СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Окуев Шима. Стихотворени «Сан Нохчийчоь»

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Окуев Шима. Стихотворени «Сан Нохчийчоь»»

Нохчийн литературан урок 5-чу класехь. Терахь___________

Хьехархо: Бельтоева З.Р.

Урокан тема: Окуев Шима. Стихотворени «Сан Нохчийчоь»

Урокан Iалашо

:дийцар дешар, Iамор;

дешархойн къамел кхиор;

кхетамца кхиоран маьIна довзийтар;

Даймахке а, цуьнан Iилме а безам кхиор.

Урокан тайпа: керла коьчал йовзийтаран ,1амийнарг т1еч1аг1даран урок.

Урокан г1ирс:дошамаш,тетрадаш,1аматаш.

Урокан дIаяхьар.

Ойла тIеерзор.

Бераш учебникаш дIа а йиллина урокан кечам бар.

Хьехархочо урокан тема а, Iалашо йовзийтар.

ЦIеран болх таллар.

-ХIун Iамийра вай яханчу урокехь?

Керлачу темица болх бар.

Окуев Шимех лаьцна дош. 1амат т1ерачу материалах пайдаэцар.

Окуев Шимас «Сан Нохчийчоь» стихотворенехь шен махке болу безам гайтина вайна. Иза вина а, кхиийна а мохк бу иза, цо хьоьсту цуьнан дог, цо ло цунна ницкъ, цуьнца дозаделла ду дахар а. 1алам ада- ман дахарца дозаделла ду. Адаман дуьне а, 1аламан дуьне а вовшашца ийна ду, дахаран, безаман цхьана хорша доьрзуш а ду.

Стихотворенехь поэто шуьйра пайда эцна олицетворенех: «урх ий- зош, гаьллаш екаеш, буьйса дин сецош ю», «лаьмнаш хьаннашна барт бохуш ду», «беттаса боданах букъ хоькхуш го», «шовданаш эшаршца 1енало», «седарчий мархаш т1ехь хехкало», «шовданаш кхехка, махо тхин тГадамаш муьйлу».

Эпитеташ а ю ялийна къеггина сурткхолларан 1алашонца: «эсала мох», «вина, кхиийна латта», «ловзу ког», «безамо лазийна дог».

Метафора а, олицетворени а исбаьхьаллин суртх1отторан г1ирсаш буй, шуна хууш ду. Цара таро ло дика евзаш йолчу х1уманийн, Галамерчу хиламийн кхин аг1онаш схьаелла, къеггина уын гайта.

Ойла е, х1ун дакъалоцу олицетворенино «Сан хьоме Нохчийчоь» стихотворенехь? (Олицетворени коьрта исбаьхьаллин суртх1отторан г1ирс бу кху стихотворенехь. Кху стихотворенехь динахь лаьтта юссу буьйса, хьаннашна барт бохуш долу лаьмнаш, мархашлахь хехкалуш долу седарчий, 1аннашкахь кхехкаш долу шовданаш. Олицетворенино 1аламан суьрташ дендо, чу садоуьйту царна.) *

Кхиболчу суртх1отторан г1ирсех пайда ца эцна авторо. Уын тоьъ- на цунна Нохчийчоьнан кхоччуш васт xIotto, цуьнга болу шен безам гайта.

Стихотворени т1ехь гайтина сурт гиний шуна цкъа а? Дийца цунах лаций шайн дешнашца.

Дагалаца кхечу къаьмнийн литературера даймахках лаьцна стихотворенеш. Муьлш бу церан авторш? (Пушкин Александр, Фет Афанасий, Тютчев Федор.)

Юста стихотворени Пушкинан я кхечу оьрсийн поэтан шайна дика евзаш йолчу стихотвореница.

Кхетош- кхиоран маьIна.

Дешнаш т1ехь болх бар.

Урх - говрана т1ехь урхалла дан 1алашонца дуьрстах д1атосу аса.

Гаьллаш - говран бага дуллу дуьрстан аьчка дакъа.

Карзахе - синтем байна.

Урокан жамI дар.

Т1едузаран хаттарш, комментареш.

Х1ун ойла кхоллаялийти шун дегнашкахь х1окху стихаша?

Хьомечу махке болу шен безам муьлхачу дешнашца гайтина поэто? Масалш даладе стихотворени т1ера.

Муьлхачу строфахь ду, шуна хетарехь, стихотворении коьрта маь1на? («Сан Нохчийчоь, цо ницкъ луш деттало кийрахь безамо лазийна дог»

ЦIахь бан болх балар.

1. Шайна хазахетта стихотворени дагахь 1амае, текста т1е а тев- жаш, иллюстрацеш кхочушъе цунна.

2.1аламах я махках лаций стихотворени кхолла хьовса, олицетво- ренех, метафорах пайда а оьцуш.












Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!