СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Мероприятие ко дню чеченского языка: "Ненан маттахь ненах лаьцна".

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Мероприятие ко дню чеченского языка: "Ненан маттахь ненах лаьцна".»

МБОУ «СОШ №1 с. Гехи»

«НЕНАН МАТТАХЬ

НЕНАХ ЛАЬЦНА»

Нохчийн Меттан Денна лерина мероприяти

Астамирова А. А.

Мероприяти «Ненан маттахь ненах лаьцна»

1алашо: ненан матте безам ч1аг1бар; Ненан сий, ларам, цуьнга болу безам бух боцуш хилар ч1аг1дар.

Дакъалоцурш: хьехархо, дешархой. Хьеший: наной, хьехархой.

1д. Йолайо «Ненан мотт» эшарца.

2д. Марша дог1ийла, хьоме наной, лераме хьехархой, дешархой.

1д. Тахана вай кхуза гулделла вайн ненан матте болу безам гайта а, наношка болу безам шорбан а, к1аргбан а, иза мел шорта бу хаийта а.

2д. Дуьнен чохь дуккха а ду меттанаш. Х1ора къоман шен мотт бу. Иза к1орггера дика 1амор вайн декхар ду. Мотт вайн ойланан а, кхетаман а, хьекъалан а, дахаран а уггар ца хилча йиш йоцу г1ирс бу. Иза хьекъалан а, ойланан а хазна ю.

1д. Ч1ог1а хаза бека иза машаречу къамелехь, ч1ог1а буьрса хуьлу иза оьг1азе вистхуьлуш. Даймохк буьйцуш ша тайпа бека иза, ненан маттах лаьцна дуьйцуш цхьа хазачу дешнашца бека иза, безам буьйцуш безаман маттахь бека иза.

2д. Ладуг1ур ду вай нохчийн маттах лаьцна йолчу байташка:

Дешархо: «НЕНАН МОТТ» (Удаева Э. 8Г класс)

Хьох лаьцна яздина, дийца а дийцина.
“Хьайна безахь”,бохуш, хьеха а хьо бина.
Хьехорах пайда буй, хьо хууш ца хилча?
Хьо бийца хуур дуй, хьо безаш ца хилча?
Хьо бийца Iемар вац дагна хьо ца безарг.
ЮьхькIайн а лелар вац хьо бийца цахуург.
Нехан говра хиъна вон бере шех хилла,
Кхардамехь вехар ву хьо хийра леринарг.
Хьо безаш волчунна пондаран аз ду хьо,
Хьайца уьйр йоцчунна гихь беза мохь бу хьо.
Хьо хууш волчунна жовхIарийн хIонс ю хьо,
Хьайца шовкъ йолчунна чам тайна стом бу хьо.
Хьайн хазнех кхиъначун вахарехь ирс ду хьо,
Хьайх хераваьллачун дIатесна некъ бу хьо.
Ойла хьайца ечун бух боцу хIорд бу хьо,
Кхин толош волчунна совбаьлла гIирс бу хьо.
Сан чIогIа дог лозу хьо ца хууш волчух,
Амма эхь ца хета Iамо ца гIертачух.
Суна сайн ца хета ненан мотт бицбинарг,
БIаьрга ван ца веза кечух и хийцинарг.
Хьо ца безаш волчо шен нана лорур яц,
Ненан сий ца дечо мехкан сий лардийр дац.
Ненан мотт ца хаар - шен кхерч цаларар ду,
Кхерчан да цахилар - маьттаза вахар ду.
Дагах чекх ов доккхуш, Iовжамен бийцало,
И дог малхах тардеш, хьо сирла бийцало.
Харцонан некъ хадош буьрса аз ду хьоьца,
Бакъонна некъ боккхуш хьехамен хьо буьйцу.
Суна хьох къахета, бийца ца хуучо,
Хьайн куьцах бохийна, мерза чам талхийча.
Чов хуьлу сан дагна, доггах ца безачо,
Шен гIалат дицдина, сийсазбеш,бийцича.
Хьайн ненан мотт хаахь, ас дозалла до хьох,
Даггара и безахь, ас хастам бо хьуна.
ДоттагIа, варийлахь, цунах ма херлолахь;
Ненан мотт хьайн бацахь, байлахь вуй,хаалахь! (Саидов Б)

