СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

А. Мамакаева.Теркан илланча

Нажмите, чтобы узнать подробности

Эта разработка для проведения урока  о жизни Арби Мамакаева и о его творчестве.

Просмотр содержимого документа
«А. Мамакаева.Теркан илланча»







Теркан илланча

/поэтан, нохчийн поэзин классикан 1арби Мамакаевн сийнна /



























___________________________________________________________________







Яздархо уггаре сийлахь ц1е ю,

«Адамийн синойн и инженер» ву –

Хьекъалца елла и хьоме ц1е ю,

Адамалла, нийсо а ларъеш и ву,

Нур дашо з1аьнаршца и вайна къиэга.

Кхийдадеш вайга шен тешаме дог,

Исбаьхьа поэзии – дахаран седа,

Бакъ ойла кхолларца олу цо дош.

Галваьлларг нисварца бакъоне верзош,

Емалъеш вон амал адамех къахкош,

Цакхетарг кхетавеш, нийсоне хьовзош,

Шен оьзда декхар, цо хьуьнарца лардо.

Генарчу г1амарийн халачу арахь,

Хи доцуш , хьагонна г1ора сиз висча,

Куьг кховдор дара цо, иза г1о ларахь,

Лур дара цо дарба, шен г1ора дисча.

Панарчу шелонехь стаг холчехь гича,

Шеен дег1ан йовхо а цо д1алур яра;

Йовхоно вожавеш , легаш дакъийча,

Теркан бохь цо цунна сиха лур бара.

Муьлххачу халонна г1о оьшуш хилча,

Шеен са а адамна цо кхоор дацара,

Цхьа меттиг нисъелла, кечвала дезча,

Мехкан сий лардан ницкъ цо кхоор бацара.

Шеен ойла, синхаам дегнашка кхачош,

Дерриге жил1алам эшаре доккхуш,

Оьздалла, тешам, яхь, мехкан сий дахчош,

Хилла и , дегнашкахь хир ву и вехаш.




Хьалхара дош


1арби Шамсуддинович Мамакаев вина 1917 – чу шарахь Надтеречный районан Лаха – Неврехь, ахархочун доьзалехь.

1арбин дас Шамсуддин Ханакаевича Грозный – г1аларчу ламанхойн школехь а, цул т1аьхьа Тифлисерчу хьехархойн семинарехь дийшира. Цигара ц1авирзинчул т1аьхьа цо дукха йоьшу книгаш. Иза к1ант 1арби кхиорехь дикачу аг1ор ч1ог1а хаалуш а дара. К1антана дукхазза хезара доьзалехь оьрсийн мотт, хьалххе ша а оьрсийн маттахь берашна язийна книгаш еша а волавелира. Граждански т1амехь партизански отрядан куьйгалхо а волу Советски 1едал доккхуш а лецира дас. Шеен ден б1аьхаллин хьуьнарех лаьцна дукха дийцарш хезира к1антана гергарчаьргара. 1арби воккха хилла ваьлча цунна ден весет а дийцира: «Парг1атонехьа къийсалаш, угар дезаниг хиларе терра Советски 1едал а ларделаш».

1921 – чу шарахь контрреволюционераша вийра Шамсуддин Ханакаевич шен вешица Юсупца цхьаьна. Амма церан бераш байлахь ца дисира. Советски 1едало кхиийра уьш, цаьрца 1арби а. Ворх1 шо кхаьчча Серноводске детучгородоке деша велира иза. Хинволу поэт. Цигара дешна ваьлча, Грознее рабфаке деша вахара.

1936 – чу шарахь кхиамца иза чекхъяьккхинера цо. Цул т1аьхьа, 1938 – чу шарахь драматургийн курсаш чекхъехира цо.


Мамакаев 1арби нохчийн литературе болу безам а, цуьнан талант а Рабфакехь волуш дуьйна гучуелира. Т1аьхьо язйо цо шен стихотворенеш, ден а, девешин а, церан накъостийн – революционерийн а васташ гайта г1ерташ. Уьш ю « Ден коша т1ехь», «1921 – чу шеран 13 сентябрь», «Партизанийн илли», и д1. кх. а.

Оцу хенаца йозаелла ю цуьнан дуьххьарлера стихотворенеш а. Шен йоций, кегий стихотворенеш, уьш башха Шера а яцара «Рабфак», «Хорбаз», 1 – ра май альманаха т1ехь зорба туьйхира цо. Рабфак чекхъяьккхинчул т1аьхьа «Ленин некъ» газете болх бан воьду 1арби.

1938 – чу шарахь 1арби радиокомитете воккху болх бан. Цигахь а цо шен иллеш, эшарш, очеркаш язъяр д1ахьо. Уьш радио чухула кхайкха а йо.

1939 – чу шарахь 1арби яздархойн союзан членашка д1аоьцу. Поэмийн, стихотворенийн шен хьалхара сборник «Теркан тулг1енаш» ц1е а йолуш арайоккху 1940 – чу шарахь . Цу юкъаяханчех йоккханиг а. доккхачу маь1не а яра «Аслаг1а а, Селахьат а» ц1е йолу поэма. Т1аьхьо цуьнан ц1е хуьйцу цо «Нохчийн лаьмнашкахь» олий. Хрестоматии юкъаяхана а ю иза юьззина.

1арбис язийна йолу цхьайолу произведенеш оьрсийн мате а яьхна Московски журналашна т1ехь «Доттаг1алла», «Ц1ен седа» а, кхечу сборникашна т1ехь зорбатуьйхира.

1940 – чу шарахь жоьпаллин секретаран болх бира 1арбис . Цул т1аьхьа беххачу муьрахь юккъерчу Азехь 1ийра иза. Грознее юха ц1а вирзича а оццу шена балха яздархойн правлене консультант хилла вахара иза. Исбаьхьаллин сурт хаза х1оттош язйора 1арбис стихотворенеш.



1940 – чу шарахь кхаччалца болчу Мамакаевн кхоллараллин хьалхарчу муьран коьрта башхалла Лара йог1у оцу шершкахь поэт , литературан теорин къайленашкале кхаьчна, къоман фольклораш, эстетикин башхаллаш евзина, хаддазчу къинхьегамехь,лехамашкахь пхьар а хилла , д1ах1оьттина хилар. Цунна тоьшалла до 40 – чу шераш дуьйлалуш зорбане евллачу поэтан произведенеша: «Шуьйта», «Берзан бекхам», «Баркалла хьуна», «Сан нохчо, сан г1алг1а…», «Сарахь Теркан тог1ехь», «Дерриге а т1амна» - стихаш; «Нохчийн лаьмнашкахь», «Дагалецамаш» - поэмаша. Шен ялхийтта шо кхаьчча 1арбис язйинчу дуьххьарчу стихотворении т1ера схьа а и произведенеш толуш, дика го поэтан кхиор.

