СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Нохчийн литературин 10– 11-чуй классашна лерина программа

Нажмите, чтобы узнать подробности

(10 – 11 классаш)

Довзийтаран кехат     

Нохчийн литературин коьртачу йукъардешаран ишколана лерина программа хIоттийна:

  • Федеральни пачхьалкхан дешаран стандартан, коьртачу дешаран программин буха т1ехь;
  • С.Э.Эдиловн нохчийн литературин герггарчу хьесапехь йолчу программин буха т1ехь;
  • Соьлжа-Г1алин №10 йолчу йуккъерчу йукъардешаран ишколан дешаран хьесапан буха т1ехь;
  • Соьлжа-Г1алин №10 йолчу йуккъерчу йукъардешаран ишколан коьрта дешаран программин буха т1ехь.

Программо билгалдо инвариантни (ца Iамийча ца долу) дешаран курсан дакъа, таро ло, белхан программаш хIиттош, дешаран коьчал дIасайекъа, курсан дакъош, шайн лаамехь хьалха-тIаьхьа нисдеш, хьеха. Иштта цо аьтто бо дешаран курс тайп-тайпанчу кепара дIахIотторехь а.

Программо Iамо билгалйина нохчийн литературин тоьлла произведенеш, уьш массо йукъардешаран ишколашна лерина а, жамIдаран талламан къепеца (системица) йозаелла а йу. Программо иштта шена чулоцу тематически а, жанрови а башхаллашца хIиттийна йолу йукъарчу хьесапера обзораш.

Йаккхий произведенеш, Iамо атта хилийта, йацйина йалийна.

Программа кхаа декъах лаьтта:

1. «Дешаран предмет караерзорехь кхочушдан лору жам1аш». Кхузахь довзийтина, хIун меттиг дIалоцу нохчийн литературо йуккъерчу йукъардешаран Iалашонашка кхачош; нохчийн литература Iаморан Iалашонаш а, жамIаш а билгалдаьхна масех тIегIанехь – личностни, метапредметни, предметни; нохчийн литературех лаьцна йукъара хаамаш белла, базисни дешаран хьесапехь цо дIалоцу меттиг а къастийна.

2. «Дешаран курсан чулацам». Дакъошка бекъна, Iамо билгалбина чулацам къастийна кхузахь.

3. «Дешаран-тематикин хьесап». Дешаран курсан теманаш, хIора тема Iаморна лерина сахьташ къастийна. 

Дешаран-методически комплект (УМК)

I.   Йуккъерчу йукъардешаран ишколашна лерина нохчийн литературин 1аматаш:

1.  М.Ахмадов, З. Алиева: 10 классана;

2.  З.И. Мурадова, Р.А. Абдулкадырова: 11 классана хрестомати;

3.  Х.В.Туркаев, Р.А. Туркаева: 11 классана учебник.

II.  Нохчийн литературин lаматашна методически хьехамаш.

III. Тайп-тайпана тексташ, тесташ. 

IV. Дешаран дошамаш.

V.  Белхан тетрадаш.

  Дешаран хьесапаца цхьаьнадог1уш, нохчийн мотт 1аморна леринчу сахьтийн барам:

Класс

Шарахь

К1иранах

10

70

2

11

68

2

  1. Дешаран «Нохчийн литература» предмет Iаморан жамIаш

Йуккъера йукъарадешаран школа чекхйоккхучуьнгахь «Нохчийн литература» предмет Iамош  кхио йеза синмехаллаш:

– нохчийн къоман гIиллакх-оьздангалла, дайн ламасташ лардар; шен къоман векал а, дукхакхаьмнийн пачхьалкхан гражданин хиларан ойла синкхетамехь сецна йаьлла хилар; шен махке а, ерриг Россин пачхьалкхе а кIорггера безам а, лерам а хилар;

– нохчийн литература, культура йевзаш, йезаш хилар, оьрсийн а, кхечу къаьмнийн а культуре, ламасташка лераме хилар;