Дешархо: «Ненан мотт». (Гасуханова И. 9Г класс)

Дльзаллехь бийцар а дастам а хеташ, Хьо винчу ненан мотт д1атесна ахь, «Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ!» Бохуш, и сийсазбан ца хетта иэхь. Ладог1а цкъа соьга, «хьекъале корта», Ладог1а, яккхий д1а лергара потт: Йист йоцу х1орд санна, бу хьуна шорта Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт. Г1иллакхе, оьзда бу доттаг1че буьйцуш, Мостаг1че вистхуьлуш – ду ира герз, Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш, Бека и, шех хуьлий хьан деган мерз! Мерза бу, моз санна, ша безачунна, Ламанан шовданал ц1ена и бу. Лермонтовс, Толстойс а ладег1на цуьнга, Услара даггара хьестийна и. Б1ешераш хийла а ихна и бекаш, Хьацарлахь, къийсамехь кхиъна и бу. Кхоьллинчу халкъана хьанала бецаш Даима ша хила нохчийн мотт бу. Вайн халкъан ойланаш,дахар а г1ийла Далхадеш, къийсамна г1иттина цо. Нохчочун майралла, оьздалла хийла Зевнечу иллешкахь екийна цо! Кхидолчу къаьмнашна шайниш а санна, Нохчашна шайн ненан мотт сов хьоме бу. Нагахь хьо ца ваг1ахь хьайн халкъацанна, Хаалахь, декъазниг, - хьо цхьалха ву! (Арсанукаев Ш.)

1д. «Син оьздангалла матто гойту, и хецна битахь зулам цо дойту».

2д. «Матто воь, матто денво, матто т1ехьалонна а чов йо».

1д. «Нанас йина чов лаза ца лозу».

2д. «Ненан сий динарг махко а лерина».

1д. «1алам хаздийриг маьлхан серло ю, дог хьостуш ерг ненан марзо ю».

2д. Ма ч1ог1а бека вайн ненан мотт ненах лаьцна байташ олуш. Нана даима вайна юххехь ю. Вай бала балхабо цуьнга.

1д. Нана! Х1ун ду дуьненчохь цул деза а, сийлахь а? Нанна т1ера д1адолало вайн массеран а дахар. Кхайкха а дуьххьара цуьнга кхойкху вай.

Ког а дуьххьара цуьнан г1оьнца боккху вай. Дагара а цуьнга дуьйцу вай.

2д. Массо а х1уманна т1ехь тешаме накъост хуьлий чекхйолу нана. Нана! Хьуна лерина ду тхан исбаьхьа дешнаш…

Дешархо: «Мила ву дуьнен чохь уггарел хьоме?». (Оздемирова З. 7А класс)

Мила ву дуьнен чохь уггарел хьоме?

И хаттар х1оттийра ас сайна хьалха.

Мел дукха ойла ярх каравац цхьа а,

Хьо йоцург, сан хьоме сийлахь а нана!

Хийла а буьйсанна набарха йолий,

Аганан г1аж буйнахь 1айина хьо.

Со бахьнехь наб йойуш, хьо 1ай ца хууш,

Г1ийла д1атевжина 1иллина хьо.

Шелонех, мацаллех, цамгарех идош,

Ца кхоош мерза са, ларийна ахь.

Алахьа, сан хьоме, йина а Нана,

Цкъа а хьан декхарех яьррий-те со?

Нана! Сан хьоме Нана! Хьо йоцчу меттехь

Дахар сан ирсе хир доций хаалахь.

Хьо гуш ас делийна, къегийна б1аьргаш,

Хьох ялахь бодане х1уьттур дуй хаалахь.