Мамакаев 1арбис нохчийн поэзии кхоллархойн цхьаъ ву. Оцу хьокъехь мехала ду билгалдаккхар; х1ун ду поэто дуьххьара юкъадаьккхинарг, цуьнан ц1арца кхолладелларг. Юкъарчу васташна т1ехь , кхайкхамашна т1ехь , ойланашна т1ехь соьцучу къоман поэзехь цкъа хьалха Мамакаев Мохьмада а, т1аккха Мамакаев 1арби а кхоллараллехь билгалдала доладо билгала васт , билгалчу стеган кхолламера халкъе а, дуьнене хьежар. Къаьсттина мехала бу Мамакаев 1арбис нохчийн стихан мукъамийн, кепаний т1ехь бина болх. Оцу хьакъехь цуьнан кхоллараллица боьзна бу дуьххьарлера исбаьхьаллин Лехам, эксперимент. Поэтан стихаш халкъо, башхачу иллешкий, эшаршкий ерзийна Лерина т1еэцаран бахьана а дара уьш къаьсттина мукъаме хилар. Уьш эшарийн жанрехь язъеш а яра. «Айза», «Б1аьстенан 1уьйре», «Баркалла хьуна» кхиерш а Мамакаев 1арбис юкъаяьккхина дуьххьара нохчийн поэзехь классически хорейн кеп. Къеггина го иза «Доттаг1 г1аролехь», х1окху


Гуларехь дуьххьара зорбатухуш йолчу «Берзан бекхам» стихотворенешкахь.

«Даккъош дийшош , юккъе яьлла,

Тийна буьйса. Эсал бутт,

К1еза санна, аркъал баьлла,

Мархийн марахь ловзуш бу».


Х1инца а хьакъ болу а мах хадийна а, к1орггера идейни – исбаьхьаллин башхаллаш къастош, таллам бина а яц поэтан коьрта произведени «Нохчийн лаьмнашкахь» (1939). Къоман поэзехь тахана а тоьллачехь йолчу оцу поэмехь дика къаьста поэтан граждански позиции а, кхочушхилла а, халкъан 1ер – дахар , синъоьздангаллех а, ламастех долу к1орггера хаарш а.Цунна баккхий талламаш оьшуш хилар ч1аг1деш ду х1ара масала:


« Аренца аьрцанех

Кхеттачу асанца,

Аьхкенан хьаннаша

Боььра чохь хьулйина,

Хьаьрчина 1уьллучу

Ламаройн юьртахь мох

Суьйренца меллаша

Г1аш дего боьллера».


Х1ора дашо гена йолчу ассоциации кхуллучу лакхене кхаьчнера Мамакаев 1арбис поэзии цуьнан дахарехь а, кхоллараллехь а керла мур болалуш . И мур боьзна бара даккхийчу зерашца . халонашца халкъан дахарехь нисделлачу чолхечу г1уллакхашна – харцонна а, цкъа а лийр боцу бакъдолчуьнца а. Болало адамийн исторехь уггаре луьра а, уггаре сийлахь къийсам – сийлахь – боккха.


Даймехкан т1ом. Шаьш «къуьйлуш кхохкаршца нанаша шаьлтанаш лоьцуш» дуьненчу бевлачу «Сийлахьчу Ленина бакъбинчу новкъахь» бахчабеллачу к1етех волчу , шен халкъан «делар шира г1айг1а язъян дуй биъна» волчу поэто шен довха дош доккху баттара. Мостаг1чуьнга болчу цабезамах юьзна, Даймохк ларбеш долчу халкъ тоьллург хиларх тешна, ткъесах, кхерста цуьнан стихаш – кхайкхамаш: «Дерриг а т1амна», «Т1амна к1айлила», «Шотошка», «Октябран хенарчаьрга кехат», «Чевнаш хиллачу капитане», кхиерш.


«Вай бийриг Даймехкан

Т1ом беца, к1ентий:

Даймехкан ирс лардар

Сий деца, к1ентий!» -

Кхайкхадо цо.

Амма уггаре оьшучу хенахь, дагахь а доцуш, кхета бахьана а доцуш, юкъахьъюьсу поэтан кхолларалла. 1942 – чу шарахь , «Халкъан мостаг1» ц1е а тиллина, поэт лецира. Поэт , революцин символашна т1ехьа а лечкъаш, шайн са лардачех, г1уллакхаш тодечех вацара. Дайн сийлалла а, халкъ а зуламах шайн букъ т1ехьа а лечкъаш, са д1алучех вара. Иза тоьуш дара та1зарна, бехк бина кхайкхам дацахь а. Шеко яц поэто шен набахтел 1944 – чу шарахь халкъ махках даккхаран трагедии дукха хала лайна хиларан. Ишттачу халачу зерашца хьалха х1оьттича поэт, 24 шо долу къона стаг, воха цавохаро, онда бара цуьнан халкъах, Ленин партех болу тешам. Цунна тоьшалла до цуьнан маьршачу дахаре вухаверзаро. Хиллачунна лечкъамаш ца беш , лайначу халонаша, харцонаша сица дарванза, вахчавелла дахаран к1оргалла евзина, вухавоьрзу поэт.


1957 – чу шарахь иза шен халкъанца цхьаьна виначу махка вог1у. Шерашкахь «б1аьрхишца, г1айг1анца а кхаьбна синхаам» цхьаъ бара – Даймохк, цуьнца къамел до поэто, «Сапарг1ат хиндолчу меттагах хьоьгуш» , «Яьккхинчу хенах чекхъхьоьжуш». Цу хенахь нисделлехь а «Лаамаза лелла а некъаш а», «цхьайолчу хенахь дегаза текха» везаш хилла меттигаш а, поэтан ойла даима а уггаре а «лааме» а, «даггаре» а долчунна – винчу халкъан кхоллам - т1ехь лаьттина хилар ч1аг1до цуьнан т1аьххьарлерчу произведенеша : «Даймохк», «Даге», «Кавказе маршалла» , «Кавказан латта», «Майя», «Сайн к1анте» кхечара а. «Ирхенаш, охьенаш, Шера некъ нислуш , яьккхинчу заманан моьнаш дег1ехь» долчу поэтана девзина бакъдерг ду:


«Ц1ен зезаг дасталц

Гарманан арахь,

Стиглара можа малх

Хьоьжуш ца хилча;

Ирс долуш хилла вац,

Уьйрех д1атилча

Даймахках ваьллачун

Дог хуьлу ирча».


Цундела – боху цо, - «доьддушехь, олхазар г1орочу шелехь , г1амар т1ехь х1оаш а доттучу йовх лелаш» ша, «экханна толлучохь вицлуш , адамо хьоязчу хьаннашкахь сирлуш, дог дара» шен «Кавказ даим ган сихлуш», ткъа и кхочушхилча, «мокхазах суй санна», Даймахках «воьлла волчунна там хилла , маьлхан де» гучу хенахь Мамакаев 1арбис берриге а шен поэзин некъ т1еберзийра даккхийчу г1уллакхашна. Оцу г1уллакхаш т1ехь генара а дика гора цунна шен дешан ницкъ:


«Цкъа нохчийн зудчо со

Теркаца Неврехь

Дуьнене ваккхарна

Бехке волчунна

Баркалла…»


Поэтана хьоьра «Суьйренга лестний шен шерийн йорта». Цундела айина къахьоьгура цо, «1уьйранна цадинарг дан кхиа г1ерташ», «хьалхе ду аьлла» шеек а ца волуш. «Дагахь дерг д1аяздан таро ца хиллачу» шерийн декхаран йовхо а яра, иза шина шаре а ца елира – 1958 – чу шарахь Мамакаев 1арби кхеллира. Шен вахаран жам1 дира цо «Даге» бохучу стихотворенехь. Иштта кхоьллина идейни – исбаьхьаллин лаккхара масал хилла лаьтта поэтан т1аьххьарчу муьран х1ора а произведени. Шеко йоцуш ду х1инцалера нохчийн поэзии царна т1ера йолош хилар. Дийнна «школа» Лара мегар болуш бара 1арбис т1аьххьарчу шерашкахь литконсультант волуш, шен лаамехь къоначу поэташца бина болх. Иза церан хьехархо вара, цара х1орамма а билгалдоккхуш ду иза. Мамакаев 1арби 40 шарахь бен ца ваьхна, ткъа цу хана т1ера «лаамаза» кхоллараллина а мехалла. Тахана, дахар ц1индина бакъдолчуьн буха т1ехь юха д1ах1отточу революционни муьрехь къаьсттина маь1не ду цуьнан дахар а,»бакъ» нийсачу некъах ца тиллачу, поэтан дош а.

