СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Поурочное планирование 10 класса

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Поурочное планирование 10 класса»

Урокан ц1е: Гадаев М. дахар а, кхолларалла а.

1алашо: Гадаев Мохьмадан дахар а, кхолларалла а йовзийтар. Цуьнан поэзехь дуьненах, дахарх, 1аламах йолу ойланаш йийцаре яр.

Урок д1аяхьар

1. Ойла т1еерзор.

2. Ц1ахь 1амийнарг хотту.

3. Керла коьчал йовзийтар

Гадаев Мохьмадан дахар а, кхолларалла а.

Цуьнан поэзехь дуьненах, дахарх, 1аламах йолу ойланаш. Лирически турпалхочун оьздангалла.

Поэтан лирикехь безаман тема.

Гадаев Мохьмадан поэзин исбаьхьаллин басарш, ша-тайпана аьхналла.

4. Дешархошка хаттарш.

1. Муха д1адахана хинволчу яздархочун бералла?

2. Дийца Гадаев М. дешарх лаций.

3.Мичхьа белхаш бина яздархочо?

4. Муха чулацам болуш яра цуьнан дуьххьарлера произведенеш?

5. Х1ун башхалла ю цуьнан поэзин?

6. Даймахке безам гайтаран башхалла йийца.

5. Урокан жам1 дар.

6. Рефлекси.

7. Ц1ахь: учебник т1ера аг1онаш 62-70.






Урокан ц1е: «Даймахке сатийсар» стих-ни. Даймахках, дахарх ен ойланаш.

1алашо: «Даймахке сатийсар» стих-нин чулацам бовзийтар. Даймахках, дахарх ен ойланаш йийцаре яр.

Урок д1аяхьар

1. Ойла т1еерзор.

2. Ц1ахь 1амийнарг хотту.

3. Керла коьчал йовзийтар

Цуьнан поэзехь дуьненах, дахарх, 1аламах йолу ойланаш. Лирически турпалхочун оьздангалла.

Поэтан лирикехь безаман тема.

Гадаев Мохьмадан поэзин исбаьхьаллин басарш, ша-тайпана аьхналла.

Нохчийн литературехь Гадаев Мохьмадан кхоллараллин мехала.

Литературан теори. Стихах болу кхетам к1аргбар. Поэтически суртх1отторан г1ирсех болу кхетам к1аргбар.

4. Дешархошка хаттарш.

1. Х1ун ойла хуьлу хьан «Даймахке сатийсар» стих.ешча?

2. Х1ун маь1на хета хьуна оцу стихотворенин?

3. Тидам бе «Даймахке сатийсар» стих-нин суртх1отторан г1ирсийн?

4. Муха гучуйолу стихотворенехь авторан ойла?

5. Т1едиллар.

Стих дагахь 1амае.

6. Урокан жам1 дар.

7. Рефлекси.

8. Ц1ахь: хрестомати т1ера аг1онаш 166-167. Стих. дагахь.




Урокан ц1е: «Дай баьхна латта» стих-ни. Даймахках ен ойланаш.

1алашо: «Дай баьхна латта» стих-нин чулацам бовзийтар. Даймахках, дахарх ен ойланаш йийцаре яр.

Урок д1аяхьар

1. Ойла т1еерзор.

2. Ц1ахь 1амийнарг хотту.

3. Керла коьчал йовзийтар

Цуьнан поэзехь дуьненах, дахарх, 1аламах йолу ойланаш. Лирически турпалхочун оьздангалла.

Поэтан лирикехь безаман тема.

Гадаев Мохьмадан поэзин исбаьхьаллин басарш, ша-тайпана аьхналла.

Нохчийн литературехь Гадаев Мохьмадан кхоллараллин мехала.

Литературан теори. Стихах болу кхетам к1аргбар. Поэтически суртх1отторан г1ирсех болу кхетам к1аргбар.

4. Дешархошка хаттарш.

1. Х1ун ойла хуьлу хьан «Дай баьхна латта» стих.ешча?

2. Х1ун маь1на хета хьуна оцу стихотворенин?

3. Тидам бе «Дай баьхна латта» стих-нин суртх1отторан г1ирсийн?

4. Муха гучуйолу стихотворенехь авторан ойла?

