СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Литературный вечер посвященный, 100 - летию со дня рождения Мамакаеву Арби на тему «Сын народа»

Нажмите, чтобы узнать подробности

Д1ахьошверг:  Де дика хуьлда шун хьоме хьехархой, дешархой, дай-наной!   Тахана вай долчохь  сийлахь, беза а, лараме  а хьеший бу.                                                                                                         – Хьеший, шу марша дог1ийла!

Просмотр содержимого документа
«Литературный вечер посвященный, 100 - летию со дня рождения Мамакаеву Арби на тему «Сын народа»»



Литературный вечер посвященный, 100- летию Мамакаеву Арби на тему «Сын народа»



Литературни суьйре

(Мамакаев 1аьрбин 100 шо кхачарна лерина)



«1аьрби Мамакаев-Даймехкан хьанала к1ант»

и



Д1ахьошверг: Де дика хуьлда шун хьоме хьехархой, дешархой, дай-наной! Тахана вай долчохь сийлахь, беза а, лараме а хьеший бу. – Хьеший, шу марша дог1ийла!

Хьовсархоша хьалаг1овттарца маршалла хотту хьешашка. («Айза» ц1е йолу йиш кехат пондар т1аьхьа а балош, д1а а локхуш, д1айолайо суьйре.)

Б1аьстенан аренгахь сенъелла йог1у, Вайн стоьмийн бошмашкахь заздаьлла дог1у, (2зза олу т1аьххьара ши мог1а ) Зезагашца кхелина вайн дуьне хазделла дог1у.

Юткъачу шакаршца олхазарш дека, Мехкарша тобанца хаза эшарш лоькху. Суна, Айза,эшарийн серлонгахь хьан оза девза.

Калакойн 1аж санна,хьан йогу беснеш, Рег1а кока санна,хьан 1аьржа б1аьргаш, Хьалха х1уьттуш, делакъежа хьуна сан сирла б1аьргаш.

Баьццарчу цу байт1ехь к1айн полла хьийза, Хьоь безам сан дагах д1ахьерчаш ловзу.ъ, Хаза,Айза,вовшашка вайн бахча безам бу мерза.

Ирс долчу Даймахкахь вай кхуьуш деца, Вовшашца яхьдуьйлуш, вай болх бийр беца, Йола,Айза,хьан безам,ницкъ гулбеш ,сан г1оьнча беца.

Вайн дахар хаза ду,вайн халкъ ирс долуш ду, Ва Айза, вай цхьаьна дехар ду.

Д1ахьошверг: Вайн мехкарша д1алекхначу «Айза» ц1е йолу эшаран дешнаш хьан яздина дара?

Дакъалацархоша шайна хета жоьпаш ло.

Д1ахьош верг: Нийса жоп ду. Уьш Мамакаев 1аьрбин дешнаш ду.

1.



Аша ц1е яьккхинчу г1араваьллачу, вайна вевзаш волчу, сийлахьчу,поэтан,яздархочун Мамакаев 1аьрбин 100 шо кхочуш,цунна лерина вешан суьйре вай д1айолор ю,вайн зала чохь ,шуна юккъехь, къовсаман кеп д1аяхьарца(хаттарш луш).

Хьалхара хаттар: Маца, мичахь вина Мамакаев 1аьрби ?

Шолг1а хаттар: Муьлхачу дешаран хьукматехь дешна 1аьрбис? Ц1е яккха цуьнан. Кхоалг1а хаттар: Дуьххьара цуьнан араяьллачу стихотворенин ц1е муха ю?

Доьалг1а хаттар : Яздархочун произведенин коьрта тема х1ун ю?

Пхоьалг1а хаттар: Муьлхачу шарахь язйина Мамакаев 1аьрбис шен дуьххьарлера стихотворени?

Д1ахьошверг: Оцу рабфакехьдешна воллушехь 1936 шарахь, цуьнан ц1е шуьйра яржа йолаелира,ткъа 1938 шарахь иза СССР-н яздархойн Союзе д1аийцира. Д1ахьошверг: Халкъалахь сийлахь яьржира 1аьрбин ц1е Дуьненан шолг1а т1ом бала гергабаханчу муьрехь,Иза х1етахь республикански радиокомитетехь дикторан а,корреспондентан а болх беш вара.1аьрбин байташ мукъамаш а бохуш ,эшаршка ерзайора халкъо..

