СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Методическая разработка внеклассного мероприятия "День Чеченской женщины"

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Методическая разработка внеклассного мероприятия "День Чеченской женщины"»

«НОХЧИЙН ЗУДЧУН ДЕ».

«Т1аккха йист ма хилира и Дадин Альбика:

-Вайн къена дай-наной цу керташ йуххехь

Шаьш хебаш ма лаьтта,

Марзойн ц1ераш ва кхобу вайн хьоме несарий,

Марзойн ц1ераш ва йохуш,шаьш кхойкхуш ма лаьтта,

Ма доккха де ду-кха таханлера де дикачу к1енташна,-

Бохуш, лен ма йелира и Дадин Альбика».


«Дадин -Юрт йаккхаран илли».




1.вед.Хьоме бераш! Сан лераме хьехархой! Таханлера вайн цхьаьнакхетар доьзна ду вайн Президенто Кадыров Рамзана кхайкхийначу нохчийн зударийн дезачу денна лерина.


2.вед.Нохчийн халкъан барта кхоллараллехь 1аламат мехала ду турпалаллин иллеш.К1орггера маь1на а, ша-тайпана исбаьхьалла а йу цаьрца.Дукхахдолчу иллешкахь буьйцу турпалхой хьалха баьхна, исторически хилла нах бу.


1.вед. Шен халчу дахаран новкъахь тайп-тайпанчу мостаг1ашна дуьхьал халкъо къийсам латтош хьалхабевлла хилла а,хьуьнарш гайтина а нах бу, царна т1ехь буьйцучех дукхаха берш.

2.вед.Коьрта долчу декъана дахарехь хилла г1уллакхаш ду иллийн чулацамехь дуьйцурш.Коьрта турпалхой шаьш схьабевллачу меттигца йа шайн тайпанца билгалбоху. Масала:Эвтархойн Ахьмад,Аьккхийн Джанхот,1алташхойн 1алха,Мадин Жаьммарза Чечанара хилла,Бах1адаран Муьстарг Дадин- йуьртара хилла.


Сан Нохче,къайленан х1оллам!

Дависа,цкъа кхиа хьох!

Гур бара суна сайн толам,

Г1айг1а д1акъаьстина сох!






Малх лаьцна,са лепа б1аьвнан-

Хийлачун дог эцна сурт.

Т1улг лаьтта,ха хилла тхевнан,

Безам бу -генара чурт.



Кхайкхам бу техкарехь хьаннийн,

Хиэ балхош цхьа узам бу,

Лазам бу к1оргаллехь 1аннийн,

Баххьашца т1ех собар ду.


1.вед. Амма вай таханалера цхьаьнакхетаран 1алашонан коьрта турпалхой бу Дадан йурт йагош шай синош ца кхоош х1аллакъхилла болу зударий,шайна хьалхайаьллачу Альбикица а, Зазица а.


2.вед. Вай когбаккха дуьйладалале бохург санна 1амадо вай наноша вешан къоман г1иллакхаш довза.

Вайн исторехь йоккха меттиг д1алоцу нохчийн зудчун лерам баро. Цунна тешаллаш ду истори т1ехь а,халкъан барта кхоллараллин т1ехь а.


1.вед. Хьалха-хьалхалерчу хенахь нана ц1арца йустуш хилла,х1унда аьлча ц1е-дахар ду. Ц1аро вайна йовхо ло,шелонах лардо,ц1еран т1ехь вай кхача кечбо, иштта д1.кх.


2.вед. Йоккхачу Кавказан къаьмнашна йуккъехь нохчийн къоман зуда угарре а х1усамдена муьт1ахь йолчех лерина, х1унда аьлча иза маьрша хилла.


Вайн Дахар – хаттар ду халачех хала,

Вайн Деле кхойкхуш ду стигала хьала,

Вай хила деза-кха дахарна т1иэра,

Йиш йац-кха вайн хила цкъа цунна хийра.




Мел хьаьжнарг схьакаро дахаран маь1на,

Ца карош висина и маь1на хьаьхна,

Вай кхиар кхетийча,вай дала деза

Вай карах, ткъа и дан дог дац-кха реза.

Цу тайпа д1авахар осала хетта,

Цу г1улчах ойлайарх кхета ца кхета,

Ду иза,вуо дина,цхьа вадар санна,

Д1алистар т1ехь дуьтуш кхечунна цхьанна.


Ткъа цу т1е кхин д1адерг-бода бу вайна,

Цхьа йуха ца веъна,1ожалла лайна,

Цундела шаьлтан мукъ эрна ма къийла,

Дерриг а кхетадеш вахар ду сийлахь.

1.вед. Нохчаша зуда ц1ийнан нана,ц1ийнан куц лоруш хилла. Цкъа а сий хьаьшна охьата1ийна ца хилла иза,боьршачу стаге терра бакъонаш а хилла цуьнан.


2.вед. Хьалха заманахь х1ора йуьртара уггар а тоьллачех цхьа йо1 хоржуш хилла Мехкан- Кхеле йахийта.