Нагахь а тахана хьан дог ас дохийнехь,

Йиш ю хьан геч ца да, д1атаса со,

Цундела, доггаха, доьху хьоь, Нана,

Къинхетам барца къинт1ера яла!



Дешархо: «Ненан вон ма гойла» (Оздемирова З. 7А класс)

- Стигал, хьо хьоьжу чу, ерриге кхохкийна, Ала, х1ун ца тайна хьуна? Ненан дог дохадеш, ког левзи к1ентан, И ца ловш, къурд би ас тахана. Х1ай мокха мархаш, шу йоьлху-те стенна, Б1аьрхиш шайн ледадеш лаьтта? Нанас, шух лечкъадеш, къийлина дагца Б1аьрхиш ду ледориш оха. Х1ай 1аьржа латта, хьо дегадо стенна, Х1ун бала 1аьткъи-те хьуна? Ша стаг веш кхиийнчу шен нене гома К1ант хьажар соь лан ца дела. Стиглано, къевкъина, мархаша йилхина, Лаьтто а, дегийна, элира: - Дуьнен чохь мел деха, цхьанна а адамна Ненан вуо ма гойла цкъа а!

Дешархо: «Сан Нана, сан мерза туьйра» (Эльмурзаева А. 9Б класс)

Сан Нана, х1у ду кху дуьненчохь хьоьл деза тхуна? Аллах1о совг1атна хьо елла тхуна, Довха хьан куьйгаш, оьзда ахь буйьцу мотт, Г1иллакхах дуьзна ду кийрара дилхи дог, Массамо везачу Деле хьо ехна, Массамо маьлхан дуьненчохь хьо лехна,
Дукха ду мукъамаш хьо хьасто яздина, Говзачу дешнаща хьан кхоллам базбина, Амма и ницкъ болу нохчийн мотт тоьар бац, Берриге безам хьоь д1абийца, Нана. Дахарехь безам хьайн тхуна ца кхоийна, Сирла хьайн г1аг1а тхоьх даима йина, Халонаш, баланаш, тхоьх ч1ог1а лачкъийна, Дегайовхо, могашалла хьайн тхуна а лерина, Хилла хьо Аллах1о векал а йина. Яхалахь сийдолу хьоме тхан Нана, Хьайн хаза елар денна а тхуна луш, Нурдолу б1аьргаш хьайн тхоьга а хьежадеш, Ло сана к1айн долу оьзда хьайн куь1гашца, Бераллехь санна тхо мара а къуьйлуш! Мехка а сий ду хьо доьзаллийн ирс ду хьо, Тха дегнийн той ду хьо, Хьомсара Нана!

Дешархо: «Нене» - песня. (Эльмурзаева А. 9Б класс)

Цхьа сингаттам баьлчи, я хилчи хазахетар,

Йог1ур ю хьо йолчу, ахь д1акхайкха со,

Со йоьлуш хьо йела, йелхахь сан дог эца,

Ларйе къаьхьчу балех, хьехар суна луш.

 

Дахаран цу ц1ергахь тоъалла со а яьгна,

Х1етте а ю дуьне хаза хеташ со,

Нислора т1ам бойна олхазар а санна,

Со южуш а, амма г1оттура хьала.

 

Ахь до суна хьехарш, ларлуш хилахь бохуш,

Даима сагатдеш ларъйо вонах со,

Йина мохк, хьо нана, шу юкх сан г1ортолаш,

Шуьшиннах а яьлла лела лур юй со?

 

Лор яц хьо, делахь а дарба деш ахь хийла,

Когаш т1е х1оттий со дагна г1ора луш,

Ахь ницкъ а лой майра, йолий генна ара,

Буьрса дарц а эшош бора ас сайн некъ.

 

Б1аьрса хьан артделла, эшна дег1ан г1ора,

Къежйелла месаш го, лайна вонаш ахь,

Къинт1ера а ялий, доьху хьоьга нана,

Дарбане хьай куьйгех баккхийтахь цхьа бат.