Д1ахьошверг: Амма оцу шен кхоллараллех, маршонехь, ирс эцар дукха деха доьг1на ца хиллера поэтана. Иза шен юххерчу накъосто дага хь х1ума доцуш аьллехь а,я х1уьттаренна аьллехь а : «Ма ч1ог1а ваьржина вайн шолг1а Есенин,радиочухула накъост Сталинан йохучул а алссам ц1ераш а йохуш» -, аьлла шен багара далийтина дешнаш бахьнехь,мискъала зарратал бехк боцу 1аьрби лаца а лаьцна,набахти чу воьллира.

Д1ахьошверг: Ша лацарал а,шена т1екхоьллина харц ц1е яра шен халкъана а,Даймахкана а,хьанал волчу къонахчунна. Набахти чутра ша шен накъосте даийтинчу кехатт1ехь иштта яздора 1аьрбис: «Эрна д1адоьду дахар.Амма ас цхьа х1ума эр ду : цхьана а адамана вуониг я иэхье х1ума дина дац аса суо воцчуунна, цхьаболчара суна цадог1ург а,суна г1енах а цагинарг а дийцинехь а. 2.







Дела теш ву,сан уггар а дикачу доттаг1аша суна мотта тоьхна, шайна ирс а эцна,к1елхьарбевлла».

Дешархо: Адмашлахь,шатайпа Шина коган гезгаш ю, Ишттачийн д1овш детта Меттанаш –юнаш ю. Шаьш хестор,нах бехбар, Харц-цаьрца доттаг1 ду, И дерриг церан ц1ийца Кхин доцу хьуьнар ду.

Церан ц1е х1ун ю со-м Хууш вац.Амма уьш 1ен-даха новкъарло Бу гуттар вайна еш, Зама! Ахьа марцахьа Деккъа шайн ирс лоьхурш, Ахь гучуьра бахахьа 1аьржа дог кийрахь дерш!

Сан дог! Хьо дужийла, Харц дог! Хьо дужийла, Харц новкъа д1аг1ертахь, Хьакъйоцу сийлалла Куьйге ахь лехийтахь.

Сан дог! Ахьа садоь1у, Децаш хьайн халкъана, Цунна ахь там лоьху, Кхин некъ бац хьан тахна!

3.







Лай,хила х1аллак шу, Х1ай даьсса дегнаш дерш, Кхаьрдаш ду сан дог шух, Яхь шун ца хиларна. Сан дог ,хьо детталуо, Кхахьоьгуш халкъана, Баркалла хир хьуна, Иштта хьо дахарна!

Д1ахьошверг: « Доттаг1аша воьхкина, Сталинан дажалша х1аллакван новкъаваьккхинарг мила а,мичахь,муьлхачу хьелашкахь кхиъна стаг ву те? Цунах лаьцна вайна дуьйцур ду дешархоша. Нохчийш шира мукъам.Хинан,т1улган,диттийн декорацеш.

Дешархо:

Х1етахь сайн… Х1етахь сайн Деноша хьоьстура со, Хьоьстуш я тергам беш Дай-наний-м дацара. Аьрха бер,аьрха бер Хилла схьавог1ура со Боберах мисхал а Тера а-м вацара.

Беттаса кхеттачу Буьйсанца берашлахь Туьйранаш дуьйцура ас Кет1арчу т1улга т1ехь. Кханенга сатуьйсуш , Седарчийн сийналлехь

4.







Ойла еш ,1уьллура со Бешарчу чардакх т1ехь.

Неврехь сайн бераллин Мур х1етахь ас боккхуш, Гечошца Теркан гах Вуьйлуш сакъералуш, Хьуьнхарчу уьшалшкахь Бедашна г1аж кхуьйсуш, Лелара со деха де Дац а лой,сакъералуш.

Бовхачу малхо со Ца кхоош воттура Рег1ахь я тог1ешкахь Дог1наша т1унвора . Ганза дерг ган г1ерташ Водий со лелара, Мел кхерстарх ца 1ебаш, К1адлой ц1а воьрзура.