Эхь деца , дагахь цхьаъ,

Дуьйцуш кхин хилча…

Ц1енаниг бехдича,

Боьханиг дилча», -

Ч1аг1до цо Мамакаев 1арби, иллеш хилла ца 1аш , дерриг дахар а дара виначу халкъах. Иза дика къаьста вайна тахана, «яьккхинчу хенах чекхъхьоьжуш».



1арби Мамакаев


поэт, прозаик, драматург.



Ша болх бечу яздархойн правленехь доккха г1о дора цо къоначу яздархошна а, г1алаташ билгалдора , дийцаре а дохуш, нийсачу некъе хьоьжура. Шена т1евеънарг г1уллакх ца деш цхьа а д1а ца вох1уьйтура.Х1инца вайна республикехь иштта бевзаш болу поэташ Эдилов Хасмохьмад, Муталибов Зайнди а, Айдамиров Абузара, кхиберш а цхьадолучанна Мамакаев 1арбин литературни г1оьнца кхиъна.

Шен исбаьхьаллин кхоллараллин болха т1ехь цхьана поэзех тоам бина ца 1ийра Мамакаев 1арби. Повесташ, дийцарш, очеркаш язйора цо «Винчу юьрта», «Текхарг», «Турпалчу танкистан доьзал». Прозехь вайн кху сохьта йолчу исбаьхьаллин произведенешлахь боккхачу мехаллин ларалуш ю цо 1941 – чу шарахь язйина «Винчу юьрта» ц1е йолу повесть . Повесть т1ехь юьйцу хан паччахь вохийна. Россехь революции яьржаш лаьтта хан ю. Оцу шершкахь вайн республикехь а нохчийн, г1алг1айн, оьрсийн къинхьегамхана цхьаьна, бертахь луьра т1емаш бира к1айчу г1алг1азкхашна дуьхьал. Повестан коьрта турпалхойн нохчо Айдамар а, г1алг1азкхи Ларка а – революцин дуьхьа шайн дахар д1аделла долу турпалш бу. Повесть йоьшуш къеггина хьалхах1утту 1918 – чу шарахь Теркал сехьахь а, Теркал дехьахь а хиллачу адамийн дахаран а, 1аламан а хьелам. Сибрех кхойтта шо а даьккхина ц1а вог1учу Айдамарна доккха г1о до Ларкас, Теркал сехьарчу юьртана т1елата кечбелла к1айн г1алг1азкхий хилар д1ахаийта Айдамар сехьа воккхуш. Циггахь валар а хуьлу цу шиннан, амма шен революционни декхар дуьззина кхочуш до цу шимма.

Халкъан барта кхоллараллехь буьззина пайда оьцуш, вуно дика, атта кхеташ болчу, хазчу нохчийн маттахь язйина ю повесть.

Мамакаев 1арби йоккха забар йолуш хилла хилар гойтуш ду цуьнан «Текхарг» ц1е йолу дийцар . Деза хабарш дуьйцуш , еса кураллаш лелаш , доцург ду моттийта г1ерташ лелаш долу цхьадолу адамаш

Беламе дохуш яздина ду и . Галеш юккъехула схьагучу цициган ц1огнах текхарг тарлой вухий, вала – ван хьаьвза хьалхарчу буса , шайл майра кхин стаг хир воцуш ч1ог1а деза хабарш дийцина кхо къонаха – Дунт1ий, Бунт1ий, Тунт1ий. Оцу Мамакаев 1арбис говза техкинчу ц1ераша а хоуьйту дийцар деша волалушехь цуьнан чулацам юмористически хилар.

Драматургехь а юьстах ца 1ийра Мамакаев 1арби. Цо язйина пьесаш «Оьг1азалла», «Разведка» х1иттийра Нохч – Г1алг1айн пачхьалкхан драматически театро 1941 – чу шарахь, 1942 – чу шарахь. Халахеташ делахь а церан тексташ ца йисна. Цул сов, пьесашна иллеш а , эшарш а язйира: «Хьаьжа – Мурд» пьесина «Рустаман илли», «Хьаьжа – Насреддин» пьесина «Насреддинан илли», «Майра Хикила» пьесина «Хьаккъамий, низккъий» иштта д1а кхин а.

Шеко яц Мамакаев 1арби поэтически исбаьхьаллин кхоллараллин сий халкъан дог чуьра дуьжург ца хиларан, кхин а дуккха а шерашкахь къинхьегаман адамийн дог – ойланаш ойбуш цуьнан поэзии лиэпарг хиларан.





Поэтан стихаш а, поэма а

/ «Нохчийн лаьмнашкахь»,

«Кавказан латта» /.



Таханлерчу дийнахь а боккха там хуьлуш йоьшуш ма – хиллара , адамашна кхин а хийла т1едог1учу шерашкахь а хазахеташ йоьшуш хир ю Мамакаев 1арбин стихотворенеш, повесташ. Вицлур вац халкъана, хеназа шена юккъера д1авахана, г1араваьлла поэт. Вайн республикехь муьлххачу маь11ехь а хеза х1инца а цуьнан эшарш, иллеш: «Айза» а, «Хьекъаллий, ницкъий», иштта дуккха кхиерш а.

Мамакаевн 1арбин иллийн, эшарийн шайн башхаллаш ю уьш массо а аьлча санна безам кхайкхош, хестош, т1еч1аг1беш ю, амма цаьрца массаьрца а цо буьйцург ша вина мохк, хьоме 1алам ду. Йо1е болу ц1ена, к1орггера безам поэта 1аламан исбаьхьчу суьртах Тарбой, цуьнца бустий кховдабо цуьнга д1а. Дезаш долу шиъ вовшахкхетча а , кхин 1алашо х1оттайо поэто царна хьалха: и шиъ хьанал къахьегарца Даймохк кхин а ирсе, ницкъ болуш а хилийта декхарийлахь ду. Хьовсур вай масална «Айза» ц1е йолчу халкъана дика евзачу эшаран чулацаме. Шен дагара йо1е дийцале хьалха поэто кхуллу 1аламан сурт. 1аламан сурт кхоллар а шен 1алашо йолуш ду поэтан : цо кхуллу токхечу 1аламан сурт. Цул т1аьхьа хоуьйту цо йо1е иза шена езаш хилар.

Йо1е баханчу безаме дог – ойла ерриге а д1алоций ца вуьсу лирически турпалхо. Иза шен Даймехкан к1ант хилар цкъа а диц деш вац. Йо1е шен ц1ен т1е йирзича, Даймохк кхин ницкъ болуш бан, «вовшашца яхье дуьйлуш» болх бан, кийча ду шиъ.


«Ирс долчу Даймахкахь

Вай кхуьлуш деца,

Вовшашца яхье дуьйлуш,

Вай болх бийр беца,

Йола , Айза,

Хьан безам , ницкъ гулбеш,

Сан г1оьнца беца».


Сийлахьчу социалистически д1ах1оттамо кхиийна поэт ву Мамакаев 1арби. Советски 1едал доккхуш мостаг1ех лиэташ да а вийна, байлахь висначу 1арбина ден а, ненан а мета хилла д1ах1оьттира Даймохк. Цуьнан хама беш, и базбеш кхайкхош, цуьнга хьажийна боху цо.