5. Муха хета стихотворенин лирически турпалхочунна дай баьхна латта?

5. Т1едиллар.

Стих дагахь 1амае.

6. Урокан жам1 дар.

7. Рефлекси.

8. Ц1ахь: хрестомати т1ера аг1онаш 168-169. Стих. дагахь.





Урокан ц1е: «Рег1ара поп», «Гуьйренан зезаг» стих-неш.

1алашо: Стих-нийн чулацам бовзийтар. Цуьнан поэзехь дуьненах, дахарх, 1аламах йолу ойланаш йийцаре яр.

Урок д1аяхьар

1. Ойла т1еерзор.

2. Ц1ахь 1амийнарг хотту.

3. Керла коьчал йовзийтар

Цуьнан поэзехь дуьненах, дахарх, 1аламах йолу ойланаш. Лирически турпалхочун оьздангалла.

Поэтан лирикехь безаман тема.

Гадаев Мохьмадан поэзин исбаьхьаллин басарш, ша-тайпана аьхналла.

Нохчийн литературехь Гадаев Мохьмадан кхоллараллин мехала.

Литературан теори. Стихах болу кхетам к1аргбар. Поэтически суртх1отторан г1ирсех болу кхетам к1аргбар.

4. Дешархошка хаттарш.

1. Х1ун ойла хуьлу хьан х1ара стих.ешча?

2. Х1ун маь1на хета хьуна оцу стихотворенин?

3. Рег1арчу попан исбаьхьаллин сурт муха кхоьллина автора?

4. Муьлхачу исбаьхьаллин г1ирсех пайдаэцна автора гуьйренан зезаган сурт х1оттош?

4. Муха синхаамаш кхоллало хьан, стихотворени ешча?

5. Т1едиллар.

Цхьа стих дагахь 1амае.

6. Урокан жам1 дар.

7. Рефлекси.

8. Ц1ахь: хрестомати т1ера аг1онаш 169-171. Цхьа стих. дагахь.

Урокан ц1е: «Генара кехат», «Ц1ен берд» стих-неш. Гадаев М. лирикехь безаман тема.

1алашо: Стих-нийн чулацам бовзийтар. Цуьнан лирикехь безаман тема йийцаре яр.

Урок д1аяхьар

1. Ойла т1еерзор.

2. Ц1ахь 1амийнарг хотту.

3. Керла коьчал йовзийтар

Поэтан лирикехь безаман тема.

Гадаев Мохьмадан поэзин исбаьхьаллин басарш, ша-тайпана аьхналла.

Нохчийн литературехь Гадаев Мохьмадан кхоллараллин мехала.

Литературан теори. Стихах болу кхетам к1аргбар. Поэтически суртх1отторан г1ирсех болу кхетам к1аргбар.

4. Дешархошка хаттарш.

1. Безаман синхаааш муха буьйцу стихотворени т1ехь?

2. Дийца, муха ю лирически турпалхочун безаман ойланаш?

3. Муха хета хьуна х1окху стихотворенин маь1на а, исбаьхьалла а?

4. Ойлае поэтан стихотворенин весетан?

5. Муха ю поэтан лирикин башхаллаш?

5. Т1едиллар.

Шайна хазахета стих дагахь 1амае.

6. Урокан жам1 дар.

7. Рефлекси.

8. Ц1ахь: хрестомати т1ера аг1онаш 171-173. Цхьа стих. дагахь.





Урокан ц1е: Нохчийн литературехь Гадаев М-С. кхоллараллин мехалла

1алашо: Яздархочун кхоллараллин мехалла йийцаре яр.

Урок д1аяхьар

1. Ойла т1еерзор.

2. Ц1ахь 1амийнарг хотту.

3. Керла коьчал йовзийтар

Гадаев Мохьмадан кхолларалла.

Цуьнан поэзехь дуьненах, дахарх, 1аламах йолу ойланаш. Лирически турпалхочун оьздангалла.

Поэтан лирикехь безаман тема.

Гадаев Мохьмадан поэзин исбаьхьаллин басарш, ша-тайпана аьхналла.

Нохчийн литературехь Гадаев Мохьмадан кхоллараллин мехала. Литературан теори. Стихах болу кхетам к1аргбар. Поэтически суртх1отторан г1ирсех болу кхетам к1аргбар.