Ялх-ворх1 шо хьалхарчу Т1емийн ларш а лоьхуш, Эвлайистехь саьнгаршца Х1оьънаш а карадеш, Баккхийчийн хьехаршка Ладоьг1уш,ойла еш, Лелара со берашца, Хиндолчуьнга сатуьйсуш.

Со бертал бай т1ехь,сайн Когаш а ловзабеш,

5.



Ма 1иллар-кх х1етахь,дайн Иллеш а декадеш. Ткъа тулг1еш берашха Качлой,со 1ехавеш, Ма хуьлур-кх вайн боцчу Маттахь соь къамел деш.

Бераш,юрт,урамашкахь, Суьйренашца ловзарш… Воьду со.Вай къастарх, Хийцамаш боцуш, Хир ду-кх вай хан яларх, Цхьабосса…моьттуш, Къаьстира со тхайн юьртах, Ворх1 шо сайн кхочуш.

Шена со т1евийлла, Лечкъаргех довзуш, Бешара шалгу кхор Хадийна хир бу, Хийла т1елахвелла, Замано хуьйцуш, Кет1ара къена чхар Кагбелла хир бу.

Ткъа со? Со къанлур вац Шераш д1аидарх, Сан дог а геллур дац, Мел ч1ог1а къахьегарх, Къона ву,могуш ву, Тоам бо ас вахарх, Тоъал ницкъ соьгахь бу,- Со а вац ткъа ирсечех?!

6.







1942 шо. 1аьрби набахти чохь волу шолг1а к1ира а ду.Сталинан хьадалчаша йиттина дерриг дег1 дистина 1уьллу иза, цкъа кхетамчура волуш,юха кхетам чу вог1уш.Гинчунна цавовззал хийцавелла иза. Следовательна т1евуьгу иза барт хатта.Хаза дуьйцуш,ша хьуна г1о дан г1ерташ ву бохуш,1аьрби 1ехо г1ерта иза, х1окхуьнан доттаг1аша динчу тоьшаллашна к1ел куьг яздайта г1ерташ. Амма х1окхо дуьхьало йича,етта. Ша кхетамчуьра валале следователан легаш лаца кхиира 1аьрби. И барт хаттар а хьалхарниш санна чекхделира.

Аьхка «Къаьсттинчу кхеташоно» итт шо хан туьйхира 1аьрбина Иза Магадане набахте вигира.Цуьнан коьрте хьийзара ойла: « Со вевзаш болчарна бакъ хетар ду-те со халкъан мостаг1 ву бохург? Аса Нийсоне, Машаре, Къинхьегаме, Ирсе кхойкхуш стихаш язъяр бен кхин х1умма а ма ца дина. Х1ан-х1а,со вац халкъан мостаг1. Х1окху халонех доьналлица чекх а ваьлла,сайн махка вухаверза веза со». Цо и кхочуш а дира т1аьхьуо.

Дешархо: Ва Кавказ! Сан марзо, Сан серло! Безам! Сайн нене санна,сан Даим хьоь лаьтта. Беркатан,майраллин, Хазаллин латта, Арахь а лелла со Кхечи хьан хьаьтта. Сох хьан а,хьан сох а Байна бац тешам, Хьох ваьлча сан дагна Хир бара иэшам. Бахьна а хьаха ду Вай вовшийн деза-м.



7.





Сан син аз, Б1аьргийн нур - Кавказ! Ас хаьтти сайн даге: Яьккхинчу Хенах чекххьоьжуш, Сапарг1ат хиндолчу Меттигах хьоьгуш. Маь1-маь11ехь вахаран Некъаш а тоьгуш. Хьуна т1ехь санна хан Мерза ца яьккхи, Хьан хьаннийн, Хьан лаьмнийн Сурт хьалха лаьтти, Сан лерг,б1аьрг, Довха дог Ахьчул ца хьаьсти.

Ц1ен зезаг дасталац Гарманан арахь, Стиглара можа малх Хьоьжуш ца хилча; Ирс долуш хилла вац , Уьйрех д1атилча , Даймахках ваьллачун Дог хуьлу ирча. Векхалой хилац стаг Сахьийзош вахахь, Цундела лаьар-кха, 1ожалла яг1ахь ,

8.