«Дуьххьара дуьненна

Д1адаккха бода – дохк

Ирсан некъ гайтина,

Ва нана – тхан Даймохк,

Шеен нана санна, хьо

Марзонца безна вверг

Зен вовр вац, теша со,

Декъала хуьлда хьо!»


Дукха ю Мамакаев 1арбин вайн къончу т1аьхьене язйина стихаш. Х1оранна т1ехь хаало сийлахьчу Даймохке болу безам, керлачу дахарх воккхавер.

«Пачхьалкхе, Даймохк чулоцуш болу синхаам дукхах болчу ненан т1ебузу дуьххьарлерачу даймохкаца, винчу, кхиъначу меттигашца : г1аланца районашца, юьртаца боьзна болчу, «жимчу даймехкан» синхаамо. Шен башхачу сибатца, шатайпанчу хазаллица, цкъа а дицлур доцчу сурташца бераллехь дуьхьала х1утту иза. Цуьнца, оцу къаьсттинчу, шен даймохкаца вог1у х1ар а заманан йохалла боккхачу, кегийниш дицдойтучу, шен сийлахьчу цхьааллехь массеран болчу Даймохке» - бохуш яздора Александр Твардовскийс. Ишттачу Даймохке оццу новкъа кхечира советски бакъдолчо кхиийна волу Мамакаев 1арби.

Нагахь шен кхоллараллин з1аьнарш юхьанца винчу юьртана цо т1ехьажийнехь, кестта иза кхийтира, шен «жима даймохк» . Советски Союзах къасталун доцу дакъам хиларх. Даймохк безарца , цунна Лерина 1арбис шен уггаре дика а мог1анаш, хастийна цуьнан кханенга г1ертар.

Теркаца дечу къамелехь, поэта гойту вайна шен халкъо а , Даймохко а бина хала некъ:




«Баш лекхачу цу лаьмнех хьо охьадог1у

Лаха мел деш , хьан дилха совдолу,

Лам т1ера т1улгашца хьо хьерчаш дуссу,

Цу т1улгех детталуш, хьо барзах уг1у…….

Масийтта б1е шо ду хьо иштта оьхуш,

Цхьа хан яра хьалхоша хьо мерза муьйлуш,

Къинхьегаман шуьйра халкъ цара къиза хьийзош,

Къинхьегаман тобанна хьо къаьхьо лийлаш».

Амма, шен халкъан д1адаьлларг дагалоцуш а, лаьмнийн, аренийн хазалла хестош а, даима. Поэтан 1аламнехь лаьттарах1инца лераниг, цунна карадора вайн дахарера хийцамаш гайта дош.


«Хьайн дато тулг1енаш бердеха етташ,

Къахьоьгучу халкъана мерза кад мийлош,

Хьо охьа мел дог1у, х1ар дуьне дозуш,

Мостаг1чо къурд бийр бац, хьох кийра 1абош!»


Даймохке болу безам къаьсттина дика гайтина 1арби Мамакаевс х1окху мог1анашкахь:


«Б1аьстенан 1аламо хаздо шу, ламанаш,

1уьйренан салонно токхдо шу, ламанаш,

Мокхазах суй санна, шух ваьлла волчунна.

Там хилла , маьлхан де го сунна ва тахна».


Даймохк беза, и ларбеш къийса, и кхолуш къахьега 1амадо даима къона лиэпаш йолчу Мамакаев 1арбин поэзис.Кхета аттачу, йоккха исбаьхьалла йолчу, говзачу дешнашца язйора Мамакаев 1арбис шен стихотворенеш. Цуьнан произведенеш йоьшуш къеггина хьалхах1утту дуьйцуш долчуьнан сурт.

Я Терках, я шерачу аренех лаьцна хуьлда, вайна оцу сохьта хьалхах1утту и дерриг а. Шера арарчу «Теркан куьзгана чохь маьлхан сурт лепа», «Буц схьакъедда, хьалхара зезаг дарин г1ашца хазделла», «Ц1ий ловзу , б1аьстенан малх санна», «Къена лаьмнаш, шира хьаннаш» - иштта эпитеташ, дустарш далош, йоккхачу исбаьхьаллица язйина ю Мамакаев 1арбин произведенеш.

1940 – чу шарахь зорбатоьхначу цуьнан стихотворенийн «Теркан т1улг1е» ц1е йолчу хьалхара сборника т1ехь къаьсттина билгалйовлу «Аслаг1ий, Селахьаттий» поэма а, «Вайн некъ», «Доттаг1 г1ароллехь», «Кавказан к1ант» иштта кхийолу стихотворенеш.

Яккхийчу произведенех ларалуш ю «Аслаг1ий, Селахьаттий» поэма. Догц1ена гойту цу т1ехь поэма шен хьомечу Даймохке а, винчу меттигашка а , халкъе а болу хьанала безам, ма - дарра 1арадоху мискачу нахана т1е баланаш эгош 1адато д1акхехьна г1уллакхаш. Вайн дайша лайна халонаш, таханлерчу ирсах дуьзначу дахаре сатуьйсуш, хиндолчу диканах дог ца дуьллуш уьш хилла хилар. Дахар , 1алам ч1ог1а дакха дезара 1арбина. Шен поэзехь догах хийла хьисти цо Терк, ша вина юрт – Лаха – Невре.


«Ма хаза ю – кх хьо, Шера тог1е,

Хьайн бай т1е ц1ен зезаг,

Ма хаза ю – кх хьо, Теркан г1айре,

Хьайна т1е баьццар къаж яьлча

Маршалла, маршалла хьоь , сан Невре!

Керла духар дуьйхи ахь,

Х1етахь хиллачул а хьоме

Х1инца безам боьду хьах».


Хаддаза болх бора 1арбис, ша – шен поэтически говзалла лакхайоккхуш. Юьхьенца лелийна иллийн форманашший, царех тардаршший д1а а тосий, Бадуев Са1идассий, Мамакаев Мохьмадассий, иштта оьрсийн классически а советски дукхакъаьмнийн яздархойн литературни говзаллех а 1ама волало иза.

Вай Лерина 1амо езарг «Нохчийн лаьмнашкахь» поэма ю. Поэмин т1ехь къеггина гойту зуда – ламанхочуьнгахь хилла бала, д1аьвше 1адаташа вайнахахь яллийна хало.

«Нохчийн лаьмнашкахь» поэми т1ехь шера а, къеггина гойту цу ширачу заманахь вайнехан хилла дахар – 1ер а, шайн – шайн тайпанийн юкъараллехь уьш бахар а. И дерриге а паччахьа а, цуьнан хьадалчаша а Кавказерчу ламанхошна юккъехь д1ахьош хиллачу политикаца доьзна ду.

Поэма д1айолалуш вайна го Аслаг1а шен доттаг1чух Шах1идах къастар, т1ехьийзачу , шена езаеллачу йо1ах цуьнан валар. Аслаг1а т1ехь ч1ира йолуш ву. Шах1ид вехачу юьртахь лечкъина. Уьш кхуза кхача магар хаало Аслаг1ина. Цо Селахьате боху шега мааре а йолий, шеца къайла яла. Амма йо1 реза яц, ден – ненан алар т1ера цунна яла ца лаьа. Ткъа да – нана ду иза моле мааре яла дог ойла йолуш.