– дуьненан хIинцалерчу хьелашкахь лела хаар; муьлххачу а къаьмнийн векалшца йукъаметтиг латто хаар, къаьсттина кхин культура а, кхин дин а долчаьрца;

– шен къоман сий лардарехь жоьпалле хилар;

Йуккъера  йукъарадешаран школехь нохчийн литература Iаморан метапредметни жамIаш билгалдовлу:

– проблемех кхета а, гипотеза хIотто а, материал вовшахтосуш цхьана кепе йерзо а хаарехь;

– ша билгалдаьккхинарг кхачам боллуш тIечIагIдан а, шен барта а, йозанан а къамел ойла къеггина билгалйолучу кепара нисдан а, шен къамел дерзо а хаарехь;

– хIума дустаран а, дуьхь-дуьхьал хIоттотран а кепех пайдаэцарехь;

– шен гIуллакхаш ша вовшахтоха а, церан мах хадо а, шен безам болчу, шена довза луучу хIуманийн, гIуллакхийн гуо билгалбаккха а хаарехь;

            – шен оьшучу кепара довзийтаран литературех (тайп-тайпана лугIаташ, энциклопедеш, интернет-гIирсаш, библиографин довзийтарш…) пайдаэца хаарехь.

Йуккъера  йукъарадешаран школехь нохчийн литература Iаморан предметни жамIаш ду:

хIума довзаран декъехь:

– шаьш Iамийнчу нохчийн а, кхечу къаьмнийн а йаздархойн произведенийн коьртачу проблемех кхеташ  хилар а, уьш нийса билгалйаха хаар а;

– литературин произведени ша йазйинчу хенаца йогIуш хиларх кхетар, цуьнан проблематикехь, хенаца йоьзна йоцуш, даима а адашна йукъахь лелла йолу оьздангаллин мехаллаш билгалйаха а, церан маьIна дан а хаар;

– хьалха-тIаьхьа йазйинчу произведенийн теманаш, проблемаш вовшашца йозаелла хиларх, царна йукъарчу уьйрех кхетар;

– исбаьхьаллин произведени талла хаар, цуьнан тайпа а, жанр а билгалйар;

– произведенин тема билгалъяккха, маьIна дан хаар; турпалхойн амалш къастор, тайп-тайпанчу произведенийн турпалхойн амалш вовшашца йуста хаар;

– нохчийн, оьрсийн, кхечу къаьмнийн литературин произведенеш вовшашца йуста хаар;

– исбаьхьаллин произведенин дIахIоттам, иза шен дакъошца дIанисйаран кеп, цу тIера хиламаш гайтаран раж (композици, фабула, сюжет) билгалйаккха хаар;

– произведенин исбаьхьаллин-суртхIотторан гIирсаш, меттан башхаллаш къасто хаар;

– литератроведенин терминологи йовзар а, цунах пайдаэца хаар а;

эстетикин декъехь:

– нохчийн исбаьхьаллин дешан (фольклор а, йозанан литература а) марзо йевзаш хилар;

– произведени тIехь дахар исбаьхьаллин васташкахь гайтаран башхаллаш йовзар, иза нохчийн исбаьхьаллин дешан хазна хиларх кхетар, цунах марзо эца хаар; 

– литературин произведенехь васт кхолларехь исбаьхьаллин-суртхIотторан гIирсийн маьIна девзаш хилар;

Шен Iалашо лацаран декъехь:

– нохчийн къоман гIиллакх-оьздангаллин, Iадатийн, ламастийн хазна йевзаш а, цаьрца Iамалйан лууш а хилар;

– Iамийнчу исбаьхьаллин произведенешка шен хьежамаш хилар а, уьш къеггина билгалбаха хаар а;

– исбаьхьаллин произведени авторан Iалашашонах кхетар а, цунах лаьцна шен ойла хилар а;

–– исбаьхьаллин произведенех шена хеташ долу маьIна даккхар а, мах хадор а, цунах лаьцна билггал шен кхетам хилар а, иза бовзийта хаар а.

