СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Ким по огэ чеченский язык 9 класс

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Ким по огэ чеченский язык 9 класс»

3вариант

2 дакъа


2-8 тIедахкарийн жоьпаш хуьлу белхан текстехь жоьпана билгалйинчу меттехь дIаяздан дезаш долу терахь, терахьийн хьалха-тIаьхьалла я дош (дешнийн цхьаьнакхетар).


2

Синтаксически анализ.

Д1аеша текст.


  1. Бено книжка еша волавелира. (2) Майрбек сихха аравелира. (3) Йо1 йоккхаерца шен нене хьаьжира. (4) 1уьйрре дуьйна колхозхой берраш а белхан аренашкахь бохкура.


Нийса грамматически лард къастийначу жоьпан вариант билгалъяккха. Д1аязъе цуьнан лоьмар.

1) книжка еша волавелира (1-ра предложени)

2) сихха аравелира (2-г1а предложени)

3) нене хьаьжира (3-г1а предложени)

4) колхозхой бохкура (4-г1а предложени)

Жоп _____________________________________________________


  1. 3

Пунктуационни анализ.

Оьшу сацаран хьаьркаш х1иттаде. Айхьа х1иттийначу ц1оьмалгийн терахьаш схьаязде.

Шатайпана цхьа башха корматалла йолуш поэт вара (1) Сулейманов Ахьмад. Иза поэт (2) яздархо хилла ца 1ара. Ахьмад воккха 1илманча (3) историк (4) мохк талларан говзанча (5) г1иллакх-оьздангаллин хьехамча (6) вара. Ахьмада къамел деш (7) ладог1а к1орда ца дора цхьаьнне а. Цо нах бела а бора (8) белха а бора.


Жоп _____________________________________________________


4

Синтаксически анализ.

Нуржана шен нене кехат яздира.

Предложенера подлежащи схьаязде.

Жоп ___________________________________________________


5

Орфографически анализ.

Билгалдаьккхина дош яздаран нийса т1еч1аг1дар далийначу жоьпан вариант билгалъяккха. Оцу жоьпан лоьмар д1аязъе.

1) ЦАХЬОЬЖУ – «ЦА» дакъалг хандешнашца даима а цхьаьна яздо.

2) ОХЬА ДОЬЖНА дешхьалхенаш дешнашца къаьстина язйо.

3) Б1АЬРГАШ ЧУЬРА дешт1аьхьенаш дешнашца къаьстина язйо.

4) ГЕРГАРЛО юкъара ц1ердешнаш доккхачу элпаца яздо.


Жоп _____________________________________________________





Текст дIа а еший, 6-8 тIедахкарш кхочушде.


–(1) Дала маьрша ц1а валавойла хьо. (2) Ледара ма хилалахь, сан к1ант. (3) Къонах аренца вевза. (4) Нийсархошна яхь д1а ма лолахь. (5) Хьайн накъостийн терго еш хилалахь, – аьлла, к1антана мара а иккхина, шозза-кхузза белш т1е куьг туьйхира нанас. (6) Амма шен б1аьргех хи даьлла ца гайтира цо эскаре воьдучу к1антана. (7) «Нана-Даймохк кхойкху хьоьга!» – бохуш, орца дара т1амо дагочу лаьттан узаршца. (8) Схьахетарехь, и орца хаалора ненан деган синпхенашца. (9) Даймахкана кхерам т1ех1оьттинчу, х1ораннан кхерча къиза бала боьссинчу халачу муьрехь шен к1ентан яхь, стогалла, доьналла гучудаьккхича, цунах йоккхаера Тахбика. (10) Цкъа а яцара иза осалалла езаш а я ледарчу къонахех ешаш а. (11) Стелахаьштиг санна волчу шен к1антах эскаре вахийта б1обулуш яра иза. (12) К1антах къаьстачу 1уьйранна цунна собар-ницкъ луш дегайовхо яра, муьлхха а хало лан, кхерам эшо шен к1антехь долчу хьуьнаран, стогаллин дегайовхо. (13) Шен к1антах дозалла дан йиш йолуш ша хирг хиларх тешна, и дегайовхо яра нанна собар делларг.

6

Текстан чулацаман анализ.

«Стенах йоккхаера Тахбика?» бохучу хаттарна нийса т1еч1аг1даран хаам жоьпийн муьлхачу вариантехь бу?

1)Даймахкана кхерам т1ех1оьттинчу, х1ораннан кхерча къиза бала боьссинчу халачу муьрехь шен к1ентан яхь, стогалла, доьналла гучудаьккхича, цунах йоккхаера Тахбика.

2)Шен к1антах дозалла дан йиш йолуш ша хирг хиларх тешна, и дегайовхо яра нанна собар делларг

3)Амма шен б1аьргех хи даьлла ца гайтира цо эскаре воьдучу к1антана.

4)Къонах аренца вевза.

Жоп __________________________________________________


7

Меттан суртхIотторан гIирсан анализ.

Меттан суртх1отторан г1ирс–дустар шеца йолу предложени билгалъяккха.

1)Амма шен б1аьргех хи даьлла ца гайтира цо эскаре воьдучу к1антана.

2) Схьахетарехь, и орца хаалора ненан деган синпхенашца.

3) Цкъа а яцара иза осалалла езаш а я ледарчу къонахех ешаш а.

4) Стелахаьштиг санна волчу шен к1антах эскаре вахийта б1обулуш яра иза.

Жоп __________________________________________________

8


Лексически анализ

9-чу предложенера «бала» бохучу дашна синоним ялае. Д1аязъе иза.

Жоп ____________________________________________________



















































Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!