Хала ду дезачу шина къаста. Мелачу хишца ц1а йоьду Селахьат. Ткъа Аслаг1а обаргех д1акхета, иза ц1ера ваьлла Зеламха волчу воьду. Иза майра лиэта паччахьан хьадалчех. Цкъа цаьрца т1ом беш цунна хала чов йо.

Чевнаш дика ерзаза а йолуш , хьуьнха воьду Аслаг1а, Шах1идах кхета ша йиллинчу мете. Ша винчу юьртахь чевнаш хилла 1уьллуш цунна хеза Селахьат хьалдолчу, амма къеначу моле мааре елла хилар, цуьнан лаамаза. Ткъа Шах1ид Аслаг1ин доттаг1 а хиларна, Селахьат моле мааре яларна дуьхьал а хиларна приставо (цунна кхаъ мА белла моллас) лоций чувуллу. Селахьат мааре яханчул т1аьхьа Шах1ид схьахоьцу. Хала ду Селахьатина моллехь яха. Аслаг1а дагара ца волу цунна.

И хуучу Аслаг1ас Ших1иде хьуьнха кхойкху, яздой кехат а дохьуьйтий. Шах1ида йо1е д1адуьйцу дерриге а. И шиъ ший а додий хьуьнха доьду. Цигга хьуьнха кхочу ч1ирхойх цхьаъ. Цо шаьлта туху Аслаг1ина, вен чов йо цо. Аслаг1ас олу цигахь:


«Сан ц1ий ас хьанал до,

Къинт1ера ваьлла со, -

Меллаша хазийра

Валарчу вирзинчо. –

Сан дас хьан да вер а,

Ахь х1инца со вер а –

Шар1ан кхэл ю х1ара,

Хийла дег1 1овжийна…

Ваха ма ваха хьо,

К1ант, соьга ладог1а,

Х1инца леш волу,

Хьо сихха д1аг1олахь,

Кху мете стаг кхача

Мегаш ву, хье ца луш,

Цо Лазо там бу хьо,

Цунна гарх ларлолахь».


Кхача а кхочу цига ши адам Шах1ид а, Селахьат а. Говрашкара дуссий и шиъ 1уьллучу Аслаг1ин дакъа т1е хьоду.

Дан амал дацара,

Хьун екаш, инзаре

Йо1е мохь белира».


Дагна дукха везаш хилча бен бер бац йо1ера иштта инзаре мохь. Т1аккха олу йо1а:


«1ожаллин ницкъ хир бац

Вай къасто, Аслаг1а…

Х1ун де ас?... Вайший а

Дийна хьо вийначо,

Со хьоьца д1айог1у,

Кхел ер – кха кхоьллинчо!»


Аслаг1ин хьант1ера тапча схьа а йоккхий и ша шена тухий южу Селахьат. Шах1ид вухий лаьтта. Бехк а бац цуьнан. Дезаш долчу шина Адамах къаьста цхьанаметта.

Т1аьххьарчу х1окху мог1анашца хадабо поэта поэми т1ехь хиллачун мах:


«Паччахьан , 1адатан

Д1аяхна зама!

Х1ай зама – сан халкъан

Ц1ий мийлла зама!» - олий.


Ирча а, лан хала а х1ума ду поэми т1ехь дуьйцург. Паччахьан заманахь вайн лаьмнашкахь хиланза х1ун ду! Поэмин шен хьалхарчу Даша т1ехь поэта боху:

«Къеначу лаьмнашций,

Ширачу хьаннашций

Д1адевларш хьехадеш,

Къамел дан йиш хилча,

Ц1ий лайнчу т1улгаший,

Т1ом гинчу пепнаший,

Ладоьг1ург велхавеш,

Хийла аз хазор дара».

Бакъ ву поэт.

Юьхьенца вайна го. Селахьат доьналла доцуш стаг санна. Моле дехарш а до цо, ша шен ден ц1а д1аяхийтахьара бохуш ша цуьнан йо1 хила а мегар долуш жима ю, бохуш. Амма моллакъинхетамза стаг ву. Иза Селахьат кхерийна а шена т1еерзо г1ерта.

Зуда – ламанхочо лайна ерриге халонаш лов цо. Иза кхета шегахьа г1о даккха кхин стаг цахиларх, иза чуьра х1ума санна йоьхкина. Иза т1аьхьа – т1аьхьа кхета, шайрачух а ца кхоьру. Иза къийсаме йолу, йодий. Аслаг1а волчу д1айоьду – цуьнгахь болу бала бекъа, халонаш лан. Амма едда д1аяхара духу цуьнан. Ша – шена а тоьхна яларца 1адатна а, замахахьлерчу дахарна ша дуьхьал хилар хоуьйту цо.

Ша шена а тоьхна ялар дино магош ца хилар ца хууш яцара Селахьат. Амма и хааро ца сацийра иза. Шарг1аца а, 1адатца а цо бина къовсам бара иза. Поэми т1ехь дика гайтина кегийчу нехан вовшашка болу безам, церан доттаг1алла.Г1о эшча орцах бовлу уьш вовшашна. Наха дика стаг ву бохуш вицарна т1ехь ч1ир йолу Аслаг1а Шах1ид волчу вуссу:

«Ваша веш чуэцна

Шарахь ша ларвинчух

Х1инца сел ц1еххьана

Къастар - и 1еткъара,

Ткъа юьртахь, кху юьртахь

Дуьххьара езначух

Ша валар!.. Тахний бен

И ган ца тарлора».


Шах1ид волчохь шо а доккхий, шен деган ах кху юьртахь кху юьртахь а юьтуш д1авоьду Аслаг1а. Ша бахьана долуш Шах1идана бохам боллийла ца лаьа Аслаг1ина. Вайнехан г1иллакх ма ду т1евоьссина хьаша ларвеш. И г1иллакх дохор долуш вацара Шах1ид а.

Халкъан барта кхолараллин хьу йолуш ю поэма. Аслаг1ас обаргех лаьцна ойланаш еш йолу меттигаш а ю, цигара схьаэцча санна. Ткъа Шах1иде Аслаг1ас яздинчу кехате т1ехь а хаало вайна иштта меттигаш. Поэмин т1аьххьарчу дешнашкахь теша поэт вайнехе ирс кхочург хиларх. Цо боху:


«Къахьегна сан дайша.

Бала а лайна,

Амма, 1а д1адаьлча,

Б1аьсте т1ейог1у;

Боданехь хийла вон

Хиллехь а дайна

Буьйса – борц т1ехъяьлча,

1уьйре т1ейог1у!»


«Кавказан латта» - 50 – чу шеран шолг1ачу эхнехь (1958) язйина йолчу оцу стихотворенехь вайна хаало лирически турпалхочун к1орггера дог – ойла стихотворенехь кхоьллина Кавказан васт. Ткъа лирически турпалхочо Кавказца , ша винчу лаьттаца йолчу хадалур йоцчу духовни, нравственни уьйрех лаьцна ша дийцарца.



Ваха Кавказ! –

Сан марзо,

Сан серло!

Безам , сайн нене

Санна , сан даим хьоь лаьтта, -


олий, шайн дагара дийца д1аволавеллачу турпалхочун хьоме Кавказо самаяьхна керл – керла ойланаш, сатийсамаш хаало вайна оцу стихотворенехь. «Хьан хиш ду сан кийра цамгарх ц1анбийраш, хьан х1о ду сан накха къона латтийнарг». Дег1ана могшалла, ницкъ беллачу хьомечу Даймохкана ша верриг д1авала реза волчу турпалхочун дагалецамаш к1ардо цуьнан васт. «Маь1 – маь11ехь вахаран некъаш а тоьгуш», леллачу оцу турпалхочунна сапарг1атой, синхаамий кхузахь, ша винчу махкахь бен ца карийна.