Сайн каш а Хьан лаьттахь Хуьлийла даг1ахь… Ваьхнер-кх кху махкахь, Дезачу лаьттахь, Мел вахарх къахьега К1ордор а доцуш,

Мел хьежарх воккхавен 1ебар а воцуш, Сайн шерийн дукхаллех Кхачо а йоцуш, Дуьненан ялсамане, Сийдолу Латта, Эсала тхан Нана, Тхан майра Дада! Тхо дина,кхиийна Кавказан Латта!

Д1ахьошверг: Атта дацара лагерехь болчу нехан дахар.Къаьсттина хала лара г1ийлачарна адам хилла чекхбовла. Амма 1аьрбин и ницкъ кхечира.Иза даггара тешара вайн халкъан хьал хийцалург хиларх.

Д1ахьошверг : 14 шо Сибрех даьккхинчул т1аьхьа 1аьрбина реабилитаци йира, бехк боцуш чувоьллина хилар билгал а доккхуш.Баланаш мел дукха лайнехь а,даима а Даймахке сатуьйсуш дара поэтан дог.Ша цуьнан к1ант лорура цо,цуьнан дуьхьа вала а кийча вара иза. Даймехкан хазалла, сийлалла хесто к1орда а ца дора къоначу поэтана ша миччахь хиларх.

«Б1аьстенан 1уьйре» йиш д1алокху дешархоша (я грамзапись). Буьйсанна набарха йолий, Сирла б1аьрг дуьненчу боьллий, Сахуьлий т1екхочу г1оттий, Эсалчу б1аьстенан 1уьйре.

9.







Стиглахь малхбалехьа серло, Мархийн бос дашо беш кхерста, Баххьашца къегачу малхо З1аьнаршца бода д1атотту.

Ц1ен зезаг Гарманан арахь Бай кхолуш,т1амарца г1отту, Тхи къегош баьццарчу бай т1ехь Кегийра седарчий х1уьтту.

Олхазарш бошмашкахь ловзуш, Дуткъачу гаьннаш т1ехь дека, Юткъачу шакаршца эшарш Цара дилхан дог хьоьстуш ,лоькху.

Хазчу кху дахаро хьостий, Вайга мерз а маршалла хоттий, « Ду шуьга сан маршалла ,-олий, Вайна йоьлуш йог1у 1уьйре.

Кху бешахь кийра ас буззалц Дайн х1авъ чуузу 1аббалц , Лаамна вайн 1алам тоъалц, Там беш ду « Х1ай ирс-я1-кх!»-аллалц.

Сецна ахь ладоьг1ча кхузахь, Б1аьстенан хаза аз хеза, Хьайбанаш баца т1ехь 1оьхуш, Хершнаш чохь 1овраш ю екаш.

Д1ахьошверг: Вина мохк бара цуьнан доьзал,х1усам,цундела цо ша байлахь ца лорура, амма ша цуьнах нуьцкъала ваьккхича,поэтана кхоччуш хиира шен боккъалла а болу дахаран бух а иза - Даймохк, буйла.

10.





Цундела,доллучу дахарехь чекхъяккха а и дахар чекхдаьлча т1аьхьайиса а и цхьа тема «Даймохк» яра цуьнан.

«Даймохк» ц1е йолу илли д1аолу дешархоша (я грамзапись).

Б1аьстенан 1аламо хаздо шу,ламанаш, Гуьйренн салоно токхдо шу,ламанаш, Мокхазах суй санна,шух ваьлла волчунна Там хилла маьлхан де го суна тахна.

Йийначу кондарийн варшашца кхелина, Сирлачу шовданийн хьесашца ерина, Сан дагна сел езна Даймехкан аренаш, Шул мерза х1ун хир ду яхьйолчу дагна?

Ва хьоме Даймохк,хьан сирлачу некъашкахь Уьншарехь дуьйна хьайн хиллачу декхаршлахь, Дуьненан некъ гойтуш,халкъийн ирс кхолларна, Саяла дан дезарг хьехахьа тхуна.

Дуьххьара дуьненна д1адаккха бода-дохк, Ирсан некъ гайтина,ва нана-тхан Даймохк, Шен нана санна, хьо марзонца безнаверг Зен вовр вац теша со- декъала хуьлда хьо!

