СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Конспект урока по чеченскому языку для 3 класса: "Асвадан адмалла"

Нажмите, чтобы узнать подробности

Конспект урока по чеченскому языку для 3 класса: "Асвадан адмалла"

Просмотр содержимого документа
«Конспект урока по чеченскому языку для 3 класса: "Асвадан адмалла"»

18-19-г1а урокаш.

Урокан ц1е: Хь.Саракаев «Асвадан адамалла».

1алашо: Хь.Саракаевн дахар, кхолларалла,дийцар «Асвадан адамалла» довзийтар; нийса а,шера а, кхеташ а дийцаран текст еша 1амор; текст дакъошка екъа, царна ц1ераш тахка 1амор, чулацам талла; къинхетам, адамалла кхиор.

Юкъара дешаран ардам

1.Предметни: 1емар ду шайн дагахь а ,хезаш а дийцаран текст еша, чулацам шайн кхетамехь т1еэца; 1емар ду чулацам схьабийца.

2. Метапредметни

  • Регулятивни: 1емар ду хьехархочун г1оьнца урокан коьрта 1алашо билгалъяккха, и кхочушъян некъаш къасто; 1емар ду шайн белхан кхиамаш тидаме эца, царех кхин д1а а пайдаэца.

  • Коммуникативни: 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина жоьпаш дала; адамийн дикачу амалах лаьцна дийца 1емар ду; къамелан оьздангалла кхуьур ю.

  • Х1ума довзаран: 1емар ду текстаца болх бан, чулацам талла, цуьнах нийса кхета,шайна пайдениг каро; алсамдер ду ойлаяр, тидамбар, кхетам кхуьур бу.

3. Личностни: 1аламе къинхетам болуш ,шеен амалехь цунна зен дан лаам д1ататтар.

УРОК Д1АЯХЬАР.

I.Ц1ера болх таллар.

Хь.Хасаевн «Бен» дийцар схьадийцар.

II. Мотт шарбар.

-Д1аеша байт.

Къу

Тукхас баьккхи ц1улла сара:

«Хьенан киснахь1уьллу кара

Х1инца б1аьргаш хьабба ву

Вайха говза волу къу.

(Ш. Хасаров)

-Д1аеша меллаца массара цхьана.

-Д1аеша хезаш массара цхьана.

-Х1ун олу ишттачу произведенех? (Дагардар).

-Кхин муьлха дагардарш девза шуна?

III.1алашонаш билгалъяхар.

-Карае еък1овш чохь д1алачкъийна ц1е. Шуна хуур ду: муьлхачу яздархочун произведении йоьшур ю вай тахана.

ХЬА

АВ

ЗА

РЛ

БЕ

ДБ

ВИ

РИ

СА

ХО

КА

Д

ТИ

М

Р

Т

ДО

КО

Жо

Ч

ЗЕ

РА

Р

ЕВ

-Мила ву иза? (Хьамзат Бекович Саракаев).

-Муьлха произведени евзар ю вайна тахана? (Дийцар «Асвадан адамалла»).

-Хьанна хаьа шуна: х1ун ю адамалла? (Дешархойн жоьпаш).

IV.Керла тема хьехар.

1. Яздархочух лаьцна дош.

ШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШШ

2.Хьехархочо кхетош д1адоьшу Хь.Саракаевн «Асвадан адамалла» дийцаран 1-ра дакъа.

3. Чулацам бийцаре бар.

-Мила вудийцаран коьрта турпалхо?

-Стенга ваханера Асвад ? (Ч1ерий леца).

-Самукъане варий Асвад ? Х1унда?(Самукъане вацара Асвад. К1езиг ч1ерий дара Асвада лецнарш).

-Муха дара де? (Де малх а кхетта хаза дара).

-Х1ун хезира Асвадана шена т1ехьа ? (Шах-ших деш хезира).

-Х1ун яра и ? (Г1аз а ,цуьнан к1орни а яра).

-Х1ун дира к1анта? (Карара х1уманаш охьа а тийсина т1аьхьа велира г1езашна).

-Дика дуй ишттаниг дар? (Дац).

-Х1унда ? (Моссо а х1ума Дала маьрша кхоьллина, цунна зен дан мегар дац).

-Х1у хаьа шуна йоккхачу г1езах? (Иза т1ема а яьлла гена елира).

-Х1ун дира жимачо? (Цуьнан т1емаш ч1аг1делла дацара ,цундела и т1ома а цайолуш едира).

-Х1ун дора йоккхачу г1езо? (Мохь беттара шен к1орнига «Ядалахь, к1елхьаръялалахь!» -бохуш).

-Муха к1ант хетта шуна Асвад? Адамалла юй цуьнан?

-Х1унда ? (Иза наний , к1орний вовшех хадо г1ерташ ву, ишттаниг мегар

дац).

-Аша х1ун эр дара Асваде? (Берийн жоьпаш)

-Шуна х1ун хаьа наний – беррий вовшех кхастийча хуьлучу къинах лаьцна?


V. Сада1аран миноташ.

Музыканташ

Цкъа хьалха бераша ше дагца йиш локхуш санна сурт х1оттадо.