/Тамара Дадашева/



Дешархо: «Ненан до1а-дехар» (Абаккаева Л. 10Б класс)

Моьттура сунна сайн къанъелла нана Ехаш ю, ца бевзаш дуьненан бала, Доьзалан дезарша хьулйина анне, Ца хаьа заманах ойлане яла. Амма, цкъа сатоссуш хезна цхьа тийна Шабарш, со д1ахьаьжча – х1оьттина гора, До1анехь куьйгаш шен стигал кховдийна, Ницкъболчу Аллах1е дехарш цо дора. 1ара со таппъаьлла, ненах цецваьлла, Дехарехь дегочу озе ладоьг1уш. Ткъа Нана-м, хьесталуш везачу Далла, Йоллура даггара къинхетам боьхуш. Адмашна гечдар цо доьхура Деле, Къинхетам боссабар дегнаш чу церан. Доьхура нисбар некъ г1уллакх дан меле Шайт1анаш 1ехийна галбевллачеран. Доьхура даггара, Делах шен тешна, Дицдар цо адмашна зуламе девнаш, 1алашбар бисинарш цхьалха, де эшна, Доьхура мацаллех лардар цо бераш. Доьхура меттахь цо латтабар кхетам Дуьненан паччахьийн, тхьаьмданийн, къанойн. Доьхура д1абаккхар цо т1еман кхерам, Ца белхор шаьш бинчу к1енташна наной… Нана-м сан ца ехи цул т1аьхьа еха… Амма ду дехаш цуьнан до1а-дехар…

Дешархо: «Дахарехь уггаре хьомениг – Нана!» (Цугаева М. 10А класс)

Дахарехь уггаре хьомениг - НАНА!

Боданехь ша-тайпа цо серло ло.

Б1аьргех цо ца дуьту хин т1адам 1ана.

Хьан доьхна дог хьоьстуш и елало.


Стигларчу седаца ас юсту нана!

Цу седан нур санна цо хаздо дахар.

Мил хета цул хьоме? Мил хета хьанна?

Ма кхоьлин хуьлу и йоцуш яхар.


Нур лепачу маьлхаца ас юсту нана!

Цо санна ша-тайпа цо йовхо ло.

Д1аоьцу хьоьгара муьлхха а бала.

Цу балийн йозалла шеца д1ахьо.

Ас т1аккха ойла йо: х1у ду те меха?

Цу винчу ненал а хьоме а хилла?

Х1умма а хила йиш яц цул хьоме неха!

И иштта ца хетахь хила веза тилла.


Нана мел еха а сий делаш ненан!

Нана мел еха бен дог доьлур дац!

Дай хилла дахийша ирсечу хенан!

Нана мел еха бен ирс лаьттар дац!!!


Дешархой: «Нана, хьо къинт1ера яла» (песня) (Баканаева И. 10А)

Ойланаш мел ярах ца кхетара
Сихъелла х1унда яра.
Ма дохко юьйлу со ца хьерчарна
Тоъалц сай нена мара.
Нана, хьо къинт1ера яла,
Дожарна соьгара г1алат
Дахаран некъашца сихйелла чохь
Йицйелла йисарна хьаста хьан дог
Хьай хан, я могшалла кхин лар ца еш
Кога ахь х1оттийна со
Хуьлучу халоний терго ца еш
Дахаро г1елйина хьо
Нана, хьо къинт1ера яла
Дожарна соьгара г1алат
Дахаран некъашца сихъеллачохь
Йицъелла йисарна хьаста хьан дог.
Йижарий, вежарий, дехар ду сан
Сий делаш дикчу нена
Йолчура къовлалаш нана мара
Ца довлуш цунна гена
Нана, хьо къинт1ера яла
Дожарна соьгара г1алат
Дахаран некъашца сихъеллачохь
Йицйелла йисарна хьаста хьан дог...

Дешархо: «Сан Нана» (Ибрагимова Р. 10А класс)

Хийла ас луьстур ю д1аяхна зама.

Ца 1ебаш дуьйцур ду хилларг а, лелларг.