Дешархошна шаьш еша: « Орцара г1ов», « Суьрте», «Хьегар», « Маьрк1ажан мур».

4. Дешархошка хаттарш.

1. Гадаев М-С. кхол-лин мехалла стенах йозуш ю?

2. Х1ун башхалла ю цуьнан поэзин?

3. Муха гайтина ду Гадаевн поэзехь 1алам?

4. Даймахке безам гайтаран башхалла йийца.

5. Безаман тематика муха гайтина Гадаевс шен поэзехь?

5. Урокан жам1 дар.

6. Рефлекси.

7. Ц1ахь: хаттаршна жоьпаш

Урокан ц1е: Исаева Мареман дахар а, кхолларалла а.

1алашо: Исаева М. дахар а, кхолларалла а йовзийтар, хаарш шордар, к1аргдар.

Урок д1аяхьар

1. Ойла т1еерзор.

2. Ц1ахь 1амийнарг хотту.

3. Керла коьчал йовзийтар.

Исаева Мареман дахаран, кхоллараллин некъ. Бералла, дешаран шераш. Яздархочун исбаьхьаллин корматалла кхиар. Исаева Мареман кхечу къаьмнийн яздархошца хилла доттаг1аллин, кхоллараллин уьйраш.

Яздархочун проза, драматурги, поэзи. Исаева Мареман произведенешкахь нохчийн 1ер-дахар гайтаран башхаллаш.

4. Дешархошка хаттарш.

1. Муха д1адахана хинйолчу яздархочун бералла?

2. Дийца Исаева Мареман дешарх лаций.

3. Муха чулацам болуш яра Исаева Мареман дуьххарлера произведенеш?

4. Дийца Исаева Мареман оьрсийн яздархоша хиллачу кхоллараллин уьйрех лаций.

5. Урокан жам1 дар.

6. Рефлекси

7. Ц1ахь: учебник т1ера аг1онаш 72-74 еша, хаттаршна жоьпаш.






Урокан ц1е: Исаева Мареман «Ирсан орам» роман.

1алашо: « Ирсан орам» романан чулацамехь нохчийн къам махках даьккхинчу хенахьлера г1уллакхаш довзийтар, романан чулацам бовзийтар.

Урок д1аяхьар.

1. Ойла т1еерзор

2. Ц1ахь 1амийнарг хотту.

3. Керла коьчал йовзийтар.

« Ирсан орам» романан чулацамехь нохчийн къам махках даьккхинчу хенахьлера г1уллакхаш. Сийлахь-боккха Даймехкан т1ом д1абоьдуш а болуш, мехкан хьал, ницкъ алсамдаккхарехьа йолчу 1алашонца вовшахкхеттачу тайп- тайпанчу къаьмнех лаьттачу къинхьегаман коллективо тылехь бен болх гайтар. Оцу коллективан куьйгалхо Акаев Руслан. Васса а, цуьнан хьанал дахар а. Анна Васильевна а, кегийрхой а. Романан жанран къастамаш.

Литературан теори. Романехь дахар гайтаран башхаллаш.

4. Дешархошка хаттарш.

1. Х1ун хан ю «Ирсан орам» романехь гайтинарг?

2. Дийца Вассас халонаш лар муха гайтина роман т1ехь?

3. Муха хета хьуна Егор Акимович а, Клавдия Ивановнин а г1иллакх-амалш?

4. Васса а, Акаев Руслан а роман т1ехь гайтаран башхаллаш муха ю?

5. Муха кхоьллина роман т1ехь кегийрхойн васташ?

5. Урокан жам1 дар.

6. Рефлекси

7. Ц1ахь: хрестомати т1ера аг1онаш 177-225 еша, хаттаршна жоьпаш.







Урокан ц1е: Исаева Мареман «Ирсан орам» роман. Васса а, Акаев Руслан а романехь гайтаран башхаллаш

1алашо: Васса а, Акаев Руслан а романехь гайтаран башхаллаш. Церан амалш а, дахар а, къинхьегаман некъ а.

Урок д1аяхьар

1. Ойла т1еерзор.

2. Ц1ахь 1амийнарг хотту.

