СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Айдардешнаш,церан тайпанаш-нийсайаздар

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Айдардешнаш,церан тайпанаш-нийсайаздар»

Хьехарсахьтан ц1е:  Айдардешнаш, церан тайпанаш,  нийсайаздар.

Хьехарсахьтан ц1е:

Айдардешнаш, церан тайпанаш,

нийсайаздар.

 1алашонаш. 1аморан (обуч.): дешархойн хаарш зер, 1амийнарг  карладаккхар; Кхиоран (разв.):  хаа деза, айдардешнийн муьлха тайпанаш хуьлу а, уьш муха кхоллало а, айдардешнашца х1ун хьаьркаш йохку а; 3. Кхетам – кхиоран (восп.): къинхьегаме болу безам  алсамбаккхар.

1алашонаш.

  • 1аморан (обуч.): дешархойн хаарш зер, 1амийнарг

карладаккхар;

  • Кхиоран (разв.): хаа деза, айдардешнийн муьлха тайпанаш хуьлу а, уьш муха кхоллало а, айдардешнашца х1ун хьаьркаш йохку а;

3. Кхетам – кхиоран (восп.): къинхьегаме болу безам

алсамбаккхар.

 Догдаийтаран мур.  Х1етал - металш: 1. Ши гай а долуш, йиъ ма1а йерг х1ун йу? 2. Дийнахь сарралц т1аьхьа идарх схьа ца лацалург? 3. Б1ов олу цо, борз а йац, латта охку цо, хьакха а йац и.

Догдаийтаран мур.

Х1етал - металш:

1. Ши гай а долуш, йиъ ма1а йерг х1ун йу?

2. Дийнахь сарралц т1аьхьа идарх схьа ца лацалург?

3. Б1ов олу цо, борз а йац, латта охку цо, хьакха а йац и.

Нийса дуй талла. Х1етал – металш:  1. Г1айба.  2. 1индаг1.  3. Чхьаьвриг.

Нийса дуй талла.

Х1етал – металш:

1. Г1айба.

2. 1индаг1.

3. Чхьаьвриг.

 Дешархойн хаарийн актуализаци йаран мур.  1. Ц1ахь бина болх таллар.     2. Синквейн.  Хьекъал.  Ира, ч1ог1а  Хуьлу, оьшу, деза.  Хьекъал дерг ницкъболчул тоьлла.  Кхетам.

Дешархойн хаарийн актуализаци йаран мур.

1. Ц1ахь бина болх таллар.

2. Синквейн.

Хьекъал.

Ира, ч1ог1а

Хуьлу, оьшу, деза.

Хьекъал дерг ницкъболчул тоьлла.

Кхетам.

 Керла коьчал йовзийтар. Синхаам а, синх1оттам а Гойту аса, уьш бовзуьйту. Аз айдеш ахьа ала дош, Хезарг хир ду ... (айдардош). Тахана вайна хуур ду, муьлхачу дашах олу айдардош, х1ун маь1на ду цуьнан. Адамийн тайп - тайпана синхаамаш гойтучу коьртазчу къамелан декъах айдардош  олу. Классан уьн т1ехь хьалххе йазйина кеп йу: Айдардашо гайта тарло тайп - тайпана синхаамаш: а) хазахетар б) халахетар, в) цецвалар г) цавашар, д) оьг1азвахар е) холчух1оттар, ж) кхеравалар.

Керла коьчал йовзийтар.

Синхаам а, синх1оттам а

Гойту аса, уьш бовзуьйту.

Аз айдеш ахьа ала дош,

Хезарг хир ду ... (айдардош).

Тахана вайна хуур ду, муьлхачу дашах олу айдардош, х1ун маь1на ду цуьнан.

Адамийн тайп - тайпана синхаамаш гойтучу коьртазчу къамелан декъах айдардош олу.

Классан уьн т1ехь хьалххе йазйина кеп йу:

Айдардашо гайта тарло тайп - тайпана синхаамаш:

а) хазахетар б) халахетар,

в) цецвалар г) цавашар,

д) оьг1азвахар е) холчух1оттар,

ж) кхеравалар.