Мел доккха дов къастош хиларх,т1аьххьара дош ала бакъо цу йоь1ан хилла.


1.вед. Хийла т1амехь болчу б1аьхойн герз кхачо доьлча,церан синош айба,лекхачу гун т1е а йолий,пондаран эшарца хелхар деш хилла йо1а, нохчийн къоман к1айн духар а духий. Цу-кеппара,цхьана аг1ор цо б1аьхойн дог-ойла марса йоккхуш хилла, вукху аг1ор мостаг1,дукха цец а воккхий шен майраллица,хьере веш хилла.


2.вед. Мостаг1чун герзо ша лаццалц иштта хелха йуьйлуш хилла нохчийн йо1. Оцу балхана ворх1 йо1 хоржуш хилла, хьалхарниг даима а Маьл-Аьзни а йолуш.








1.вед. Ши ч1ирхо шаьлтанаш йаьхна вовшашна ч1ир йекъа чучча хьаьдча,и шиъ сацо ницкъ болуш хилла зудчо коьртара даьккхина йукъа ластийна к1айн йовлакх.


Белша т1ехь к1удал йу юьзна,

Букъ лаьцна ши ч1аба го.

Ши б1аьрг бу эхьаха буьзна,

Кураллин бац цхьа а чо.


Хи эцна,ц1ехьа и йог1у,

Оьзда ду,хаза ду куц.

Хийла к1ант шовдане вог1у

Иза ган,вахь хила нуц.


Т1ехь долу духар ду оьзда,

Меженаш хьулйина д1а.

Дахар цо ийманах доьзна,

Мотт лебеш латадац къа.



2.вед.Амма нохчийн исторехь къаьсттина лерам бан безаш зударий а бу. Ши б1е шо хьалха Дадин-йурт йохош шайгара доьналла а, майралла а гайтинчу зударийн нур довр дац вайн исторехь цкъа а.


1.вед. 1819-чу шеран 15-чу сентябрехь инарла Ермоловс омра дира Теркан йистехь йолу Дадин-йурт хьаьшна лаьттаца д1ашарйе аьлла.

Ч1ог1а хаза йурт хилла и. Хазаллица, майраллица,доьналлица г1арабевлла мехкарий а хилла цу йуьртахь.

….Дада йурт йиллина ва ваьлча,к1ентий кхиира ма боху

Эзар к1ур ва болучу цу Дадин ва йуьртахь:

Уггар к1илло ва вериг барзал майра ва волуш

Уггар г1ийла ва вериг лоьмал каде ва волуш.


2.вед. Оцу «Дадин- йурт йаккхаран илли» т1ера мог1анаша вайна гойту,мел майраллех а, доьналлех а дуьзна хилла цу йуьртара адамаш. Къаьсттина и хилла Ермоловн ца тайнарг.




1.вед. Кхаалха го лецира салташа Дадин -йуьртана. Амма майра Аьлбикас шен иллешца г1аттийра х1ора йуьртахочун дегнаш зуламхошна дуьхьало йан.Б1аьхоша инзаре йоккха майралла гайтина цу т1амехь.

Амма салтий цецбаьхнарг зударийн майралла йара.


2.вед.Йурт йиллинчу Ц1оьнтаран Дадин йо1 Альбика хьалха а йаьлла,эшаршца,иллешца б1аьхойн дог-ойла ойбуш,дархойн чевнаш йоьхкуш,кхерам х1у йу ца хууш.


Хьан боху иллеша ца морцу кийра,

Я дегнаш г1иттадеш ца бека мерз?

Чилланан дорцаха,мохк ц1ийзаш шийла,

Кавказан лаьмнашкахь деттара ткъес


Лаьтта тхо,бохамна дог 1ийжаш,доьхна,

Т1аьххьара ч1аг1арна шун х1усамийн не1.

Хеназчу 1ожалло тешха катоьхна,

Болийнчохь хадарна дахаран некъ.


Маржа-йа1!Стиглара цхьа седа баьгна.

Дуьненчохь т1аьххьара къегира малх.

Деха тхо шуьгарчу доьналлех хьаьгна,

Кхолламо ма-барра хадорна мах.


Шух дисна иллеша б1аьргех хиш ледош,

Шун къинна тхан кийрахь деттало ов.

Тешнабехк болчара харцонаш лелош,

Х1ай,Латта!И саннарг ахь муха лов?


1.вед. Амма кестта герз чекхдолу церан.

Шаьлтанаш дохий,мостаг1чун герзан дуьхьал уьду б1аьхой. Царал х1умма а эша ца оьшу Дадин-йуьртара зударий а.

Инзаре боккха т1ом пхеа сахьтехь лаьттира, Дадин-йуьрт лаьттаца хьаьшна д1ашарйира.


Хьаьч1игаш,цу,ахьар,дакъийна жижигаш,йоьхьаш,

Цу делан диканах-беркатах йуьзнера йурт,

И дерриг д1акхоьхьуш,йийсаршна хьалха д1аоьхьуш,

Йамартчу мостаг1чо х1оттадо хьегоран сурт.