Ц1ен зезаг дасталц

Горманан арахь,

Стиглара можа малх

Хьоьжуш ца хилча.

Ирс долуш хилла вац

Уьйрех д1атилча,

Даймохках ваьллачун

Дог хуьлу ирча.

Иштта ву лирически турпалхо а. Цунна, къаьсттина хана ша воккха мел хили, дагчу вуьжуш лаьтта ша винчу , кхоьллинчу орамашца шен з1е т1етт1ач1аг1луш хилар, нахахь санна ца хууш а з1к шен д1ахадахьа, шен дуьнен т1ехь х1умма а цахилар. Ша дуьнене ваккхарна шен нана, бераллехь ша кхиийначунна, халкъ деза, мохк беза ша 1амийначунна баркалла боху лирически турпалхочо. Ша царна хьалха декхарийлахь вуйла хуучу цо шен кхоллам «лаьттан малхана – компартийна» иллеш дахарна т1ехьовзийна.


Цундела ирс долуш

Хетта сайн вахар

Валар а ма хуьлда

Беш дагахьбаллам.

Ас язъян стих хуьлда

Беш ирсан толам,

Шуьца бакъ барт бу сан,

Сан кхоллам,

1алам.


«Кавказан латта» стихотворенехь халкъан кхоллам ирсе хилийтархьама шен дахар д1адалар х1ора стеган сийлахь декхар ларар – и тема кхин а шуьйра схьаеллало Мамакаев 1арбис 1957 – чу шарахь язйинчу «Даге» стихотворенехь.

Дукха ю Мамакаев 1арбин вайн къоначу т1аьхьенна язйина стихаш а. Х1оранна т1ехь хаало сийлахьчу Даймохке болу безам, керлачу дахарх воккхавер.



Яздархочун проза

(повесть «Винчу юьрта»).


«Винчу юьрта» ц1е йолу повесть т1ехь Мамакаев 1арбис революции хуьлучу муьрехь нохчийн а, г1алг1азкхийн а къехой цхьа барт болуш к1айчу эскарна дуьхьал бовлар. Йоккхачу исбаьхьаллица яздо автора нохчочунна Айдамарний, г1алг1азкхичунна Ларкиний юккъерчу доттаг1аллех.

Доца бахьана а кхоьллина, паччахьан 1едало Сибрех вахийта хьовзийра Айдамаррий, Ларкий. Ларка кхаъ белла к1елхьаравелира, Айдамар, чохь яккха дуккха а хан тоьхна, Сибрех вахийтира. Кхойтта шо даьккхира къеначу Айдамара халачу Сибрех. Революции йолаялар бахьана долуш, вада аьтто белира цуьнан. Г1елвелла, хала бен чохь са доцуш кхочу Айдамар ша винчу махка, Теркан йисте.Говза сурт х1оттош гойту Мамакаевс стеган шеен махке болу боккха безам: «Воккха стаг г1елвелла – м мухале а вара, амма кхин д1аваха г1ор делахь тамаш бар цуьнан. Иза т1аккха хи юххе вахана. Охьалахвелира, т1аккха а ца 1ебаш, бертал а вижна куьйгаш хи чу кховдийра цо. Ткъес деттара, стигал ят1ча санна. Дог1а 1енаш дара, мох, байнах , дег1ах чекхбуьйлуш хьоькхура. Хьалха д1адахийтина куьйгаш хи чохь а долуш 1уьллучу воккхачу стагана гонах 1оврийн . 1ам, х1оьттинера, цо корта хьала а уьйуш даккхий синош дохура, къора хезарца цо к1оргга кийрара дуьйна араийзо дешнаш:

- Сан Терк!.. – Сийна Сибарех…

Кхойтта шо, сийна Терк… -

юха а беза корта г1амарла охьабужура, гоьргана санна, цунна гонах а хьийзаш, хи чу оьхура 1овраш.

Воккхачу стага, аьрру куьйга маж некха т1еата1аш, батт г1амарна т1ейиллира. Берда т1ера Терка чу оьхуш 1овраш мелира цо, даккхийра къурдаш а деш. Т1аккха и корта хьалаайира. Кхин цкъа а , т1етаь11ина, 1овраш а мелла, цунна шен дег1е ницкъ беъча санна хийтира. Ша дукха сатийсина болчу Даймохко ницкъ ло Айдамарна. Даймохк аьхна бу, адамийн дахаран орамаш Даймохкаца ду. Цул хьоме цхьа а х1ума дац стага. Фашисташа т1амца кхерам туьйсучу хенахь иштта лакхара патриотически ойла кхиош яра Мамакаев 1арбин повесть.

Автора къаьсттина тидам т1ебохуьйту Ларкин, Айдамаран вовшашца долу доттаг1алла гайтарна.

Классови мостаг1ана дуьхьал латточу къийсамехь кхолладелира иза.

Ши ваша цушиннал гергара хир вацара. Йист йоцуш доккха хазахетар хилира Ларкина, Сибреха ц1а вог1у Айдамар шена т1екхаьчча:

«Айдамар! – аьлла, - ч1ог1а мохь а тухуш, ц1еххьана хьала а иккхина, воккхачу стага мараиккхира хехо – Айдамар?..


Ва 1алайкум салам!

Айдамар?..

Чувалахьа … Охьа … Вуьшта, охьахаахьа, Айдамар. Кху сан къеначу б1аьргаша со 1ехах ца вой теша, - дукха хенахь дуьйна газачу нанна бер санна, т1еветталуш, маралелхаш, барташ даха волавелира хехо… - Вуьшта, хьо мичара… вели хьо бахий ас – м ? – сихвелла цунна хоийла а тоеш , д1асахьийзара иза.

- Охьахаахьа, г1ел а , шел а вела хир ву хьо… Меца хир ву хьо. Вуьшта ас х1окху сохьта, Айдамар, ц1е латор ю хьуна. Х1ан , х1ара кхехкийначу сазанах х1ума а, бепиг а ду хьуна… - бохуш , шеен доцчу озанца мохь а бетташ, Ларка, гатанна юккъера схьаэцна сазанах х1ума а, бепиг цуьнга д1а а делла, сихвелла ц1а лато волавелира».

Теркал дехьара нохчийн юрт яккха дог1уш эскарш ду, аьлла, хаам бан кечвелла вара Ларка, Айдамар шена т1екхочуш. Айдамар вина поэт яра иза.

«Винчу юьртана г1уллакх дан лаьара – кх валале цкъа мукъана а», - бохуш, ц1ехьа оьхуш волчу къеначу Айдамарна меттиг белира шен юьртахошна пайдехьа хила. Ларкий, Айдамаррий сихвелира хаам д1акхачо.

Амма т1екхиинчу мостаг1ийн эскаро вожийра Ларка, чевнаш йира Айдамарна а. Нохчийн юрт к1айчу эскарх ларъеш, дуьххьара 1ожалла т1еэцнарг г1алг1азкхи Ларка вара. Юьртахоша толам баккхахьара бохучу ойланца д1авелира Ларка.Повесть т1ехь исбаьхьаллин суртан х1оттам гайтина тешаме доттаг1алла, къеггина билгалъяьккхина турпалхойн къонахалла, майралла, шайн са ца кхоош юьртана т1ебог1учу бохамна церан дуьхьалбовлар.