Айдардешнаш декъало тайпанашка: Синхаамийн айдардешнаш: эх1, 1алелай, х1ай - х1ай, оффай, эссай, ой, ва, вай, марж - йа1, жолам - йа1, байттамал - йа1. Азтадаран айдардешнаш: гов - гов, дап - дап, д1аррашт, ч1ов -ч1ов, хъойц, цип - цип, х1уъш - х1уъш, цист, тррр, пису - пису. Кхайкхаран йа д1ачовхоран маь1нехь хуьлу: пису - пису, цист, цип - цип, х1уъш - х1уьш. Предложенехь айдардешнаш ц1оьмалгашца йа айдаран хьаьркаца къастадо. Масала: Эх1, ма хаза йу - кх б1аьсте! Вай дела! Орцах довлийша! Цхьадолу айдардешнаш «зударийн» маттахь бен ца хуьлу. Масала: ватта, вай Дела.

Айдардешнаш декъало тайпанашка:

Синхаамийн айдардешнаш: эх1, 1алелай, х1ай - х1ай, оффай, эссай, ой, ва, вай, марж - йа1, жолам - йа1, байттамал - йа1.

Азтадаран айдардешнаш: гов - гов, дап - дап, д1аррашт, ч1ов -ч1ов, хъойц, цип - цип, х1уъш - х1уъш, цист, тррр, пису - пису.

Кхайкхаран йа д1ачовхоран маь1нехь хуьлу: пису - пису, цист, цип - цип, х1уъш - х1уьш.

Предложенехь айдардешнаш ц1оьмалгашца йа айдаран хьаьркаца къастадо. Масала: Эх1, ма хаза йу - кх б1аьсте! Вай дела! Орцах довлийша!

Цхьадолу айдардешнаш «зударийн» маттахь бен ца хуьлу. Масала: ватта, вай Дела.

 Айдардешнийн нийсайазйар.  Уьн т1ехь а, тетрадаш т1ехь а дешархоша хьехархочун г1оьнца  х1оттайо кеп:  Дефисца йаздо Чолхечу Маржа - йа1, эх1-   Эс – сай - кх, 1алелай  Айдардешнашна йохку   айдардашца хила чолхе   Эх1 - х1ай! Ма шийла йу        хьаьркаш   - кх, эх1 - х1ай - кх. х1ай, вари -   тарло дакъалг - кх  вайна. Марж - йа1 - кх,       варийлахь, дап - Айдардешнаш   ма ца до ахьа хьайга      дип, вахьа - хьа - бохург. Ой! Хьо стенга     хьа. воьду?

Айдардешнийн нийсайазйар.

Уьн т1ехь а, тетрадаш т1ехь а дешархоша хьехархочун г1оьнца

х1оттайо кеп:

Дефисца йаздо

Чолхечу

Маржа - йа1, эх1-

Эс – сай - кх, 1алелай

Айдардешнашна йохку

айдардашца хила

чолхе

Эх1 - х1ай! Ма шийла йу

хьаьркаш

- кх, эх1 - х1ай - кх.

х1ай, вари -

тарло дакъалг - кх

вайна. Марж - йа1 - кх,

варийлахь, дап -

Айдардешнаш

ма ца до ахьа хьайга

дип, вахьа - хьа -

бохург. Ой! Хьо стенга

хьа.

воьду?

Муха йу айдардешнийн нийсайаздаран бакъонаш?  Даладе масалш. - Муха къастадо айдардош кхечу къамелан дакъойх? Айдардош йукъахь долчу предложении чаккхенгахь  шайн маь1не хьаьжжина дог1уш долу хьаьркаш  х1иттадой? Муьлха хьаьркаш ду уьш? Даладе масалш.
  • Муха йу айдардешнийн нийсайаздаран бакъонаш?

Даладе масалш.

- Муха къастадо айдардош кхечу къамелан дакъойх?

  • Айдардош йукъахь долчу предложении чаккхенгахь

шайн маь1не хьаьжжина дог1уш долу хьаьркаш

х1иттадой? Муьлха хьаьркаш ду уьш? Даладе масалш.

 Бакъо т1ехь болх бар. 1. Дешархошка йоьшуьйту 35 - г1а §. Айдардешнаш, шайн маь1не хьаьжжина, масех  тайпанашка  декъало. Маса ду уьш? Муха йу  церан ц1ераш? Даладе  айдардешнийн масалш.  

Бакъо т1ехь болх бар.