3. Керла коьчал йовзийтар.

« Ирсан орам» романан чулацамехь нохчийн къам махках даьккхинчу хенахьлера г1уллакхаш. Сийлахь-боккха Даймехкан т1ом д1абоьдуш а болуш, мехкан хьал, ницкъ алсамдаккхарехьа йолчу 1алашонца вовшахкхеттачу тайп- тайпанчу къаьмнех лаьттачу къинхьегаман коллективо тылехь бен болх гайтар. Оцу коллективан куьйгалхо Акаев Руслан. Васса а, цуьнан хьанал дахар а. Анна Васильевна а, кегийрхой а. Романан жанран къастамаш.

Литературан теори. Романехь дахар гайтаран башхаллаш.

4. Дешархошка хаттарш.

1. Дийца Вассас халонаш лар муха гайтина роман т1ехь?

2. Васса а, Акаев Руслан а роман т1ехь гайтаран башхаллаш муха ю?

3. Муха кхоьллина роман т1ехь кегийрхойн васташ?

4. Беркатечу къинхьегаман тема муха къастийна роман т1ехь?

5. Урокан жам1 дар.

6. Рефлекси

7. Ц1ахь: учебник т1ера аг1онаш 74-77 еша, хаттаршна жоьпаш.






Урокан ц1е: Исаева Мареман «Ирсан орам» роман. Романехь кегийрхойн васташ.

1алашо: « Ирсан орам» романехь кегийрхойн васташ йийцаре яр.

Урок д1аяхьар.

1. Ойла т1еерзор

2. Ц1ахь 1амийнарг хотту.

3. Керла коьчал йовзийтар.

« Ирсан орам» романан чулацамехь нохчийн къам махках даьккхинчу хенахьлера г1уллакхаш. Сийлахь-боккха Даймехкан т1ом д1абоьдуш а болуш, мехкан хьал, ницкъ алсамдаккхарехьа йолчу 1алашонца вовшахкхеттачу тайп- тайпанчу къаьмнех лаьттачу къинхьегаман коллективо тылехь бен болх гайтар. Оцу коллективан куьйгалхо Акаев Руслан. Васса а, цуьнан хьанал дахар а. Анна Васильевна а, кегийрхой а. Романан жанран къастамаш.

Литературан теори. Романехь дахар гайтаран башхаллаш.

4. Дешархошка хаттарш.

1. Муха кхоьллина роман т1ехь кегийрхойн васташ?

2. Беркатечу къинхьегаман тема муха къастийна роман т1ехь?

3. Дийца кегийрхоша бечу белхех лаций.

4. Таханлерчу дийнахь аша бийр барий иштта белхаш?

5. Муха маь1на долуш хета хьуна «Ирсан орам» роман?

5. Урокан жам1 дар.

6. Рефлекси

7. Ц1ахь: хрестомати т1ера аг1о 225 , хаттаршна жоьпаш.




Урокан ц1е: Исаева Мареман «Ирсан орам» роман. Романехь къинхьегаман тема къасторан башхаллаш

1алашо: Романехь къинхьегаман тема къасторан башхаллаш йийцаре яр.

Урок д1аяхьар.

1. Ойла т1еерзор

2. Ц1ахь 1амийнарг хотту.

3. Керла коьчал йовзийтар.

« Ирсан орам» романан чулацамехь нохчийн къам махках даьккхинчу хенахьлера г1уллакхаш. Сийлахь-боккха Даймехкан т1ом д1абоьдуш а болуш, мехкан хьал, ницкъ алсамдаккхарехьа йолчу 1алашонца вовшахкхеттачу тайп- тайпанчу къаьмнех лаьттачу къинхьегаман коллективо тылехь бен болх гайтар. Оцу коллективан куьйгалхо Акаев Руслан. Васса а, цуьнан хьанал дахар а. Анна Васильевна а, кегийрхой а. Романан жанран къастамаш.

Литературан теори. Романехь дахар гайтаран башхаллаш.

4. Дешархошка хаттарш.

1. Х1ун хан ю «Ирсан орам» романехь гайтинарг?

2. Дийца Вассас халонаш лар муха гайтина роман т1ехь?

3. Муха хета хьуна Егор Акимович а, Клавдия Ивановнин а г1иллакх-амалш?