Амма со йицйина д1айодахь нана,

Карор бац дуьненчохь т1етовжа меттиг


Ас лоьхур яра хьо боданехь тийна.

Доьхур дара АЛЛАХ1Е хьо гайтар г1енах.

Хьох яьлла дуьненчохь лаам бац яха.

Я АЛЛАХ1 доьху хьоь цакъастор ненах.


Хийла ас дог 1овжош аьлла дош хиллехь

Хьан жимачу дагна цатам ас динехь,

Хийла со баьхьнехь халонаш ларна

Доьху ас даггара къинт1ера ялар


Хьан хазчу б1аьргаш чу хьоьжур яра даима

Лууш яц дуьненчохь хьох яьлла яха

Доьху ас АЛЛАХ1Е хьан оьмар яхъяр,

Дуьненчохь, эхартахь хьо декъалъяр.

/Линда Чергизбиева/

Дешархо: «Хьоме Нана» (Кункаева Л. 10Б класс)

Уггаре мерзаниг лаха со воьлча,

Карийнарг суна, Нана, хьан кхача бу.

Уггаре аьхнадерг довза суна лиъча,

Девзинарш суна, нана, хьан куьйгаш ду.


Уггаре ч1ог1аниг хаа суна лиъча,

Нана, хьан безамал ч1ог1аниг ца хии.

Уггаре гергарниг лаха со воьлча,

Нана, хьол гергарниг суна ца карий.


Т1аккха сайн маттах со дагавелира,

Дешнашлахь уггаре деза дош лехира.

Х1ораннан дозалле со хьаьжна велира,

Дезадош «Нана» бен матто ца элира.


Даккхийчу совг1атех совг1ат ду Нана,

Доьзалан даг т1ера зезаг ду нана.

Бац-кха хьан безам буста ша барам,

Х1ара дуьне мел лаьтта хир бу хьан ларам.


Хьан х1ора а дош ду, Нана, со нисвеш,

Дуьненахь со лела Хьан до1наша ларвеш.

Ахь дина дов а хьехаме доьрзу,

Аллах1е хьо йоьхуш, со Цуьнга воьрзу.



Дала шен къамелехь Хьо ларар парз дина,

Сийлахьчу Шен Дашца Элчано язйина.

Х1ора а ламазехь Хьо Деле йоьхуш ву,

Ялсаманехь цхьаьна хила доггах сатуьйсаш ву!

/Саиев Докка/

Дешархо: «Нана» (Мадаев Майрбек 5Б класс)

Вайнехан 1адатехь цхьа г1иллакх лела

Дас аьлларг доьзало кхочушдеш хилар.

Ткъа ненан меттиг а юк-кха вайн сийлахь,

Лар ца яхь хир долуш дахар вайн шийла.


Хьастийша ненан дог, ца дохош цкъа а,

Оцу деган къайленах кхетац вайх цхьа а.

Вай бахьанехь сингаттам хийла цо лайна,

Цу белхан хама бар т1ехь ду-кха вайна.


Масане некъ ларбо, корехь 1аш, цо,

Кхачаре сатуьйсуш шен деган стом.

Ткъа хьо ву, д1алелаш хьайн г1уллакхашкахь,

Нана д1атесна ахь, ца хета хьуна эхь.


Хьалаг1атта, самавала, ши б1аьрг схьабелла,

Ялсаманин дог1а ду хьоьга схьаделларг.

Цуьнан когаш к1елахь и ю бохуш хилча,

Х1оттаван хьажалахь юьхьк1ай вайн Элча.


Дог1ийша соьга ла, самоеш, х1ай…

Дуй-те вай терго еш вайн нанойн, дайн?!

Цаьршинне хьалха вайн долу декхар,

Варийлаш, ларделаш! И ду-кх сан дехар.