1. Дешархошка йоьшуьйту 35 - г1а §.

  • Айдардешнаш, шайн маь1не хьаьжжина, масех

тайпанашка декъало. Маса ду уьш? Муха йу

церан ц1ераш? Даладе айдардешнийн масалш.

 

 1амийнарг т1еч1аг1дар. Кхочушдо № 90 шардар. Айдардешнашна к1ел сиз хьокхуш, т1ера схьайазде. Тидам бе айдардешнийн нийсайаздаран.  Дешнийн диктант. Марж - йа1, эх1 - х1ай, жолам – йа1, х1ан - х1ане, эхх1ей - йа1 - кх, 1алелай, х1ай - йа1, оффай, х1ан – х1аний, х1орстоъ, гов – гив - гов, чкъаррашт, эс - кх, хьа – хьа - хьа, дув – в - в, уввай, oxl, эх1, axl, х1е - х1ай, ч1ов - ч1ов.

1амийнарг т1еч1аг1дар.

Кхочушдо № 90 шардар. Айдардешнашна к1ел сиз хьокхуш, т1ера схьайазде. Тидам бе айдардешнийн нийсайаздаран.

Дешнийн диктант.

Марж - йа1, эх1 - х1ай, жолам – йа1, х1ан - х1ане, эхх1ей - йа1 - кх, 1алелай, х1ай - йа1, оффай, х1ан – х1аний, х1орстоъ, гов – гив - гов, чкъаррашт, эс - кх, хьа – хьа - хьа, дув – в - в, уввай, oxl, эх1, axl, х1е - х1ай, ч1ов - ч1ов.

 Самукъане материал.  Кроссвордан йеак1овш хьалайуза, дог1у дешнаш а йаздеш.   1. Дийнан хан.  2. Уьстаг1ан к1орни.  3. Дайн г1иллакхаш, ламаст.  4. Балахьегар.  5. Къаьмнийн тайпа.  6. Пачхьалкхехь куьйгалла дийриг.  Сада1аран минот:

Самукъане материал. Кроссвордан йеак1овш хьалайуза, дог1у дешнаш а йаздеш. 1. Дийнан хан. 2. Уьстаг1ан к1орни. 3. Дайн г1иллакхаш, ламаст. 4. Балахьегар. 5. Къаьмнийн тайпа. 6. Пачхьалкхехь куьйгалла дийриг.

Сада1аран минот:

 Нийса дуй талла:  Сада1аран минот:      1 уь  1 а й  1  1 а х р  1 е д а а р а з аь  1 р а т е п б д и а л

Нийса дуй талла:

Сада1аран минот:

1

уь

1

а

й

1

1

а

х

р

1

е

д

а

а

р

а

з

аь

1

р

а

т

е

п

б

д

и

а

л

Йозанан уьн т1е д1айазйина предложенеш, маь1ница дог1у айдардешнаш далош, д1айазйе. Г1оьналлин айдардешнаш: эх1, хьажахь, 1айт, уввай, хьа – хьа - хьа!, же, ой, охх1ай, цист. ... Хьо беркат, гезарийн шури т1ехь кечдина ма ду и чай. ... Ма эхь доцуш к1ант хилла иза, хьаьнга лоь, ца хаьа - кх цунна. ... Горлера, к1ант, йа1 - кх! ... Ма к1ордийна - кх суна и дукха луьйш йолу зуда. ... Воьлура цушиннан дийцарх 1абдулла. ... Сихо йелаш, вайна т1е дог1а тоха мегаш ду шуна. ... Кхин бананаш хир йу - м, ца моьттура хьуна, кхузахь? ... К1адйелла со, д1аэца соьгара xlapa т1оьрмиг, - шен гира мохь  охьабиллира йоккхачу стага. ... Д1адала цигара аьлла, йуучунна т1екхевдина цициг човхийра  бабас.

Йозанан уьн т1е д1айазйина предложенеш, маь1ница дог1у айдардешнаш далош, д1айазйе.

Г1оьналлин айдардешнаш: эх1, хьажахь, 1айт, уввай, хьа – хьа - хьа!, же, ой, охх1ай, цист.

... Хьо беркат, гезарийн шури т1ехь кечдина ма ду и чай.

... Ма эхь доцуш к1ант хилла иза, хьаьнга лоь, ца хаьа - кх цунна.