1. Ас ше дагца йиш локху,

Т1или-ли-т1или-ли.

Бай т1ехь ловзу мошарчий,

Т1или-ли-т1или-ли.

Ткъа х1инца вотанца:

Дум - бум - дум - бум,

Т1ах - т1их - т1ах.

Кхераделла мошарчий,

Левчкъи уьш куллах.


VI.Керла тема кхин д1а а хьехар.

  1. Дешархоша д1адоьшу Хь.Саракаевн «Асвадан адамалла» дийцар.

  2. Чулацам схьабийца кечам бар.

-Стенгара вог1ура Асвад? Д1аеша к1айдар.Ц1е тилла цунна. (Ч1ерий леца ваханчура вог1ура Асвад).

-Муха гира цунна бад? Д1аеша к1айдарг. Ц1е тилла цунна. (Г1аз,г1езан к1орни хааелира Асвадана).

-Х1унда г1ерта Асвад г1езан к1орни лаца? Д1аеша к1айдарг. Ц1е тилла цунна. (Авад г1езан к1орни лаца х1утту).

-Схьабийца чулацам.

3. Кхоллараллин болх.

-Бераш, аша х1ун эр дара Асвде? Д1аязде кехаташ т1е Асвде шаьш эн дерг.

VII.Жам1 дар.

-Муьлха произведени евзира шуна?

-Мила ву цуьнан автор?

-Х1ун хьоьху цо вайна?

VIII.Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

-Къастаде шайна нийса хетта жоьпаш.

  • 1аламехь массо х1ума маьрша кхоьллина.

  • 1аламехь шена луург схьалаца,ловзо мега.

  • Асвадас к1орни лаьцча вон дац аьлла хетта сунна.

  • Асвадах ледарло яьлла аьлла хетта сунна.

IX. Ц1ахь бан болх балар.

Х.Саракаевн «Асвадан адамалла» дийцаран 1-ра дакъа схьадийца кечам бар.



УРОК Д1АЯХЬАР.

I.Ц1ера болх таллар.

Дешархоша схьадуьйцу Хь Саракаевн «Асвадан адамалла» дийцаран 1-ра дакъа.

II. Мотт шарбар.

-Д1адеша чехкаалар.

Цициго цастар цергашца цоьсту.

-Д1адеша дешдакъошца массара цхьана.

-Д1адеша дешнашца массара цхьана.

-Дагахь 1амаде. Нийса а, чехка а схьаала.

III.1алашонаш билгалъяхар.

-Муьлха дийцар долийра вай селхана?

-Стеннагхь чакхделира 1-ра дакъа?

-Стенна сингаттам бу шун?(Асвада г1езан к1орнех х1ун дийр ду ца хаьаш).

-Хьан ешна аша чаккхе?

IV.Керла тема хьехар.

2.Хьехархочо д1адоьшу Хь.Саракаевн «Асвадан адамалла» дийцаран 2-г1а дакъа.

3. Чулацам бийцаре бар.

-Х1унда лецира Асвдада г1езан к1орни? (Г1аз ца лацаелира цунна. И ца лацаелча х1уьттаренна лецира).

-Муха д1айоьхура нана-г1езо шен к1орни? (Нана мохь а хьоькхуш,шеен хуучу маттаца к1орне д1айоьхуш т1ехьайоьдура к1антана).

-Х1ун бахьна дара к1анта г1езан к1орни д1ахецар? (Цунна дагадеара ша базарахь вар. Ша вайча шен ненан холчах1оттар).

-Стенах кхийтира иза? (Ша къастийнарш нана-бер хиларх кхийтира. Ша деш дерг доккха вон хилар хиира).


V. Сада1аран миноташ.


VI.Керла тема кхин д1а а хьехар.

  1. Дешархоша д1адоьшу Хь.Саракаевн «Асвадан адамалла» дийцараран 2-г1а дакъа.

  2. Хоржуш ешар.

-Д1аеша г1езан к1орни схьалацарх лаьцна йолу к1айдарг.

-Асвадан муха амал гойту оцу г1уллакхо? (И къинхетамбоцуш адам ду).

-Х1унда?( Иза шеек вай г1езо мохь хьекхарх, цуьнан балех кхеташ вац).

-Муха хьал дара г1езехь? (И холчохь яра. Т1ехьара ца йолура иза к1антана).

-Х1ун боху яздархочо цунах лаьцна? («Нана ма яра иза…»).

-Д1аеша Асвадана дагадеанчух лаьцна.

-Х1ун дира цо? Д1аеша к1айдарг.

-Муьлха аматаш гучудоху Асвадан оцу г1уллакхо? (Цуьнан амалехь къинхетамна, адамаллина меттиг бу).

-Х1унда тиллина дийцарна иштта ц1е? (Дешархойн жоьпаш).

3. Кхоллараллин болх.

-Дийцаран хьайна хазъеллачу к1айдаргана сурт дилла.

VII.Жам1 дар.

-Муьлха дийцар дийшира вай?

-Стенах самукъадели шун?

VIII.Рефлекси.

IX. Ц1ахь бан болх балар.

Хь.Саракаевн «Асвадан адамалла» дийцаран 2-ра дакъа схьадийца кечам бар.













Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!