СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Открытый урок по родному языку "Чаккхе"

Нажмите, чтобы узнать подробности

Нохчийн мотт

Тема: «Чаккхе»

1алашо: дешан  чаккхе йовзийтра. Чаккхе дешан хийцалуш долу  дакъа хилар хаийтар. Чаккхено дешнашна  юкъахь  уьйр  латтор хаийтар.

Билгалбаьхна  кхиамаш:  берашна хуур ду  чаккхе  х1ун ю, 1емар ду дешнашкахь чаккхе каро , билгалъяккха. Берашна  хуур ду  предложенахь  дешнашна юкъахь уьйр  чаккхено  латтош хилар. Берашна  1емар ду  учебникаца болх бан, оьшург лаха , цунах  пайдаэца 1емар ду.

Просмотр содержимого документа
«Открытый урок по родному языку "Чаккхе"»

Нохчийн мотт

Тема: «Чаккхе»

1алашо: дешан чаккхе йовзийтра. Чаккхе дешан хийцалуш долу дакъа хилар хаийтар. Чаккхено дешнашна юкъахь уьйр латтор хаийтар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна хуур ду чаккхе х1ун ю, 1емар ду дешнашкахь чаккхе каро , билгалъяккха. Берашна хуур ду предложенахь дешнашна юкъахь уьйр чаккхено латтош хилар. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан, оьшург лаха , цунах пайдаэца 1емар ду.

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх таллар.

Шардар № 164 , аг1о 82.

-Муьлха дешнаш яздина аша схьа? Муьлханаш бу церан орамаш?

-Схьайийца бакъо.

2. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

а) Чаккхенан тидам бар.

Шардар № 165 , аг1о 82.

1ахар (Стенан?) 1ахаран ма1а

к1ант (хьанна? ) к1антана хаьа

йо1 (хьан?) йо1а боху

къолам (стенца?) къоламца яздо

кор (стенах?) корах кхетта.

-Д1адеша дешнаш. Билгалбаха шиша дешан орам. (1ахар-1ахаран орам 1ахар бу)

-Ораман т1ехь кхин муьлха дакъа ду? (-АН)

-К1ант –к1антана орам к1ант бу.

-Орамна т1ехьа х1ун дакъа ду? (-ана)

-Йо1-йо1а -орам йо1 бу.

--Ораман т1ехь кхин муьлха дакъа ду?(-А)

-Къолам- къоламца –орам къолам бу .

-Ораман т1ехь кхин муьлха дакъа ду? (-ца)

-Кор-корах –орам кор бу.

-Ораман т1ехь кхин муьлха дакъа ду? (-ах)

-Д1аязде вайна карийна дешан дакъош.

-АН, _АНА, АХ, -А, -ЦА.

-Уьш чаккхенаш ю. Х1ун ю чаккхе ?(Дешан дакъа ду)

-Мича меттехь лаьтта чаккхе? (Дешан чаккхенгахь)

-Чаккхенаш йоцуш деша и дешнийн цхьанакхетарш.

1ахар ма1а , к1ант хаьа, йо1 боху , къолам яздо , кор кхетта.

-Стенан тидам хили шун? (Дешнийн вовшвшца уьйр яц, маь1на телхина)

-Стенна оьшу чаккхе? (Чаккхено дешнашна юкъахь уьйр латтайо)

-Стенах лаьцна дуьйцур дув ай тахана? Берийн жоьпаш.

3. Керла тема хьехар.

а) Бакъо таллар.

Д1аеша 83 аг1он т1ера бакъо. Х1ун ю чаккхе?

-Стенна оьшу чаккхе?

аь) Йозанан болх бар

Шардар № 165, аг1о 82-83.

б) Йоьхна предложенеш нисъяр.

-Х1ун до Халида дика? (Халид дика доьшу)

-Халид дика доьшу аьлча нийса хуьлий и предложении? Х1унда? (Дешнийн уьйр ца хуьлу)

-Муьлха дош хийцо деза? (Хаалид дош Халида аьлла хийца деза дешнийн уьйр хилийта)

-Хьаьнга хоту дешархоша шаьш ца кхеташ дерг? (Шаьш ца кхеташ дерг Халиде хоту дешархоша)

-Хьан г1о до бершна? (Халид г1о до шеен накъосташна)

-Нийса хуьлий иштта? Х1унда?( Халид дешан уьйр яц вукху дешнашца)

-Муха ала деза Халид дош цу предложенехь? (Халида г1о до шеен накъосташна)

4. Сада1аран миноташ.

Зезаг долу-уш самадели,

Тохадели, меттахдели.

Мохо патарш лестадо,

Г1ийла зезаг техкадо.

Малх схьакхийти, айбели,

Бода лоллуш, серло ели.

Полла г1оттуш, т1емабели,

Т1емаш лестош, лакхабели.

(Байташ т1ехь дуьйцург кхочушдо бераша: голаш т1е хевшина 1а,

кортош охьа а дахийтина, б1аьргаш хьекхош, самадовлу, мет-

тахъхьоь, зезаг санна, леста, техка и. д1. кх.)

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Хаттарийн г1оьнца дешнаш хийцар.

Шардар № 167 , аг1о 83-84.

-Д1аеша хьалхара предложении. Муха хийца деза КЛУБ дош шолг1ачу предложенехь? (Боьлхура стенага? клубе)

-Кхоалг1ачу предложенехь? (Стенан? коран)

-Йоьалг1ачу? (Стенгахь клубехь)

-Стенна оьшу чаккхе? (Предложенехь дешнашна юкъа уьйр тосу )

Схьаязде клуб дош хаттаршца , чаккхенаш къастош.