4. Васса а, Акаев Руслан а роман т1ехь гайтаран башхаллаш муха ю?

5. Муха кхоьллина роман т1ехь кегийрхойн васташ?

6. Беркатечу къинхьегаман тема муха къастийна роман т1ехь?

7. Муха маь1на долуш хета хьуна «Ирсан орам» роман?

5. Урокан жам1 дар.

6. Рефлекси

7. Ц1ахь: учебник т1ера аг1о 77, хаттаршна жоьпаш.





Урокан ц1е: Сочинени «Ирсан орам романехь къинхьегамхойн васташ»

1алашо: «Ирсан орам» романах 1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар. Дозуш долу къамел кхиор.

Урок д1аяхьар

Сочинени «Ирсан орам романехь къинхьегамхойн васташ»






Урокан ц1е: Эдилов Хасмохьмадан дахар а, кхолларалла а.

1алашо: Эдилов Хасмохьмадан дахар а, кхолларалла а йовзийтар, хаарш шордар, к1аргдар.

Урок д1аяхьар

1. Ойла т1еерзор.

2. Ц1ахь 1амийнарг хотту.

3. Керла коьчал йовзийтар.

Эдилов Хасмохьмадан дахаран, кхоллараллин некъ. Бералла, дешаран шераш. Яздархочун исбаьхьаллин корматалла кхиар. Эдилов Хасмохьмадан кхечу къаьмнийн яздархошца хилла доттаг1аллин, кхоллараллин уьйраш.

Яздархочун проза, драматурги, поэзи. Эдилов Хасмохьмадан произведенешкахь нохчийн 1ер-дахар гайтаран башхаллаш.



4. Дешархошка хаттарш.

1. Муха д1адахана хинйолчу яздархочун бералла?

2. Дийца Эдилов Хасмохьмадан дешарх лаций.

3. Муха чулацам болуш яра Эдилов Хасмохьмадан дуьххарлера произведенеш?

4. Дийца Эдилов Хасмохьмадан оьрсийн яздархоша хиллачу кхоллараллин уьйрех лаций.

5. Урокан жам1 дар.

6. Рефлекси

7. Ц1ахь: учебник т1ера аг1онаш 81-83 еша, хаттаршна жоьпаш.






Урокан ц1е: Эдилов Х. «Сийлаха» поэма.

1алашо: « Сийлаха» поэмин дакъош дешар, чулацам бийцаре бар.

Урок д1аяхьар

1. Ойла т1еерзор.

2. Ц1ахь 1амийнарг хотту.

3. Керла коьчал йовзийтар.

« Сийлаха» поэми т1ехь адаман дахар, ирс юкъараллехь кхоллалучу хьолех дозаделла хилар ч1аг1дар. Ибрах1иман оьзда безам, цуьнан деган, ойланийн комаьршо. Эдалхин оьзда йоцу ойланаш а, г1уллакхаш а. Сийлахас ца ларбина шен мерза безам, цуьнан доьхна дахар, цунах даьлла зулам. Поэми т1ехь суртх1отторан, васт кхолларан поэтически г1ирсаш.

Эдилов Хасмохьмадан кхоллараллин башхаллаш.

Литературан теори. Лиро-эпически произведенех болу кхетам к1аргбар.

4. Дешархошка хаттарш.

1. Маца хилла поэми т1ехь гайтина г1уллакхаш?

2. Муха гайтина поэми т1ехь Сийлахин, Ибрах1иман вовшашка болу безам?

3. Муха кхоьллина поэми т1ехь Ибрах1иман васт?

4. Муха кхоьллина поэми т1ехь Сийлахин васт?

5. Т1едиллар.

Поэми т1ера хьайна хазахеташ йолу 3-4 строфа дагахь 1амае.

6. Урокан жам1 дар.

7. Рефлекси

8. Ц1ахь: хрестомати т1ера аг1онаш 229-249 еша, хаттаршна жоьпаш.




Урокан ц1е: «Сийлаха» поэмин турпалхойн Ибрах1иман, Сийлахин васташ кхолларан башхаллаш

1алашо: « Сийлаха» поэмин турпалхойн Ибрах1иман, Сийлахин васташ кхолларан башхаллаш йийцаре яр.