... Горлера, к1ант, йа1 - кх!

... Ма к1ордийна - кх суна и дукха луьйш йолу зуда.

... Воьлура цушиннан дийцарх 1абдулла.

... Сихо йелаш, вайна т1е дог1а тоха мегаш ду шуна.

... Кхин бананаш хир йу - м, ца моьттура хьуна, кхузахь?

... К1адйелла со, д1аэца соьгара xlapa т1оьрмиг, - шен гира мохь

охьабиллира йоккхачу стага.

... Д1адала цигара аьлла, йуучунна т1екхевдина цициг човхийра

бабас.

 Хьалххе хаийтаран диктант.  ... Ша хьалххе д1абоху хьоьга. Сан йоь1ан ши б1аьрг бац хьуна, сан йоь1ан ши куьг,  багахь мотт бац хьуна, - аьлла, т1етоьхна воккхачу стага.  Х1умма а дац, - аьлла, резахилла к1ант.  Цул т1аьхьа воккхачу стага схьакхайкхина шен йо1. Ч1епалгаш чохь шун а  дохьуш йо1 чоьхьайаьлча, цецваьлла, д1асхьахьаьжжинчохь висна к1ант.  Т1аккха хаьттина к1анта йо1е, цу хьан дас хьо - м далатоьхна йу ма бахара: ши  б1аьрг бац, ши куьг дац, бийца мотт бац.  Сан ши куьг дац бохург со сайн г1уллакх доцчу ца г1ерта бохург дара хьуна, -  аьлла, д1адолийна йо1а къамел. - Сан ши б1аьрг бац бохург со сайн бала боцчу ца  хьоьжу бохург дара хьуна. Мотт бац бохург сайн г1уллакх доцург аса ца дуьйцу  бохург дара хьуна.  Ма хьекъал долуш йу xlapa йо1 аьлла, и т1аьхьа а х1оттийна ц1а вах­на к1ант.  (Нохчийн фольклор.)  -  Интонацица д1айеша текст.  - Муха йу цуьнан коьрта ойла? Билгалдаккха текстан хат1 (стиль).  - Шайн дешнашца схьайийца текст.  -  5 - чу предложенина морфологически къастам бе.  - Хуттургийн, дакъалгийн, дешт1аьхьенийн нийсайаздаран бакъонаш йийца.

Хьалххе хаийтаран диктант.

... Ша хьалххе д1абоху хьоьга. Сан йоь1ан ши б1аьрг бац хьуна, сан йоь1ан ши куьг,

багахь мотт бац хьуна, - аьлла, т1етоьхна воккхачу стага.

Х1умма а дац, - аьлла, резахилла к1ант.

Цул т1аьхьа воккхачу стага схьакхайкхина шен йо1. Ч1епалгаш чохь шун а

дохьуш йо1 чоьхьайаьлча, цецваьлла, д1асхьахьаьжжинчохь висна к1ант.

Т1аккха хаьттина к1анта йо1е, цу хьан дас хьо - м далатоьхна йу ма бахара: ши

б1аьрг бац, ши куьг дац, бийца мотт бац.

Сан ши куьг дац бохург со сайн г1уллакх доцчу ца г1ерта бохург дара хьуна, -

аьлла, д1адолийна йо1а къамел. - Сан ши б1аьрг бац бохург со сайн бала боцчу ца

хьоьжу бохург дара хьуна. Мотт бац бохург сайн г1уллакх доцург аса ца дуьйцу

бохург дара хьуна.

Ма хьекъал долуш йу xlapa йо1 аьлла, и т1аьхьа а х1оттийна ц1а вах­на к1ант.

(Нохчийн фольклор.)

- Интонацица д1айеша текст.

- Муха йу цуьнан коьрта ойла? Билгалдаккха текстан хат1 (стиль).

- Шайн дешнашца схьайийца текст.

- 5 - чу предложенина морфологически къастам бе.

- Хуттургийн, дакъалгийн, дешт1аьхьенийн нийсайаздаран бакъонаш йийца.