Х1ун ? клуб стенца? клубаца

стенан? клубан стенах? клубах

стена? клубана стенга? клубе

стен? клубо стенал?клубал

аь) Дешнийн цхьанакхетарш схьаяздар.

Шардар № 168, аг1о 84.

Динберг х1ун? орамат

Стенан ? динберган 1аьрче

Стенан? динберган г1а а , х1у а

Х1ун? динберган гулъян йолайо

Стенца? динбергаца дарба лелош

6. Рефлекси.

-Х1ун керланиг 1еми шуна?

7. Жам1 дар?

-Х1ун ю чаккхе?

-Стенна оьшу чаккхе?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 169, аг1о наш 84-85. Бакъо аг1о 83.





Нохчийн мотт

Тема: «Чаккхе»

1алашо: дешан чаккхе йовзийтра. Чаккхе дешан хийцалуш долу дакъа хилар хаийтар. Чаккхено дешнашна юкъахь уьйр латтор хаийтар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна хуур ду чаккхе х1ун ю, 1емар ду дешнашкахь чаккхе каро , билгалъяккха. Берашна хуур ду предложенахь дешнашна юкъахь уьйр чаккхено латтош хилар. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан, оьшург лаха , цунах пайдаэца 1емар ду.

Урок д1аяхьар.

  1. Ц1ера болх таллар.

Шардар № 169, аг1о наш 84-85. Бакъо аг1о 83.

  1. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

Дашна т1еххьа даим лаьтта,

Сайна лиъча хийца а ло.

Дешнийн уьйр ас шуна гойту

Х1ун дешдакъа хир ду?...ЧАККХЕ

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? Берийн жоьпаш.

3. Керла тема хьехар.

а) Предложенехь чаккхенийн тидам бар.

Шардар № 170 ,аг1о 85.

-Д1аеша предложенеш. Стенан тидам би аша? (Дешнийн вовшвшца уьйр яц, цундела предложенин маь1на нийса дац)

-Муьлха дош хийца деза? (Йиша)

-Муха хила деза йиша шолг1ачу предложенехь? (Дукхаеза хьанна? йишина)

-Кхоалг1ачу ? (Вахара хьаьнца ? йишица)

-Йоьалг1ачу? (Ийцира хьанна? йишина)

-Пхоьалг1ачу? (Хазахета хьанна? йишина)

-Стенна оьшу чаккхе? (Предложенехь дешнийн уьйр латтайо чаккхено)

аь) Дешнаш х1оттамца таллар.

Шардар № 171, аг1о 85.

-Д1аеша предложенеш. Муьлханаш ду гергара дешнаш? (Экскурсе, экскурсехь, экскурсера)

-Мулханиг бу орам? (Экскурсе)

-Кхин муьлха дакъа ду цу дешнашкахь? ЦУнах х1ун олу?

-Д1аязде шардар.

4. Сада1аран миноташ.

Зезаг долу-уш самадели,

Тохадели, меттахдели.

Мохо патарш лестадо,

Г1ийла зезаг техкадо.

Малх схьакхийти, айбели,

Бода лоллуш, серло ели.

Полла г1оттуш, т1емабели,

Т1емаш лестош, лакхабели.

(Байташ т1ехь дуьйцург кхочушдо бераша: голаш т1е хевшина 1а,

кортош охьа а дахийтина, б1аьргаш хьекхош, самадовлу, мет-

тахъхьоь, зезаг санна, леста, техка и. д1. кх.)



5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 175, аг1о наш 86-87.

аь)Доца шеконан мукъа аьзнех болу хаамаш карлабахар.

Шардар № 173, аг1о 86.

-Д1аязде дешнаш. Т1адамийн метана оьшу элпаш дохкуш.

-Муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина аша и дешнаш?

б) Йьхха предложенеш хоттар.

Шардар № 177, аг1о 87.

-Шеран муьлха зама т1екхаьчна? (Т1екхаьчна шийла 1а)

-Х1ун до лайно? (Тхевнаш , аренаш , дитташ а лайнок1ййо)

-Стенах ловзура бераш? (Кегий бераш лайн межаргех ловзура)

-Цара х1ун хоьхкура? (Цара салазаш хоьхкура)

-Д1аеш а хьалхара предложении. Караде коьрта меженаш.(Т1екхечира –сакзуеми, 1а- подлежащи)

-Муьлхачу дашаца ю уьйр 1А дешан?( Шийла)

-Уьйр билгалъяккха цу дешнийн.

(Иштта толу йоьалг1а предложении)

-Д1адеша дешнаш. (Тхевнашна, дитташа, мижаргех, бераш)

-Х1ун дан деза церан чаккхенаш каро? (Орам билгалбаккха беза)

-Муха каро йиш ю орам? (Гергара дешнаш каро деза)

-Тхевнашна дашана караде гергара дешнаш. Тхов цхьаъ хилча муха эр дара? (Тхов)

-Муьлханиг бу цу дешнийн орам? (Тхов)

-Муьлханиг ю чаккхе? (_ШНА)

(Иштта толу важа дешнаш)

6. Рефлекси.

-Чакхъяккха сан ойла.

  • Гергарчу дешнийн юкъарчу декъах ….олу.

  • Дешан орам каро …. дешнаш лаха деза

  • Дешан хийцалуш долу декъах … олу.

  • Чаккхено предложенерчу дешнашна юкъа ….. тосу

7. Жам1 дар.

-Х1ун 1еми шуна тахана?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 174, аг1о 86




Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!