культурийн диалоган декъехь:

– нохчийн, оьрсийн, кхечу къаьмнийн литературин тексташ вовшашца йустуш, церан типологехь цхьаьнадогIург а, къаьсташ дерг а билгалдаккха а, къастамаш стенца боьзна бу а  хаар;

– нохчийн а, оьрсийн а литературехь цхьа тема йолу произвуеденеш вовшашца йустуш, церан цхьаьнадогIург а, къоман культурица, меттан башхаллашца доьзна къаьсташ дерг а билгалдаккха хаар;

– кхечу къаьмнийн литература, культура йовза лаам хилар а, цаьрга лерам болуш хилар а;

коммуникативни декъехь:

– Iамийнчу произведенийн проблематикица йьозна сочиненеш йазйан хаар;

– классехь а, цIахь а нохчийн литературица боьзна тайп-тайпана кхоллараллин белхаш кхочушба хаар;

– литературин а, культурин а теманашна рефереташ йазъйан хаар;

– монолог йалош а, диалогехь а къамел дан хаар;

– нохчийн меттан бакъонаш а ларйеш, къоман гIиллакхца а догIуш, ша нисвеллачу хьелашка хьаьжжина къамел дан хаар.

Арахецархо хууш хир ву:

  • 1амийначу произведенийн авторш, ц1ераш, ц1ерийн маь1на, произведенийн чулацам, турпалхой, хиламийн уьйр билгалйаккха;
  • халкъан, литературин туьйранашна йуккъехь йолу башхаллаш билгалйаха;
  • исбаьхьаллин произведенехь монолог, диалог, дустар, эпитет къасто;
  • дагахь 1амийна произведени къастош йеша;
  • исбаьхьаллин произведени литературин муьлхачу тайпанан йу (эпически, лирически, драматически) билгалдаккха;
  • иллин чулацаман, сюжетан, д1ах1оттаман, суртх1отторан г1ирсийн, меттан башхаллаш къасто;
  • исбаьхьаллин произведенин маь1на билгалдарехь турпалхочун меттиг а, автора цуьнан хадош болу мах а билгалбаккха;
  • исбаьхьаллин произведенех а, цуьнан турпалхойх а шайна хетарг бух боллуш ч1аг1дан;
  • 1амата т1ехь йалийначу литературоведчески дошамах пайдаэца;
  • нохчийн литературин кхечу къаьмнийн литературица хилла уьйраш билгалйаха;
  • нохчийн йаздархойн дахаран а, кхоллараллин а некъан коьрта муьраш билгалбаха;
  • 1амийначу исбаьхьаллин произведени т1ехь гайтинчу заманан коьрта билгалонаш къасто;
  • 1амийначу исбаьхьаллин произведенийн сюжетан а, д1ах1оттаман а, вастийн а

башхаллаш къасто;

  • 1амийначу исбаьхьаллин произведенийн йукъара маь1на, коьртачу турпалхойн амалш билгалйаха;
  • 1амийначу исбаьхьаллин произведенийн жанрийн къастамаш;
  • лирически, эпически, лиро-эпически произведенийн коьрта билгалонаш;
  • исбаьхьаллин литературин хаарш алсамдахаран а, кхетош-кхиоран а маь1на;
  • дагахь 1амо билгалйаьхначу произведенийн тексташ.