Йоккхачу халонца, кхетамчуьра а волуш. Теркан дехьа йисте велира Айдамар. Шена чуьра са д1адалале д1ахаийта кхиира иза к1айчийн эскар юьртана т1елата кечамбеш хилар. Айдамара беана хаам бахьана долуш, юьртахоша к1елхьаръяьккхира шайн юрт мостаг1чун т1елатарх.

Мамакаев 1арбис йоккхачу исбаьхьаллица гайтина Ларкас а, Айдамара а нохчийн юьртан маршо ларъеш шайн дахар д1адалар.

Шен маь1на долуш ду повесть т1ехь леш воллучу Айдамарна т1екхаьчначарна юкъахь цуьнан ши к1ант хилар а. Айдамар вела а, амма цуьнан метана Даймохк мостаг1чух ларбан д1ах1утту цуьнан ши к1ант. Дайша к1енташка ло революционни идейш, царна т1едуьллу Даймохк безар а, иза 1алашбар а.

Т1ом болабеллачу шарахь араяьлла «Винчу юьрта» ц1е йолу повесть къаьмнашна юкъара доттаг1алла ч1аг1деш а, Даймохке безам кхиош а, иза 1алашбан ойла ч1аг1ъеш а яра. Повестан автор тоьлуш болчу яздархойх цхьаъ вара.

Цо боккхачу лаамца а, говзаллица а кхиайора шен исбаьхьаллин кхолларалла. Х1окху повестехь автаро йийцина Нохчийчохь хилла, граждански т1еман хилла цхьа жима эпизод.

Цу т1ехь гайтина 1919 – чу шерашкахь Диникинан к1айчу казакашна дуьхьал оьрсийн а, нохчийн а халкъаша латтийна болчу къийсаман.

Айдамаррий , Ларкий революционни 1алашо а йолуш, ши турпалхо ву.Шина доттаг1чо – оьрсийн казако – Ларкассий, нохчийн – Айдамаррий к1айчу казакийн т1елатарх нохчийн юрт к1елхьара йоккху. Турпалхойн васташца яздархочо гойту оьрсийн а , нохчийн а доттаг1алла а, цара к1айчу коданашна латтийна луьра къийсам а. Ларкас а, Айдамара а 1азаплелархошна дуьхьал, халкъийн парг1атонехьа, Даймохкехьа д1ало шайн дахарш. Исторехь и санна долу масалш вайна дукха а хууш ду. Повестан коьрта идея. Ларка а , Айдамар а революцина муьт1ахь волу ши доттаг1 ву. Ларкин а, Айдамаран а доттаг1аллин орамаш халкъийн дикачу дахаре сатийсамехь бу. Цундела , къехо Ларка , оьрсийн казак шен оьрсийн к1ачу казакашна дуьхьал а ву, цо цаьрца къийсам латтабо. Цунна оьрсийн казакана гергар, хьаша а хетта шен нохчийн доттаг1 къехо Айдамар. Иза дуьхьал д1а , дахараллин доттаг1 хилла ца 1аш, революционни ойланций, къехойн классаций гергара а , доттаг1 а ву. Ларкина дукхадеза шен оьрсийн халкъ. Амма мил – мила вац цунна везаш а, цуьнан доттаг1а а. Цунна безарш, оьрсийн казакаш – къехой бу, ша санна, къахьоьгуш бераш.

Ларка к1айчу эпсарца къамел деш нийса лов паччахьан суьдахошна: - «Айдамар , пхийтта шо хан тоьхна, Сибарех вахийтира. Иза хир дара сунна а; вуьшта , г1алг1азкхи ву аьлла витира со, т1е а со а, тхайн ваша а, да мел вверг бохург санна, суьдахочунна д1а а делира: дукха доьзал бисира сан г1елонехь». Боккхачу синхаамца гайтина яздархочо Айдамаран Ларкех шеквалар. Диц ца лун сурт х1оттадо цо шина доттаг1чун вовшахкхетар. Ларка хазахетарца, вухий хьаьвза Айдамарна там бан г1ерташ . Кхузахь гучудолу оьрсийн халкъан доттаг1 т1еэцаран дика г1иллакхаш. Айдамар воккха патриот ву, ша вина меттиг , Даймохк безаш , Теркал дехьа ша волуш, к1айн казакаш ямартлонца т1елата кечлуш хиларх шен юьртхошка хаам бан цо кхуьуш , валарх кхоьру иза:

«… Теркал дехьа вала а валалахь … Т1аккха дерригенна а тешнабехк хуьлу – кх. Угар а ч1ог1а оьшучу минотехь винчу юьртана г1о а ца деш вуьссу, ткъа йиш а ца хуьлу – кха …» Чулацаман идеях дика кхетархьама автора дика пайда оьцу 1аламан вастех а, меттан литературни – исбаьхьаллин г1ирсех а. Винчу юьрте а, Терке а болу Айдамаран безам тайп – тайпанчу басаршца гойту яздархочо. 1алам доьзна ду турпалхочун дахарций, дог – ойланций. Иштта бу цуьнан шийлачу гуьйренийн буса Теркан буьрсачу г1овг1анехь а шен дахарх беш болу къаьхьа дагалецамаш. Говза гайтина яздархочо 1аламо турпалхочунна къизаллийца бен 1аткъам: «Генарчу Сибарехьара дуьйна схьа Нохчийчоьнан азатахьа г1ийла б1аьрг а бетташ, сел г1ийлачу узамица далхош кху хийла сатийсина сийна.

Терк 1ожаллин юрг1а а хуьлуш, г1амарх г1овла а йина, гуттаренна набарх а ваьлла охьавижа ца текхийрий кхуо шен къена дег1 кхуза кхаччалц схьа».

Башха хаза а, исбаьхьалла йолуш а бу авторан мотт. Вайна го цу т1ехь исбаьхьа сурташ а, васташ а. Авторан мотт поэтизированни а бу, дустарша а, метафораша а, олицетворенеша а къаьсттина хазбо произведенин мотт. Повестан чаккхенгахь дийначуьнца дуьйцуш санна, оьзда дека Ларкина хьажийна долу Айдамаран дешнаш. Цара гойту турпалхочун къонахаллин дог а, кура лаам а, Даймохке а, халкъе а болу доза доцу безам а.









Школьни курсехь яздархочун

произведенеш.


5 класс


«Садаьржаш» (стихотворени)

7 класс

«Б1аьстенан 1уьйре» (стихотворени)

«Берзан бекхам» (стихотворени)


9 класс


«Кавказан латта» (стихотворени)

«Йо1е» (стихотворени)

«Даге» (стихотворени)

«Нохчийн лаьмнашкахь» (поэма)





Дерзор (яздархочун кхоллараллин

кхетош – кхиоран а,

исбаьхьаллин а маь1на).


1арби Мамакаев нохчийн поэзехь а, иштта прозехь а вайнехан мотт уггаре хаза а, говза а йоккхачу исбаьхьаллица а буьйцучу яздархойх цхьаъ ву. Иза поэт – лирик а, прозаик а ву.

Цо дуккха а стихотворенеш а, иллеш а, эшарш а, поэмаш а, дийцарш а яздина. 1арби Мамакаев къаьсттина говза пайдаэцна нохчийн халкъан барта поэзехь а, цуьнан меттан хазаллех а, говзаллех а. Иза вайна дика го цуьнан стихашкахь а, эшаршкахь а, поэмашкахь а.

«Нохчийн лаьмнашкахь» ц1е йолу шен поэмин дакъошна цо сов хаза этарафаш хаьржина нохчийн фольклора т1ера. Нохчийн г1араваьллачу поэто шен произведенеш язйина кхета аттачу, шерачу, оьздачу, исбаьхьчу маттаца.

