатлакхан илли, хӀост).

Беснаш. Светофор.

Ишколехь.

Ӏаламан дуьне (цӀера дийнаташ а, акхарой а, олхазарш, сагалматаш, олхазарш, дитташ, хасстоьмаш, стоьмаш).

КӀиранан денош.

Байташ, дагардарш, нохчийн абатан элпех хӀетал-металш

8

0

0

https://desharkho.ru/


https://ps95.ru/dikdosham/ru/

Дерриг:

8

0

0


2.1.

Йеша 1амор

Дешдакъошца йешарна тӀера жим-жимма довлуш дийнна дешнаш шера а, кхеташ а деша хаарна тӀедовлар (текстах кхета таро лучу йешаран индивидуальни боларца догӀуш йешаран чехкалла (масалла). Йешаран орфоэпически барамаш ларбар. Кепана а, тайпанна а цхьатера йоцучу текстийн маьӀнийн башхаллаш аз айдеш хийцарца схьагайтар.

49

0

0

https://desharkho.ru/https://ps95.ru/dikdosham/ru/

Дерриг:

49

0

0


3.1.

Дикачу адаман г1уллакхаш.

Деза дешнаш.

Дийца,муьлхачу басахь хуьлу х1уманаш.

Вайн Даймохк.

Соьлжа-Г1ала

Вайн турпалхой:

Кадыров Ахьмад-Хьаьжа

Нурадилов Ханпаша.

Вайн йаздархой:

Айдамиров Абузар.

Гайсултанов 1умар.

Махмаев Жамалди.

Ж.Махмаев «Доттаг1алла»,«Къоман хазна», «Дей,буьйсий»,«Дайна де»,«Бераш вайн хинйолу т1аьхье ю..», «Дуьло,бераш,делий вай»

1-Хь Хатуев «Зингат»

1.Демеев «Малонче»

С.Эдилов «Г1ан», «Беркат»

«Даймохк» бохучу дашах кхетам хир бу. Даймохк безар а, ларбар а, Ӏалашбар а хӀун ду хуур ду.

Пачхье хӀун йу хуур ду. Нохчийн Республикин коьртачу гӀалин – Соьлжа-ГӀалин – цӀе йевзар йу. Соьлжа-ГӀалин йоцца истори йевзар йу. ДӀадаханчу шерийн турпалхойх а, кхузаманан турпалхочух шен дахарх нохчийн къоман дуьхьа дӀаделлачу Кадыров Ахьмад-Хьаьжех а хаарш хир ду. Текстан хиламийн анализ йан а, адамийн Даймехкан дуьхьа леларех а, шайн дуьхьа леларх а кхета Ӏемар бу.

«ДоттагӀалла», «беркат», «дикалла», «къинхьегам безар», «гӀиллакх» боху кхетамаш а бевзар бу, адаман дахарехь церан мехаллех а хкетар бу.

КхидӀа хьур ду хаарш шардар: ойла а йеш, кхета а кхеташ, йешар, йешначу говзарийн турпалхойн леларийн анализ йан; къаьсташ а, кхеташ а дийнна дешнаш дешар.


9

0

0

https://desharkho.ru/


https://ps95.ru/dikdosham/ru/

Дерриг:

9

0

0


Программица сахьтийн барам

66

0

0




НОХЧИЙН ЛИТЕРАТУРИН ПОУРОЧНИ ПЛАНИРОВАНИ

1 класс




п/п

Урокан тема

Сахьтийн барам

Терахь

Электронни дешаран ресурс

Сахьт

Талламан белхаш

Кхолла

раллин белхаш

Абатал хьалхара мур(къамел кхиор) 8 с.

1.

Новкъахь.Школехь.


1

0

0

05.09

https://ps95.ru/dikdosham/ru/

2.

Ц1ера дийнаташ. З1акардаьхни.


1

0

0

07.09

https://ps95.ru/dikdosham/ru/

3.

Акха дийнаташ. Вайн махкара олхазарш.


1

0

0

12.09

https://ps95.ru/

4.

Сагалматаш. Акха стоьмаш


1

0

0

14.09

dikdosham/ru/

5.

Стоьмаш.

Хасстоьмаш.

1

0

0

19.09

https://ps95.ru/

6.

Ахархойн г1ирсаш.

Ялташ. 1алам.

1

0

0

21.09

dikdosham/ru/

7.

Дийнан раж.

1

0

0

26.09

https://ps95.ru/

8.

Сурсаташ

1

0

0

28.09

https://ps95.ru/dikdosham/ru/

Абатан мур (йеша 1амор) 49с.

9

Аз а,элп а А,а.

1

0

0

03.10

dikdosham/ru/

10

Аз а,элп а У, у.

1

0

0

05.10

https://ps95.ru/

11

Аз а, элп а О.о

1

0

0

10.10

https://ps95.ru/

12

Аз а, элп а И.и

1

0

0

12.10

dikdosham/ru/

13

Аз а, элп а Л.л

1

0

0

17.10

https://ps95.ru/dikdosham/ru/

14

Аз а, элп а М.м

1

0

0

19.10

https://ps95.ru/

15

Аз а, элп а. С, с

1

0

0

24.10

https://ps95.ru/dikdosham/ru/

16

Аз а, элп а. Р, р

1

1

0

26.10

https://ps95.ru/

17

Аз а, элп а. Х, х

1

0

0

07.11

dikdosham/ru/

18

Аз а, элп а. Б,б

1

0

0

09.11

https://ps95.ru/

19

Аз а, элп а Д , д

1

0

0

14.11

https://ps95.ru/

20

Аз а, элп а Е, е.