Арахецархочун таро хир йу 1ама:

  • произведени т1ера исбаьхьаллин суьрташ шайн ойланехь йухасхьах1итто;
  • произведени т1ера эпизодаш схьакъасто, церан хенан йохаллин а, бахьанийн а уьйраш гайта;
  • дустарш, эпитеташ текстехь гучу а йохуш, царах кхетам бала;
  • исбаьхьаллин произведени къастош йеша;
  • турпалхочун васт х1отто;
  • исбаьхьаллин произведенин а, литературин йукъараллин дахарх лаьцна йолчу статьйан а тексташ шерра д1аеша;
  • шаьш кхочушбечу барта а, йозанан а белхан хьесап х1отто;
  • литературин хрестомати т1ерачу статьйан хьесап, тезисаш, конспект х1отто;
  • изложенеш йазйан;
  • барта а, йозанан а тайп-тайпана сочиненеш кхолла (шайн тидамех, шайна зеделлачух лаьцна а, диллинчу суьртах пайдаоьцуш а, литературин материал т1ехь йазйеш йерш а), царна йукъахь шаьш 1амийначу произведени т1ера турпалхочун амалш къастош а, шина турпалхочун амалш вовшах йустуш а йолу сочиненеш а;
  • литературин произведени, шен жанран а, идейно-исбаьхьаллин а башхаллашка хьаьжжина, къасто;
  • литературин произведенин коьрта проблемаш билгалйаха;
  • цхьана йа масех произведенин турпалхойн васташ, вовшех дустуш, къасто;
  • произведенехь сюжетан, д1ах1оттаман, вастийн исбаьхьалин суртх1отторан г1ирсийн цхьаалла гучуйаккха а, маь1на дан а;
  • произведенин турпалхошка а, цу т1ерачу хиламашка а авторан болу хьежамаш билгалбаха;

  • литературин хьокъехь а, йукьараллин дахарх лаьцна а йолчу статьйан хьесап, тезисаш, конспект х1отто;

литературин материал т1ехь доклад, къамел кечдан (цхьана-шина книгех пайда а оьцуш);

  • шаьш йешначу книгина рецензи йазйан;
  • ишколан дахарх лаьцна доклад, къамел кечдан.

  1. Белхан программин чулацам

10 класс (70 сахьт)

Довзийтар. Нохчийн меттан дешан мах.

Арсанов Саь1ид-Бейн дахар, кхолларалла. «Маца девза доттаг1алла» романан дакъош дешар. «Маца девза доттаг1алла» романан дакъош дешар, дийцаре дар. «Маца девза доттаг1алла» романан исбаьхьаллин башхалла.

Мамакаев Мохьмад: дахар, кхолларалла. Мамакаев М. «Даймахке», «Т1улгаша а дуьйцу», «Зама». Мамакаевн  поэзехь Даймехкан тема. «Зеламха» романан дакъош дешар. Романа т1ера васташ. Зеламха обарг валаран бахьана а, хьелаш а.Романан маь1на а, исбаьхьаллин башхаллаш а. Мамакаев Мохьмадан кхоллараллин мехалла.

Гадаев Мохьмад-Селахь. Поэтан дахар, кхолларалла. Мохьмад – Селахьан поэзи: «Даймахке сатийсар», «Дай баьхна латта», «Генара кехат», «Ц1ен берд».

Гайсултанов 1умаран дахар а, кхолларалла а. Исторически повесть «Александр Чеченский». Нохчийн к1ентан кхоллам повесть т1ехь гайтаран башхаллаш.

Эдилов Х.Э. Дахар, кхолларалла. Лиро-эпически поэма «Сийлаха».  Коьрта турпалхошна социально-дахаран хьелаша бина т1е1аткъам.

Яшуркаев Султанан дахар а, кхолларалла а. Яшуркаев С.С. «Самах ду, г1енах ду», «Дагахьбаламаш, дагалецамаш» стихотворенеш. Яшуркаев Султанан поэзехь исбаьхьаллин васташ.

Исмаилов Абун дахар а, кхолларалла а. Исмаилов А. «Вог1ура воккха стаг», «Кхийра кхаба»  стихотворенеш.

Абдулаев Л. Дахар, кхолларалла. «Весет»,  «Диканиг хьахадан кхоьру со». Абдулаев Лечин поэзин башхалла.