Шен бехк боцуш шеца лелийначу харцонашна ,цхьанна а оьг1аз ца вахара къона поэт,иза ваха х1оьттира, дахарх воккха а веш. Маьршачу дахаран мах хадо поэтана дика хууш хиллера.

Суьйренга лестина сан шерийн йорта, Дог шек ма далалахь ,хьалхе ду алий. Йиснчу хьайн ханна г1оза а далий, Йог1учу суьйренан беркат а ларий, 1уьйранна цадинарглан кхиа г1орта, Кхетаммий,безаммий хилийта шорта.

11.





Яздан ницкъ боллушехь ца яздеш дисна, Дагахьдерг д1аяздан таро ца хилла, Безаман алонца хьо юьстах тилла. Лаамна,лаамза некъаш т1е дийлла, Кхолламо гамдинарг ницкъ боцуш нисдан. Хиллачу г1елонна хьо к1ел ма дислахь.

Цхьайолу суьйренаш1уьйренел тоьлу, Атта дац х1ара дуьнема-дарра довза, Хьайн дешнаш доьшучун дог даккха ловза. Къоналла хастае, даима йоьду, Стом боцчу ойланел мерза дош тоьлу,

Ойланаш-кхокхарчий мархашка яха, Д1адевлларш,долушлерш,хиндерш а дийца. Халкъана шайн дахарш д1аделларш бийца, К1езгалла,осалла сийсазъеш йийца.

Хьайн хенан теш хилий,дуьненахь даха, Тайна дерш,оьзда дерш иллеш т1е даха!

Йоккха лар йитина Мамакаев 1аьрбис поэзехь а,прозехь а. Цуьнан стихаш екара халкъан мукъамашкахь: эшаршкахь,иллешкахь.

« Баркалла хьуна» ц1е йолу йиш д1алокху дешархоша (я грамзапись).

Лазийнарг дег1ана йина чов йоцуш, Со вийна ахьа тахна,ас х1ун де хьуна?! Кхул т1аьхьа со леван безама боцуш, Гергарло ахь хадор атта дац суна.

Хьо езар хиллера сан тем д1абаьхьнарг, ( Шозза олу х1ора б1ог1амалгехь) Со хилла вацара хьан даго лехнарг.



12.









Баркалла хьуна йо1, к1еззигчу ханна Доггах я дегаза сан дог иэцарна, Дикка хан яьлла со берах тарварна. Хьох жимма тахна со озаваларна, Кхин сих ца вала со ахь 1амаварна.

Нислуш ду дуьненахь ишттаниг наггахь: Мел ч1ог1а йо1 езарх ,цунна ца везаш… Куралла ма елахь ца йицъян дагахь Ас хьайга сатийсарх даима езаш.

Таьллингийн бошмашкахь кемсийн кан санна, Догц1енчу безамца беркат ду хийла: Кхул т1аьхьа вай хиларх вовшашна хийра, Догц1ена гергарло новкъа ду хьанна ?

Ша дукха сатийсинчу Даймахка ц1авирзинчул т1аьхьа дукха ца вехира 1аьрби. Ши-кхо шо бен дацара цунна кхолламо делларг.Делахьа,цо динарг дац х1умма а к1еззиг. йоккха лар йитина цо нохчийн поэзехь а,прозехь а. Халкъо виц ца вина шен к1ант: цуьнан ц1арах школа а,урама,музей а ю Лаха-Неврехь.Иза махках ваьккхина 14шо даккхийтинехь а,шен хьомечу махка юха вирзира,гуттаренна а кхузахь виса шен халкъаца шен байташца, иллешца, эшаршца, юха а карладоккху вай « ваха висина шен хьомечу халкъаца».

Цундела ирс долуш хета сайн вахар, Валар а ма хуьлда беш дагахь баллам, Ас язъен стих хуьлда беш ирсан т1алам. Шуьца бакъ барт бу сан,сан кхоллам,1алам: Дуьненахь безамца вай цхьаьна дахар, Кавказ,хьох лаьцна сан иллеш дахар, Со велча ахьа сан чурт Хьайн к1ентан ларар.

Суьйре ерзайо « Хелхаран бал» эшарца.

13.


















Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!