Урок д1аяхьар

1. Ойла т1еерзор.

2. Ц1ахь 1амийнарг хотту.

3. Керла коьчал йовзийтар.

« Сийлаха» поэми т1ехь адаман дахар, ирс юкъараллехь кхоллалучу хьолех дозаделла хилар ч1аг1дар. Ибрах1иман оьзда безам, цуьнан деган, ойланийн комаьршо. Эдалхин оьзда йоцу ойланаш а, г1уллакхаш а. Сийлахас ца ларбина шен мерза безам, цуьнан доьхна дахар, цунах даьлла зулам. Поэми т1ехь суртх1отторан, васт кхолларан поэтически г1ирсаш.

Эдилов Хасмохьмадан кхоллараллин башхаллаш.

Литературан теори. Лиро-эпически произведенех болу кхетам к1аргбар.

4. Дешархошка хаттарш.

1. Муха гайтина поэми т1ехь Сийлахин, Ибрах1иман вовшашка болу безам?

2. Муха кхоьллина поэми т1ехь Ибрах1иман васт?

3. Х1ун бахьана хета хьуна Сийлаха дакъазаяларан?

5. Т1едиллар.

Поэми т1ера хьайна хазахеташ йолу 3-4 строфа дагахь 1амае.

6. Урокан жам1 дар.

7. Рефлекси

8. Ц1ахь: хрестомати т1ера аг1онаш 229-249 еша, хаттаршна жоьпаш.






Урокан ц1е: «Сийлаха» поэма. Сийлаха а, Эдалха а. Ибрах1им а, Эдалха а.

1алашо: « Сийлаха» поэмин дакъош дешар, Сийлаха а, Эдалха а. Ибрах1им а, Эдалха а. Церан вовшашца йолу юкъаметтиг йийцаре яр.

Урок д1аяхьар

1. Ойла т1еерзор.

2. Ц1ахь 1амийнарг хотту.

3. Керла коьчал йовзийтар.

« Сийлаха» поэми т1ехь адаман дахар, ирс юкъараллехь кхоллалучу хьолех дозаделла хилар ч1аг1дар. Ибрах1иман оьзда безам, цуьнан деган, ойланийн комаьршо. Эдалхин оьзда йоцу ойланаш а, г1уллакхаш а. Сийлахас ца ларбина шен мерза безам, цуьнан доьхна дахар, цунах даьлла зулам. Поэми т1ехь суртх1отторан, васт кхолларан поэтически г1ирсаш.

Эдилов Хасмохьмадан кхоллараллин башхаллаш.

Литературан теори. Лиро-эпически произведенех болу кхетам к1аргбар.

4. Дешархошка хаттарш.

1. Муха гайтина поэми т1ехь Сийлахин, Ибрах1иман вовшашка болу безам?

2. Муха кхоьллина поэми т1ехь Ибрах1иман васт?

3. Х1ун бахьана хета хьуна Сийлаха дакъазаяларан?

4. Поэми т1ехь гайтинчу зуламна бехке мила хета хьуна? Х1унда хилла и зулам?

5. Т1едиллар.

Поэми т1ера хьайна хазахеташ йолу 3-4 строфа дагахь 1амае.

6. Урокан жам1 дар.

7. Рефлекси

8. Ц1ахь: учебник т1ера аг1онаш 88-93 еша, хаттаршна жоьпаш.







Урокан ц1е: «Сийлаха» поэмин маь1на а, исбаьхьаллин башхаллаш а. Эдилов Х. кхоллараллин мехалла.

1алашо: «Сийлаха» поэмин маь1на а, исбаьхьаллин башхаллаш а йовзийтар. Эдилов Х. кхоллараллин мехалла йийцаре яр.

Урок д1аяхьар

1. Ойла т1еерзор.

2. Ц1ахь 1амийнарг хотту.

3. Керла коьчал йовзийтар.

« Сийлаха» поэми т1ехь адаман дахар, ирс юкъараллехь кхоллалучу хьолех дозаделла хилар ч1аг1дар. Ибрах1иман оьзда безам, цуьнан деган, ойланийн комаьршо. Эдалхин оьзда йоцу ойланаш а, г1уллакхаш а. Сийлахас ца ларбина шен мерза безам, цуьнан доьхна дахар, цунах даьлла зулам. Поэми т1ехь суртх1отторан, васт кхолларан поэтически г1ирсаш.