Бексултанов Мусан дахар а, кхолларалла а.  Бексултанов М.М. «Дахаран хин генара бердаш»  повестан дакъош дешар, чулацам бийцаре бар. Бексултанов М.М. «Дахаран хин генара бердаш»  повестан дакъош дешар, чулацам бийцаре бар.

Яралиев Ю. С.-А. дахар а, кхолларалла а. Яралиев Ю.С-А. «Г1иллакх» стихотворени. Яралиев Ю.С-А. «Лулахочуьнга» стихотворени. Яралиев Юсупан поэзин башхалла.

Ахмадов Мусан дахар а, кхолларалла а. Ахмадов М.М. «Лаьмнел а лекха» пьеса.

Ахмадов М.М. «Лаьмнел а лекха» пьеса.

И.Эльсанов. Дахар, кхолларалла. Исторически повесть «Ц1ег1ачу декхнийн боьлак»

«Ц1ег1ачу декхнийн боьлак» повестехь халкъан кхоллам. «Ц1ег1ачу декхнийн боьлак» повестехь Мехк-Кхелан маь1на.

Бисултанов Апти: дахар, кхолларалла. Стихотворени «Нохчийчоь». Стихотворени «Нана».

Цуруев Шарипан дахар а, кхолларалла а. Стихотворени «Нохчийчоьне». Стихотворени «Йисалахь, Нохчийчоь».

11 класс (68 сахьт)

Довзийтар. 20-чу б1ешеран хьалхарчу эхехь нохчийн литература кхиаран башхаллаш.

20-чу б1ешеран шолг1ачу эхехь нохчийн литература кхиаран башхаллаш.

20-чу б1ешеран юьххьехь нохчийн литература кхиар.

Литературин родаш. Исбаьхьаллин васт (художественный образ.  Сюжетах а, композицих а кхетамбалар. Драматурги.

Исаева Мареман дахар а, кхолларалла а. «Ирсан орам» романан дакъош а доьшуш, текста т1ехь болх бар. «Ирсан орам» романан дакъош а доьшуш, текста т1ехь болх бар. Сийлахь-боккха Даймехкан т1еман хенахь къинхетаман коллективо тылехь бен болх гайтаран башхаллаш. Акаев Руслан а, Васса а. Анна Васильевна а, кегийрхой а. Исаева Мареман кхоллараллин мехалла.

Драматически къовсамах кхетамбалар. Драма. Комеди.

Айдамиров Абузаран дахар а, кхолларалла а. «Еха буьйсанаш» роман.   Машаре шолг1а шо.

«Еха буьйсанаш» роман.  Салтичун кхоллам. «Еха буьйсанаш» роман.  Сацам. «Еха буьйсанаш» роман.  Вежарий. Исторически романах болу кхетам к1аргбар.

Ромах болу кхетам к1аргбар. Повесть. Дийцар. Очерк.  Рецензи.

Ахматова  Раисин дахар а, кхолларалла а. «Хуур дац, кхолламо х1ун кечдо вайна…», «Даймахке» стихотворенеш. Ахматова  Раисин дахар а, кхолларалла а. «Нене», «Сан юрт» стихотворенеш. «Дагалецамийн новкъа» – автобиографически  поэма.  Цуьнан турпалхочун кхоллам Даймехкан,  халкъан кхолламах къасталур боцуш бозабелла хилар. «Дагалецамийн новкъа» – автобиографически  поэма. Поэмин т1ехь къинхьегаман, безаман теманаш цхьаьнайог1уш къастор. Лиро-эпически жанрах кхетам балар

Сулейманов Ахьмадан дахар а, кхолларалла а. Поэтан лирикехь къонахаллин,  оьздангаллин тема.  «Берд», «Дог дохден ц1е» стихотворени. «Ламанан хьостанаш», «Батто сагатдо» стихотворенеш.

Лирикех, лирически турпалхочух кхетамбалар. Поэтически маттах кхетамбалар.