Дешархо: «Нана ю» (Зумсуева Иман 9Г класс)

Дуьненах йоккхаеш доьзалх ша х1оьттина Шен беро доь1у сан хийла хехь лаьттина. Муьлхха а хьаштана наб йохош г1иттина, Къахеташ, дог лезнарг вай дина Нана ю. Аганан иллешца ненан мотт марзбина, Г1иллакхехь кхиорца дахар вай хаздина, Дуьнунехь, эхартахь вайн Дала язъйинарг, Кханенах тешийнарг, вай дезна Нана ю, Цамгарна г1оле еш дарбане дешнашца Дахаран халонехь чекхъюьйлуш толамца, 1у воцуш, г1о доцуш ша йисарх собарца, Вайн нохчийн къоман сий лардинарг Нана ю. Кхерча ц1е ца яйа шен ц1енчу ниятца Доьзалий ирс толо яхь йолчу ойланца, Сил дукха вай дезаш, безаман йовхонца Къахеташ, вай б1аьра хьаьжнариг Нана ю. Ховха ц1ий машара дуьхьа ца кхоийна, Махкана дог майра къонахий кхиийна Вайн Дала комаьрша жоп луш шен до1ина Ч1аг1онан г1ап хилла лаьттинарг Нана ю. Б1ешерийн халонех майрра чекхйилина, Орамаш хаьдда вайн х1у дарах кхийрина Дахаран къаьхьа кад бехк боцуш мийлина Вайн къоман са хилла лаьттинарг Нана ю. Ц1е сана йовхо луш дог вайна дагийна, Малх санна серло луш дахар вай къагийна Вайна ца моьттинчу ирсе вай кхачийна Ца хилча йиш йоцу, вай хьоме Нана ю! Вайн дега зезагаш ирсаца кхеллина, Вай духьа садетташ, хало лан 1емина, Доггаха вай кхиош доладеш леррина Вай кога х1иттинарг догдика Нана ю. Мерза пхьор х1иттадеш хьаша-да листина, Доьзаллех ца къаста шен ирсах къистина, Вай дезаш, йоккхачу марзонца хьистина, Вай дина, вай дезна, хьомсара Нана ю. Иллешкахь, эшаршкахь безамца хьехаеш. Г1иллакхца, г1уллакхца вайна и резаеш Вайн ненан декхарах дер доцийла ойлаеш Даимна вай ларъян езашъерг Нана ю!!!

/Тамара Адамовна/



Дешархо: Дийцар «Нана» (Солжаева Селима 10А класс)

Ас дийций шуна, цхьана нохчийн нанас динарг.

Иза суна хезна со жима йолуш сайн бабигара.

Паччахьан заманахь хилла боху иза. Нненан цхьаъ бен воцуш цхьа к1ант хилла. Ямартчу наха харц мотт бина виэн кхиэл кхайкхина хилла цу к1антана. Дукха лаьлла нана и харц кхиэл юхаяккхийта г1ерташ. Амма и зама, ша а харц зама хиларе терра, ца карийна нанна бакъдерг. Т1аьххьар, паччахье дехар а дина, шен к1анте йистхила бакъо яьккхина нанас. И кхоьруш хилла, ша цхьаъ бен воцуш иза экам кхиорна, ша ирхъуллучу хенахь цо ша воьхна гайтарна.

- Сан к1ант! – лиэ яьлла нана.

- Со паччахьна т1е кхаьчна, цо суна ша кхана жоп лур ду аьлла. Нагахь вон кхаъ бохьуш со яг1ахь, сан коьртахь 1аьржа шипон хир ю хьуна. Со дика кхаъ бохьуш яг1ахь, сан коьртахь к1айн шипон хир ю.

Т1екхаьчна к1ант ирхъуллу де. Дукха адам гулделла боху майдана. Схьавалийна к1ант а. Гулделлачу адамашна юккъехь шен нана ца гича воьхна боху иза.

Т1аккха г1ант т1е ваьккхина, танг1алкх к1ела х1оттийна. Геннахь к1айн шипон махо ловзош йог1учу шен ненах б1аьрг кхетча, метта веана к1ант.

Гулбеллачарна герга еана боху нана. К1антана логах муш тесна.