Мехкарий лаьттара б1аьрг т1ера ца боккхуш царна,

Царах цхаъ йистхили: «Эй,герой,верзахьа схьа!»

Ткъа т1аккха хоуьйтуш бахам дош ца хетий шайна,

Пхьаьрсах схьабаьккхина,дашо х1оз кховдийра д1а.


Цецваьлла салтичо,карара к1удал д1акхуссуш,

Т1ех хазахетарца, сихха схьаийцира х1оз.

Аз айдеш,вистхили, сутара б1аьрг хьалха кхуссуш:

- Охьадиллал шайн деши, со йеца шун нохчийн борз.


2.вед. Мостаг1чо йийсаре йира Дадин-йуьртахь мел хилла къона йо1.Эпсаро омра д1акхайкхийра цаьрга, инарла Ермоловс уггар хаза мехкарий х1у доло бухабита аьлла,шу дерриш лийр дац,дохе ма хьийза,аьлла. И хезча,1адийна бисира мехкарий. Царна дагадеара, дера беза вай и гаьурш лебан,аьлла. Цергашца шайн пхьаьрсийн дилхах ц1ий доккхуш,шай йуьхь-сибат ц1ий хьоькхуш,эрча даьккхира цара.


1.вед. Царна моьттура мостаг1на къестамаш бан хуур дац. Ткъа цуьна-м ницкъ кхечира царна йуккъера малх санна хаза 46 къона йо1 схьакъастайан. Писаллех дуьзна дог зуламе цакхийдаш ца 1а. Маьрша нах байина шаьш долайаьхна х1умнаш т1ейотта ворданаш ца тоьъча,говраш т1е д1абоьхкуш т1елхигийн маьххьаш дора цара.

Йалтанех йоьттина ворданаш,бежнаш,жа лоьхкуш хьалха даьхна,йийсаре бина къона зударий шай байинчийн декъашна т1ехула д1алоьхкура цара доьдучу Теркаца д1а,йохонза,йагонза йиснарг сийна ц1е кхарстайой,йага а еш.


2.вед. Шаьш зударийн тобанах тоьхна д1абигар ца лайна къаной некъахь салтийн цхьамзанна т1ебоьлхий бовлуру шайн дахарх.

Г1ароле х1иттинчу салташа тоьпаш т1елаьцна балочу зударшна т1екхуьу говрашкахь берш. Д1а б1аьрг тоьхча Дадин-йурт яра йогуш гуш,а лу кхерсташ,сийна к1ур бара ирх оьхуш.

Амма Теркал дехьа бовлуш,шаьш сийсаза ца дайта,церан лайш хилла цаьрца ца биса, цхьацца салтий а лоцуш, Теркан чу лилхира уьш.Иэхь йа 1ожалла? Цара шолг1аниг хаьржира.






Къематде х1оьттина,Дадин-йурт йаьллехь а йоьжна,

Лекъна ца даьллера маьршачу адамийн ц1ий.

Йийсаре лецна берш белахь а ч1ог1а де доьхна,

Мостаг1на йахь ца луш, цара лардора шайн сий.


Бара уьш сийначу Теркан 1аламехь кхиъна,

Хьанал къахьегаро кхелина дахаран куц.

Йара йурт жовх1арал хазачу мехкарех йуьзна,

Хийланна лоуьйтуш хила кху йуьртахойн нуц.


Куьйгаша кхоьллинарг к1уьралахь дайна д1адели,

Маржа йа1,хилла-те йуьртахойх хьаьрчина къа!

Кхерамо 1адийна мехкарий осал ца бевли,

Дайн оьзда г1иллакхаш ц1еналлехь кхехьарна д1а.


Къаьхьачу кхолламан йиш хили тийналла хийца,

Сатуьйсуш, ладег1арх, цхьамма ца даийти г1о.

Йа Рабби,доьху хьо,хилла дерг ма-дарра дийца,

Т1аьхьенга д1акхачо,стаг воцуш,ма дита тхо!


1.вед . Дадин-йуьртара зударийн дегнаш дан а дара турпалчу къонахийн дегнех. Уьш т1улгех ч1аг1динарш бара харцонан дай;кхечеран латтанаш дерриге д1алеца г1ерташ,ц1ийн 1овраш х1иттайеш, шайн олалле кхийдаш.

Вай къоначу Президента лаа ца хаьржина х1ара де Нохчийн къоман зудчун де аьлла. Вайн халкъан исторехь хилла иштта къизаллаш йицйан йиш йац вай. Вайна дагчу эккха там бу,зударийн деза де долш ма дара 8-г1а март, аьлла. Оцу хаттарна вайн Президенто ша делира жоп. 8-г1а март-иза дуьненан йукъара зударийн де ду. 20-г1а сентябрь-Нохчийн къоман зудчун де. Оцу дешнаша кхачадо аьлла хета суна дерриг хаттарш. Х1ара таханлера де вайна даларна вай даггара баркалла олу вешан Президентан Кадыров Рамзанна.

Д1айаьхьнарг йу нохчийн меттан литературин хьехархо.


Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!