СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Мастер-класс «Таймин Биболатан дахаре б1аьрг тоьхча»

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Мастер-класс «Таймин Биболатан дахаре б1аьрг тоьхча»»



Мастер-класс

«Таймин Биболатан дахаре б1аьрг тоьхча»





Д1айаьхьнарг нохчийн меттан хьехархо:

Гамаева Нежибан Яха





Коьчал : Таймин Биболат вовзийтар;

  1. Берийн къоман турпалхойх лаьцна хаарш шордар, совдахар;

  2. Г1иллакх, тешам, доттаг1алла бохучу дешнийн маь1на ч1аг1дар;

  3. Даймехкан сийлалла гайтар, шен маттаца йолу шовкъ, ойла к1аргйар.

  4. Берийн могушалла ч1аг1йар;

  5. Берийн довзар кхиор, дозуш долу къамел кхиор.



Гайтаман г1ирс: Суьрташ Таймин Биболатан.

I.–Маршалла хаттар. Куршлойн к1оштара Майртуп ц1е йолчу йуьртара №3 школера нохчийн меттан хьехархо Гамаева Яха йу. Аса шуна йовзуьйтур йу «Таймин Биболатан илли» т1ера кийсак. Нохчийн иллеш йоккхачу говзаллица кхоьллина ду.1аламат хаза исбаьхьаллин сурташ а, васташ а кхуллу иллешкахь,турпалхойн куц,хьуьнарех лаьцна дуьйцу,хилламаш гойту, майралла , оьздангалла , йахь гойту.

-Тахана аса дуьйцур ду Таймин Биболатан дахарх лаьцна.

Сан 1алашо йу Таймин Биболатан дахар а, кхолларалла йовзийтар.

Вайн иллешкахь буьйцу къонахий карлабахар. Илли «Къонаха мила ву?»

Вуьззина къонах ву, оьзда ву, майра ву. Цхьаннах кхоьруш вац, майра леташ чов хуьлу цунна.

- Хьовсал суьрте тидамца.

-Муха ду цуьнан сибат?

- Духар муха ду т1ера?

-Таймин Биболат маца вина? (1779).

Биографи. (Ролик гойту).

Таймин Биболат вина (1779)-чу шарахь, Шелан районехь. Ваьхна Майртуьпахь. Майра а доьналла, оьзда къонах хилла иза. Тайпа «Билтой» долуш хилла. Мадин Жаьмирзин нана Биболатан де-йиша хилла. (1831)-чу шарахь тешнабехкаца кхалхар хилла цуьнан. Д1авоьллина меттиг (Даьнги-йурт йу). Илсхан-йуьртан йуххехь. Цуьнан доттаг1аша тиллина и ц1е шайгара д1авоьллина меттиг ца хаийта.Шеца ламаз,марха долуш къонах хилла иза. Цуьнан йиша хилла ц1е Жансари йолуш. Ша ц1ера волуш нана-йиша Чечанахь йуьтуш хилла цо.

Цигара цуьнан мостаг1аша йадийна Жансари гуьржаша. Биболата олу Чечанара к1ентаршка со сайн йиша схьайаккха воьду, со йуха валале шайна меттиг лаха олий лохку цо уьш.

Х1инца Аргун йолчу метте д1абоьлху уьш. Жансари схьа а йоккхий д1ало Илсхан-йуьртарчу Кунта-Хьаьжин шолг1а х1усамнана хуьлу цуьнах.

(Дукхахболу иллешкахь буьйцу хьалха баьхна исторически нах бу) .

Иллеш т1ехь турпалхой схьабевллачу меттигца йа, тайпанца билгалбоху уьш.

- Масала: Мадин-Жаьмирза мичара схьаваьлла?(Чечанара ).

- Муьстарг схьаваьлла Дадин-йуьртара, Биболат мичахь ваьхна ? (Майртуьпахь ваьхна, ц1еран Илсхан-йуьртара хилла). Зайти Шахмирза, Жумин Акхтулла (Эвтарара хилла) , Баччин Эламарза, аьккхийн Жанхот, Эвтархойн Ахьмад.

Цу къонахошна хьалха волуш хилла баьчча, Мадин Жаьмирза .

- Вовшийн сий деш, г1иллакх-оьздангалла ларъйеш къонахий хилла уьш.

Х1инца аса къонахчух лаьцна кицанаш дуьйцур ду шуна.

«Г1иллакхца бен, къонаха хилла вац».

«К1ант аренца вевза, говр боларца йевза».

«Мехкарий сий доцчохь, къонахий кхуьур бац».

« Ницкъ хиларх ца хадабо къонахчуьн мах».



Х1инца аса къонахчух лаьцна стихотворени йоьшур йу шуна.

Стихотворени «Къонах»

Йахь йоцуш хьо велахь,

Йа доьнал доцуш

Хаалахь йиш йац хьан къонах ву ала.

Ницкъ хиларх хуьлуш вац,

Йахь йолу дика к1ант.

Х1илланах хуьлуш вац тешаме дика к1ант.

Тешамо, собаро, г1иллакхо веш ву-кха.

Йахь йолу дика к1ант.

- Вайн махкана вевзаш Курчалойн к1оштара шиъ турпалхо ваьлла.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжа , цуьнан к1ант мехкан да Кадыров Рамзан .

Шен дас болийна некъ д1ахьуш ву иза. Х1ора шарахь цо йукъадаьккхина указ бахьана долуш, нохчийн меттан денна лерина вовшахкхета массо нохчийн меттан хьехархой. Нохчийн мотт беза, бовза корматалла лойла царна! Дела реза хуьлийла Кадыров Рамзан-Хьаьжина.



- Таймин Биболатан дахаре б1аьрг тоьхна аьлла хетий шуна?



Ша-шен таллар.

Сан таханлера 1алашо йара Таймин Биболатан кхолларалла довзийтар. Шен Даймохк безар, цуьнан де эшначохь д1ах1отта къонах хилар, къонахий васташ довзийтар. Къонахошка,турпалхошка болу безам совбаккхар.

-Бераш, муха къонаха хийти шуна Таймин Биболат?

-Муха хиира шуна и тешаме доттаг1 хилар?

-Х1ун хабар кхачийра Биболата Чечан-йуьртарчу нахе?

-Эхь ловр долуш варий Биболат?

-Муха жоп делира цо сонтачу стаге?

-Шен къомана х1ун пайда бина цо?



-Бераш, муха хета шуна, «Нохчийн къоман турпалхойн альбом» т1ехь болх бича?

-Х1ун аьлла хета шуна, стенна дуьхьа къийсам латтийна Биболата? (Нохчийчохь маьрша дахар хилийта).

-Тахан вай маьрша дехаш дуй? (Ду).

-Вайн таханлера сирла, маьрша дахар гойтуш суьрташ дахкий вай?


Хозуьйту г1иллакхах лаьцна илли (эшар)


Суьртийн гайтам бо.

«Нохчийн къоман турпалхойн альбом» Таймин Биболатан сурт, бераша дехкина ши-кхо сурт йукъа дуьллий, йузу турпалхочун аг1о.


Рефлекси йар.





Ладог1арна Дела реза хуьлийла!

Смайлик гойту.








Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!