 Текстаца болх.  - Текст д1айазйе. Айдардешнаш билгалде. Ц1аьххьана цхьана йовхачу х1уманах куьг 1оттало стеган. Куьг йуха а доккхуш, ларамза «ой» олу цо. Изза до оьрсичо а, негро а, англичанино а, таджико а. Ларамза мохь хьокхур бу. Царах цхьа а вела а лур вац, йа кхин х1ума а эр дац, и алар бен. Массара а цхьатерра «ой! ах! ох! ух1» эр ду. Миччахь бехаш хиларх а, цхьатера айдардешнаш девр ду церан багара схьа. Сов тlex шийла хилча, дег1 дегош «брр!» олу вай. Дукха йовха хилча, «ффф» хеза вайгара. Вайн лаамца доьзна дац и, ша - шаха багара долу аз ду и.

Текстаца болх.

- Текст д1айазйе. Айдардешнаш билгалде.

Ц1аьххьана цхьана йовхачу х1уманах куьг 1оттало стеган. Куьг йуха а доккхуш, ларамза «ой» олу цо. Изза до оьрсичо а, негро а, англичанино а, таджико а. Ларамза мохь хьокхур бу. Царах цхьа а вела а лур вац, йа кхин х1ума а эр дац, и алар бен. Массара а цхьатерра «ой! ах! ох! ух1» эр ду. Миччахь бехаш хиларх а, цхьатера айдардешнаш девр ду церан багара схьа. Сов тlex шийла хилча, дег1 дегош «брр!» олу вай. Дукха йовха хилча, «ффф» хеза вайгара. Вайн лаамца доьзна дац и, ша - шаха багара долу аз ду и.

 1амийнарг карладаккхар. 1. Барта кхочушдо шардар № 92 . 2. Синтаксически къастам бе т1аьххьарчу  предложенина. 3. Дешан х1оттам билгалбаккха:  адамалла, коьртаниг.

1амийнарг карладаккхар.

1. Барта кхочушдо шардар № 92 .

2. Синтаксически къастам бе т1аьххьарчу

предложенина.

3. Дешан х1оттам билгалбаккха:

адамалла, коьртаниг.

 1амийнарг карладаккхар.  Риторически (говза) т1едерзар хуьлу илли т1ехь къамел шайна  т1едерзочу говзачу дешнех. Масала:  Дакъаза ма йовла, ча меца берзалой,  Са даьлча йожур аш шен йуткъа и голаш,  Дакъаза ма йовла, бос 1аьржа хьарг1анаш,  Са даьлча мер аша шен 1аьржа и б1аьргаш.  Дуьхьал дош ца доьхуш, шен дог – ойла гойтуш далочу говзачу  (риторически) хаттаро инзаре хаза сурт х1оттадо, масала:  Ойла йан хиира, тов, Харачойн Зеламха:  «Арешка дохк доьлча, аренаш ва идош,  Даккъашка дохк доьлча, и даккъаш ва цоьстуш,  Нанас вина ва ваша сайн тоьпах тарвина,  Ас маццалц дуур – те малх кхета хьо дуьне?»

1амийнарг карладаккхар.

Риторически (говза) т1едерзар хуьлу илли т1ехь къамел шайна

т1едерзочу говзачу дешнех. Масала:

Дакъаза ма йовла, ча меца берзалой,

Са даьлча йожур аш шен йуткъа и голаш,

Дакъаза ма йовла, бос 1аьржа хьарг1анаш,

Са даьлча мер аша шен 1аьржа и б1аьргаш.

Дуьхьал дош ца доьхуш, шен дог – ойла гойтуш далочу говзачу

(риторически) хаттаро инзаре хаза сурт х1оттадо, масала:

Ойла йан хиира, тов, Харачойн Зеламха:

«Арешка дохк доьлча, аренаш ва идош,

Даккъашка дохк доьлча, и даккъаш ва цоьстуш,

Нанас вина ва ваша сайн тоьпах тарвина,

Ас маццалц дуур – те малх кхета хьо дуьне?»

