СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Тема: Стеган оьздангалла.

Категория: ОРКиСЭ

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Тема: Стеган оьздангалла.»

Урок № 1

Класс – 8

Терахь ______


Тема: Стеган оьздангалла.


1алашо: берашна нохчийн г1иллакх-оьздангалла урокан 1алашо

йовзийтар; царна стеган оьздангаллех кхетам балар; нохчийн

къоман г1иллакхаш, оьздангаллин барамаш дешархошна

бовзийтар; къоман г1иллакхехь къона т1ехье кхиор.


Урокан г1ирс: «Нохчийн г1иллакх-оьздангалла»,

«Г1иллакхийн хазна – ирсан некъаш»


Урокан некъ

I Догдаийтаран мур


Нене хьожуш, г1о деш цунна,

Хилча олу: «Оьзда к1ант ву».

Иштта олу, воккхачунна,

Дег1 нисдеш, хьо хьалаг1аттахь.


II Нохчийн г1иллакх-оьздангалла хьехаран уроках лаьцна кхетам балар.

- Этика урокашкахь айса шарахь хьоьхур дерг берашна доцца довзуьйту. Бовзуьйту урокана оьшу г1ирс.


III Керла тема: Стеган оьздангалла.

- Оьздангалла – иза кхечу садолчу х1уманийн хила йиш йоцуш, синкхетамечу адамийн вовшашца а, гонахарчу 1аламца а йолчу юкъаметтигашкахь хила дог1у дозанаш, барамаш кепаш ю. Г1иллакх – иза адамаша вовшашца лелочу юкъаметтигийн, гергарлонийн кепаш, куьцаш, дозанаш ду. Ткъа уьш, «оьздангалла» бохучу кхетаман чулацаман цхьа дакъа ду. Цул сов, оьздангалла Далла ечу 1амалца, гонахарчу 1аламца, шен дег1аца, дагца, ойланца стаг ц1ена хилар а ду. Оьздангалла дуьххьалд1а х1ора стеган леларехь, амалшкахь гучуяьлла ца 1аш, цуьнан сица, синкхетамца хила езаш ю. Дуьненан къаьмнийн ерриге а оьздангалла, церан дика г1иллакхаш Дала шен пайхамаршкахула лаьтта диссийна ду, шен динца цхьаьна. Ткъа и дин цхьаъ бен дац – бусалба дин, - ислам. Дин – иза лаьтта т1ехь адамашна муха даха деза 1амош, Дала лаьтта диссийна дахаран-1еран дозанаш, ламасташ ду.

Стаг мел говза велахь а, цуьнгара мел доккха хьуьнар даьллехь а, цунна т1ехь ду муьлххачу а кхечу стагана т1ехь доллу декхарш, оьздангаллин бехкамаш.

Дешнаш т1ехь болх:

Оьздангалла –

Г1иллакх –

Дин -

IV 1амийнарг т1еч1аг1дар

- Стенах олу оьздангалла?

- Стенах олу г1иллакх?

- Мичара д1айолало стеган оьздангалла?

- «Дин» - бохучу дашах муха кхета шу?

- Муьлхачу стагана т1ехь бу оьздангаллин бехкамаш?


V Урокан жам1 дар.


- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;


VI Рефлексин мур


-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?


VII Ц1ахь бан болх: стеган оьздангалла.





Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!