- Со кхеро г1ерта-кх уьш, дагатесна к1антана. К1ентан юьхь т1ехь вохар ца гуш, цунах б1аьргбуьзна, баккхийбеш хилла юьртахой, ткъа к1антана геннара к1айн шипон гуш хилла.

Т1аьххьара шен когаш к1елхьара г1ант д1а а даьккхина, лаг лазош, муш чу бижча а тешаш цахилла к1ант. Геннара гучу шен ненан коьртара к1айн шипоно тешам луш хилла цунна.

К1айн шипон дуьне хилла хьаьвзина. К1айчу г1ург1езийн хелхарехь хьаьвзина к1айн шипон. Иза воьлуш хилла:

- Нана, к1айн шипон, к1айчу г1ург1езийн хелхар!

Иза хуьлуш долчух кхета а кхетале, малхана урс хьаькхча санна, ц1ийло дерриг дуьне.

- Эх1, хьо маьлхан к1айн дуьне! Ма даа ца оьшура хьо, йохьан т1ах-аьлла аьккхал дог доцчу стага.

Маржа нохчочун яхь я1-кх!

Оцу яхьах эккхайоллуш хилла-кх и нана.


Дешархо: «Даима ехийла Нана» (Магомадова Раяна 9В класс)

Дог 1овжош, т1ебеъча бала, Г1айг1анан кирхьано хьулдеш, Мерза дош ала – дог оьцуш, Вайна ма оьшийла нана! 1ожаллин къизачу гуро Лазамза йожийча метта, Куьг хьакха дагна деш дарба, Вайна ма оьщийла нана! Кхолламо оьг1азло йина, Г1алатло яьлла дог доьхча, Дахаре – нийса некъ хьеха, Вайна ма оьшийла нана! Маьлхан нур, ирс, тешам, безам, Даима хилийта кхерчахь, Дуьне ца кхуолийта вайна, Даима ехийла нана!

/Бана Гайтукаева/

1д. Вайн дайша лийрина наной, дина церан пусар, лардина церан дегнаш, ца тийсина уьш де эшначу дийнахь д1а. Вайн къоман оьздангалла ю иза, дайша вайга схьакховдийна, ткъа вай декхарийлахь ду и ларъян а, т1екхуьучу т1аьхьене и д1акховдо а.

2д. Нана д1атесначо Даймохк а, халкъ а, ненан мотт а тосур бу атта д1а, ткъа «Ненан сий динарг махко а лерина» олуш ду вайн.

1д. Хьоме наной! Лераме хьехархой! Цкъа а ирс ма хедийла шун дахарехь. Шайн доьзалийн вуо ма гойла шуна. Ма дуьсийла шу царна дан амал доцуш, г1ийла церан б1аьра хьежа. Дала даккхийдедойла шу церан г1иллакхех, г1уллакхех.

2д. Кху т1ехь вай ерзайо нохчийн меттан Денна лерина «Ненан маттахь ненах лаьцна» мероприяти. Дела реза хуьлда массарна а ладог1арна.

«НАНАС ЙИНА ЧОВ ЛАЗА ЦА ЛОЗУ»



«НЕНАН СИЙ ДИНАРГ МАХКО А ЛЕРИНА»



«1АЛАМ ХАЗДИЙРИГ МАЬЛХАН СЕРЛО Ю, ДОГ ХЬОСТУШ ЕРГ НЕНАН МАРЗО Ю»



«НАНА, ХЬО ИРСЕ ЯХА!»






«НАНАС ЙИНА ЧОВ ЛАЗА ЦА ЛОЗУ»


«НЕНАН СИЙ ДИНАРГ МАХКО А ЛЕРИНА»

«НАНА, ХЬО ИРСЕ ЯХА!»

«1АЛАМ ХАЗДИЙРИГ МАЬЛХАН СЕРЛО Ю, ДОГ ХЬОСТУШ ЕРГ НЕНАН МАРЗО Ю»


«Ненан маттахь ненах лаьцна»




12




Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!