СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Нохчийн мотт Дош а, предложении а вовшех муха къаьста?

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Нохчийн мотт Дош а, предложении а вовшех муха къаьста?»

Проверено: зам дир по УВР Асанаева С.М.

12.03.22

2 класс

Нохчийн мотт

Урок№ 74

Дешнаш. Предложенеш

1алашо:берашна 1-чу классехь 1амийнарг карладаккхар, предложенех, дешахнийсакхетамбалар. Къамелехьпредложенисхьакъастохаар, йозанехьпредложенибилгалъяккха 1амор.Ойлане, тидаме хила 1амор.

Билгалбаьхнакхиамаш:берашнахаьардупредложениикхочушхиллаяьллаойлагойтудешнаш дуй, берашнахуурдусуьртийн г1оьнца, шайнагинчухпайда а оьцушпредложениш х1итто; берашна 1емар дупредложенидешнашкаекъа.Берашна х11р душайнбелхан план х1отто, цупланан рог1аллица болхбан.Берашнаевзар ю гур ю нохчийнметтанхазалла..

Де дика хуьлда шун, бераш!

- Шуна хаьа, хIокху дуьнен тIехь массо а хIума цхьана билггалчу хIуманех лаьтташ ю: хьун-диттех, мархаш - хин тIадамех, къамел –предложенех, ткъа тахана вай дуьйцур ду дешнех лаьттарг-предложени хIун ю. Вайна хуур ду предложени хIун ю и муха къасто еза дешнийн цхьаьнакхетарх. Аларан Iалашоне хьаьжжина предложенеш маса тайпана хуьлу а, йозанехь церан чаккхенгахь муьлха сацаран хьаьркаш йохку а.

- Вайн къамел предложенех лаьтта, ткъа предложенеш дешнех.

ХIун ю предложени? Муьлхха а дешнашна хIотталой предложени?

Буста ши могIа:

  1. I) Цициг, гоьрга, дика, язйо.

2) Цициг, можа, Iуьллу, дижина

- Муьлххачу дешнех предложени кхолла йиш ю?

- Ала йиш юй:

- Цициго дика язйо. Горга цициг.

- ХIан-хIа. Йиш яц.

- ШолгIачу могIанехь долчу дешнех предложени кхолла хьовсу вай.

Можа цициг дижина Iуьллу.

- Вайна хии цициг можа дуй, и дижина Iуьллий а.

 

- Сурт хIотто а, дилла а йиш ю вай

Предложенино кхочушхилла яьлла ойла гойту. Предложени, маьIница вовшахкхеттачу дешнех лаьтта.

- ТIедиллар кхочушде вай.

- Схьалахий вай предложенеш. 

БIаьсте, бераш, хьун, малх.

ТIекхечира бIаьсте.

Мело-о мох хьоькху.

 Нийса жоп иштта хила деза:

- Хьалхарчу могIанехь дешнаш ду, шолгIачу могIанехь ши предложени.

 1-ра: ТIекхечира бIаьсте.

2-гIа: Мело-о мох хьоькху.

- ХIора предложенино шен-шен маьIна даьстина. Предложенера дешнаш маьIница, дуьйцучух кхеташ вовшахтесна ду.

- Аларан Iалашоне хьаьжжина предложенеш хуьлу:

дийцаран - Тхо юьрта дахара

хаттаран - Хьо хиллий аьхка юьртахь?

айдаран - Ма хаза хуьлу аьхка юьртахь!

- ТIедиллар кхочушде вай, чаккхенга сацаран хьаьркаш хIиттош.

Тхан доьзал боккха бу тхо бертахь деха со ирс долуш ву хьан буй доттагIий

Нийса жоп иштта хила герга ду

Тхан доьзал боккха бу.

Тхо бертахь деха

Со ирс долуш ву!

Хьан буй доттагIий?

- Предложенеш нийсаязъяран бакъонаш юй-те? Ю. Предложенеш гуттара доккхачу элпаца язйо.

 Предложенин чаккхенгахь тIадам, хаттаран я айдаран хьаьрк юьллу.

Царех сацаран хьаьркаш олу.



Книги т1ехь болх бар.

Аг1о 86, шардар 205

Дуккха дешнаш хьанна хаьа хьовси вай? Стиглахь, лаьттахь, хи чохь ган йиш йолчу х1уманийн ц1ерш яха.

Стигалахь: малх, седарчий, седарчий, бутт, кема..

Лаьтта т1ехь: буц, зезагаш, дитташ, ц1ено\ш, машенаш…

Хи чохь: ч1ерий, х1урдкема,

- Тахана урокехь вайна хии, предложени стенах олу.

- Iеми предложенеш, дешнаш къасто.

- Девзи аларан Iалашоне хьаьжжжина предложенийн тайпанаш, сацаран хьаьркаш хIитто а.

Ц1ахь бан болх; аг1о 86, шардар 204

- Хьоме бераш! Кху тIехь чекхйолу вайн таханлера урок. Хаддаза къахьега деза вай вешан мотт кхиорехь. Дала аьтто бойла шу!



   






Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!