Эдилов Хасмохьмадан кхоллараллин башхаллаш.

Литературан теори. Лиро-эпически произведенех болу кхетам к1аргбар.

4. Дешархошка хаттарш.

1. Маца хилла поэми т1ехь гайтина г1уллакхаш?

2. Мича 1алашонца язйина автора шен поэма?

3. Муха гайтина поэми т1ехь Сийлахин, Ибрах1иман вовшашка болу безам?

4. Муха кхоьллина поэми т1ехь Ибрах1иман васт?

5. Х1ун бахьана хета хьуна Сийлаха дакъазаяларан?

6. Поэми т1ехь гайтинчу зуламна бехке мила хета хьуна? Х1унда хилла и зулам?

5. Т1едиллар.

Поэми т1ера хьайна хазахеташ йолу 3-4 строфа дагахь 1амае.

6. Урокан жам1 дар.

7. Рефлекси

8. Ц1ахь: хрестомати т1ера 249 аг1о, хаттаршна жоьпаш.







Урокан ц1е: Музаев Нурдин дахар а, кхолларалла а.

1алашо: Музаев Нурдин дахар а, кхолларалла а йовзийтар, хаарш шордар, к1аргдар.

Урок д1аяхьар

1. Ойла т1еерзор.

2. Ц1ахь 1амийнарг хотту.

3. Керла коьчал йовзийтар.

Музаев Нурдин дахаран, кхоллараллин некъ. Бералла, дешаран шераш. Яздархочун исбаьхьаллин корматалла кхиар. Музаев Нурдин кхечу къаьмнийн яздархошца хилла доттаг1аллин, кхоллараллин уьйраш.

Яздархочун проза, драматурги, поэзи. Музаев Нурдин произведенешкахь нохчийн 1ер-дахар гайтаран башхаллаш.

4. Дешархошка хаттарш.

1. Муха д1адахана хинволчу яздархочун бералла?

2. Дийца Музаев Нурдин дешарх лаций.

3. Муха чулацам болуш яра Музаев Нурдин дуьххарлера произведенеш?

4. Дийца Музаев Нурдис язйина кхин муьлха произведенеш евза шуна?

5. Урокан жам1 дар.

6. Рефлекси

7. Ц1ахь: учебник т1ера 94-96 аг1онаш еша, хаттаршна жоьпаш.







Урокан ц1е: Музаев Н. «Сатийсаман ницкъ» романехь Нохчийчоьнан нефтахойн г1уллакхаш гайтаран башхаллаш

1алашо: «Сатийсаман ницкъ» романехь Нохчийчоьнан нефтяникийн г1уллакхаш гайтар.Чулацам бовзийтар, кегийрхойн амалш йийцаре яр.

Урок д1аяхьар

1. Ойла т1еерзор.

2. Ц1ахь 1амийнарг хотту.

3. Керла коьчал йовзийтар.

«Сатийсаман ницкъ» романехь Нохчийчоьнан нефтяникийн г1уллакхаш гайтар. Мехкан хазна – нефть лохуш а, доккхуш а белхалоша, 1илманчаша, керланиг юкъа а далош, балха т1ехь кхиамаш бахарехьа къийсам латтор романехь гайтаран башхаллаш. Кхуьуш йолчу къоман технически интеллигенцин дахарехь, къинхьегамехь болу лехамаш.

Романехь васташ кхолларан, сурт х1отторан , башхаллаш.

Музаев Нурдинан дуккха а жанрашкахь йолчу кхоллараллин мехалла.

Литературан теори. Романан болу кхетам к1аргбар.

4. Дешархошка хаттарш.

1. Экспедице баха кечбалар муха гайтина роман т1ехь?

2. Нохчаша хьаша-да ларарна т1е а доьг1на, Гаврилов иванан йо1 Лидия т1еэцар роман т1ехь гайтаран тидам бе.

3. Нохчийчоьнан нефтяникийн г1уллакхаш муха гайтина роман т1ехь?