«Нохчийн лаьмнашкахь» ц1е йолчу цуьнан башхачу поэме шаьш ладоьг1ча, баккхийчу наха элира: «И ду хьуна г1уллакх. Ма хаза а, говза а, оьзда а бийцина цо нохчийн мотт! Бийца хуучунна иштта хаза а, говза а бу – кх вайн мотт!»



Вайн артисташа а, иллиалархоша а хаза олу цуьнан исбаьхьа иллеш, мехкарша оьздачу мукъамехь локху цуьнан дика эшарш. 1арби Мамакаевс язйина ю тоьлла произведенеш «Нохчийн лаьмнашкахь» ц1е йолу поэма а, «Винчу юьрта» боху повесть а, «Массо а маь11е», «Дагалецамаш», «Кавказан латта», «Даге», «Доттаг1чуьнга» ц1ераш йолу стихотворенеш а, «Хьекъаллий, ницккъий», «Йо1ан безам», «Хелхаран бал», «Айза», «Хьалха г1ор вай» ц1ераш йолу иллеш а, эшарш а. Цуьнан книгаш халкъо езаш йоьшу. 1арби Мамакаевс арахецна поэтически сборникаш: «Теркан тулг1е» - 1940 шарахь, «Теркан тог1и» - 1958 – чу шарахь, «Сочиненеш» - 1964 – чу шарахь, «Садаьржаш» - 1988 – чу шарахь. «Хаьржинарш» 1979 – чу шарахь.

Драматургехь а юьстах ца 1ийра 1арби Мамакаев . Цо язйина пьесаш «Оьг1азалла», «Разведка» х1иттийра Нохч – Г1алг1айн пачхьалкхан драматически театро 1941 – 1942 – чуй шерашкахь. Халахеташ делахь а церан тексташ ца йисна. Цул сов пьесашна иллеш а, эшарш а язйира: «Хьаьжа – Мурд» пьесина, «Рустаман илли», «Хьаьжа – Насреддин» пьесина, «Насреддинан илли», «Майра Кикила» пьесина, «Хьекъаллий, ницккъий» иштта д1а кхин а.

Шеко яц. 1арби Мамакаев поэтически исбаьхьаллин кхоллараллин сий халкъан дог чуьра дуьжург ца хиларан, кхин а дуккха а шерашкахь къинхьегаман адамийн догойланаш ойбу цуьнан поэзи лиэпарг хиларан.



Берзан бекхам


Даккъаш дийшош, юккъе яьлла,

Тийна буьйса. Эсал бутт,

К1еза санна, аркъал баьлла,

Мархийн марахь ловзуш бу.

Эрзан зурма г1ийла елхош,

Жан мотт ларбеш, 1ийна 1у,

Барзо уг1уш, боьрнаш декош

Хезна, дайн ладуг1уш ву.

Г1ийла – г1ийла уг1уш, барзо

Тийна буьйса елхайо.

Лаьмнех, хьаннех яйна марзо,

Берзан йорт цо, техкаш йо.

Бена йоьдийн араоьккхий,

Т1аккха гу т1е хьаьвза и…

Хьаьнга, стенга орцах кхойкхуш.

Батте х1унда тийжа и ? …

Хьанна йоьлхуш нана – барзо

Буьйса шена къахьйина:

(берзан бекхам бовзаза волчо

Берзан к1еза лачкъийна).

Эвлан пхьаьрчех х1азарш хиллалц

К1езе кхойкхуш, йилхира и…

Адмех декъий хуьлучу хенахь,

Техкаш, новкъа елира и.


Тийра уг1ар… Чухча – хьера

Делккъе яьлла, делхош дог

1уьно, берзан бала белхош,

Бетта мерзех г1ийла п1елг.

Миска, д1а – схьа хьаьжна, тийна

(Маса гондхьа хеза аз)

Алух б1аьргаш лепош 1ийна,

Эвла юккъе хьаьвзи борз.

«Хьанах лата! Х1ун де хьанна!

Лойша схьа сан деган аз!...» -

Т1аккха к1омсарш етташ, цхьаьнна – м

Кертахь бин цо даьхнех х1оз …

Бежнаш 1оьхуш, ж1аьлеш леташ,

Адмийн орца даьллера.

Амма берзан дагна хезаш

К1езан аз ду божлара!

Т1аккха, ерриг айъаелла,

Г1уьнжар б1аьргех туьйсуш ц1е,

Кхерам байна, са д1адаьлла,

Хьаьди нана божли т1е.

Нана орцах кхачар хии

Жимчу берзан к1езанна!

З1арах м1араш туьйсуш, ц1ийза,

Доьлху, доьлху, бер санна!

Дуьхьлохь яьлла, масех хьайба

Божлахь барзо цестира.

Т1аккха … (Берзан бекхам) барзо

Х1усамдех катуьйхира.



Ен – м тарлора – борз ца кхоьру:

Ненан безам! Ненан дог

Нахах, ж1аьлех тийсалора.

Гатте хьовзий … Ели топ!

Юьйжи … г1етти. Юха кхин цкъа

Даш синметта кхетта, мерци.

Х1унда ? Х1унда кхийти х1инцца ?

Кхин цхьа г1улч ю кхача к1езе …

Сетташ, текха борз божлехьа,

Аз хезачу б1аьрг боьг1на,

Г1атта г1ерта. Цхьамма ц1ийла

Йожий, коьртах хен тоьхна.

Божле г1ийла хьаьжна, нанас

Т1аьххьара б1аьрг карчийра,

Божлахь, з1арах м1араш тесна,

К1еза делла карийра …




Пайдаэцна

литература:


  1. Нохчийн литература 9 – 10 кл.

Х1оттийнарш: В. А. Дыхаев, Х. В. Туркаев, грозненское издательство – 1978 год.


  1. Нохчийн литература.

Хьехархойн училищан 3 – 4 курсийн студенташна хрестомати х1оттийнарш :

З. Джамалханов, М. Мачигов, С. Мовтаев, С. Хамирзоев грозненское издательство – 1979 год.


  1. Мамакаев 1арби «Садаьржаш …»

Х1оттийнарг: Эдуард Мамакаев.

Художник: Альви Ясуев.

Грозненское издательство – 1988 год.


  1. Нохчийн литература 5 – 6 классийн.











Хилиф Умар ибн Аль – Хаттаб рассказал, что один человек пришел к нему в дом, чтобы пожаловаться на свою жену. Дойдя до двери дома, он услышал, как жена Умара ругала его. Человек собрался было идти обратно, думая, что Умар сам был в таком положении, и поэтому едва ли мог предложить какое – либо решение этой проблемы.

Но Умар позвал его и поинтересовался о цели его визита. Тот сказал, что явился с жалобой на свою жену, но, увидев, что у Халифа дела с женой обстоят точно так же, хотел уйти. Тогда Умар ответил ему, что терпит выходки своей жены, поскольку у нее есть на него ряд прав. Он сказал : «Неужели же она не готовит для меня еду, не стирает мне одежду или не вскармливает грудью моих детей? И поэтому я могу не тратить лишних денег на повара, прачку, няню – кормилицу, хотя закон никак не обязывает ее делать все то, что она делает. А кроме этого , она делает мне умиротворение души и не дает совершать неблагопристойных дел. А посему я терплю ее поведение. И в подобном случае тебе будет правильно относиться к своей жене так же, как я отношусь к своей».



























Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!