Арсанукаев  Шайхин  дахар а, кхолларалла а.

 К1орггера кхетам,  оьзда лаамаш болу поэтан лирически турпалхо. «Весет», «Нагахь хьан г1о оьшуш» стихотворенеш. Цо дуьненах,  дахарх йо ойланаш,  адаман ирсехьа къийсам латто иза кийча хилар.  «Нийсонна гимн»  стихотворени. Поэтан говзаршкахь Даймехкан исбаьхьа суьрташ, 1аламан аьрха хазалла, ненан меттан беркат. «Гиний шуна?» стихотворени. «Дицдина илли», «Ненан мотт» стихотворенеш. «Кхолламан сизаш»  стихашкахь роман.   Даймехкан  т1амехь б1аьхоша турпалаллица Даймохк  мостаг1чух  1алашбар романехь гайтаран башхаллаш. «Кхолламан сизаш»  стихашкахь роман.  Романехь т1еман а,  тылан а суьрташ. Поэтически маттах кхетам балар.

Рашидов  Шаидан  поэтически кхолларалла.  Лирически турпалхочу халкъах,  махках йолу ойланаш.  «Баланах дуьзна  дог» стихотворени. «Пондар боьлху»  стихотворен.

«Аружа» – исторически хиллачийн буха т1ехь йазйина поэма.  Махкахдаьккхинчу халкъо лайна баланаш, халонаш гайтаран башхаллаш. «Аружа» – исторически хиллачийн буха т1ехь йазйина поэма.  Лирически турпалхочун халкъах, махках йолу ойланаш.      Стихаш  кхолларан  кепаш.

Гацаев Саь1идан поэтически кхолларалла.  

Лирически турпалхочо заманех, дахарх йеш  йолу ойланаш.  «Йише Маржане», «Хаьий хьуна, Фирдоуси стихотворенеш. «Хатта хьайна Саадига», «Цкъа а дац ойла къуьйлуш» стихотворенеш. «Хийла нохчийн к1ант», «Б1аьсте хир йу- б1аьсте, б1аьсте!..» стихотворенеш.

Ахмадов Мусан прозаически кхолларалла. «Нохчийн махкахь, нохчийн маттахь» стихотворени. «Зингатийн барз ма бохабелахь»  повесть.

Дикаев Мохьмадан дахар а,  кхолларалла а. Поэтан шен Даймахках, ша схьаваьллачу халкъах дозалла даран ойла,  патриотически синхаамаш,  къоман хиндерг ирсе хила лаар – цуьнан кхоллараллин коьрта чулацам.  «Нохчийн х1усам» стихотворени. «Стегаг ц1е» стихотворени. Дикаев Мохьмадан поэзехь йахь,  къоман оьздангалла гайтаран башхаллаш.  Цуьнан поэтически хатI.  «Суна лаьа»  стихотворени.

Стихаш кхолларан кепаш. Эпитетах кхетам балар.

Бексултанов Мусан прозаически кхолларалла.   Къоман хиндерг халкъан ламасташ,  г1иллакх-оьздангалла  ларйарца дозаделла хилар говзаршкахь ч1аг1дар.  «1аьржа б1аьрг»,  «Хьалхара парта»  дийцарш. Турпалхойн амалш гайтаран, церан васташ колларан башхаллаш. «Корталин Хантоти» дийцар.

Халкъан барта кхоллараллица уьйр хилар.Проектини болх.

Шайхиев 1алвадин поэтически кхолларалла. Шайхиев  Iалвадин  стихашкахь поэтически сурт кхолларан башхаллаш.  «Стаг велча, йуьртахь зударий боьлху», «Аса а ма лайна» стихотворенеш. «Дерачу кхолламан кхиэл» – стихашца йазйина повесть.  Къоман г1иллакхаш а,  оьзда безам а гайтар. «Дерачу кхолламан кхиэл» – стихашца йазйина повесть. Повестан маь1на а, исбаьхьаллин къастамаш а.