4. Кхуьуш йолчу къоман технически интеллигенцин къинхьегамехь, дахарехь болу лехамаш муха гайтина роман т1ехь?

5. Урокан жам1 дар.

6. Рефлекси

7. Ц1ахь: хрестомати т1ера аг1онаш 253-295 еша, хаттаршна жоьпаш







Урокан ц1е: «Сатийсаман ницкъ» романехь ламчуьра жа1уьнийн дахар гайтаран башхаллаш

1алашо: «Сатийсаман ницкъ» романехь ламчуьра жа1уьнийн дахар гайтаран башхаллаш

дийцаре дар.

Урок д1аяхьар

1. Ойла т1еерзор.

2. Ц1ахь 1амийнарг хотту.

3. Керла коьчал йовзийтар.

«Сатийсаман ницкъ» романехь Нохчийчоьнан нефтяникийн г1уллакхаш гайтар. Мехкан хазна – нефть лохуш а, доккхуш а белхалоша, 1илманчаша, керланиг юкъа а далош, балха т1ехь кхиамаш бахарехьа къийсам латтор романехь гайтаран башхаллаш. Кхуьуш йолчу къоман технически интеллигенцин дахарехь, къинхьегамехь болу лехамаш.

Романехь васташ кхолларан, сурт х1отторан , башхаллаш.

Музаев Нурдинан дуккха а жанрашкахь йолчу кхоллараллин мехалла.

Литературан теори. Романан болу кхетам к1аргбар.

4. Дешархошка хаттарш.

1. Ламчуьра жа1уьнийн дахар гайтаран башхаллаш йийца?

2. Нохчийчоьнан нефтяникийн г1уллакхаш муха гайтина роман т1ехь?

3. Кхуьуш йолчу къоман технически интеллигенцин къинхьегамехь, дахарехь болу лехамаш муха гайтина роман т1ехь?

4. Камилан, Селимин безам роман т1ехь гайтаран башхаллаш муха ю?

5. Урокан жам1 дар.

6. Рефлекси

7. Ц1ахь: учебник т1ера аг1онаш 96-101, хаттаршна жоьпаш







Урокан ц1е: «Сатийсаман ницкъ» романехь нохчийн г1иллакхаш, хьаша-да ларар гайтаран башхаллаш

1алашо: «Сатийсаман ницкъ» романехь нохчийн г1иллакхаш, хьаша-да ларар

дийцаре дар. Романан жам1 дар.

Урок д1аяхьар

1. Ойла т1еерзор.

2. Ц1ахь 1амийнарг хотту.

3. Керла коьчал йовзийтар.

«Сатийсаман ницкъ» романехь Нохчийчоьнан нефтяникийн г1уллакхаш гайтар. Мехкан хазна – нефть лохуш а, доккхуш а белхалоша, 1илманчаша, керланиг юкъа а далош, балха т1ехь кхиамаш бахарехьа къийсам латтор романехь гайтаран башхаллаш. Кхуьуш йолчу къоман технически интеллигенцин дахарехь, къинхьегамехь болу лехамаш.

Романехь васташ кхолларан, сурт х1отторан , башхаллаш.

Музаев Нурдинан дуккха а жанрашкахь йолчу кхоллараллин мехалла.

Литературан теори. Романан болу кхетам к1аргбар.

4. Дешархошка хаттарш.

1. Экспедице баха кечбалар муха гайтина роман т1ехь?

2. Нохчаша хьаша-да ларарна т1е а доьг1на, Гаврилов иванан йо1 Лидия т1еэцар роман т1ехь гайтаран тидам бе.

3. Ламчуьра жа1уьнийн дахар гайтаран башхаллаш йийца?

4. Нохчийчоьнан нефтяникийн г1уллакхаш муха гайтина роман т1ехь?

5. Кхуьуш йолчу къоман технически интеллигенцин къинхьегамехь, дахарехь болу лехамаш муха гайтина роман т1ехь?

6. Камилан, Селимин безам роман т1ехь гайтаран башхаллаш муха ю?

7. Х1ун маь1на хета шуна «Сатийсаман нийкъ» романан?

5. Урокан жам1 дар.

6. Рефлекси

7. Ц1ахь: хрестомати т1ера аг1о 295, хаттаршна жоьпаш










Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!