1

0

0

16.11

dikdosham/ru/

21

Аз а, элп а Н, н

1

0

0

21.11

https://ps95.ru/

22

Аз а, элп а Т, т.

1

0

0

23.11

https://ps95.ru/

23

Аз а, элп а В, в

1

0

0

28.11

dikdosham/ru/

24

Аз а, элп а З, з

1

0

0

30.11

https://ps95.ru/

25

Аз а, элп а Й, й

1

0

0

05.12

https://ps95.ru/

26

Аз а, элп а К, к.

1

0

0

07.12

https://ps95.ru/

27

Аз а, элп а П, п.

1

0

0

12.12

https://ps95.ru/

28

Аз а, элп а Э, э.

1

0

0

14.12

https://ps95.ru/

29

Аз а, элп а Ш, ш.

1

0

0

19.12

dikdosham/ru/

30

Аз а, элп а Ц, ц.

1

0

0

21.12

https://ps95.ru/

31

Аз а, элп а 1.

1

0

0

26.12

https://ps95.ru/

32

К1еда хьаьрк (ь)

1

0

0

28.12

https://ps95.ru/

33

Ч1ог1а хьаьрк(ъ)

1

0

0

09.01

dikdosham/ru/

34

Аз а, элп а Хь, хь.

1

0

0

11.01

dikdosham/ru/

35

Аз а, элп а Кх, кх.

1

0

0

16.01

https://ps95.ru/

36

Аз а, элп а Къ, къ

1

0

0

18.01

https://ps95.ru/

37

Аз а, элп а Г, г

1

0

0

23.01

dikdosham/ru/

38

Аз а, элп а Г1, г1

1

0

0

25.01

https://ps95.ru/

39

Аз а, элп а Аь, аь

1

0

0

30.01

https://ps95.ru/

40

Аз а, элп а Оь, Оь

1

0

0

01.02

dikdosham/ru/

41

Аз а, элп а Уь, уь

1

0

0

06.02

https://ps95.ru/

42

Аз а, элп а Ч, ч.

1

0

0

08.02

dikdosham/ru/

43

Аз а, элп а Ч1, ч1.

1

0

0

13.02

https://ps95.ru/

44

Аз а, элп а Т1,т1.

1

0

0

15.02

dikdosham/ru/

45

Аз а, элп а.Ж, ж.

1

0

0

27.02

https://ps95.ru/

46

Аз а, элп а Х1, х1

1

0

0

29.02

https://ps95.ru/

47

Аз а, элп а К1, к1.

1

0

0

05.03

dikdosham/ru/

48

Аз а, элп а Ю, ю.

1

0

0

15.03

https://ps95.ru/

49

Аз а, элп а Юь, юь.

1

0

0

07.03

https://ps95.ru/dikdosham/ru/

50

Аз а, элп а Я, я.

1

0

0

12.03

https://ps95.ru/

51

Аз а, элп а Яь яь.

1

0

0

14.03

https://ps95.ru/dikdosham/ru/

52

Аз а, элп а, Ц1 ц1

1

0

0

19.03

https://ps95.ru/

53

Аз а, элп а, П1 п1

1

0

0

21.03

https://ps95.ru/

54

Аз а, элп а Ф ф. .

1

0

0

02.04

https://ps95.ru/dikdosham/ru/

55

Аз а, элп а Ё ё.

1

0

0

04.04

https://ps95.ru/

56

Элп Щ щ

1

0

0

09.04

https://ps95.ru/

57

Элп ы

1

0

0

18.04

https://ps95.ru/

Абатал т1аьхьара мур( Литературни йешар) 9с.





58

Дикачу адаман г1уллакхаш. Деза дешнаш.

1

0

0

23.04

https://ps95.ru/dikdosham/ru/

59

Дийца,муьлхачу басахь хуьлу х1уманаш.

1

0

0

25.04

https://ps95.ru/dikdosham/ru/

60

Вайн Даймохк.Соьлжа-Г1ала


1

0

0

30.04

dikdosham/ru/

61

Вайн турпалхой.Кадыров Ахьмад-Хьаьжа.Нурадилов Ханпаша.

1

0

0

02.05

dikdosham/ru/

62

Вайн яздархой.Айдамиров Абузар.Гайсултанов 1умар.Махмаев Жамалди.

1

0

0

07.05

dikdosham/ru/

63

Ж.Махмаев «Доттаг1алла» ,«Къоман хазна»

Дей,буьйсий

1

0

0

14.05

dikdosham/ru/

64

Ж.Махмаев Дайна де.

«Бераш вайн хинйолу т1аьхье ю..»

1

0

0

16.05

dikdosham/ru/

65

Ж.Махмаев «Дуьло,бераш,делий вай

1-Хь Хатуев «Зингат»

1

0

0

21.05

dikdosham/ru/

66

1.Демеев «Малонче»

С.Эдилов «Г1ан»

Беркат

1

0

0

23.05

dikdosham/ru/

ПРОГРАММИЦА САХЬТИЙН БАРАМ

66

0

0






Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!