 Къайлахчу дустарх хуьлуш йолчу метафоро а маттана исбаьхьалла  ло, масала: дашо (хаза) малх. Церан кийра ц1е летара, шаьш ара –  даьккхинчу г1уллакхан т1аьхье ца хууш.  Цу мисар мехаца, чилланан хаьлгаца, цу шога т1улгана г1айна дан  хала ду. Иза ч1аг1деллачу дагах к1еда ойла летар йац бохург ду.  Иза йаьржина метафора йу. Халкъан кицанах метафора хуьлу, масала:  Хьалха хьажаза, ког а ма баккха, т1ехьа хьажаза, дош а ма ала. Хьовла  ма хила хьо, т1е мел кхаьчначо вуур ву хьо, аьрга стом ма хила хьо,  церг мел тоьхначо д1акхуссур ву хьо.  Х1ума хаздеш, дестош дийцаро (гипербола) а мотт хазбо:  Ва сарахь суьйренца бузучу малхаца,  Туька йуззал ва дари шен дег1а дерзийна,  Бере кечвал ва дети шен некхе дерзийна,  Чилхьесан бухкарца, цу ц1естан к1удалца,  Цу х1ордан ва махо кисин т1ам ловзабеш,  Хит1а йаха ма йелира ворх1 вешин ва йиша.

Къайлахчу дустарх хуьлуш йолчу метафоро а маттана исбаьхьалла

ло, масала: дашо (хаза) малх. Церан кийра ц1е летара, шаьш ара –

даьккхинчу г1уллакхан т1аьхье ца хууш.

Цу мисар мехаца, чилланан хаьлгаца, цу шога т1улгана г1айна дан

хала ду. Иза ч1аг1деллачу дагах к1еда ойла летар йац бохург ду.

Иза йаьржина метафора йу. Халкъан кицанах метафора хуьлу, масала:

Хьалха хьажаза, ког а ма баккха, т1ехьа хьажаза, дош а ма ала. Хьовла

ма хила хьо, т1е мел кхаьчначо вуур ву хьо, аьрга стом ма хила хьо,

церг мел тоьхначо д1акхуссур ву хьо.

Х1ума хаздеш, дестош дийцаро (гипербола) а мотт хазбо:

Ва сарахь суьйренца бузучу малхаца,

Туька йуззал ва дари шен дег1а дерзийна,

Бере кечвал ва дети шен некхе дерзийна,

Чилхьесан бухкарца, цу ц1естан к1удалца,

Цу х1ордан ва махо кисин т1ам ловзабеш,

Хит1а йаха ма йелира ворх1 вешин ва йиша.

 Дозуш долу къамел кхиор:  Кицанаш чекхдаха: К1айчу куьйгашна наха къахьегнарг … Массо а х1уманал мерзаниг - хьанал … Мало - хало, собар – …

Дозуш долу къамел кхиор:

Кицанаш чекхдаха:

К1айчу куьйгашна наха къахьегнарг …

Массо а х1уманал мерзаниг - хьанал …

Мало - хало, собар – …

 Нийса дуй талла.  Кицанаш: К1айчу куьйгашна наха къахьегнарг деза. Массо а х1уманал мерзаниг - хьанал къинхьегам. Мало - хало, собар - кхетам.

Нийса дуй талла.

Кицанаш:

К1айчу куьйгашна наха къахьегнарг деза.

Массо а х1уманал мерзаниг - хьанал къинхьегам.

Мало - хало, собар - кхетам.

 Жам1: айдардешнаша гайтинчу ойланца хуьлуш болу тайп – тайпана  хаамаш а, дог - ойла а билгалйаран г1уллакх до; - айдардешнаш шакъаьсттинчу эшарехь олу; - йозанехь сацаран хьаьркашца къаста а до уьш; - айдардешнех предложенин меженаш ца хуьлу.

Жам1:

  • айдардешнаша гайтинчу ойланца хуьлуш болу тайп – тайпана

хаамаш а, дог - ойла а билгалйаран г1уллакх до;

- айдардешнаш шакъаьсттинчу эшарехь олу;

- йозанехь сацаран хьаьркашца къаста а до уьш;

- айдардешнех предложенин меженаш ца хуьлу.

Рефлекси йар: Суна 1еми… Суна хии… Со ца кхийти…

Рефлекси йар:

Суна 1еми…

Суна хии…

Со ца кхийти…

 Ц1ахь бан болх.   1. 1амайо бакъо № 35.  2. Кхочушдо шардар № 91.

Ц1ахь бан болх. 1. 1амайо бакъо № 35. 2. Кхочушдо шардар № 91.

Массарна а даггара баркалла! Беркате хуьлда шун хаамаш!!!

Массарна а даггара баркалла!

Беркате хуьлда шун хаамаш!!!


Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!