Алиев Г1апуран дахар а, кхолларалла. «Къонахийн зама», «Х1ун лозу хьан, Нохчийчоь?» стихотворенеш. «Къонахе», «До1а» стихотворенеш.

Ибрагимов Канта. Роман «Берийн дуьне». Тема а, проблематика а, исбаьхьаллин башхаллаш.

Александр Казбегин Гуьржийн йаздархочун кхоллараллех хаамаш. «Элиса» повестан коьрта чулацам. Элисин, Чербижан, Анзоран, Важийан васташ.

Кулиев Кайсын «Хиндолчунна аьлла байташ» стихотворени. Кулиев Кайсын  «Т1уьначу лаьттан цинц къуьйлу» стихотворени.

  1. Дешаран-тематикин хьесап

Х1ора тема караерзорна билгалбаьккхина сахьтийн барам д1агайтарца йолу, тематикин планировани. (Тематическое планирование с указанием количества часов, отводимых на освоение каждой темы).

Тематически план х1оттийна ю кхетош-кхиоран белхан программин тидамца. Кхетош-кхиоран декхарш кху кепара кхочушдан йаккхий таронаш ло нохчийн литературо:

  • Доьзална адаман дахарехь коьрта г1ортор а, цуьнан ирсан хьоста а санна.

  • Къинхьегамна адаман дахаран токхене д1акхачаран коьрта кеп санна.

  • Шен хьомечу латте, шен жимачу а, боккхачу а Даймахке, стаг кхиъна а, дуьххьарлера хазахетарш, бохамаш бевзина, дайша цунна ларйан йеза аьлла весет дина меттиг санна.

  • 1аламна лаьтта т1ерачу дахаран хьосте, цуьнан дахаран бухе санна, адамера хаддаза терго а, лардар а хьашт долу.

  • Машарна адаман дахаран коьртачу принципе санна, ч1ог1ачу доттаг1аллин билламна, т1ейог1учу хенахь белхан накъосташца юкъаметтиг тойарна а, шен долахьчу х1усамехь тамехь микроклимат кхолларна а.

  • Хааршна интеллектан т1аьхьалонна санна, адаман т1аьхьенна кхачойеш, собаречу хиламан, самукъане дешаран балхана санна.

  • Оьздангаллина син хьаштийн хьоле юкъаралла санна, иштта адаман дахарехь ладаме хьал хаар, ешаро, эшаро, исбаьхьалло, театро, кхоллараллин шааларо кхачам боллуш луш долу.

  • Могушаллина деха, жигара адаман дахар санна, цуьнан дика дог-ойла, оптимистични дахаре хьежам хилар.

  • Гонахара адамашца шеко йоццуш, къаьсттина мехалла санна, цхьатерра бакъо йолуш юкъараллин декъашхочуьнца санна, муьлха оьшург д1ах1оттор а,  диканиг дар терго йоллуш а хилар, адамна хазахетар луш, вовшийн г1о-накъосталла деш, терго йеш хилар, адамна хазахетарца т1екере хила бакъо а луш, синхааме ша хиларх а къахкош.

  • Ша-шеца шен кхолламан да санна, ша къастош, ша кхочушхилла долу адам, ша-шен т1аьхьенна жоп луш.

10 класс

Дешаран темин дакъа

Сахьтийн барам

Довзийтар.

1

Исбаьхьаллин литература

53

Классал арахьара дешар.

4

Къамел кхиоран белхаш

4/4

Тест

2

1амийнарг карладаккхар. Жам1дар.

2

Шадерг

70

11 класс

Дешаран темин дакъа

Сахьтийн барам

Довзийтар.

3

Исбаьхьаллин литература

56

Классал арахьара дешар.

2

Къамел кхиоран белхаш

4/2

Жам1дар.

1

Шадерг

68

Просмотр содержимого документа
«Нохчийн литературин 10– 11-чуй классашна лерина программа»

Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!